Гапураев Хьасан

ЗУБАЙРА
(Нохчийн детектив)

РОСТОВ-НА ДОНУ-2018

ББК
УДК
Г-

Гапураев Хасан Ризванович
Зубайра. Роман. (Чеченский детектив). На родном языке.
Ростов-на-Дону. Типография «Медиа-полис». 2016. – 400 стр.

Гапураев Хьасан дика вевзаш ву Нохчийн республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а. Дукха хан ю иза прозехь, поэзехь болх беш волу. Переодически зорбанехь арайийлина цуьнан очеркаш, фельетонаш. Араяьлла 12 литературни произведени:роман, повесташ. Зорбане кечйина ю кхин а 23 киншка, царах ю «Зубайра» роман.

Киншкех шайна хетарг язде:
366000. Эвтара, Умпашаев Ибраьх1иман урам, 10.
Телефон:8-928-087-64-64.
Инет:hasan195050@mail. ru

Литературно-художественное издание
Гапураев Хасан Ризванович
Зубайра
(Роман. Чеченский детектив)

Редактор – А. С. – М. Барзанукаев.
Технический редактор-С. Сахно.
Корректор- Д. Сулумова.
Дизайн обложки-

Подписано в печать-
Формат 70х90 1/32. Усл. печ. л. 7. 6

СССР-н Шелан РОВД-н уголовни розыскан белхалойн Хизриев Зубайрин, Хутаев Мусан безамна-догц1енчу ойланца.
Автор.
1
Дуккха шераш девлча а цунна сих-сиха дагадог1ура мацах цкъа ша и тамашийна къола дар таллар. Х1оразза а холча а х1уттура цхьацца долу сурташ ша- шена карладаьхча. Хеталора х1етахь шегара дала цадеза чорда г1алат даьлча санна. Ма-дарра аьлча, кхечу кепара дерза а мамегара и г1уллакх. Уьш хала дагалецамаш бара Зубайрина.
Цу сарахь дерриге а доладелира дог1ана т1адамаш т1ера. Иза Устрада г1аларчу шен квартирин балкона т1ехь лаьтташвара.
Цунна дезалора мархаша стигал меллаша д1а а къевлина, дог1а доладелча. Хила там бара, иза ламанан когашкахь 1уьллучу юьртара, Сиржа-эвлара хиларна. Дог1анаг1овг1ано ойлане воккхура Зубайра. Делан къинхетам боккха хиларх атта кхетавора. Къорано боху муха хуур ду адамашна Дала шайх къинхетам беш хилар. И дера хуур ду, сахиллац беркатен дог1а а деана, 1уьйранна маьлхан де х1оьттича. Цхьаболчу нахана сийсара хилларг дага а ца дог1у. Хетало, стигалара сов долу хи охьа а доьттина, цхьамма лаьтта аьхналла яржийна. Ойланашкегон воьлча, дуккха а д1адевлларш хьалхах1уьтту. Х1инца вайца доцу адамаш а. Карладолу ша дуьххьара болх болош командировке лелла денош.
Зубайра стигала хьаьжира. Дог1а марсадолуш долуш санна хетаделира. Цо чоьхьа а ваьлла, жалюзаш д1акъевлира. Шашах уьйзира уьш т1етт1атоттуш йолу т1ийриг. Кабинет чоьхьа а ваьлла, охьахиира. Кресло т1ехь хиъна 1аш вара кхуьнан белхан накъост а, доттаг1а а, хийла талламаш т1ехь г1о дина а волу Хутаев Муса.
– Хьуна иза вай долчу вог1ур ву аьлла хета? – хаьттира Мусас.
Хутаев молуш вацара. Массо маларел а тоьлларг Серноводскера миниральни хи лорура цо. Иза а газ йолуш ца хилча дош а ца хетара. Цкъа цхьа талорхо лоцуш цо урс ластийча, д1аоьккхуш ког а шершина, лакхарчу балдех тасаделлера цунна. Х1етахь дуьйна вистхуьлуш, шеца волчун къамелах и цавешаш волуш санна аз галдолура. Ша тайпанчу тийначу шабаре дирзинера цуьнан кийрара долу аз.
– Дера и вай ларвешверг вог1ург хиларх тешна ма ву со-м, – ч1аг1дира Зубайрас, цунна дуьхьалх1оттийна долчу шолг1ачу кресло чохь нис а луш. – Кхо де хьалха телефон тоьхна цо, вовшахкхетар доьхуш. Ас юьхьенца дуьхьало йира. Амма цо гуттар т1едожош, хьаставелла дехар дича, т1е ма тайра со-м, ва Муса. Цул сов, цо вайн накъостан Амлиев Вахин ц1е а йохура. Шаьшшиъ вевза а дукха хан ю элира. Т1аккха резахира-кх со. Цуьнан вайца баккъал долу г1уллакх ду аьлла хеташ ма ву со. Цу т1е и шен дерриге г1уллакхаш д1а а тесна, вайна т1аьхьаваьлла лелаш а хилча х1окху масийтта дийнахь.
– Вахас цу стагах лаьцна кхин х1умма а дийциний хьуна? – вовшахкхетаран бахьани дуьхе кхиа лиира Хутаевна.
– Г1еххьачул х1ума къадийра цо, – резавоцуш санна вусавелира Зубайра, – суна к1егзга-мезиг х1ума хаьа цо арадаьккхиначух, цундела ма дарийца сан вовшахкхетарна вухаг1ертар а. Со дезаш вац цхьа оьзда боцу нах х1усаме кхийлар. Вайн хьаша дезткъей итталг1ачу шерашкахь дикка ка тоьхна борз ма-яйца. Оцу шерашкахь вовшахтоьхна бахамаш байца цхьайолчу жуккарийн. Цу нахана юкъахь а шен эхь-бехк дацарций, кийтарлонаш лелорций билгал ма варийца иза. Цо лелийна махинацеш вайн республике цхьацца сурсаташ арахьара чууьйзуш г1аравелира 95-чу шарахь. Х1етахь т1еман ц1ергахь жимма гечо ма даьллехь Хаджиевс 1едал х1оттийча, уголовни г1уллакх долийра цунна дуьхьал. Амма 96-чу шерашкахь Нохчийчохь президентан харжамаш болийча, кандидатех цхьанна т1ех1оьттира иза. Дуьйцура цо шен ахча пхи миллион доллар юкъадиллина бохуш. Цо дерриге банкера лачкъийнарг итт миллион хилча, х1етахьлеоа миллиардаш, башха къен а ма цавелира иза. – Зубайрас куьг ластийра шен резавацар гойтуш. – Дезаш-ма вацара со ахчана юкъаг1ертар. Цхьа зулам доцуш ца доьрзу и, – боьхаллех хьакхавелча санна куьйгаш д1аса а хилийна, охьаластийра цо. – Оцу стага цалелош х1ума дац-кха суна т1екхача г1ерташ. Арахь, новкъахь вовшахкхета а ца г1ерта, х1уъа дина а, чу а веана, гергара стаг хила г1ерта. Шена орцахвалар деха ма воллу и. Цхьана аг1ор цуьнца къамел дезаш вацара со. Вукху аг1ор, х1ара вайн болх ма байца иштта, адам т1еэца, цуьнца къамел дан дезаш. Х1ара боцург кхин цхьа а болх бан хууш со а вац.
– Ахча долчу стагаца къамел дар-м башха вон х1ума а дац хьуна, – бегаш бира Мусас.
– Дера ишта-м дара и, – т1етайна кеп х1оттийра Зубайрас а, – наггахь хета суна милицехь а воцуш, цхьанхьа 1ишлош еш мукъана а велара со олий.
Иза ца кхиира ша долийнарг дерзо. Не1арехь горгали бийкира.
– Схьакхечи х1ара-м, – элира Зубайрас хьала а г1оттуш. – Сахьт лардеш хилалахь. Вайн хьаша-м ша немцо санна пунктуальни хилла. Ша аьллачу минотехь схьакхечи. Со адамаш жимма девзаш велахь, вай ша лоруш хиларна кхаьчча-м вац хьуна х1ара, я дахарехь шен дош лардеш хиларна а. Хетарехь кхуьнан соьца доккха г1уллакх ду.
Не1аре воьдучу Зубайрас сени чохь дика гайта чиркх латийра. Цунна гира шен хьешана техь сирла кастом а, бодане сийна коч а. Кучан лакхара нодарчий яьстина яра. Юккъерачу дег1ахь, г1еххьачул к1унзал а болуш стаг вара иза. Цуьнан бехо мара а, 1аьржа б1аьргаш а бара, ерстина ч1ишталш а. Ханна т1ехьаьжна 45-50 шо дала мегар дара цунна, цакхоьрруш. Б1аьргех доьхкина куьзганаш дара. Зубайрас тидам бира: механа беза гуо болуш дара куьзганаш.
Не1 д1а а йиллина, хьаша чуваийтира цо. Ша чоьхьавалале леррина х1усамдега хьаьжира иза. Т1аккха не1-саг1ех велира, сихха куьг кховдийра цо саламна.
– Селимханов Мовсар Хамидович ву со, – ша вовзийтира цо.
– Дика ду, девзаш хир ду вай, – Зубайрас салам схьаийцира.
Хьешан куьг ондоо дара. И хаийта санна ч1огг1а къевлира цо кхуьнан п1елгаш. Х1окху стага башха атта даьхна а дацара шен миллионаш.
– Бехк ма биллалахь, хьан ц1е муха яккха ас? – хаьттира хьешо. Соьга хьо ….
– Нийса аьлла. И ю сан ц1е, – цуьнан даша юккъехула жоп делира Зубайрас. – И ц1е яккха мегар ду хьуна сан. Сайх Зубайра аьлча тоьа суна.
Чуваьллачу Селимхановна вевзаш воцу стаг гира чохь. Т1аккха, ша цхьана х1уманах цакхетча санна, Зубайрега хьаьжира и. Цуьнан б1аьргаш чохь вохар дара, амма цу минотехь дозаллех хийцира цо и.
– Хьоьга аьллачух тера дац вайшиннан къамел теш воцуш хила дезий, – элира цо.
– Аьллера. Х1етте а ас сайн накъост Хутаев а кхайкхина. Тхойша воьлла ву чолхен г1уллакхаш цхьане къасто. Цхьаннен хьекъал ца тоахь а шиъ атта галцаволу. Соьца со тешаш волу накъост хилча сан сапарг1ат ма хуьлу. Хьуна ма-хаъара башха тешамен зама яц х1ара.
– Делахь а х1ара суна вевзаш ма вац, – дуьхьало йира Мовсар Хамидовича, Мусага д1а а ца хьаьжира иза, х1ара чохь лаьтташ болу совнаха маьнга болуш санна. – Сан къамел хьоьца хьайцца ду, доккха г1уллакх а ду ас деанарг.
– Хьо ца кхетачух тер аду, накъост, – элира Зубайрас. – Х1ара-т1ехволлучуьра аьлла чувеана стаг ваций, сан доттаг1а а ву, уголовни розыскан тоьлла инспектор а ву. Со кхуьнах сайх санна тешаш а ву.
– И ца кхеттарг хьо ву, – оьг1азвахана кеп х1оттийра хьешо. – Ас деанчу къамелан шен мах ма бу. Г1уллакхах дог1ург а ас охьадуьллур ду. Мел билла беза ахь аьлчахьана. Ахчана барам-чот яц хьуна.
– Мах баларо хьайна сан чохь суна чуг1ерта а, хьелаш х1итто а хьайна бакъо ло аьлла хеташ ву хьо? – велакъежира Зубайра. – Вай хьалххе барт бийр бу, Мовсар Хамидович. Хьо суна мел вевза стаг меттах а ваьккхина т1екхаьчна ма ву. Схьахетарехь атта г1уллакх дац ахь деанарг. Суна хаьа хьо хьал долуш стаг вуй, маьхза х1умма бохуш воций а. Делахь а ахь диц ма де ахчанах эцацалуш нах а хуьулуш хилар. Кхузахь берш Мазлакхера жерой ма бац шай-кай тесча хьоьца хелхабийла. Со профессиональный къуй лецархо ма ву 1едало дарже х1оттийна а волуш. Муьлх-муьлха а со волчу ц1а а веана, соьца къамел дан таро йолуш ма вац, цо мел дукха дуьнена даьхни охьадилларх. Кху чохь юхкуш цхьа а х1ума а ма яц, накъост Селимханов. Вай туьканахь дац. Хьан сина хала а ма хетийла. Хьо ас бохучунна реза хила веза. Вацахь-не1 мичахь ю хьуна хаьа.
Селимханов макхвелира. Гуш дара цуьнца дикка хенахь иштта чорда къамел цхьаммо а ца дина хилар. Иза не1арехьа вирзира, д1аваха дагахь. Т1аккха, соцунг1а а хилла:
– Вай нана яла ас деанчу г1уллакхан, – аьлла, вела а къежна, вуха а охьахиира. – Стаг кхетон хуур долуш ду шу-м! Х1ун дер т1аккха: ма хетта ца хилча-ма-торру аьлла-кх цо! Вуьтур вукх вай т1аккха хьан накъост а. Тешар ду-кх вай дийцинарг къайлехь дуьсург хиларх.
– Ас дошло хьуна кху чуьра цхьа а х1ума арадериг цахиларх, – т1еч1аг1дира Зубайрас.
Хутаев кресло парг1ат а дитина, дивана хиира. Зубайрас хьаша шена дуьхьал хаийра. Кабинета чохь тийналла х1оьттира.
– Со ладуг1уш ву-кх хьоьга, – элира Зубайрас хьешан б1аьра а хьожуш.
Иза кхоьлира. Нисдира мера т1ера куьзганаш. Гуш дара иза синтем байна хилар.
– Шуна хезний цхьа кхо бутт хьалха хиллачу г1уртах? – дагахь доцуш хаьттира Хутаевс.
– Шекар дохкар дуьйций ахь махлелоран министерствона? – юкъавеара къамелана Зубайра. Вайн шекар доккхучу заводера дара и 16 эзар тонна. Кхунна и хьан делла а, мах кхечеранчул лакхара боллушехьа Селимхановгара х1унда эцна хууш стаг-м вац. И муха нисделла?
Мовсар Хамидович вегийра. Шеконца хьаьжира и Зубайре. Юха Мусага хьаьжира и. Вуха а Зубайрина т1евирзира.
– Шуна стенгара хьаьа и дерриге а, – хьалхачул тийна, аз лахдеш, дехьачохь цхьанна хазарна кхоьруш санна хаьттира Селимхановс.
– Суна хаьара суо волча вог1уш верг мила ву, цундела нахера исправкаш ехира ас. Хьох лаьцна цу хенахь цхьанаметта масех газето яздира. Уггар хьалхадаьлларг Шелара «Зама» газет дара «Дашон песок» фельетонаца. Х1умма а хала дацара и статьяш карон. Интернет чукхийсина ю уьш тахана а.
– И бакъ ду, – резавацарца элира Мовсар Хамидовича. – И журналисташ, ша к1елдаханчу жаьлина санна т1елетира суна. Тахана а дижа дуьтуш а бац уьш. «Зама» газетехь уггар карзахвуьйлург Гуноев ву.
Зубайра ладоьг1уш 1ара. Цунна гора, парг1ат, хьешо дуьйцучьнга ладоьгуш 1аш волу Хутаев Муса а. Шелахо волу Муса сийна б1аьргаш а болуш, хьаьрса вара. Оьрсаша и шайх тера хеташ дуккха х1ума тешадора цуьнах. Хала дара Хутаевн юьхьт1ехь цунна хетачун аьрснаш ган. Шелахой атта х1уманах цец а ца бовлуш, дуьйцучьнга ладог1а 1емира нах бу.
– Гуноевс лелийнарш сан дайна долу документаш ду, – эккхийтира Мовсар Хамидовича.
Цо п1елгех буй а бина и къевлира. Журналист дагалацаро а оьг1азвахийтира и. Муха ваьхьна шен кехаташ лач1къо, хьан г1о дина цунна Селимханов хууш вацара. Шена т1е куьг кховдон ваххьал и корреспондент майра а ца хетара цунна.
– И статьян бух хилла д1ах1иттина долу документаш цо сан кабинета чуьра лечкъийна ду. – Духа а элира Мовсар Хамидовича, доккха са а даьккхина.
Иза Зубайре хььаьжира:
– Со ма-дарра аьлча, оцу г1уллакхан хьокъехь веана ву шу долча.
– И документаш х1инца суна карон лууш ву хьо? – шен лергашна хезачух цатийшира Зубайра. – Цуьнах хьуна х1ун пайда хир бу? Уьш х1инца зорбане девлла хилча.
– Нийса боху ахь. Уьш суна оьшуш дац. Царах эца мегар болу пайда оцу йозанчас х1инцале эцна. Шен газетан аг1онаш т1ехула сан ц1еран 1аьржа тача даржийна цо….
– Хьан и г1уллакх суьде дала йиш ю-кх цо лелориг эладита делахь, – кхетийра хьаша Зубайрас.
– Ахь х1ун доцург дуьйцу, – куьйгаш д1асадаржийра Селимхановс. – Гуноевс мел яздинарг бакъдерг ма ду. Хьалхара элп т1ера т1аьххьарчу даше кхаччалц. Суна 1аьткъинарг- и документаш сан кабинета чуьра лечкъийна хилар ду. Уьш сан стоьлан г1утакхахь дара. Цигара дайча оцу Хьаьмидан каракхача.
– Уьш хьан кабинета чуьра лекъкийна хилар ч1аг1до ахь? – дуьхьал хаттар дира Зубайрас.
– До, – жоп делира Мовсар Хамидовича. – Уьш сан кабинета чуьра дайна нийсса кхо бутт хьалха. Уггар хазаниг ду хьуна уьш суна муьлхачу дийнахь дайна хаар. 1уьйранна со ц1ахь болх беш вара. П1ераскана де дара и. Со рузбане ца вахара. Сарахь Грозне кхайкхина вара со тхан шичас. Цуьнан к1анта зуда ялош яра. Томана боьлхучарах со тоха дагахь вара и. Цу сарахь со волчу чуеанера тхан нус. Ц1ера шелара ю и. Г1ала со шолг1ачу дийнахь вахара. 1уьйранна со стоьлан г1утакхчу хьаьжча, кехаташ сан стоьлахь дара. Делкъалт1аьхьа машен а латийна и йохлушшехь аьлла чувеана хьийзаш волчу ас, стоьлан г1утакх схьадиллича документаш дацара. Ас чохь дов эккхийтира ц1ерачаьрца. Стоьла т1ехь мел долу кехат охьа а кхоьссира, амма сайна оьшуш долу кехаташ ца карийра. Шича к1анта зуда а ялийна, со тойне хьийзаш 1ашшехь и статья араелира.
Иза д1атийра, жимма х1аваъ кийра а оьзна. Гуш дара цуьнга и болх лацалуш хилар.
– Соьга х1оьттина долу хьал хьайна хиъча? – Зубайрина т1ебуьйг1ира цо шен б1аьргаш. – Документаш сан ц1ерачу кабинета чуьра дайна. Тхан ц1ено лардеш ду. Уллорчу чохь вехаш цхьа хьаькам хиларна, уллохула болу некъ къевлина ба, тхан кертарниг бен уьйт1а вуьтуш вац. Цул сов п1ераскана дийнахь, шоьтахь, к1ирандийнахь вайн керта веана адам-да а вац. Х1инца и къола х1окхо я эцо дина ала сан шеко йолуш стаг вац. Х1етте а кехаташ дайна! – шен голи т1е буй туьйхира Мовсар Хамидовича.
Мусас дехьачу а вахана, таканахь хи деара хьешана. Селимхановс х1умма а ца олуш, стака схьа а эцна, д1амелира. Даьсса стака духа а делла, баркаллина корта ластийра цо.
– Шу доцургц1ахь кхин цхьа а варий? – дагавелира Зубайра.
– Вара, – доккха са а доккхуш, жоп делира Мовсар Хамидовича. – Масех адам дара чохь. Делахь а, царах цхьа а и документаш схьаэца таро йолуш вацара. Цунна со билггал…теш х1отта ваьхьар вара. Я царах тешашву со, х1инца, и муха эр-м хаац. Дерриге а ч1ог1а чолхечу хьоле дирзина. Мила бехкен вийрву ца хууш висина со.
– Ахь сан хаттарна жоп ца делла, – собарца элира Зубайрас.
– Х1аъ, сан х1усамнана йоцург кхин а диъ адам дара чохь. Тхан хьеший бу уьш, х1инца масех шо а даьлла оха вовшашца гергарло лелош долу. Сан йиша а, цуьнан майра а дара вайгахь. Кхин, суна дагадан цхьа а вацара. Тхан нус яра, шелахо, Гуноев Хьаьмид вевзаш йолу. Пхи шо аду и тхоьгахь йолу. Нус хиларал сов, сан секретарь а ю иза. Амма и массарал а хьалха д1аяхара. Со Грозне ваха кечлуш а волуш.
– Дерриге а варх1 адам хиллакх цу хенахь хьан х1усамехь, – хьесап дира Зубайрас, ойлане а волуш.
– Варх1 муха хуьлу уьш? – цецвелира Селимханов. – Ялх хуьлу-кх: цкъа диъ адам, т1аккха, сан х1усамнаний, нуссий. Ялх адам.
– Хьуо ма ца лору ахь, – элира Зубайрас, х1умма а бегашийна а доцуш.
– Ца лору дера.
Со оццул галваьлла а ма вац и кехаташ сайна сонта хеташ волчу журналисте д1адаллал. Ас со цу юкъара д1авоккху. Со кхетамна эшна ма вац, я эс телхина а. Шалха ойланаш а яц сан. Бералла а вуно дика хилла ду сан, – хьаша х1уманан хьесан дарна а, хилам дагахьлатторна а т1ера вара. – И документаш ас ца эцна, кхечуьнга-м муххале а ца делла, – кхачам боллуш хадийра цо.
– Т1аккха и кехаташ хьан хьешех цхьаммо эцна-кх.
– Иза-м суна а хаьакхий, – резахилира Мовсар Хамидович. – Шуна ма-мотталаш со х1еттехь шух дагавала ойла йолуш вара. Со г1уллакхана т1ера стаг ву, суна оьшург кехаташ лачкъийна болу лаьхьа схьакарор ду. Сан х1усамехь и тайпа саьрмик мичара бер бу? Кхин цкъа а шегара х1ума ца далийта ма г1оьртар ву и милла велахь а. Ас х1ун диний? Гуноевга телефон а тоьхна, ас итт эзар доллар ло хьуна аьлла. Ца аьлла цу кехатех-м. Суна хаа луург сан чуьра кехаташ д1аделларг мила ву дара.
Зубайра лерина ладуг1уш вара цуьнан къамеле. Ишттачохь дуьйцушверг юкъахваккха мегар дац, хабаран з1е ца хадорхьама.
Селимхановс жимма тийна а 1ийна, духа а д1адолийра:
– Цо дуьхьало йира. Ас т1аккха ткъа эзар доллар дахьийтира цунна. Цо юха а х1ах1ак элира…
Мовсар Хамидовича шен кисанах куьг а тоьхна, цхьа яппарш йира.
– К1урбан х1умам яц шуьгахь, – хаьттира цо Зубайре. – Ас сайгара сигареташ машена чохь йитина. Со накъост воцуш веана кхуза, вайн хилла къамел къайлехь дитархьама.
– Со цигаьрка узуш вац, – ши куьг д1асатесира Зубайрас. – Мусас а и жоьжаг1атин пеш ягор дитина. Ма-дарра аьлча, цхьа хан д1аяьлча тан а ма цатоввий малар, озар. Вайн дешначу наха а шовзткъара ваьлча, ца магадо и кегийчу нехан х1уманаш. Х1ета, журналиста ца вийцина-кх хьуна шега и кехаташ кхачийнарг?
– Цо кхачам боллуш дуьхьало йинехь-м ша ма дарийца и! – ша толам баьккхича санна велавелира Селимханов. – Ас ахчана барам кхузткъа эзар долларе хьалабаьккхича, вухавелира иза. Дош делла ша къу х1инца дог1учу п1ерасканна вуьйцур ву аьлла.
– Ой, кхузткъа эзар доллар тов…-ойлане велирв Зубайра. – Бакъонна т1екхиа г1ерташ хьайн дагахь хьо дикка гена ма ваьлла, ахь схьадийцарехь. И п1ераска т1екхаьчча вийцирий цо хьуна шена и хьан документаш деанарг?
– Ца вийцира дера, – доккха са даьккхира Мовсар Хамидовича. – Ца кхиира иза. Еарийн дийнахь 1уьйранна Грознера ц1авог1уш машенахь а волуш, валар нисделла цуьнан, и валлац вай дахийла! Шуна ма мотталаш ас цунна и авари еш «г1о» дина. Ахчано х1уъа а ма дойтийца. Таханлераниг санна керчина йолчу заманахь-м муххале а. И ца хууш-м со 1овдал цу сарахь ахча а кечдина ма 1и1нийца, х1инций-т1аккхий цуьнгара хабар хеза-кх суна бохуш. Цул т1аьхьа, кхин а масех к1иранах воьхна лийлира со. Эццахь дагадеара суна х1инца вайн республикехь бисинчу милицин ширачу белхахошна юкъахь тоьлла детектив лахар. Цхьаболчара Хасуев Лоьма вийцира суна. Вукхара-Тагиров Мансур. Иштта хьехавора:Оздамиров Геха, Мадаев Хизир, Абдурахманов Шама, Канаев Ваха, Евсултанов Ризван, Хациев Хьасан. Эххар цхьанно эли-кха, тохара советан 1едал долуш уггар тоьлла уголовны розыск Шелахь яра-Шур. Цо дечуьнга хьажча Маскохара Мур берийн ловзар хетара. Шун координаташ йийци суна. Х1инца шуна хаьа ас ц1е еттачу ахчана барам. Реза дацахь кхин а т1елур долуш а ву со. Суна хаа лаьа мила ву сан чуьра кехаташ лачкъийнарг? Кхетий хьо, Зубайра?
– Деллахьа, иштта тхан де доьхначу дийнахь, оцу ахчанца тхан рицкъа а х1оьттина, Дала т1ехьажийна хирву-кх х1ара, – аьлла дагадеара Зубайрина. Ойла йича, хала зама яра карахь ерг:нохчийчохь шолг1а т1ом г1елбелла хан яра. Адам а юучуьнца, духарца, йийбарца беркъа дара. Ахчана къоьлла яра. Х1етте а, шен хеннахь 1едал духий а хиъна, катоьхнарш дика бохкура. Цаьрга шайна оьшург далора. Наггахь ойла ма –кхоллалойца: «Коьртах кхета т1улг шашах кхеташ ма бац».
– Там бу и хьан кехаташ лачкъийнарг хьуна гучу ма валахьара аьлла лакхахь цхьанна лиъна хила. Иштта и ца хууш дисича хьуна г1олехь хила а ма тарло, – элира Зубайрас.
– Х1ан-х1а, – юкъахваьккхира иза Селимхановс. – Иштта дисахь суна кхин а хала хир ду. Ас сагатдо. Массарах дегабаам бо. Сайн шеконаша хьервоккхуш лаьтта со. Д1адаханчу к1иранах ас цхьанхьа охьайиллина сан ахчана полевой банко йина отчет-х1инцалера текущий счет. Д1оггара х1ума а дац иза. Суна иза ца карийра. Доккха х1ума дара ас зудчунна т1е мохь хьекхар. Чохь мел болчарна т1е а. Кхано д1ахьажча, сан портфела чохь хилла и кехаташ. Суо кхетамах волуш лаьтташ хетало суна. Х1уъа дина а, мелла ахча делла а и сайн документаш лачкъийнарг 1ораваккха лууш ву со!
– Кхеташ ду, – элира Зубайрас, Мусай и шиъ вовшашка хьаьжира. – Х1ета, хьо кхоччуш тешна ву-кх хьайн документаш шун чуьрчу наха лачкъийна хиларх? И нехан наха дина хилар ахь аьттехьа ца дуьту-кх?
– И шеконе дуьллушдац. Ас ма-аллара, вайн ц1а лардеш ду. Кхин а электронни хехо а ву х1оттийна. Г1аролаца барт а бина, сигнализаци д1айоккхийла-м ду. Т1аккха и кехаташ лечкъор цхьа а пайда бац. Гуттар галдаьлча, жимма корта лазабаккхар бен суна цара х1умма а дийр дацара, налогови полици т1аьхьа а яьккхина. Сан стоьлан г1утакхахь кхин а мехала кехаташ ма дара. Цу т1е, стоьлан г1утакхахь даиман а 1уьллу ши-кхо пачка долларийн купюьраш. Таккха, къу кхоччуш сонта стаг ма хуьлийца и кехаташ а эцна цо ахча дуьтуш хилча.
– Ахча ца эцнакха зуламхочо? – хьеше хьаьжира Зубайра.
– Дера ца эцна. Кхин х1умма яйна яц вайн чуьра. И ду-кхий ас тамаша бийриг. Сан гергарчех цхьанна суна х1уьттаре ян лиъна-кх, – велавелира Селимханов. – Беламе маду сан дог дат1о шекар дохкарх долу кехаташ лечкъор.
– Ахь ойлайой х1инца дикка хан яьлла хиларан, суна жимма хало- ома хир ду къолана дуьхе кхиа, хьуна г1о дан…-д1адолийра Зубайрас.
– Суна шуьгара г1о оьшу, – вуха а юьхьйоцуш юкъахваьккхира и Мовсар Хамидовича. – Ас аш бохху гонорар ло-кх шуна.
– Тоийтахьа и ахча хьехор, – сацийра иза Зубайрас. – Вай иштта дийр ду. Цкъа хьалха хьелаш дийцаре дийр ду вай. Ахчана цхьа барам билгалбийр бу доза а тоьхна, талламан х1уъа жам1аш хилахь а. Ас хьуна г1уллакх кхиамца чекхдер ду аьлла дош лойла дац-иштта г1уллакх т1ехь иза чолхе х1ума ду. Амма ас хьуна дошло сайна Дала деллачу хьекъалца и хьан кехаташ лачкъийна волу стаг схьалаха. Бакъду, ахь хьайгара совнаха х1ума далийта ца деза, я талламна юкъаг1ерта а мегар дац. Ахь со мехах лаьцна хиларан кеп х1иттаяхь вайн дов дер ду. Вай таллам цхьана накъостий долуш санна беш бу. Со тешна вуьсу вай х1ара къамел кхин г1атториг цахиларх? Иштта дацахь вай кхуззахь къаьстар ду. Хьо реза вуй?
– Ву, – сихха жоп делира Селимхановс. – Со дерригенна а реза ву. Муьлххачу хьелашна а. Со хаа лууш ву сан документаш хьан лечкъийна.
– Делахь тахханехь д1адуьйлалур ду вай, – элира Зубайрас. – Х1инца мелла а достуш дийцал суна и кехаташ довчу дийнахь мил-мила вара хьан х1усамехь. Х1ораннах шех лаций хьайна хуург дийцалахь, хьайна и к1езиг хума хетахь а.
Хьешо корта та1ийра. Леррина Хутаевга хьаьжира и вист ца хуьлуш 1аш волчу. Юха хаьттира:
– Кхин цхьа стака хи лур дацара ахь суна? Легаш дакъадели-кх сан дукха лийна.
Муса хи эца кухничу вахара. Селимхановс цунна т1аьхьа а хьаьжна, Зубайре аз лахдина элира:
– Цуьнах тешаш вуй хьо? Х1ара адамех башха тешам болу зама а ма яц. Х1ара истори а газеташка ялахь суна т1е доккха эхь ма дог1ийца.
– Тхо вовшийн девза дуьххьарлера шо дац, – кхетийра и Зубайрас. – Нагахь хьох хьайх дерг вай дийцича, суна со кхечу дуьненахь хета. Шаьш эзарнаш миллионашна пачхьалкх 1ехийна хилар шайга д1ааьлча, шу х1умма кхерацало. Шаьш динарг къола хилар шуна х1умма а ца хета, шайна юкъара кехаташ лечкъийнарг лоьху. Наха шайна бохучун к1езиг ойла йо. Ткъа шайна дина къолано т1е эхь даийтина моьтту. Шаьш беламе ца хетийта къайла бахьа г1ерта вай беш болу таллам а.
– Со нахана жуьлик хетар г1олий ду-кх 1овдал ву бохучул, – дерзийра Селимхановс. – Эхь-бехках лаьцна дийца а ца оьшу. Нохчаша лаа ма ца олу:дерриге а Далла дика хуур ду. Вай масална цхьана хенара нах ду. Со жимма воккха хила а мега шул, шерашка диллича. Цхьана ишколах девлла вай. Шен заманахь етташ вота а йолуш пионераш дира вайх, духа комсомольцаш хилира вайх.
– Юккъехула аьлча, партин член-м вацара хьо? – Жоп даллац а ца 1аш, Мовсар Хамидовича куьг ластийра:-со-м вара. Бакъду со д1аваьккхира партера. Къоланаш динера ас, 1984-чу шарахь луьра дара и курхаллаш, Андропов валале йолу хан яра и. Х1етахь тхуна дийцара спекуляци лелор эхьен г1уллакх ду, шен долахь бахам хила ца беза. Карахь валюта карийча-м хан тухура чохь яккха. Ткъа х1инца? Дахаран мехаллаш хийцаелла…Эхь-бехк дайина бахам гулбар коьрте даьлла. Зудабераш мел воккха велахь а хьал долчуьнга маре боьлху. К1енташа ишколехь вовшашна сег1азаш цхьана духку, къоначарах рэкетираш хилла, берашкара цхьана ахчанаш дохуш. Телефон йо1ехь елахь схьайоккху. Дерриге а хийцаделла…Пайлабоцчу даьлла.
Хутаевс хин стака д1аделира, къамела юкъа ца г1уртуш собар а дина. Мовсар Хамидовича йоккхачу сутараллица д1амелира хи, баркаллина корта а ластош.
– Цхьаммо а аьллий хьоьга хьан къамел юьхь йоцуш ду? – хаьттира Зубайрас. – Хьо хьайн оьздавацар хьайга лараме даккха г1ерта. Шекарна т1ехь и афёраш лелорна, вайн республикехь х1ара кегарий бацахьара хьо жоьпе озор вара. И тайпа забарш закон болх беш долчохь чекх ца йовлу.
– Хила мегаш х1ума ду иза а, – корта та1ийра Селимхановс, – т1аккха лакхара дуьйна охьабуьйлабала безара. Правительствехь хаьара оха х1оттийна мах лакхара буй, х1етте а договор т1е куьйгаш яздира. Я хьуна моьтту цара и маьхза дира?
– Ца моьтту суна-м, – холчах1оттарца элира Зубайрас.
Иза Мусагахьа хьаьжира. Цу шиннен а оцу стагехь безам бацара. «Да нелца валларг-эккхийча х1ун дара те х1ара», – аьлла дагадеара Зубайрина. – Вукху аг1ор, цуьнга ладог1ахьара аьлла дехнера кхаьрца хетахь уголовни розыскехь болх бина волчу Гермчигара Амлиев Вахас. Цундела хаьттира цо:
– Сан хьешана т1е мукъане а муха кхаьчна хьо?
– Хьо Гуьмсехь начальник милици волчу хенахь ахь шен г1уллакх д1адерзор дийцира суна Герзель юьртара сан доттаг1чо. Иза х1етахь махлелорехь болх бина вара. Ткъа Амлиев Ваха вайн захалойх ву. Доцца аьлча, кегон баьхча, нохчий берриге а вовшийн гергара нах ма бу. Вайн къам доккха дац, т1ом баккха г1ерташ б1ов бохуш карзахдийлахь а. Ткъа хьо, Зубайра, дукха нахана вевзаш хилла.
– Хьайна оьшучу х1уманна дика т1аьхьа кхуьур волуш хилла хьо, – элира Зубайрас. – Хьайн чохь хиллачу ялхе а стагах хьайна хуург дийцахьа х1инца.
2
Селимханов цкъа кресло чохь д1аса а хьаьвзина товелира. Т1аккха хаьттира:
– Хьанна т1ера волало со?
– Хьайна луъучунна т1ера. Шина доьзалера зудий-майрий, х1усамнаний, нус яра бохур – кха ахь цу дийнахь шайгахь. Царах муьлхачух дегабаам бу хьан?
– Цхьаннех дера бац, – бен доцуш элира Мовсар Хамидовича. – Царах цхьаммо а и саннарг дийр ду аьлла хеташ ма вац со.
– Иштта хуьлийла а ма дац, – элира Зубайрас. – Нохчий сема къам ду. Х1ума атта луьтту вай. Цу дийнахь хилларг хийла дагадеана хир ду хьуна. Х1оразза а бехк бан цхьанна т1ехь сецна ма хи рву хьо лаахь, ца лаахь. Хьалхарчу рог1ана хьанах шек ву хьо? Ахь ма дарра хьайна хеташ дерг ала ма деза. Нохчаша лаа ма ца олу: «Лачкъийначунна цхьа къа ду-яйначунна исс къа ду». Цхьаъ билгалцаваьккхича, вай хьоьгуш долу къа эрна ма ду.
– Иштам-м дара и, – корта ластийра Селимхановс. – Хьуна бакъдерг дезахь, оцу ялханна юкъахь сан хьалхара дегабаам Дакаев 1аламах бу. Иза сан йиша яхана нуц ву. Иттех шо а ду и гергарло тхуна юкъахь долу. Церан доьзалхо хилла а дукха хан а яц. Бизнес лелон г1ерташ а ву 1алам. Амма цкъачунна д1адолалуш х1ума дац цуьнан. Цо т1елаьцна массо проект а кхиам боцуш юьсу. Мел х1уъа дийцича а, вайна юкъахь махлелор цатовш адамаш ма ду. Атта ахча цадог1у церан кара. Олуш ма-хиллара, рицкъа уллохула дуьйлу. Хетарехь Дакаев оцу тобанах ву. Амма даиман а цхьаъ дан г1ерташ воллу и, х1етте а г1уллакх ца хуьлу. Ва Дела аьлла юьхьарлаьцнарг д1а цадоьду.
Бакъду, оцу сайн йишин дуьхьа ас к1ез-мезиг г1о а ма до хьуна цунна. Цхьаммо сардам боьллича санна хецаелла бизнес д1а ца йоьду. Уггар хьалха цуьнах ю сан шеко. Цуьнца къамел дан а лиира суна. Иза ч1ог1а кхеравелира, дуйнаш баа волавелира, и саннарг шегара мичахь дер дара бохуш. Вукху аг1ор- цуьнах теша а теша со. Цуьнан доцчу хьекъале хьаьжча и сайн кехатех пайдаэца хьокъала ву аьлла а ца хета. Цо стоьлан г1утакхара ахча оьцур дара, документаш дитина.
– Цунна хаьарий ахь ц1ахь йолчу хьайн кабинета чохь ахчий, документашший латтош хилар?
– Дера хаьара. Ахча лардой-м муххале а. И вог1ура со волча, ас чуьра ара а ца волуш г1еххьачул ахча лора цунна стоьла чуьра схьа а оьций. Цо дуй боура ша хьан ахча духа цалуш хьедийр дац хьуна олий, амма цкъа а схьадахьаш веана вац.
– Иза хаттар доцуш хьан кабинета чувалалур варий?
– Ойла йича, вацара. Нагахь цунна сан документаш дахьа дагадеача-м хаац. Тхан ц1а ши г1ат долуш ма дайца. Хьешан ц1а хьалхарчу этажа т1ехь ду, кухня, телевизор триколораца. Лакха т1ехь-сан кабинет, шиъ д1авуьжу чоь а. Цундела хала ду чу мила веана, цавеана хаа. Ма-дарра аьлча, шолг1а г1ат и мансарда ю. Х1усамненан 1едал ду чу мел веанчунна цу мансардин хазалла гойтуш. Уьш кабинет чухала а, спальнеш чухула а хьоьжуш ма лелийца. Кабинетан не1арна ас дог1а тухуш дац. Чохь сейф а яц. Дукхахьолахь ас сайн докумнташ Грознерачу офис чохь латтадо. Со Кизляре ваха дагахь хиллера цу деношкахь, цундела ц1адеанера кехаташ. Дег1астанарчу кондитерски фабрикана шекар дохка дагахь вара со.
– Невцах 1аламах шек ву-кха хьо, ахь схьадийцарехь, – элира Зубайрас.
Хутаев Мусан карахь блокнот гучуелира. Хьалхара бехкен хетарг д1аязвира цо. Цунна шенний бен евзар йоцуш хьаьркаш х1иттийра.
– Хьан шеко йолуш волу коьртаниг дукха хьолахь бехк боцург хуьлукхий, – кхоьлана забар йира Селимхановс. – Хетарехь, массо детективехь а иштта нисло-кх иза.
– Дахарехь кхечу кепара хуьлу и, – дуьхьало йира Зубайрас. – Кхузахь-м нийсса б1останехьа нисдала мегаш г1уллакх ду. Ма дарра аьлча, къоланаш вуно атта деш ду вай, уьш талла г1ерташ яккхийн чалхаш вовшахъеттахь а. Пох1ма долчу цхьана курхалчина т1алам боцу б1е стаг нисло. Мах товш волчу бизнесменна мах бан хууш вочу эзар стаг санна.
– Т1улгаш хьенан керта ду кхийти со, – т1етайра Мовсар Хамидович. – Кхин хьенан ц1е яккха ас?
– Охьа багарбе бисинарш.
– Сан х1усамнана-Сатаева Марет. Да Борг1анера г1умки ву. Нана Сесанара бено ю. Иза сан кхозлаг1а зуда ю. Иза ас ялийна итт шо сов зама ю. Цуьнан хьалха яханчохь йина йо1 ю 19 шо долуш. Иза Гуьмсерачу хьехархойн училишехь доьшуш ю. Ала деза, зудчух со уггар к1езиг шек ву. Цунна и тайпа къола эшшане а оьшуш дац. Маре и соьга еана ю. Сан миллионаш цунна оьшуш дац. И хьалха яхана волу майра велла. Иза а таро йолуш стаг вара. Марет х1умма оьшуш йолуш еана яц соьга. Ас буьйцург хьал-бахам бу.
Ма-дарра аьлча, ас шозза еха нах бахийтича и ца еара соьга. Жимма хан зама а яьлла, вовшийн довза а девзича, шен бохам бай а белча, марзоша, вежарша даиман ц1ахь 1ийна а ер яц, хьо х1инца а жима ю аьлча, дог-ойла хийцаелира цуьнан. Иза Сесанара хьоладйн ц1ийнах болчу нехан йоь1ан йо1 ю. Тохара нохчий ц1ера бахале кулак ву аьлла лаца а лаьцна, вайна ву цуьнан нена ненан да. И тайпа мекарло цунна евзаш яц. Марета цкъа а лачкъор дацара сан кехаташ суна хуьттаренна, я шена кхаъ эцарна-м муххале а. Шен х1усаман хьал-бахам, ц1е, сий лардийр долуш стаг ю.
– Доьзал бу шуьшиннен?
– Сан к1ант ву дуьххьара ялийначу зудчо вина. Цуьнан пхийтта шоду, иза шен ненаца 1аш ву.
– Хьан к1ант вог1ий хьо волчу хьошалг1а?
– Вог1у дера. Нагахь шуна сан кехаташ цо лачкъо там бара аьлла хеттехь и эрна ду. Шу эццигахь галдовлу. И ненаца д1авахана Астраханехь 1аш ву. Юридичесаки колледжехь доьшуш ву. И со волче ванза дикка хан ю. И документаш довчу хенахь и кху аг1ор хилла вац.
– Ас цунна ма ца хаьттира хьоьга и. Суна хаа луург хьан к1ентан дестечун юкъаметтиг яра?
– Вуно дика ду и шиъ вовшашца. Цо шен хьомен к1ант санна т1еоьцу иза, цхьа а совнаха х1ума доцуш, шен эмгаралла ца гойтуш. Шуна и йовза еза, вуно оьзда адам ду и шен схьаяларе хьаьжжина.
– Цхьанхьа болх беш юй иза?
– Шуна и тамашийна хетахь а болх беш ю. Ас дукхазза баьхна цуьнга вайна хьан болх ца оьшура, таро йолуш дара. Цу т1е ахь оьцург ч1ог1а к1езиг алапа а дара, битахьара ахь и болх. Амма и реза ца хуьлу. Марет университетехь лаборантка ю. Иза кандидатски диссертаци язъеш ю. Нейрохирург хила г1ерта и. Иштта сацам бинакха цо шен хьалхалера ц1ийнада велча.
– Стенах велла иза?
– Оха-м авари хилла велла олу. Онкологи яра цунна, вай долчохь Дала диканиг дойла! Церан доьзалехь и ун кхетта масех стаг велла. Нисвелла стаг вара цуьнан майра. Лазар кхетта ши шо а далале къена стаг хилла д1ах1оьттира. Цуьнца бала лайна ю и. Америке, Германе, Израиле а вигира цо и. Г1о ца хилира. Дукха бала лайра цо и бахьанехь.
– Хьуна вевзаш вара цуьнан ц1ийнада?
– Хаъ. Иза а, х1ара а, ший а девзара суна. Гуьмсехь вайна гена боццуш 1аш бара уьш. Хаза, товш зуда ма ярийца х1ара х1етахь а, гиначун б1аьрг т1ех1уттуш. Тхойша вовшахкхетачу хенахь сан шовзткъа шо дара, цуьнан ткъей берх1итта.
– Кхин д1а а дийцал, – т1едожийра Зубайрас.
– Сан йиша Селимханова Седа. Дакаев 1аламан зуда. Иза шен ц1ийнаден фамили т1е ца елира. Сан жимах йолу йиша ю и. Иза лор ю. Болх беш 1илмана-талламан институтехь ю. Йо1 ю церан а. Хаац Седас и шен майра муха лов. Цуьнан дог-ойлане хьаьжча, цунна уллохь цхьа дика стаг товр вара, х1ара йохкунча а йоцуш. Я цхьа яздархо, я политик. Х1инца майрачуьнца бала ловш ю Седа. Сол ялх шо жима ю и.
– Уьш кест-кета хуьлий шоьгахь?
– Наггахь бен ца хуьлу. Цу дийнахь а цхьана гергарчу стеган зуда йоссийначе даха детталуш дара тхо цхьане.
– Х1унда? – хаьттира Зубайрас. – Уьш хьалха цига д1а а бахана шу цаьргахь вовшахкхета ца мегара. Я шуна уллохь бара зуда йоссийнарш?
– Седин шен х1уманаш ду-кх. Вешица еана ша алархьама. Т1е ас сайн «Мерседес» т1ехьверг схьа а кхайкхина, машенахь ма дахара тхо. Дуьххьара-м вайн лулахой бара тхоьца бахка кечбелла. Церан цхьа г1уллакх нисделла ас Седа кхайкхинера. Ша еза-йоккха лелор дезаш ма яйца и.
– Шу д1адаха арадовлуш схьакхечира Седий, цуьнан майрий я хьалхо баьхкинера уьш?
– Мел лахара кхо сахьт хир дара уьш чукхаьчна. Арадовла ахсахьт долуш кхиберш баьхкира. Тхо чай молуш долуш, тхан нус, сан секретарь кхечира чу.
– Сихмалол хьо, – дийхира Зубайрас. – Х1ета хьо ц1ахь хьайн х1усамненаца вара, хьан йиший, нуцций деача. Иштта дарий и?
– Х1аъ.
Хутаев Муса шен блокнота т1ехь йозанаш деш вара.
– Ахь боху цул т1аьхьа кхин а ши адам деара шайга. Уьш муьлш бара?
– Тамаев Руслан, цуьнан х1усамнаний дара. Руслан вайн телевиденехь режиссер ву.
– Журналист вуй и? – дуьххьара хаттар дира Хутаев Мусас.
Селимханов оьг1азвахара цуьнан тамашийна аз хезча.
– Иштта хабар х1унда дуьйцу ахь, х1ун хилла телхина ду хьан аз, я сох цавашаран кеп ю ахь х1итториг? – хаьттира Мовсар Хамидовича.
– Мусан лакхара балда ду урс кхетта хадийна. Цуьнан мекх долу дела и гуш дац, – кхетийра Зубайрас. – Хьан хьаша режиссер вара?
– Вара бохург х1ун ду, иза-м х1инца а волуш ву, – реза ца хилира Селимханов. – Оха доьзалшца гергарло леладо масех шо а ду. Тхан зударий а бу вовшийн доттаг1ий, цхьана институтехь болх беш а бу. Иттех шоду уьшгергарло лелош болу а.
Зубайрин тидамах ца хьулделира зударех лаьцна дуьйцуш Селимханов мелла а къийлалуш хилар шегара цхьа совдерг даларна кхоьруш санна.
– Суна хетарехь хьо кхеташ хила везара тхан тидам алсамо режиссерана т1ебоьг1на хиларна, – кхетийра Зубайрас. И цхьа хьалхалерачу оьздачу, куьг-ц1еначу нахах ву. – Со кхетарехь баьхкиначарах Тамаев цхьаъ вара прессица гергарло долуш. Аьр вай, журналисташна юкъахь а цуьнан дуккха а хьеший хилар.
– И бакъду, – дагахь а доцуш велакъежира Селимханов. – Амма Руслан вевзаш хила веза цуьнах йолу шеконаш д1аяхархьама. Иза-м хьаха ву ч1ог1а оьзда стаг, к1еда-мерза а волуш. Шен доцучу г1уллакхе г1ертар волуш а вац. Тешнабехк цуьнца хир бу ца моьтту суна. Цул атта-м ас айса цхьаьнга дагахь доцуш кховдо тарлора и документаш, Руслана оьцур дацара уьш схьа. И воккха интеллигент, «шира коммунист» ма ву, мегар дуй аьлла бен х1уманах куьг 1уттур доцуш. Илланчаш бардаш дукхабезаш а ву, шена а дуккха а иллеш дагахь а хаьа. Ша профессор Лакха-Неврера Зайнди санна фольклор дукхаезаш а ву. Ша гитара а локху. Х1ан-х1а иза хуьлийла а дац.
– Цуьнан зуда? – хаттар дира Зубайрас. – Шен майрачун карьерни г1уллакх тодархьама цо дан тарлой и саннарг?
– Теори т1едаьккхича-м тарлуш х1ума ду и, – жоп делира Мовсар Хамидовича. Тхо доьзалшца доттаг1алла лелош долу масех шоду. Стохка Сочехь цхьане са а даь1на оха. Цо а оьцийла дац сан документаш.
– Адамех болу хьан тешам стенна т1ебоьг1на бу? – тамаша бира Зубайрас.
– Х1ан-х1а, иза тешар дац. Муххале а адамаш довза хаар ду. Тамаевг1арах со уггар т1аьхьа хир вара шек, нагахь и г1уллакх кхоже дуьллуш хилча а. Уьш шайна бевзича шу а сайна т1етовр ду аьлла хета суна.
– Хьовсур ду вай, – шеконе дуьллуш жоп делира Зубайрас, – цу т1е дисина кхин а яхалг1а цхьаъ адам ду ахь шех лаьцна х1умма а алаза-хьан вешин зуда. Нус а, секретарь а ерг массарал а т1аьхьа еана ю цу дийнахь чу?
– Яц. Иза сан йиший, нуц деача еара. Тамаевг1ар бахкале а дара и. Ас айса кхайкхина яра и цхьадолчу кехаташка хьажа. Цу юккъехула шен нотариальни контора ю цуьнан, цигахь болх беш а хиларна, суна сих-сиха г1о до цо цхьацца кехаташ яздеш, кечдеш, ч1аг1деш. Цо цабеш болх бан а бац.
– Исаннарг сих-сиха дой ахь цуьнга г1онна кхойкхуш?
– Х1ан-х1а, ца до. Амма нислуш меттиг бог1у. Ас шуьга ма элира со Г1излара ваха кечамбеш вара, цундела схьакхайкхира ас и сайн некъан кехаташ т1ехь г1алат ду-дац хьажа. Ма хиллара аьлча, цунна т1аьхьа машенахь вешин к1ант вахийтира. Охашимма жимма сан кабинета чохь болх бира.
– Х1ета и хьан кабинета чохь хилла-кх?
– Хилла дера.
– Хьо ара а цавелира и чохь йитина?
– Велира. Суна хетарехь, цуьнах цатешар сонта х1ума ду. Сан дукха кехаташ девлла цуьнан карахула чекх. Цкъа а х1уманна т1ехь суна ямартло йина а, я шех чекх са гайтина а яц иза. Оцу кехатех ша духкуш хилча пхи-ялх эзар доллар бен доккхур дацара цо. Ас сайн белхало санна д1а а язйина баттахь ши эзар доллар луш ма ю иза. Цу тайпа болх цунна яларх карор бац.
– И нусса-м лакхара оклад йолуш ю хьан, – велавелира Зубайра. – И алапа ведомостаца луш ду ахь цунна, налогови инсппекторш ИП-на т1аьхьабевлла эзар сом баттахь лахьон г1ерташ лелаш а болуш?
– Дац дера, – оьг1азвахара Селимханов. – Ведомостица ши б1е доллар бен ма цало ас цунна. Дисинарг иштта д1ало-кх, моллина а дайна саг1ина, конверт чохь. Со тешна ву аш налогови инспекторшна информаци лур яц аьлла.
– Халахеташ делахь, и цадо оха, – жоп делира Зубайрас. – Наггахь ч1ог1а лаам лаьара тхуна цхьайолу жоьлкашцаьрга д1аяла. Суна хетарехь, хьоладайша шайна болх беш болчу нахана. «саг1ийна» конверташ чохь ло алапа. Цундела вукхара уьш шайна алапа шен хеннахь цало бохуш буьйцу. И бакъ моьттучу мискачу наха таро йолчарна сардамаш доьху, уьш нах бууш бу бохуш.
– И болх лелабо массо а нахана болх луш йолчу компанино бохург санна, – велавелира Селимханов. – Тахана цхьа а вац пачхьалкхах тешаш. Цундела налогаш а ца токху, массара а ала-м олу Россехь налогаш ялар пайдехь ду. Ерриг кхойтта процент ю. И г1олий ма ду шовзткъа, я шовзткъей итт процент йоккхучу кхечу пачхьалкхашкахьчул. Налогаш цатакхар вон ма ду. Делахь а пенсехь болчу нахана дукха ясакх ю и.
– Керла политэкономи хьоьхуш ма ву х1ара-м вайна, – элира Зубайрас, Мовсар Хамидовична т1е а воьрзуш. – Керланиг 1амаде хьайна Муса. Царех олу хьуна махлелоран керла юкъаметтигаш. Ткъа х1инца хьайн белхало йолчу вешин зудчух дийцахьа тхуна?
– Тарамова Зарема. Цуьнан ткъей итт шо ду. Вешега яле дуьйна соьца болх беш яра. И ц1ера Теркайисттера ю, Беной юьртара. Лакхара образовани ю. Мехкдаьттан технически университетан экономически факультет яьккхина ю. Шен вешин офисехь и гича ялийна ю Салман Хамидовича. Шолг1а образовани юрист. Х1инца Гуьмсерачу цхьана нотариальни конторан директор ю. Дика накъост а ю. Психологехула белхаш язбеш ю. И кхузаман турпалхо ю.
– Цхьаммо йовзийтина схьаэцна-м яц ахь и балха?
– Дера ю. Тхан махлелоран компанино лорий хоржу белхахойн контингент. Вевзаш воцург, цхьаммо шех жоплуш воцург аьттехьа а ца вуьту оха. Хьалха, йолалучу хенахь, «Мегафон» телефонни компанехь болх беш яра и. Шена т1едехкиначу г1уллакхашца дика ларош а яра. Бакъду алапа диъ б1е доллар дара. Цунна мелла а ахча даккха таро йолуш болх безара. Тхайн меттиг баьлча, ас схьаийцира иза. Юьхьенца вице-президентан г1оьнча яра, сайна дика евзича сехьа яьккхира. Цул т1аьхьа ши шо даьлча, сан вашас Салмана ялийра и. Юьхьенца марехь хилла юй, яций аьлла хабарш даьржира, кестта и эладита дижира. Зарема ша хаза, безамехь стаг ю хьенна а б1аьрг т1ех1уттуш. И чохь, уллохь хилар доккха ирс ду. Оцутайпана зудчунна дуккха х1ума гечдеш майранаш бевлла-кха тахана вайн юкъараллехь.
– Цунна стенгара хиънера шуна белхало оьший? Гуьмсан районехь ма яц Беной юрт.
– Цуьнан йиша яра тхан офисана генайоццуш марехь. Цуьнах дерг оха теллира. Заремина ала х1ума долуш аддам ца карийра.
– Ма ягг1ара шун компане еана юй и балха? – хаьттира Зубайрас.
– Яц хьаха. Цхьа «Ворхалг1а стигал» ц1е йолуш фирма яра Гуьмсехь. Нахера проценташ луш ахча схьаоьцура цара. И пирамида 1едало 1ора а яьккхина, церан хьаькам Олхазуров Маккхал чувоьллича еара и тхо долчу. Шен г1уллакх галдала доладелча, Олхазуровс дийхира соьга и балха д1аэцар. Баккъалла шен белхан декхаршца дика ларош ю и.
– Хаза юй? – дагахь доцуш хаьттира Зубайрас.
– Х1ун? – ца кхета сурт х1оттийра Мовсар Хамидовича.
– Аса-м иштта хьо тешаш болх беш йолу зуда хаза хилча дика ду аьлла бохура, – дерзо г1оьртира Зубайра.
– Сан нус ма ю и!
– Хилча х1ун ду. Хаза зуда х1усаман а, компанин а юьхь ма хуьлу.
– Шена хьенна а б1аьрг т1ех1уттуш тайна стаг ю. Майрачунна а дукхаеза, хьо и хаа лууш велахь.
– Ахь цунна т1е тидам х1ун аьлла бахийтина:дика белхахо хиларна, я кхин аг1онаш коьрте эцна?
– Массо х1ума а цуьнан дика хиларна, – жоп делира Мовсар Хамидовича, жимма ойла а йина. – Цхьадолу адамаш ца хуьлу, хьуна ма гиннехь дуккхадезалуш? Т1аьхьа цуьнан болх бевзира, цуьнах х1уъатешон мегар дуй хиира.
– Хьан х1усамнанас эмгаралла-м ца лелайо?
– Х1ан-х1а, сан зуда и сонта ойланаш йолуш яц. Цу т1е цуьнан кхин ю и х1инца. Сан х1усамненан бала бац тхан белхан г1уллакхийн. Сан ваша а тхан юкъаметтигаш ц1ена юй хууш ву.
– И ша ду т1аккха, – корта та1ийра Зубайрас. Х1инца ялх адам дагардина девли-кха вай. Хьан нуц воцург, бизнес лелон г1ерташ и цатовш волу, вукхарах массарах а тешашву-кх хьо?
– И сецна бакъдерг ду, цундела веана со шу долчу.
– Хьо билггал тешна вуй Гуноевс зорба тоьхна долу документа хьайн кабинета чуьра дайна хиларх?
– И шеко йоцуш ду. Цигахь цхьацца билгалонаш яра сан кехаташ т1ехь бен хила таро йоцуш. Царах дерг ура-аттала банкехь а ца хаьара, шаьш сан ахчана г1уллакх леладахь а. Х1ан-х1а, кхузахь цхьа а шеконаш яц. Гуноевс пайдаэцна кехаташ сан кабинета чуьра лачкъийна ду.
Зубайра Хутаев Мусага хьаьжира. Вукхо белшаш та1ийра:мухха делахь а г1уллакхан йист яккха дезарг Зубайра вара.
– Маца йиш хир ю хьан вай шайх лаьцна дийцина долу ялх адам вовшахтоха? – хаьттра Зубайрас.
– Шуна луъучу хенахь, – цецвелира Мовсар Хамидович. – Лаахь тховса сарахь а схьагулбийр бу вай уьша-м. Шаберраш Гуьмсехь бехаш бу, цхьа а цхьанхьа а вахана а вац. Ас уьш берриге сайн даче гулбийр бу. Цу вовшахкхетаран цхьанне а бала а хир бац.
– Кхана ахь уьш гулбича дика хир ду, – билгалдира Зубайрас. Кхана сарахь ялхе а цхьа бахьана а лахий, чу кхайкхахьа дууш-молуш 1ийр ду вай, алий. Сой, Мусай кхайкха, кхин сов аддам ма хилийта цигахь. Вай мича бахьанийна гулло а, тхойша мила ву а цхьанне а ма дийца. Там бу вай вовшахкхетаран жам1 дича, арадаьккхиначу г1уллакхан цхьа йист яла а.
– Делахь-х1ета шу реза ду-кх сан г1уллакх т1елаца, – самукъадаларца элира Селимхановс. – Ас шуьшинна т1аьхьа машенахь стаг воуьйтур ву.
– Мухха делахь а кхана сарралц сан ойла ян хан ю хьан г1уллакх т1елоцу я ца лоцу аьлла къастам бан, – кхачам боллуш жоп ца делира Зубайрас. – Нагахь сан сацам хуьлий, со хьан хьешелхьалха хила везаш ву хьуна дачехь. Цуьнан а ойла елахь. Телефон тухур ю хьоьга.
– Бартхили вайн, – корта та1ийра хьешо. Со 1уьйранна з1ене верву хьоьца. Со тешна ву, ойла а йина, хьо вухавериг цахиларх.
Мовсар Хамидович хьалаг1аьттира. Цунна шаьш диначу къамелахтам хиллера. Цо рогг1ана куьг лецира Мусан, Зубайрин. Ара а ваьлла, ша г1аларт санна вайра и урамехь. Цо машен латош а ца хааделира.
Хьешан г1ар чохь тийча, Муса хьала а г1аьттна кухни чувахара. Мовсар Хамидовича хи мийлина стага дила х1оьттира иза. И дича, цо деанчу г1уллакхан харцонах шаьшшиъ ц1анлур волуш санна. Зубайра доттаг1чуьнга хьажира. Стенна делахь а цхьана х1уманна реза вацара и.
– Хьан безам бац моьтту суна оцу стагехь, – велавелира Зубайра.
– Бакъду, со реза вац цунна, – схьа а ца хьожуш элира Мусас. – Ахь айхьа а ма олура и тайпа нахаца г1уллакхаш цалелор тоьлу. Цкъацц1а со хьох цакхетакхий. Стенна оьшу хьуна и Селимханов?
– Кхузахь кхин ду. Цо вуьйцуш волу Гуноев Хьаьмид суна вевза. Сенсаци езахь а харцлуьйр волуш вац и. Цо дуьйцучу «Зама» газетан редактор сан шича Сайдмагомедов Ахьмад ву. Дика фельетонисташ бу журналисташ:Гуноев Хьаьмид, Гатаев Хьасан, Дуциев Абу. Редактор цхьана берриге а хала бохкуш нах бу уьш. Царна санна ахча оьшуш адамаш тахана хир а дац. Делахь а ца бохкабелла уьш. И санна адамаш мел ду вайна юкъахь къам галдала йиш яц.
Оцу журналисташна дика хаьа Аргунерачу шекаран заводо 20 эзар тонн шекар х1ора шарахь доккхий. Шена мел дукха мах баларх Нохчийчохь шекар а доцуш и дозанал арахь духкур долуш вац заводан директор Хамидов Т1уьрша а. Ма дарра аьлча, вайн республикан хьашташна шарахь 15 эзар тонн шекар тоьа, массо районехь лимонадни цех хилча, 10 кондитерски фабрикина, туьканашкахь дохка. Селимханов санна болчара кхачанан сурсатийн къоьлла х1оттийна кху чохь.
Хьажахь, х1инца кхуьнга шен стоьла чуьра кехаташ лачкъор цаладелла, ша дина зен гуш а дац. Вай коша г1о хьо болх!
И мухха делахь а Селимханов ша бехкен ву шен гонна юкъахь айкх хиларна. Ойлаел ахьа, мила вара Селимхановн чохь цуьнан документаш довш? Цуьнан зуда, нус, йиша, нуц, церан гергара нах. Царах цхьаммо и ямартло йинехь вайна къеггина гучудолу кхин х1умма дацахь а цунна шен хьеший дика бевзаш цахилар. Дерриг талламе диллича, кхин а боккха г1урт хила тарло церан юкъаметтигашкахь. Оцо а жимма дог доуьйту и хилам ахка. Хилларг х1ун ду ма дарра хаа. Суна хетарехь вайшинна зен довр дац и къола таллар.
– Дика ду. Реза ву со и талла, – элира Мусас. Хьуна-м мичча хенахьа кара а бо талла чолхечу хиламийн г1урт. Нагахь хьуна соьгара г1о хир дуаьлла хетахь г1ур ву-кх вайша оцу керлаваьллачу хьешан шуьне.
3
Мовсар Хамидовича 1уьйранна итт долуш телефон туьйхира. Зубайрина хезира цо автоответчикт1ехь шеца з1ене валар доьхуш бен хаамаш. Резавоцуш трубка схьа а эцна, вуса а велла д1ах1оьтира и.
– 1уьйре дика хуьлда хьан! – боккхачу айамца элира Селимхановс. – Сама-м цаваьккхи ас хьо?
– Самаваьккхи, – к1оршаме жоп делира Зубайрас, – иза-м доьхна х1ума дацара.
– Ткъа доьхнарг х1ун ду вайн? – озавелла хаьттира Мовсар Хамидовича.
– Деллахьа, ма дог цадог1у-кх сан шуьга хьошалг1а ван, – ма дарра д1ахаийтира Зубайрас. Т1аккха трубкичу вехьаш садоь1уш резавоцу Селимханов а хаавелла, кхетош элира:-Суна цатов и хьан истори. Суна товш дац хьан х1усамехь кехаташ дайна хилар, т1аккха хьан уггаре а уллорачу нахе со царах цатешаш хилар д1ахаийта а. И тайпа х1уманаш хьо толош ма дац, накъост Селимханов.
– Хаьа суна а, – дагахь доцу жоп делира Мовсар Хамидовича. – Оцу историно со а ма ваьккхина дикка гал, хьуна ма-дарра хаа лаахь. Цундела ма веана со хьо волче сайна г1о деха а. Хьол тоьлла накъост ишттачохь суна карор вац ма аьлла хьо вевзачара. Ас хьоьга и цкъа даре ма дина. Хьан бакъо ю соьца къоршаме хила. Хьайна ца лаахь хьан мичча хенахь вайн барт бохо йиш ю, ц1ена аьлча-м вай и х1инца а бина ма бацийца.
– Хьо сох ца кхета, – элира Зубайрас. – Ас сайна башха д1оггара цатов боху и тайпа г1урт кегор, ас ца боху айса и таллам бийр бац. Эххар хьо бакълуьйш хила а ма там бу, соьгара г1о дезарна т1ехь. Х1инца вай къу 1ора ца ваьккхича юхахула цо кхин а ма дийр ду къола, царал а оьшуш долу документаш а дихьна. Маца йоуьйту ахь машен?
– Хьуна маца яийтича г1оле хета? – сихха жоп делира Селимхановс. – Ахь аьллачу ханна д1айоуьйту-кха ас.
– Мел хан ер ю сан некъана?
– Мел лахара а пхийтта-ткъа минот еза. Сан дача Рамзан Ахматовичан резиденци йолчу аг1ор, Грозне боьдучу некъаца ю.
– Шеко яцара сан хьан дача дикачехь хирг хиларан, – элира Зубайрас. Доцца аьлча, кхоъ долуш схьаяийта ахь хьайн машен, хьалхе дуьйладелча буьйса йолале дерзор ду вай.
– Баркалла, со тешна вара ахь барт бохориг цахиларх, – хаийтира Мовсар Хадидовича. – Со суо вог1ур ву машенахь. Тахана балха т1ехь совещани ю тхан, амма ас иза сихха чекхйоккхур ю. Баркалла сан г1уллакх т1елацарна.
Телефон охьа а йиллина, кухни чувахара Зубайра, х1ума яа дагахь. 1уьйранна чай молий 1адда 1аш 1едал дара цуьнан. Хьалха цхьа кхехкийна хоий, сийна хох буура цо, х1инца воккха мел хили а чайна стакий, пичени кхоллий дерзадо.
Хьалха ша Шелахь уголовни розыскехь волуш, т1аьхьа Веданара РОВД начальник болх беш, 1уьйренца дика х1ума юуш 1едал дара. Хьалхара т1ом балале Гуьмсан г1алин отделан начальник вара Зубайра. Цигахь секретарша яра г1умкин йо1. Цо ша балха йог1уш йоттий котам яхьура. Чомехь кечйора цо и. Х1инца доьзал Устрада г1алахь 1аш бара. Шен детективни агентство яра Зубайрин. Офис Аргун г1алин поселкехь яра. Кхо чоь йолу квартира Зубайрас шен чоьтах эцна яра.
Х1ума а йиъна, цо Хутаев Мусага телефон туьйхира. Кхоъ даьлча кийча хила везий хаийтира. И Шелара схьа а оьцуш, ваха дагахь вара Гуьмсе. Офис чохь ц1ано латтош йолчу зудчуьнга телефон туьйхира. Цуьнца бина барт бара Зубайра ц1ахь воцчу деношкахь чоьнаш ц1анйийр ю, меттанаш а дуьттур ду аьлла. Зубайра ша болх бечу хенахь цхьа сов адам чохь дезаш вацара. Детективан беррриг болх ойла яр, хьесапаш, дерриг шен хьекъалехь кегор, хиллачун кхоччуш дуьхе кхиар бу.
Кху т1аьхьарчу заманахь шена цаоьшуш, хаттаза т1евеанчу стагах куьйла йолура Зубайрина. «Хаарш ахь церан сагатдаре хьажжина совдовлу» – аьлла хьекъалчаша. Цо г1уллакхаш дукха мел толлу а, совнаха ойланаш ян хан ца юьсура. Цунна дукхахьолахь ша виса лаьара, книга а йоьшуш аг1орвала хан хилар дара цуьнан даго сатуьйсу совг1ат. Цкъацц1а и ша-шех цецволура чуьра аравалаза масех де даьлча. Интернето дукха хан д1алоцура. Т1ом болчу хенахь, оьрсийн салташа чохь эрадаьккхинехь а, библиотекин а доккха дакъа данза дара. Книгаш боккха бахам хетара цунна.
Кхозлаг1чух ах даьлча Селимхановн машен схьакхечира. Зубайрас шен сира костют а, сийна баьццара коч юьйхира. Леррина хаьржира галстук. Лаха охьавоьссича, социйлехь лаьтташ машен гира цунна. Жимчу стага охьа а иккхина не1 д1айиллира.
– Ша ван дагахь хиллера Мовсар Хамидович, амма кечам бан хан ца тоьа шена аьлла со хьажийна цо, – элира жимчу стага, могаш-парг1ат хаьттиначул т1аьхьа. « Ма сиха а боьлла х1ара къуй элийн амалан моттарг1анех», – ойла йора Зубайрас.
Машенахьверг руль хьалха а хиъна, вухавирзира.
– Шела яхийтал. Махка т1е некъ хьаьвзачу гоне. Дисинарг т1аьхьа дуьйцур ду вай, – хьийхира Зубайрас. – Цигахь схьаэца везаш кхин цхьаъ а ву вайн.
Машен д1айолаелира. Шофера яйн музыка латийра.
Хутаев кет1аваьлла лаьтташ вара. Цунна т1аьхь 1аьржа костют яра. Ирх урс хьокхуш яшна яра хьарса маж. Ша цхьа лаккхарчу хьаькамна т1евоьдуш санна кечвеллера. Тайна стаг вара и, дег1ана 180 сантиметр хирволуш. Кинойоккхурш т1екхачахь кийчча немцойн эпсар вара, цхьа а грим оьшуш а йоцуш. Зубайрина улло а хиъна, шофере маршалла а хаьттина, меллаша элира цо:
– Цига ваха сацам бина-кх ахь?
– Со нийса воцуш санна хета хьуна?
– Муххале а нийсса б1останехьа хета. Ахь нийса сацам бина. Ма дарра аьлча, ахь дика къастадо и санна галморзахаллаш йолу девнаш.
– Ахь иштта соьца къамелаш дахь сайн возалла хаа а елла, со куравер ву, – элира Зубайрас. – Эхь хеташ делахь а иштта нехан девнаш къестор бен со х1умма хууш-м ма вац кхин. Кху тайпа талламаш бан а т1аьхьарчу заманахь к1ордийна дог1у суна.
– Хьо таро йолуш стаг ву Зубайра. Мичча хенахь а х1окху г1овг1анашна гена а ваьлла парг1ат ваха таро ю. Кху Устрада г1ала а хиъна хьо х1унда 1а-м хаац суна?
– Цундела 1а-кха. Суна оьшург дерриг кхузахь долуш ду. Валаза и Дела ша воцург цхьа а волуш вац. Х1ун баккхийн беш 1аш бу моьтта хьуна кхузара Ставрополе, Пятигорске, Нальчике бахана вайн бакъонаш ларъяран белхалой. Церан хьадалчаш хилла бевдда лелаш бу хьуна. Уггар кхераме заданеш царна ло. Цу т1е кхечаьрца тарлур воцуш вон амал йолуш а ву со.
– Шозлаг1а аьлча? – велавелира Муса.
– Шолг1а, х1инца айса беш болу болх дукхабезаш а, кхуьнах самукхадолуш а ву со. Х1ара а ма ю ша тайпа наркотик. Там хуьлу дагна кхиамца айса таллам чекхбаьккхича. Нехан къайленаша ц1ий карзах доху, хиламан орамашка кхача лаьа. Къоман психологин къайленах вула хьо, наха лелон х1илланашна т1аьхьакхиъча. Наггахь г1алат а волу. Дерриг дика цхьанне а ма дац. Эвлаяаш бийлина гал, пайхамарш бийлина. Вай адамаш ма ду.
– Вайгара дуьйлурш адамийн г1алаташ маду. Царех Дала вайга жоп доьхур дац олу вайн дешначу наха, – сатедира цуьнан Мусас.
– Хаац х1ун хир ду-м, я стенах вайга барт хоттур бу а, амма воьш довла адовлуш харцо-м лелор яц вай.
– И коьртаниг ду. И нийсо ю, Зубайра! – дог ийицра Мусас.
Зубайра д1атийра. Дукха 1ийра и ойлане ваьлла. Дахаран философи г1аьттинера а хаац коьртехь. Машен шен татанца некъ эцна йоьдура. Масех минот яьлча, шен ха а долуш, ларъеш йолчу поселке кхечира х1орш. Кхузахь дара Селимхановн ц1ено а. Дезткъей итталг1ачу шерашкахь хьалхалера 1едал дохадоладелча хьалдолчу нахана хиира шайн ницкъашца шайн бахамаш ларлур боций. Дачный поселкаш ларъеш юкъаелира милицин цхьайолу подразделенеш. Ткъа х1инца-м 1едалан резиденци уллохь хиларна, мах боьхуш стаг а воцуш лардеш дара дачни поселкера ц1енош.
«Мерседес» Селимхановн кет1ахь сецира. Поселкехь цхьа ткъаях ши г1ат долу коттедж яра. Тахана хьанал, хьарам даьхни бохучуьра д1а а даьлла, хьаькам я хьалха лай а хилла х1инца ка тоьнарг а вовшийн лулахь 1аш вара. 1едалан бес-бесара структураш яра уьш ларбеш. Мовсар Хамидовичан ц1а ялх чоь йолуш дара. 1еран-вахаран хьашташна мел оьшург дара чохь. Иштта дика кечдина ц1а ши-кхоъ бен дацара. Нийсса кхарна дуьхьал чохьверг вице-премьер вара. Кху поселкехь шен х1усам нисъеш дукха къахьегна вара Селимханов. Юьхьенца коттеджан арендех шарахь б1е эзар доллар лора Мовсар Хамидовича. Эххар а приватизаци йира х1усамна, шех шарахь ечу харжан ахбарам а белла. Т1ом болчу заманахь и тайпа йохка-эцарш чекхдовлура ханна долчу 1едалехула.
Нахана къаьсттина дуьхьалдог1ура 1едал 1996 шарахь президентски харжамаш болуш. Республика масех декъе екъна яра. Харжамашна ахча оьшура. Х1ара аг1о мелла тесна йитина яра Радуевссий, Басаевссий къовса а къевсина.
Ц1ено хьалха йолчу майдана т1ехь лаьтташ 1аьржа джип яра, «Мерседес» цунна уллохь сецира. Шолг1ачу машен чуьра водитель охьавоьссира. Хетарехь хехо а вара иза, машен лелийна ца 1аш. Цо корта ластийра хьешашка, леррина цаьрга хьажа а хьожуш. Цунна и ши хьаша цавевзира. Дукхахьолахь машенашкахь долу ха т1ама юкъаг1иртиначу нахах лаьтташ дара. Царах ахсов бандиташ бара. Ишттанаш билгалбахар 1алашо яра хехойн.
– Де дика хуьлда! – маршалла хаьттира Зубайрас. – Чохь цхьа а вуй?
– Ву. 1уьйранна схьаеана ю Мовсар Хамидовичан зуда Марет. И чохь ю. Кхача кечбан ялийна зуда а ю цуьнца. Кхин цхьа а вац. Тхоьга аьлла ду хьеший бог1ург хиларх. Чоьхьадовлу вай.
Зубайрий, Мусай чоьхьа велира. Хьалхарачу г1ат т1ехь йоккха ши чоь яра. Хьешан чоь, цуьнах хоттаелла столови, уллохь кухни а йолуш. Зубайрин б1аьрг т1ех1оьттира даарех йоьттиначу столови чохь йолчу стоьлана. Итт адамна охьаехкина яра пхьег1аш. Г1аролхочо хьешан чу а баьхна, парг1ат битира уьш. И шиъ к1оргачу креслош чу охьахаа кхиаза вара, диванна уллохь долу, еана цхьа зуда чоьхьаяьлча. Цунна т1ехь еха сийна коч яра. Цуьнан еха к1ажарш хьарча а йина, к1есана к1агт1ехь д1а1алашйина яра. Хаза юьхь-амат, тамашийна беса б1аьргаш дара цуьнан. Жимма озийн боца мара а бара. Шен шерашка хьаьжча, дика товш зуда яра и:Зубайрина дагахь дара и шовзткъара яьлла хилар. Цо к1еда корта та1ийра хьешашка маршалла хаттаран кепехь.
– Марша дог1ийла шу, – олуш, х1аршиъ охьахаа кхиазчу креслош т1е куьг хьажийра. Цо лелон куьйгаш эсала, к1еда, ша сцени т1ехь и йолуш санна дара. – Хьеший шу парг1ат хилал. Со йоккхае шу кхин некъахьовзам боцуш схьакхаьчна.
– Иман-беркат шортта лаьттийла кху чохь, – вистхилира Зубайра. – Тхо хьан майрачо кхайкхарца схьа-м даьхки кхуза и ша чохь вацахь а.
– Со и хуш ю, де а бехкен х1ума дац. Хьаша доккха беркат ду аьлла вайн дайша, – хьешашна гойтуш санна царна гена доццучу креслочу лахъелира иза. Цо ч1ог1а хаза буьйцура нохчийн мотт, жимма г1умкин акцента йолуш. Сан х1усамдега шу уггар тоьлла масла1атхой, нехан вон-дика дерзон хууш а нах ду аьлла шу дийциначо. Мухха делахь а, цо соьга аьлларг итта ду, шуна хаийта боху ас. Мелла а парг1ат хила шу.
– Тхох лоьман ц1ока йина и дийциначо, – велавелира Зубайра. – Бакъдерг дийцича, сан жимма аьтту хилла цхьадолу г1уллакхаш дика теллина аьлла г1араваларна. Уьш дика д1а а дирзина.
– Хьо даиман вуй иштта хьайца лехаме? – елаелира Марет.
– Эхь хеташ волундела хирду и, – элира Зубайрас. – Со дуьххьара ву шун х1усамехь, цундела ийзаваларна бехк ма билла.
– Хьо вуй иштта эхь хеташ? – Мусана т1ейирзира Марет, – со-м юьхьенца хьо г1азакхий ву моьттуш йисира.
Хутаев вела а к1ежна, 1адда 1ийра.
– Со-м юьхьенца Шерлок Хомс, доктор Ватсон ву моьтташ яра шуьшиъ, – елаелира Марет. Сихха т1етуьйхира:-дукха хьийзо-м ца ваьккхина ас шуьшиъ?
– Хьуна детективни литература дика хаьа моьтту суна, – элира Зубайрас.
– Шу цецца-м ца даьхна ас?
– Цхьак1еззиг. Зударша дукха хьолахь кхин литература ма йоьшийца.
– Зударий а тайп-тайпана ма бу, – шечунна т1ера ца йолура Марет. – Маргарет Тетчерна а дукхаезаш ма хилла детективаш. Мадлен Олбрайта безамах лаьцнарш йоьшуш хилла. Ахматова Раисина стихаш дукхаезара нохчийн доьналлех йолу.
– И тхуна хууш дацара, – элира Зубайрас. – Хьуна а хазахета уьш йоьшуш?
– Ма дарра аьлча, нохчий даиман а валарний, висарний юкъахь х1уманаш дезаш ма байца. Вайн кху заманахьлера дахар шашах кхоллаелла детектив ма яйца. Цундела шу гар, тхо долча дахкар боккха кхаъ хилла суна. Х1ун молу эшшимма?
– Минеральни хи молу ас, газ йоцург. Мусана газ ерг молуш там хуьла, – жоп делира Зубайрас.
– Кхин х1умма а ца молу аш? Советан замана гварди дика ягош хуьлуш ма яра. Виски ду, «Хенесси», «Наполеон» конъякаш.
– Делахь апельсинан сок дала мегар ду, – т1етуьйхира Зубайрас.
Марета аьтту б1аьрган цкъоцкъам ирх дахийтира, ша тамаша баран кеп х1оттош, амма кхин х1умма а ца хаьттира. Мусагахьа а йирзина:
– Ахьа-м виски мала мегар дара хьуна, – элира.
– Сом ч1еран санна дика молчух тера бат йолун дела бохий ахь? – забар йира Зубайрас.
– Ма алахьа, иштта хаза стаг виски молуш бен цатов, эшахь ша а бу хьуна, – качъелла, ша кино актриса санна сеттира Марет, шен хаза ши б1аьрг т1е а боьг1на.
– Иштта хаза аьлча а ца мелла иза цкъа а мала-м ца оьшу, – элира Мусас.
Марет хазахетта елаелира. Ерриг чоь а серлаелира.
– 1ожан сок ло ахь, – т1едожийра Мусас Маретана. Иза дивана т1ера хьалаг1аьттира.
– Балха т1ехь хилча ца молу аш? – елаелира. – Шуна тайннарг дийр ду-кх вай. Суьйранна жимма парг1ат хир ду вай, х1ара а схьавог1ур ву.
И дешнаш а аьлла, араелира Марет.
– Тамашийна ю иза, – ц1еххьана элира Хутаевс. – Х1ун ду те х1ара зуда а, Селимхаов а вовшахтоьхнарг? Хьуна хетий и шиъ вовшийн хийра ши адам долуш санна?
– Наггахь шинне а хетамаш т1ехь доза дацар цхьаьнадог1у, – ойлане элира Зубайрас. – Делахь а хьо бакъволуш санна хета суна. Со а цецвуьйлу х1ун дика аг1онаш карийна цунна Мовсарехь.
Х1усамнана шел ханна йоккхо зуда т1аьхьа а х1оттийна чуеара. Вукхо шун кара а лаьцна дахьаш дара кху шиммо ц1е тоьхна муттанаш а, хи а. Зубайрас ши стака схьа а эцна столт1е охьадиллира.
– З1ене велирв Мовсар Хамидович, – хаам бира х1усамнанас, – шен ц1ийнаден а, марден а ц1е а йоккхуш, – и кестта схьакхочуш ву.
– И схьавог1ушшехьа вай хьоьца къамел долийча муха хета хьуна? – хаьттира Зубайрас.
– Мегар ду реза хилира и. – Суна хаа-м лаьара шуна билггал соьгара х1ун хаза лаьа, сайгара шуна г1о хир ду аьлла хеташ яцахь а.
– Х1унда? ….
– Суна хаьа шуьшиъ кхузахь х1унда ву, – кхетийра цо. – Суна хаьа Мовсар Хамидовича шу стенна лехара а. Шуьгара шена г1о хиларе сатуьйсу цо. Цуьнан сох лачкъийна х1умма а дац.
– Т1аккха хьан таро ю тхуна хьанах шек хила деза хаийта-И документаш мила бахьанехь нахала девлла аьлла хета хьуна?
– Ца хаьа суна. Хетарехь цхьа г1алат даьлла кхузахь. – Бат саттийра цо. – Дерриге а ц1ахь цхьа а цахилар ду. Оха чохь мел верг мукъавитинера. Цу дийнахь тхоьгахь бара сан доттаг1ий цуьнан майрий, Мовсар Хамидовичан йиший, нуцций. Сан марвешин зуда. Кхин цхьа а вацара. Царех цхьаъ бехкевар суна нийса ца хета. Там бу и кехаташ тхан чуьра цадайна хила а. Мухха делахь а халахеташ-м ду иза. И документаш оцу Гуноевга кхачар. Цо шен комментареш а еш зорбане даьхна уьш. Ч1ог1а бакълуьйш йина цо шен комментареш….
– И мухха делахь а хьан х1усамда т1аьхьакхиа г1ерта цу г1уллакхана. Докумнташ шен кабинета чуьра дайна боху цо.
– Х1аъ, – т1етайра иза. – Тхо ц1ахь доцуш милла велахь цхьаъ кабинета чохь ца хилла олийла дац.
– Шун чохь лаьтташ ха ма ду, – ч1аг1дира Зубайрас. – Хийра стаг чувеача царна хуур ма дара. Шух воцург кабинета чохь хилла хилча, цо механа еза х1ума хьур ма яра шена т1ехьдерг х1ун ду ца хуу кехаташ лачкъочул. Со хьалха шун чохь хилла вац, х1етте а гуш ду-кха кху чуьра дуккха а дахьа х1ума хилар.
Иза йист ца хилира.
– Аш даиман иштта къамел до шаьш цхьа таллам бечу хенахь? – хаьттира цо. – Суна ца хаало аш забар еш, я леррина хаттар деш.
– Ас оьшуш долу х1ума бегашехьа доккху, забар ечу хенахь баккъал оьшуш долуш санна хотту, – забар йира Зубайрас. – Ас аьлларг хьуна нийса ца хета?
– Ниса ду и-м. Дахьа х1ума долуш ду кху чохь гуччехь. Ас а дукха ойлайина оцуьнан. Т1аккха реза хила веза милла велахь а тхан гергарчех ямарт стаг ву х1усамна. И ду халахеташ дерг. Лазаме ду хьан чоь эвхьаза яккхар, – т1етуьйхира цо, жимма соцунг1а а хилла.
– Мухха хиллехь а и кехаташ зорба ма тоьхна, – дагадаийтира Зубайрас. – Уш мухха делахь а кхаьчна журналистан кара.
– Тхо а 1ийра оцу г1уллакхан ойлаеш. – кхоьлира Маретан юьхь. – Суна хетарехь иштта хилла-кх Делан йоза. Журналистан кара харцнекъа даьхкина и кехаташ, цо шен хан яцйина. Со Делах тешаш адам ду. Цхьадолу х1уманаш вай ваьш яздойтуш ду боху дешначу наха. Журналист велла, суна хетарехь, вайна цкъа а хуур дац и кехаташ цуьнга хьан делла.
– Мичча хенахь а хаа йиш йолуш х1ума ду и вайна вешан дегабаам болу адамаш дерриге а девзаш хилчахьана, – элира Зубайрас. – Иза цадевзаш цхьа х1ума долу математикан задача ма хуьлу т1аккха. Вайн дайша г1одал г1аддайча Къор1ана т1ехь дуй боуьйтуш ма хилла.
– Девзаш доцу цхьа х1умий? – сихха духахаьттира цо. – Хьуна вевзаш волчу стагах кхета хала-м ду бакъдерг дийцича. Цадевзачу адамаша динарг хаа царах кхета гуттар а таро йоцург ду. Аш х1отточу математикан задачи т1ехь миччанхьа г1алат хила тарло. Кхузахь цадевзашдерг цхьаъ хилла ца 1а, дерриге а ялх ду. Варх1аннах латтахь а. Ас ца лору ша Мовсар Хамидович, хетарехь иг1ертар вацара ша цхьа доьхнарг а дина и нахана т1ететта.
– Ашшимма и проблема йийцаре йиний цуьнца?
Иза цецъяьлла хьаьжира Зубайрега. Вистцахуьлуш 1ачу Хутаевна т1ейог1аелира, йоккхачу шеконца элира:
– И нийса ма хир дацара цу тайпа г1уллакх доьзалехь дийцаре цадеш хилча. Къамел дац асий, ц1ийнадассий вовшашлахь дийцаре дира и къола. Цунна ч1ог1а 1аьткъинера и санна долу х1ума шен х1усамехь нисделла. Суна а коьрте даьллера и. Амма тхо цхьаннех а дегабаам болуш дац. Цу дийнахь тхоьца уггар уллора нах ма бара. Уггаре гергарнаш, – та11ош элира цо. Тхан бакъо яц царех цхьаннех а шек хила. Оха сацийра Мовсар Хамидович цхьана х1уманна вицвеллий те аьлла. Кехаташ ц1а цадеана хила тарло цо, я кхечу документашца цахууш балхат1е д1адаьхьна хила тарло.
Хутаев цхьа бен доцу хьажар юьхьт1ехь долуш 1аш вара. Делахь а Зубайрина хаьара шен доттаг1 ша воллучохь кхехкаш 1ашвуй. Цуьнан тидам хилира Мусас синтем байна б1аьгаш тухуш.
– Цунна иштта хетта даьлла-кх х1ара г1уллакх? – духахаьттира Зубайрас.
– Дера и моьтташ ма ю со. Мухха делахь а тхойша кхин духадирзина дац оцу хиламна т1е. Со а яра цецъяьлла цо цу г1уллакха т1ехь г1о дар ша шуьга деха воллуш ву аьлча. Со-м журналист веллачул т1аьхьа и г1уллакх шашах д1адирзина бохуш 1аш яра. Суна хетарехь ц1еххьана Гуноев валаро цуьнан шеквалар совдаьккхина. Кхин цкъа а дерриг талла лиъна цунна. Со а т1етайра цунна.
– Цуьнан таро ярий журналист валале цуьнца къамел а дина и кехаташ хьан лечкъийна хаа? Т1е, цу г1уллакхана дуьнена даьхни кхоор долуш ма вацара и. Хийла къайлена т1ехь мотт бостуьйту ахчано, – аьлла шен шеко йовзийтира Зубайрас.
– Д1авала, ахь х1ун дуьйцу? – х1усамнана елаелира. – Хьуна моьтту Мовсар Хамидович оццул к1езиг стаг ву аьлла? К1иллочун дуьхьа журналистана оццул ахча дохка. Ц1ена г1уллакх ма дац иза, шен гуо ахкар велла стаг теш а лоьцуш. Х1ан-х1а, суна хетарехь цунна и саннарг дага а дог1ур дацара.
Хутаевс кхин цкъа а шозза-кхузза б1аьргаш туьйхира.
– Дерригенал нийса хир дара журналистера хиъча цуьнга и кехаташ хьаьнгахула кхаьчна. – Юха а шечунна т1ера ца волура Зубайра. – Хетарехь аса-м дийр дара иза.
– Там бара хьуна ахь и саннарг дан, – елаелира Марет. – Хьо профессиональни таллархо ву, Мовсар Хамидович-бизнесмен ву. И декхарийлахь ву шен ц1е ларйан. Айхьа а ойлаел ахь х1ун хила тарлора цо журналистана ахча кховдийча, цунна и документаш хьан доьхкина хьажа. Журналистана и кехаташ доьхкинарг тхан доьзалера стаг хилахь хиндерг дуьйцур а дац вай. Баккъалла а Селимханов санна зеделларг долу стаг и тайпа дов г1аттон х1уттур вара аьлла хета шуна?
Хутаев хьаьжира шен накъосте леррина, цунна х1инца х1ун моьттина хьажа лууш санна.
– Хьо бакъ хила там бу, хьуна хьайн майра дика вевза. Къуьйсур дац вай, – вухавелира Зубайра. Там бу цо и саннарг цадан.
Не1арал арахьа аьзнаш хезира. Хетарехь ц1акхаьчнарг х1усамда вара чуван сихвелла вог1уш. Шофере мохь бетташ цхьаъ-ам бохуш вара и. Вогг1ушехь цунна цхьацца т1едахкарш а деш. Масех секунд ялале чувелира иза. Шен хьеший а, дуьхьал хиъна къамел дина ц1ейелла 1аш шен зуда а гича, реза ца хилира стенна делахь.

4
– Маьрша дог1ийла шу! – мохь тухуш санна маршалла хаьттина чоьхьавелира Селимханов.
Цунна т1ехь таь1ана-сийна костюм, к1айн коч яра. Хетарехь иза совещанера ма-велли схьахаьхкина веара. Зубайра сахьтт1е хьаьжира. Суьйранна диъ доллу хан яра.
Мовсар Хамидович шен зудчунна т1е а вахана, аз дайдина цуьнга цхьаъ-ам хетта волавелира. Т1аккха т1е а вахана, шина а хьешан рогг1ана куьг лецира. Чохь болчаьрга леррина хьоьжура иза. Гуш дара и г1еххьачул воьхна хилар. Цуьнгара хьал дика ца хийтира Маретана.
– Мала х1умма а яхьий хьуна? – хаьттира х1усамнанас. – Тахана хьо цхьана х1умано вагийча санна ма ву?
– Балха т1ехь жимма ницкъ хиллера суна тахана, – дахдеш элира Селимхановс. – Квас мер дара ас вайгахь делахь.
Х1усамнана чуьра араяьлча сихха Зубайрега хаьттира цо:
– Цуьнца къамел дан ца кхии шу?
– К1еззиг къамел дина оха.
– Гуноевх лаьцна х1умма а ца хаьтти аша? – мелла а аз дайдира Мовсар Хамидовича.
Хутаев реза вацара цо лелочунна. Вовшашка хьаьжира изий, Зубайрий. Ший а товш вацара Мовсар Хамидовича ден хеттарш.
– Цунна хаьа Гуноевс хьан таьптарш зорбане даьхний, – элира Зубайрас. – Ахь стенна сагатдо ца хаьа суна.
– Цунна ца хаьа со Гуноевца барт бан г1иртиний, – кхин а къайлаха элира Селимхановс, не1ара т1е б1аьрг а боьг1на. – Ас доьху шуьга цхьанне а и цахаийтар. Гуноев тахана вац, шуна ас сайгара хьал хаийтархьама дийцина и таллам бан шу реза хилийтархьама а.
– Цундела хьо иштта сиха ма кхаьчна кхуза, – ша кхеттий хаийтира Зубайрас. – Хьо кхузахь пхиъ даьлча хирву ма аьллера ахь.
– Иштта ду и, – къера хилира Мовсар Хамидович. – Суна дагадеара ас шуьга цу хьокъехь аьлла ца хилар, цундела сайн г1уллакхаш а дитина, схьакхача сихвеллера со.
– Суна ца дезаделла хьан вицлуш хилар, – элира Зубайрас. – Ахь х1унда лечкъадо хьайн зудчуьнах айхьа Гуноевца дина дийцарш?
– Аш цуьнца къамел х1инцале дан ма дина, – жоп делира Селимхановс. – Шу х1инца а со ала г1ертачух ца кхетта моьтту суна? Иза х1инца а кхеташ яц оццул пайдабоцучу стагаца барт муха хир бу бохучух. И велла волу журналист иштта чолхен стаг хетара цунна. И кхетар яц суна къуьнан ц1е хаа х1унда лаьа .
– Тамашийна юкъаметтигаш ю шун доьзалехь, – къамела юкъа ца веача 1ецавелира Хутаев.
И дешнаш ч1ог1а к1еда, Мовсар Хамидовичана цатам хиларна кхоьруш санна, элира цо. Х1етте а Селимханов цуьнан аз хезча вегийра. И даиман а цаваьлла вегавора Мусан шок а етташ к1орггера дог1у аз хезча.
– Хила там бу, – Мусагахьа вирзира иза. И тхан тхешан г1иллакх ду: х1усамехь дийца дезарг, цадезарг къастор. Я со нийса вац?
Оццу хенахь зала чуелира Марет. Квас чохь стака майрачуьнга д1а а делла, дивана т1е охьахиира иза.
– Шу цхьаъ дуьйцуш дара, суна бехк ма биллалаш, – элира цо. Селимхановна квас сих эккхаза дисира.
– Оха-м и вайн дайна документан дийцара, – халла хазийра Мовсар Хамидовича, жимма холча а х1уттуш.
– И кехаташ лаахь, ца лаахь къастон дезаш х1ума хилла д1ах1оьттина вайн, – елаелира Марет. – И документаш журналисте вайн уьйр йолчу нехан бехк боцуш кхаьчна хила тарлуш ду аьлла хеташ ю со.
– Вайшимма цу хьокъехь дийца ма дийцина, – элира Селимхановс. – Хьо реза ма хилла цу хьокъехь къастам бан ас х1ара хьеший кхайкхарна.
– Реза йоцуш х1ума ца боху аса-м, – жоп делира цо. – Хьан са тедан вайн хьешийн ницкъ кхочурбу аьлла хеташ ю со. Кхарна а хуур вайн хьеший куьг-ц1ена нах буй.
Селимханов реза вацара къамела юкъа зуда г1ертарна, г1еххьачул ц1ийвеллера и, делахь а вистцахуьлуш 1ийра.
– Хьан нус хир юй кхузахь? – хаьттира Зубайрас.
– Хир ю, – элира Мовсар Хамидовича. – Ялх даьлча схьакхочур йолуш ю. Ткъа сан йиший , нуцций кхин а хьалхе хир ду. Цара дош делла хьецадала.
– Ахь тхо а ду дог1ур долуш аьллий цаьрга? – къастийра Зубайрас.
– Ца аьлла. Шу а сайн доттаг1ий ду эрду ас, – хаийтира Мовсар Хамидовича, Мусага а хьоьжуш.
– Зудий, майрий Тамаевг1ар?
– Уьш т1аьхьо богур бу. Тахана шен дукха г1уллакхаш ду бохуш вара Руслан, – жоп делира Мовсар Хамидовича.
– Ас Халидаца къамел дира, – т1етуьйхира Марета, – иза хьалха йог1ур ю, ша а дукха хьелур вац аьлла Руслана а.
– Церан шиъ ю машен? – хаьттира Зубайрас.
– Ю, – жоп делира Марета, – Халидас дика лелайо машен. Цуьнан «Мазда» ю, Руслан «Тойота-камри» т1ехь лелаш ву. Халидас наггахь со а юьгу балхат1е д1а, Мовсар Хамидович цу балхана реза ца хилахь а, со нехан машена хиъча. И даиман со цхьаммо ядорна кхоьруш ву. Сан шерашкахь йолу зуда цхьанне оьшу моьтташ-м яц со, – елаелира х1усамнана.
– Ас эр дацара иштта, – сихха т1етуьйхира Зубайрас.
– Хьо ву хьуна дика къонах, – хастийра иза Марета.
– Сигаретин пачка кисанара схьа а яькхина, люла санна еха юткъа цхьа сигаьрга бага йиллира Марета. Латош цунна г1о дира Мовсар Хамидовича.
– Вай нана яла кху белхан! Вайн зударшкахь товш х1ума ма дац ахь лелориг, – цецвелира Муса.
– Ой, уггар вай сийлахь юьйцучу Макка-Меданара массо зуда а ма ю к1ур беш?
– Дена товш елахь йовхарш а ю дика аьлла-кх цхьана моллас, – ша башха цеццавалар гайтира Зубайрас.
– И документаш довчу дийнахь пхи адам дарий шуьгахь? – шен хаттар карладаьккхира Зубайрас. – Нагахь шуьшиъ ца лерича? Алал соьга, Зарема йоцург кхин цхьа а варий кабинета чуваха аьтту болуш, Мовсар Хамидович?
– Цхьа а вацара, – тешош жоп делира Селимхановс. – Ура-атталла Марет а яцара цу чуйоьдуш со ц1ахь воцуш. Зарема а со ц1ахь волуш йоьдура.
– Бакъду иза, – т1етайра цо аьллачунна Х1усамнана а. – Хаттар-алар доцуш Мовсар Хамидовичан кабинета чу цхьа а цавоьдура. Цу чу нуй-горгам дан и чохь воцчу хенахь дихкина дара. Цо ша бакъо елча бен ког чоьхьа баьккхина бац.
– Хьан йиша йодарий цу чу?
– Иза а ца йоьдура, – ч1аг1дира Мовсар Хамидовича.
– Шу хьаьвсиний журналист Гуноев режиссер Тамаевна вевзаш вара я вацар? – хаьттира Зубайрас.
– Со реза яц аш дечу хеттаршна, – элира Марета, цаяшарца батт а саттийна. Шен деха дуткъа п1елгаш юкъахь сигарета сецайора цо, куьг лакха хьала а лаьцна. Мелла х1уъа дийцича а нохчочун зуда ца товра к1урбеш. – Шу тхуна юккъехь милла велахь цхьаъ къола дешву аьлла хеташ ду?
– Ас-м ца боху хьан доттаг1чун майрачо шун документаш лечкъийна, – хаийтира Зубайрас. – Гуноевс и шех тешаш хиларх пайдаэцний те? Мел х1уъа дийцича а Тамаев шун чуьра стаг ма ву.
– Руслан иштта стаг ма вац. Вевзина ши де а далале цуьнах теша, – элира х1усамнанас. – Ма дарра аьлча, кху тайпа талламаш бар суна ледара х1ума а хета, – хьан сина хала а ма хетийла, Зубайра, – иштта йоккхукха х1окхара хьан ц1е. – Со кхеташ яц хьо къу гуча муха ваккха воллу. Нохчий иштта атта шаьш динарг даредийр долуш ма бац. Ма луъу тхоьга хетта-м хоьттур ду ахь тхан шеко хьанах ю бохуш? Тхан чубог1учу нахах, гергарчех ала вон дош ду аьлла хеташ ву те хьо? Дукха хан ма ю тхуна и адамаш девза, цаьргара цхьа ледарло тхуна яьлла ма яц х1инццалц. Царах х1оранне а хила тарло ша тайпа кхачамбацарш. Мила ву уьш доцуш? Амма цхьа царах тешнабехк бан хьокъала ца хета суна. Билггал хаьа оцу талламаш т1ехь хьо воккха говзанча вуй, х1инца ахь дечу хеттарша а гойту и. Ира хьекъал хилар к1езиг хета суна дашца нохчий лаца. Тхан цхьанне а царах шеко ца кхоллало.
– Со шу дашна галдаха г1ерташ ма вац, – элира Зубайрас. – И саннарг ас цалеладо. Сан белхан кеп яц и. Со кхета г1ертарг:шен лаамца, я лаамаза и документаш схьаэцнарг мила ву? Х1уьттаренна цхьаммо уьш эцна ала а ца г1ерта со. Сан балха т1ехь дукхазза нисделла ду кехаташ леч1къоран масалш, дайна меттигаш бу эс ледара хиларна. Уьш лачкъийна хила тарло цхьанне г1о дан 1алашонца, я важа юьхь1аьржонах ларван.
– Х1ара и санначех дац, – эккхийтира Мовсар Хамидовича. – И документаш х1уъа дина а со «к1елвахийта» лач1къийна ду.
– Иза а хила тарлуш х1ума ду, – т1етайра Зубайра. – Т1аккха а цхьа бахьана хила ма деза цунна. И саннарг дац атта. Вайна и къоладаран къайле йовзахь вай жоп лур ду:хьанна, стенна оьшуш дара и г1уллакх? Пайдаэцнарг мила ву?
– Иштта делахь ас хьуна и болхпайден болчеран йоккха исписка лур ю-кх, – реза хилира Мовсар Хамидович. – Сан ирсана уьш цхьа а вайн гергара а, я сан х1усамехь хуьлуш стаг а вац-кха.
Марет лерина к1ур бохуш цигаьрка оьзна а яьлла, дивана т1ера хьалаг1аьттира. Оццул безамехь зуда йолу иза Зубайрина х1инца чамбоцуш хийтира. Иза вайн чохь зулам дина ца 1аш, нохчаша сийлахь лоручу меттигашкара зударий а сийсазбеш яраша 1аьрбех масал оьцу бохуш. Цунна т1аьххье божарий а хьалаг1евттира. Цуьнан эсала леларехь цхьа хьаькамалла, х1илла дара кху чохь. Цхьа элийн х1ума, кхиболу божарий цунна несалахь хоьтуьйтуш долу. Маретан лаамаш кхочушбан уьш декхарийлахь беш. Зубайриний, Мусаний и саннарг ца гина олийла дацара. Нохчийчохь дукха къаьмнаш долуш царна юкъахь болхбина а, церан г1иллакхаш хууш а вара и шиъ. Х1инца новкъахь цхьа моьлкъа гича санна сурт х1оьттира церан ойланехь. Цу шинна хеттарг шуна и ма-дарра дийцалур дац соьга.
– Ас цхьана ханна шаьш дуьту шу, – элира цо. – Со тешна ю тахана тхан хьеший бевзича, шун царах йолу шеконан ойланаш хийцалург хиларх. Тхо тхайн чубог1учу нахах теша 1емина ду.
И дешнаш олуш Марет ара а яьлла, х1орш парг1ат битира. И араяларца доккха са даьккхира Селимхановс, галстукан шад малбира цо, кастом д1а а яьккхина, г1ентан г1овлит1е д1аоьллира. И зудчух кхоьруш стаг ву олийла а дацара.
– Вай а мохе жимма арадевлча х1ун дара те, оцу зудчо к1ур эккхийтина т1е куй а матуьйхи вайна, – элира цо. – Вуьйш схьабахккалц кхин а хан вайн йолуш ю. Ас сихха т1ера духар хийций? Со а араволу шуна.
– Мегар ду, – реза хилира Зубайра. – Оха уьйт1ахь хьуна собар дийр ду.
Мусай и шиъ аравелира. Дачанаш йолчу поселкехь дуккха а коьллаш, дитташ хиларо х1ора коттеджан уьйт1ахь вовшех хьулдора адамаш.
– Хьуна х1ун хета кху балхах? – меллаша Мусага хаьттира Зубайрас.
– Самукъане кино юх1ара-м, – забар йира Хутаевс. – Со цецвоккхург дуьххьара девзиначу адамашна юкъахь а цо лечкъа а цаеш цигаьрка озар ду. И саннарг кад бохуьйтуш а хилара.
– Иза а цо цадер олийла-м дац. Маларш мел дика довзара, – т1етайра Зубайра.
– Ладог1ахьа цкъа, ахь тидам бирий вай оццул цу чохь 1аш цкъа а ца эли-кх цо: «Сан х1усамда», я «майра». Даиман ц1е а, ден ц1е а йоккхура. Хьай да ма ека кху йоь1ан! Х1ара «Муката» а ву х1оразза цуьнга «Марет Магамедовна» бохуш 1аш. И чохь йолуш халла бен дош ца олу х1усамдас. Ванах, и шиъ зудий, майрий мукъана а дуй те? И леч1къош ву зудчух ша Гуноевгара къуьнан ц1е эца г1ертар.
– Деллахьа, ма нийса боху ахь, – т1етайра Зубайра. – Иза и езна 1аш вац. Цхьа нун ду кху юккъехь. Цу шиннен юкъаметтигашна юккъехь цхьа херо ю. Цунна дуьхьал волуш ийзалуш 1а Мовсар Хамидович. Шен галстукан шад баста а ца х1оьттира иза.
Ц1ено хьалха машен сецира. 1аьржачу «Мерседес» чуьра охьайоьссира лекха а йолуш, къона, хаза куц долу зуда. Цуьнан месаш ша меташканан сайнна йоца хедийна яра. Таммий балдаш, б1аьццара б1аьргаш. Хазалла йойура жимма бехачу меро. Гуш дара цо масех шо хьалха шена косметически операци яйтина хилар. Цунна т1ехь шапталан басахь юбкий, кофтий дара. Т1ееанчун карахь папка яра, ша машенара юссуш схьаийцира цо и. Не1 т1е а тоьхна, д1асахьаьжира иза. Гена воццуш лаьтташ Зубайрий, Мусай гина, дагахьа доцуш царна т1ейолаелира иза.
– Марша дог1ийла шу! Со кхеран нус а, марвешин белхан г1оьнча а Зарема ю. Шуьшиъ: хьо-зоьртала стаг-Хизриев Зубайра ву? Хьо-оьрсийчух тераниг-Хутаев Муса ву?
– Со стенгара вевза хьуна? – хаьттира Зубайрас.
– Ас Мовсар Хамидовичана шун телефонни номерш лийхира интернета чохь, елаелира Зарема. – Цул сов шун детективни агентво а хиттира ас бевзачаьрга. Соьга хьо зударийн б1аьрг т1ех1уттуш, безамехь, зоьртала стаг ву элира, ехо-о ч1ениг йолуш. Х1инца суна го хьан портрет суна дийцинарш галбевлла ца хиллий. Т1ехула т1е, хьо Гуьмсехь милицин начальник хилла а оццул дукха хан а ца яьлла.
Зубайра г1еххьачул воьхна хьаьвзира. Ша вевзаш воцу метте кхаьчча атта хуьлура цунна. Модехь т1е х1ума юха а хаьа хьуна-м аьлча санна, Зубайра лакхара охьа вуьстира Заремас. Цуьнан елар цхьана х1уманах шеко кхуллуш дара. Кхид1а а элира цо:
– Божаршлахь «Красная Москва» духин хьожа суна кхетаза ткъа шо а даьллера и стенгахь карийна хьуна? Улло т1ехилира и Зубайрина жимма эхь а хоьтуьйтуш, некхах накха тоха йоллуш санна. Зударшна юкъахь а лекха зуда яра и. Ши метр гергга лекха волчу Зубайрега г1оьртташ лекха яра Зарема.
– 1атар хийца деза и нахана х1инца а девзаш хилча, – аьлла хийтира Зубайрина.
Зарема церга балда а лаьцна, шен качалла а гайтина, юха а елаелира. Цунна т1ехь парфюман яй хьожа лаьттара. Зубайра цуьнан кеп тайна, дуьхьала а вирзина велавелира.
– Ас а хиттира хьо х1ун адам ду бохуш? – дагахь а доцуш элира Зубайрас. – Хьо а ю итальянски бутикаш чохь духар оьцуш. «Беркатера» салонаш чохь хьо яра сатуьйсурш а бу. Башха хьо марехь ю аьлла хоуьйтур долуш яц хьо. Х1умма а гал вуй со, – къинхетам боцуш т1екхоьхкира Зубуйрас.
– Х1умма гал цаваьлла, хьайн болх хууш ву, – жимма озаелла элира Заремас. «Мильцой боцуш меттиг ма яц, сох цхьаъ хааделла те кхунна? « – аьлла хийтира цунна.
– Зударийн духарш девзаш волчух тераду, ирс-я1 хьан х1усамнена. – Къамелхийца лиира цунна.
– Вайн къоман духар таханлерачу модни брендех къасто доккха х1ума ца оьшу, молланаша паранджа лелийча а къобалдеш хилча. 1аьрбойн г1амарин ара кхоччуш ма лаьтта вайн мода, – хабар аттачу даьккхира Зубайрас.
– Геннара хьекъал доцу зударий, мехкарий дукха бу вайн. Х1инца шаьш дег1, юьхь-марш хьулйина д1ах1иттича, божарий кхо-йиъ зуда ялон г1ертар буй ца хаьа царна. Дала ларйойла ц1ийнаден когак1ел яхарх. Божарий-м дика бевзара суна, – къежира Зарема, к1айн цергийн нийса мог1а а гойтуш. Хетарехь муьлххачу а криминалистехь толлучу ж1алин синхаамаш болчух тераду:хьожанах, хабарх, леларх вевза царна шацна дуьхьалверг.
Ма дарра аьлча, Заремин дуьххьарлерачу кхоссарна кхачам боллуш жоп делира Зубайрас. Барзана цхьогалан хилла девзий хаийтира.
– Х1ара ма эхь доцуш стаг ю, дуьххьара бен гуш йоццушехьа кху тайпа забарш еш йолу, аьлла хетта хир ду хьуна. Со адамаш дукхадезаш ю. Хьо санна нахана юккъехь лела хууш волу стаг массарна а шен-шен гергара ма хета, – олуш, д1асахьаьжира иза.
– Мовсар Хамидовича ша балхара юкъахваьлла веана аьлча, хьо цуьнан лар хьаьшна схьакхочур ю моьтташ вацара со, – элира Зубайрас.
– Иза йоьхна хьаьвзира. Б1аьргаш а бетташ, корта лестон х1оьттира.
– Хетарехь уллорачу здани чохь совещанехь хилла хир ву иза, – элира цо, шаьшшиннен барт хиллий ца хаийта г1ерташ.
– Хьуна хала дара цуьнга телефон а тоьхна и мичахь ву хьажа? – Х1инца т1елеташ вара Зубайра, цуьнга ша цалалой хууш.
– Тоьар ду. Къовсам берзийти вай. Со ца ларайо хьоьца, – забарехьа даьккхира Заремас къамел. – Со мелла а сиха суо а схьакхача лууш яра.
– Хьо стенна сихйеллера хаа йиш юй сан? – дуьхе кхиа г1оьртира Зубайра.
– Соьгахь документаш ду сихха Мовсар Хамидовиче куьг яздайта дезаш.
Х1инца Зарема г1еххьачул кхераелира шеца къамеле ваьллачух.
– Мегий ас хьоьга кхин а цхьа хаттар дан? – Зарема метта ца йоуьйтуш хаьттира Зубайрас. – Цо кехаташна т1е куьг яздале?
– Соьгий? – цецъяьлла цхьа г1улч юхаяьккхира цо. – Мовсар Хамидовиче ца хаьттича сан кхин х1умма а дийца бакъо ма яц…
– Массо х1ума а цуьнах дага а яьлла деш ду ахь? – хаа лиира цунна.
Цуьнан б1аьргаш чохь къамелана резаяцар хааделира цунна. Цо юха а церга балда лецира. Х1инца и качаллина дацара. Оьг1азе корта ластийра цо.
– Со кхуза Селимхановн дехарца веана ма ву, – дагадаийтира Зубайрас. Хьуна и ма-дарра хууш ду. Сан х1инца хьоьга цхьа хаттар бен ма дац. Дисина хеттарш ас хьоьга цо кехаташна т1е куьйгаш яздича дийр ду.
Иза цхьана х1уманах кхоччуш шекъяьллера. Т1аккха юха а йирзина, ц1а долчу аг1ор хьаьжира иза. Юха Зубайрегахьа йирзира.
– Х1ун хаттар ду и? – хаьттира Заремас.
– Хьо сих- сиха хуьлурий Селимхановг1ера ц1ахь? Ас и документаш дале йолу хан юьйцу.
– Хьуна х1унда моьтту суна и документаш дайна де дагахь лаьтташ ду аьлла?
Жима зуда дика кхеташ яра къамелах. Х1етте а г1еххьачул беснеш ц1ийелира цуьнан, кхин цкъа а ц1ено долчухьа хьаьжира иза.
Зубайра шен накъосте Хутаевгахьа а хаьжна, велавелира.
– Со х1умманна а т1ехь хьо лаца г1ерташ ма вац , Зарема, и тайпа хаттаршца. Суна хаа луург хьо мосазза хилла те кхеран ц1ахь бохург ду. Я цу дийнахь цкъа хилла, ларамаза?
– Дера ца хилла. Со сих-сиха ма йог1у кхаьрга кехаташна т1е куьг яздайта, – аьлла кхоьлира иза. – Хьан кхин а хеттарш хир ду, я чуяхха мега со?
– Баркалла, парг1ат ю хьо, – элира Зубайрас.
Дог доьхна йолу Зарема ц1а долчу аг1ор д1айолаелира. Къамел цунна хетачу хоршала даьлла дара.
Муса сахьт т1ехьаьжира.
– Иза цунна т1аьххье схьаеана ю, – элира Хутаевс. – Я балха т1ехь барт бан ца кхиъна и шиъ.
– Х1ета и балхат1ера веана вац, – элира Зубайрас. – Амма и ч1ог1а кхоьрура вай ша а воцуш уьш лебарна, шен Гуноевца хилла з1е царна гучуяларна.
– Вайна т1ебог1уш кхин а хьеший бу аьлла хета суна, – элира Мусас.
Кет1ахь керла машен сецира. Иза сийна «Фольцваген» яра. Хьалха хиъна к1оргге чуэгна кегийра б1аьргаш а долуш стаг вара, ира мара, хьаьрса коьрта чо а болуш. Цаваьллачу денна уьйт1ахь лаьттачу бевзаш боцчу нахе хьажавелира иза. Цунна т1аьххье, 1аьржа коч йолу зуда а гучуелира. Иза а ларамаза, лаьттачу нахе хьаьжира. Гиначунна хуур дара и зуда х1усамден гергара юй. Дукха цуьнах тера яра и. Шинне а марош цхьана кепо вовшахтоьхна шекаран н1аьнак1орнеш санна дара. Ерстина ч1ишталш, даккхийн б1аьргаш. Иза Мовсар Хамидовичан йиша Седа яра.
Баьхкинарш кхин ца хьаьвсира Зубайрин, Мусан аг1ор. Хетарехь царна х1орш г1аролах тарбеллера. Седа цаяьллачу денна сахьт т1е хьаьжира, юха шен майрачуьнга. Вайн кхузахь хьедала йиш яц хьуна ала г1ерташ санна.
– Оццул чехка машен лаьллина ван ма ца оьшура, – элира цо. Вайшиъ ялх даьлча схьакхаьчча тоьаш ду аьлла ма дара. Хьайга Мовсара телефон ма-туьххи даиман схьавада кийчча ву-кха хьо. Цкъа мукъана а воккха хила мегар ма ду.
– Со багара охьавиллахьа х1инца, – ша реза воций хаийтира Дакаевс. – Цо вай кхайкхина хилча, жимма хьалхе дахкарх х1умма а ма дац, куй билла дог1уш санна хан а ца ларьеш. Цхьаъ хилла хила а ма тарло. Кху т1аьхьарчу заманахь даиман а дог эт1аш лелаш ма ву иза, ша- шен волчуьра а ваьлла. Хьо даиман со охкуш 1аш ю. Со х1инца а сатуьйсуш ма ву хьан вашас бизнес лелон г1о дийр дац те бохуш.
– Парг1ат дийцахьа г1аролана ца хозуьйтуш, – зудчо Зубайрин, Мусан аг1ор б1аьрг кхарстийра.
Цу шинна-м дерриг хезаш дара.
– Хезча х1ун ду царна и? – кхоччуш чуьравелира 1алам. Сира кастом цуна т1ехь ша мунда йина бехчалг санна хетара. Цо куьйгаш ластийча т1емаш ловзура цуьнан. – Массарна а хаьа хьуна шен оццул ахча доллушехьа хьан ваша суна пис вуй.
– Цунна-м к1ордийна хирдай х1инца хьо кхаба, – аз стамдира Седас. Хьо стогалара ваьлла дукха хан ю х1инца. – Хьайга куьзгана хьажахьа цкъа.
– Ялахьа сан кочара, – т1ечевхира Дакаев. – Даиман сан нисделла х1ума дохош 1едал ду хьан, тодечу меттана.
– Г1овг1а ма ехьа х1ай 1овдал, – цуьнан пхьош озийра зудчо. – Валохьа цкъа чоьхьадала вайша, нахала далале, г1арол вайшинга ла доьгг1ачохь дисина х1инца.
И шиъ чохь къайладаьлча, Муса велавелира.
– Доьзалан бала к1езиг бу цу шинне, – элира цо. Цкъацкъа вайшиннен аьтту хилча санна хета суна. ахь шолг1ат зуда цаялорах цецвуьйлу со, наггахь бен зуда йолчу воьдаш а воцчу.
– И вайн нус йолчохь ма бийцалахь и г1урт, – велавелира Зубайра. – со даиман а цецвуьйлу ша реза воцчу зудчуьнца муха 1ийр ву даиман цуьнца девнаш а дохуш. Зуда сийсазйеш, я цуьнга шена сардамаш духкуьйтуш. Соьга зудчо аьлча хьо стогалара ваьлла х1инца ма ц1ока йохйийр яра ас цуьнан. Кхин цуьнца 1ийр вацара со. Хьуна муха хета и?
– Т1аккхадераву хьуо вуьсур, – элира зуда а, доьзал а Германе д1а а бахана висинчу Мусас. – Хала хуьлу ша –шена т1ехь дахарехь таллам латтон. Ткъей диъ сахьт ду деха. Безам сиха болу кхихкина.
– Хила мега, – реза хилира Зубайра. – Ша-шега болу ларам, вовшийн юкъаметтигаш? Уьш а йогий йов т1аккха?
– Доьзалан дахар а вовшашца тарвалар ма ду, – велавелира Муса, – вовшийн ларам д1абаьлча, кхета деза зудий, майрий.
– Со-м вац хьуна мил-милла а волчуьнца тарлуш волуш амал йолуш. Вайн професси а ма ю даиман болу къийсамах лаьтташ, – шен кхин ойла хилар хаийтира Зубайрас.
И шиъ ц1а долчу аг1ор волавелира. Чукхочуш цу шинна хезира Марета мохь бетташ ден къамел. Шолг1ачу г1ат т1ера кор диллина дара. Зудчун, майрачун хабар дика хезаш дара арахь.
– Уьш ца балийча ца бовлу аьлла хьайггара сацам бина ахь?
– Суна хаа лаьа сайн документаш хьан лачкъийна.
– Суна ахь и нахала ца даьккхича ма хаьа и хьан дина!
– Паргат дийцахьа, вайн кор диллина ду, – бохура Мовсар Хамидовича.
– Иза валон ца эшара, – шечунна т1ера ца йолура Марет. – Цу т1е кхузе хьан нус кхайкха данне а г1уллакх дацара. И зуда вайн ц1а лесташ а лалуш яцара со. Х1инца даче кхийкхар дара дисинарг.
– Иза сан белхан кехаташ дахьаш еана, – шечунна т1ехь вара Мовсар Хамидович. – И къамел дан дезаш ю Зубайрица. И ца хилча и кхайккха оьшуш а яцара.
– Г1уллаккха-м дацара, – юхаяла йолаелира Марет. – Оьшуш ма дацара и документашца йолу истори г1атто, куьг кхана яздича а мегар дара.
Ц1ийнадас кор д1акъевлира.
– Суна хетарехь кхузахь вайша варна башха реза а бац нах, – элира Зубайрас.
Иза хьалха велира ц1ачу. Цунна т1аьхьах1оьттина вара Муса. Зала чохь дивана т1ехиъна 1аш дара Дакаев а, цуьнан зуда а. Хьеший чубовлуш гича, къовлавелира 1алам.
– Хехой арахь хила беза, – элира цо ларамаза санна, чубаьхкиначаьрга а хьаьжна. – Шу чу цадаьхкинехь а мегар ма дара, шаьш балхадаьхкиний хаийта.
– Хьайн г1уллакх доцург а ца дуьйцуш вай машен керта яккхахьа, некъа т1ехь ю иза, аьлла цуьнга дог1анаш д1акховдийра Седас.
Зубайрий, Мусай вовшашка хьаьжира. Хьал чолхе хила там болуш дара. Машена хьалха хаар цадезашволчу Зубайрица дуьстича, Мусас машен дика лелайора. Иза дог1анаш шега а эцна, вист ца хуьлуш, аравелира. Зубайра д1аса а хьаьжна креслочу охьахиира.
– Хьо а д1аваха мегар ду хьуна, – элира Седас куьг а ластийна. – Хьо тхоьца хиъна ца 1ийча а х1умма а дац.
– Седа Хамидовна, – элира цуьнга Зубайрас, – хьан хьо ларъеш нах бу я хьайн вешин г1аролахтешна ю хьо?
– Х1ун хилла? – шега аьллачух ца кхийтира Седа. – Хьо мила ву сан вешин чохь соьга хеттарш дан? – Шу хехой ма т1ехдевлла х1инца, – аз айбина элира Дакаевс. – Шайн болх баран меттана, х1орш мелхо а 1иттарш еш бу.
Оццу хенахь х1орш болчу чуеара Марет. Цо марахь яхьаш кехатийн папка яра. Зубайра гича и цунна уллорачу креслочу хиира.
– Х1инцца Мовсар Хамидович вай долчу чувуссу, – боцца хаам бира цо.
– Х1ара керла г1арол ву Мовсар Хамидовичан? – хаьттира Дакаевс, цхьа цавашарца Зубайрина т1е п1елг а хьажийна.
– Вац, – елар иккхира Марете, – х1ара вай диначун кхел ян валийна эксперт ву-кх Мовсар Хамидовича хьошалг1а кхайкхина. Стенгахь ву хьан накъост? – хаьттира цо Зубайре.
Дакаев шен куьг охьа а дахийтина, воха а воьхна, хьешана т1евог1авелира. Марета куьйгаш д1асадахийтира.
– Тхоьга керта ма-девлли ала ца мегара аш? – бехк баьккхира Седас. Цуьнан юьхьт1ехь ц1ен тачанаш х1иттира.
5
Зудий, майрий доьхна хьоьжура Зубайрега, шайн б1аьргех цатешаш санна. Седас доккха са даьккхира.
– Ой, шу х1унда 1ара тийна? – олуш, бехкаме, 1оттарца, йист хилира иза, баккъал Зубайра бехкен волуш санна.
– Со ца кхиира шуьга тхо муьлш ду ала, – кхетийра Зубайрас.
– Хьан доттаг1чо мукъана а х1умма а х1унда ца элира? – т1ейирзира Седа. – Вист ца хуьлуш соьгара дог1анаш д1а а эцна, ара ма велира и.
– Ахь цуьнга машен уьйт1аяккха элира, иза зударшна муьт1ахь стаг ву, – жоп делира Зубайрас. – Оццул холчах1отта ца оьшу хьуна. Доккха х1ума дацара иза-м. И хазахеташ вахара цига.
– Тхойшиннен къовсам хезира шуна? – дагадаийтира Дакаевс.
Цуьнан аз хийцаделира. Зудчуьнга хьаьжира иза. Цо г1айг1ане корта ластийра жоьпан меттана.
– Тхо ладуг1уш дацара шун къамеле, – цакхетта кеп х1оттийра Зубайрас.
Седа кхин цхьаъ ала дагахь яра, амма оцу хенахь чоьхьавелира цуьнан ваша. Иза духар хийца кхиънера. Таь1ана-сийна хеча а, сирла сийна джемпер а яра цунна т1ехь. Шен йишиний, невцаний т1е сихха б1аьрг а кхарстийна, дехьа а ваьлла, Зубайрина уллорачу г1ента охьахиира иза.
– Х1ара сан гергара нах шаьш аьллачул жимма хьалхе баьхкина, – элира цо ша резавоцуш санна, иза дикахо ду. Х1орш лебан кхуьур ву хьо вуьйш схьабахкале.
– Лебан бохург х1ун ду? – йоьхна хаьттира Седас. – Ахь тхо ледайта хьайн х1усаме кхайкхина леррина?! Хьо хьера-м ца ваьлла? И х1ун бартхаттам бу? Тхо х1унда ду декхарийлахь хьан хьешан хеттаршна жоьпаш дала?
Иза шен майрачунна т1ейог1аелира.
– Ахь суна бехк а ма билла, Мовсар Хамидович, – шегахь майралла а карийна вистхилира Дакаев, – и х1ун бартхаттам бу аш буьйцург? Тхо лецийта дохку шу?
– Леца-м стенна лецара шу, – оьг1азвахара Мовсар Хамидович, шен зудчуьнца хиллачу къамело дог дохийна волу. – Х1ара 1едалехь а воцуш нехан дар-дацарш, цакхетаме юкъаметтигаш къастош стаг ву. Ас цхьана талламна леррина валийна. Шу лецийта г1ерташ цхьа а вац. И х1ун ду ахь кхузахь дуьйцург? Къола диначун куй богу аьлла-кх цо…
– Хьо вуха а хьайн шира х1уманаш лелон волавелла? – вешина т1ечевхира Седа. – Нагахь ахь тхо кхуза т1е эхьен х1ума кховдо далийнехь….
– Эццахь тоийтал ахь! – и юкъах яьккхира вашас. – Со воллур вац кхин шуьга х1умма бохуш. Аш а г1овг1а ма е. Х1окху стага аьллачу хаттаршна жоп ло, массо дашт1ехь а бакъ хила а хьовса. Ас шу х1уммана а бехкен ца до, цхьа шу чудохка, шуьга барт хатта воллуш а вац. Ас шу нийса ца кхетийна. Х1ара шуьца къамел дан воллуш ву. Соьга хаьттича и тоьаш ду.
Чуваьллачу Мусас х1умма а ца олуш, Седега д1акховдийра шайн машенан дог1анаш. Цо сихонца катуьйхира царех, корта а ластош баркалла аларан кеп х1оттийра. Гуш дара иза йоьхна хьийзаш хилар.
– Схьагарехь шу вовшийн девзаш ду аьлла, – корта та1ийра Мовсар Хамидовича. – И дикахо ду – кха т1аккха. Шуьца къамел дан атта хир ду.
– Хьан несаца а къамел дан лаьара тхуна, – хаийтира Зубайрас.
– Заремиций, – цецваьлла кеп йира Мовсар Хамидовича. – Проблема яц, – аьлла т1е а тухуш.
Заремас цакхеташ санна балдаш саттийра.
– Шайна бакъахьа мел хетачуьнца къамел дан йиш ю-кха шун, – некъ баьстира х1усамдас.
– Тхуна цхьа парг1ат чоь езара кху шинца а, Заремица а дистхила. Шух лачкъийна х1ума-м дац тхан, делахь а цхьаъ т1ехоьжуш хилча хала ма хуьлийца, – элира Зубайрас.
– Х1ара чоь мегар юй шуна? Шайн парг1ат къамел дийр ду-кх аш, тхо сов дерш арадевр ду, – хаьттира Мовсар Хамидовича. – Хьан накъосто аьл-аьлларг ас чухьажор ву.
– Аш тхуна новкъарло йийр яц аьллахета суна, – элира Зубайрас. – Хьан йиша а парг1ат ер ю оха шега хоьттург х1ун дума хиъинехьа. Тхо следовательш дац. Динчу къамелан маь1на дар бен тхан карахь х1умма а дац, делахь цхьа къовсам баьлча тхоьгара г1о хуьлу-кх нахана. Тохара советан 1едал долуш, цо теттина мах луш къамелан хьесап дан 1амийна нах ма дайца тхо.
Зала чуеара Марет. Иза а майрачо санна духар хийца кхиънера. Цунна т1ехь х1инца сирла дег1 парг1ат дуьту коч яра. Чохь шен маьрйиша а гина, т1е а яхана:
– Марша йог1ийла, Седочка, – элира.
Зубайрас тидам бира:ши зуда нахана юкъахь г1иллакхана аьлла а мара ца кхийтира. Къамел а цхьа декъа дара. Маьрйишин ц1е кхобуш яцара нус.
– Суьйре дика хуьлда, Марет, – элира маьрйишас а. Хи доцуш дара цуьнан аз а.
– Шу-м сиха схьакхечи, оха жимма т1аьхьо-о лардинехь а, – вашас йиша кхайкхина юй шена хууш хилар хаийтира цо.
– Х1окху стеган г1уллакх ма дирззи новкъа делира тхойша.
Мовсар Хамиловича хьала а г1аьттина, мукъа г1ант схьа а эцна, зудчунна дуьхьал даьхьира. Т1аккха ша а цунна улло охьахиира.
– Шуна ма-гарра Мовсар Хамидовича х1ара хьеший кхайкхина шен кабинет чуьра документаш даран хьокъехь таллам бан. Ваьшкара хуьлу г1о кхарна дийр ду-кх вай , Даламукъалахь, – хаийтира цо мелла г1иллакхе яьлла, хьастаелла. – Х1окху эксперташа дош делла и кехаташ эцнарг карон.
– Эрна вай хьийза а цадеш шен таьптарш балхат1ехь лехи делара кхо, – элира Дакаевс, шен зудчун б1аьра а хаьжна. Вайна юкъахь кхарна къу а карор вацара. Гергарачарна юкъахь ма ца къастадо и саннарг.
Дакаевс «гергара нах» бохург къастош, та1ийна-а элира.
– Оха и г1уллакх цкъа дийцина дара, Маретана и дицделлачух тера ду, – дагадаийтира Седас г1еххьа 1оттар еш санна. – Суна хетарехь эксперташна атта хуур ду и кехаташ дарна т1ехьа лаьтташ мила ву, уьш стенна лачкъийна а. Хьан доттаг1а стенгахь ю? Цу дийнахь иза а ма яра вайгахь шен майрачуьнца.
– Сан доттаг1а цхьана а кепара оцу кехаташца г1уллакх долуш яц, – парг1ат элира Марета, шен г1умкин аз мукъаме а дерзош. И бахьанехь, цхьа цаяшар долуш санна хийтира цуьнан къамелехь. – Суна хетарехь вайн хьеший шайна х1умма вай хьеха оьшуш бац.
Зарема йистхилар доцуш 1адда хиъна 1аш яра шина зудчун къовсамна юкъа а ца г1ерташ. Гуш дара нус, маьрйиший вовшашка башха безам болуш цахилар.
– Суна хетарехь, вай новккъарло ца йичахьана Зубайра ларор волушву х1окху г1уллакхца, – элира Селимхановс, мелла а машаре хила г1ерташ. – Вай цунна хьелаш кхуллур ду ваьш уллохь а доцуш болх бан.
Цунна ца лаьара къамел кху хьолехь д1адоьдийла. Цуьнан ойланаш йишас юкъахъехира:
– Кху юккъехула аьлча, тхо селхана Гуьмсе г1алин дена тедаханера. Хьо цавог1уш эрна 1ийра.
– Сан кхин г1уллакхаш дара, – элира Мовсар Хамидовича. – Селхана сарахь, хьуна хаа лаахь, со цхьана г1уллакхехь волчу стагаца вовшашкхеташ вара. Ша хьаьнца, мичахь къамел дина ца элира цо. Цуьнан метта сихха т1етуьйхира:-Суна хетарехь вайн хьеший жимма болх бан лууш бу, вай суьйранна кхачанах кхета охьаховшале. Цу т1е, Тамаев Руслан цуьнан х1усамнаний ду т1едан дезаш.
– Тхуна уьш селхана администрацехь гира, – элира Седас. – Хьо х1унда цавеана те бохуш бара уьш.
– Тхан йиш яцара селхана цигахула лела, – юкъаиккхира Марет, – мелла а цаяшаран аз а дина. – Мовсар Хамдовичан доккхачу маь1нен цхьаьнакхетар дара.
Селимханов сахьт т1ехьаьжира. Т1аккха лерина шен зудчуьнга.
– Со яхана вайн яа х1ума еш ерг х1ун деш ю хьажий? – элира Марета, шен г1аьнтара а г1оттуш.
Божарий а айабелира. Царна т1аьххье хьалаг1аьттира Зарема а. Амма Седа меттах ца йолуш, йог1аелча санна 1аш яра. Цул сов, цакхеташ санна хьоьжура и шен майрачуьнга, массаьрца а хьалаиккхина волчу. Х1умма ала ца х1оьттира.
Лаккха корта а айбина чуьра араелира Марет. Араялар-м хьовха, ша шершина йоьдуш санна. Ч1ог1а хаза дег1 дара цуьнан, муьлхха болар а товш хуьлу – кхи хазчу зудчуьгахь, дег1 ловзадуьйлуш.
– «Жима долуш ловзаргахь хелхарна сеттийна дег1 ду хьуна цуьнниг», – аьлла хийтира Зубайрина.
Шаьшкху чохь йоккхучу ханна чомахь Седа йолчу аг1ор д1аца хьаьжира Марет, иза кху чохь йоцуш санна кеп а х1оттийна.
Х1усамнана араяьлча чоь дикка парг1атъелира. Гуш дара и чохь йолуш массо къовлавелла 1аш хилар. Зарема юха а охьалахъелира кресло чу. Ойлане яьлла шен карарчу папки т1е п1елгаш деттара цо, г1ийла вота тоха г1ерташ санна. Седас дикка т1е д1а а тевжина, шен ц1ийнаден тхьош схьаозийра: «Х1ей, хьо стенна хьалалелха бохучух».
– Ца оьшу г1уллакх долуш, доцуш хьалалелха, хьо-м паччахь Рамзан Ахматович волчу чохь ваций, – элира эххар. Иза паччахьан зуда а яц, хьо цхьанне бай1ат дина а вац. Охьа а хаий парг1атвалахьа, – элира цо, са а ца тохаделла. Оцу зудчо шен вешин ларам лахбича санна хетара цунна.
Дакаевс шен зудчун куьг д1атеттира цхьанне а ца гойтуш, охьахиира дивана, х1умма а ца олуш. Мовсар Хамидович г1ента а хиъна, вела а къежна, цавашарца д1ахьаьжира цуьнга, х1умма а ца элира. Т1аьххьара охьахиъна шиъ Зубайрий, Мусай вара. Шаьшшиъ Марет арайолуш хьалаэккхарна ший а вовшийн реза а цахилира.
– Иза цкъацкъа оьг1азйоьдий хуьлу, – и ц1аньян санна элира Мовсар Хамидовича.
– Ас сайга хаьттича, оьздайоцуш хуьлу эр дара, – массарна хозуьйтуш элира Седас. Несан хьакамалла, я «тур лестор а» дезаш яцара иза. – Х1ара стенна еза еш ю суна, ша мила ю хуъушехьа.
Селимханов г1ента т1ехь тата а доккхуш меттах хьайра, амма шена х1умма ца хезча санна 1адда1ер г1олий хийтира. Йишас аьлларг шена ца тайний хоуьйтуш цуьнгахьа вирзира. Эццахь ша шен хьаькамана орцах яла еза аьлла хийтира Заремина.
– Дуьххьара хьаьнца къамел дан лаьа шуна? – йист хилира и чуьра г1оьртина хьал хуьйцуш, Зубайрега а хьаьжна.
– Хьоьца, – ларамца элира Зубайрас. – Амма т1етуьйхира, х1орш хьецабан жимма мохе а далий, арахь де вайшимма къамел, ц1енна гонах дола а луш. Х1ара меттиг ч1ог1а хазахеташ ву со, х1аваъ ц1енаду кхузара. Рамзан ч1ог1а хьекъал долуш стаг хилла, резиденцина уггар тоьлла меттиг хаьржина цо.
Зарема шен хьаькаме хьаьжира, т1аккха Дакаевг1аьрга. Схьахетарехь Зубайрас бинчу харжамна ч1ог1а реза хилира Седа. Корта та1ийра цо шена и товш хилар хоуьйтуш. Толамен ойланца шен майрачуьнга а хьаьжира и. Важа-м б1аьргаш охьа а дахийтина 1аш вара. Мовсар Хамидович вусавелира, амма вист ца хуьлуш 1адда 1ийра. Цо ша бина белхи бара х1ара. Дакаев ца1евелира:
– Шу кхоъ долу ара, я хьан доттаг1а тхоьца вуьсу? – аьлла хаьттира цо Зубайрега.
– Со шуьца вуьсур ву, – элира шен ша тайпа озаца Хутаевс.
Дакаев хетарехь цо аьллачух ца тийшира. Я и шех цавешаш волучух тарделира. Хаьттира цо:
– И аз ма тамашийна ду хьан?
– Шелвелла ву со, – кхидерг цадийцира Мусас.
Зарема карахь х1инца а къуьйлуш папка а йолуш, хьалаг1аьттира. Т1аккха ц1еххьана шен хьаькаме хаьттира:
– Мовсар Хамидович, х1ара папка кху чохь йитий ас?
– Йита ахь, ас кабинета чу д1ахьур ю иза, – жоп делира цо.
Зубайра хьалаг1аьттира, Зарема а эцна уьйт1а вала дагахь, амма царна Мовсар Хамидович т1аьхьах1оьттира.
– Суна хетарехь суо галваьлча санна хета суна, – элира Селимхановс, шаьш кхоъ цхьане чуьра арадаьлча. – Оьшуш дацара юха а х1орш берриге а цхьанатоха. И хилам хиллачул т1аьхьа кхарех х1оранна а дагчохь цатам бисина. Массарна а хаьара и документаш сан чуьра дайний, вовшех шек бара х1орш. Ткъа сан зудчуьнан, йишин юкъаметтиг даиман а иштта г1оьртина ю.
– Кхета со, – элира Зубайрас, – цундела х1ара вайн таллам мелла а бацбан х1ожур ву со. Сан кхана хьан ц1ачу хьажа везар ву. Дан таро йолуш х1ума дуй и?
– Ас машен йоуьйтур ю шуна т1аьхьа. Ткъа х1инца шуна новкъарло йийр яц ас.
– Иза д1авахара Зареме цхьа хичаш а йина, ша цуьнгахьа хилар хоуьйтуш. Дуьххьарлера г1улчаш цу шимма дистцахуьлуш ехира.
– Хьо соьца къамел дан лууш вацара? – хаьттира Заремас. кхин са а ца тохаделла.
Цо шен кисанара цигаьркана пачка схьа а яьккхина, цу чуьра цхьа люла схьаозийра. Зубайра цаваьллачу денна хьаьжира цу пачкане. Цо узушъерш ментолаца йолу яйн сигареташ яра. «Вай кешка г1о хьо болх» – цецвелира иза. Божарша а цигаьркаш йитинчу хенахь х1ара х1ун ду кхаьрга доьссинарг? Цигаьрка багайоллале ц1еношдолчу аг1ор д1айирзира Зарема:
– Сан каралоцу т1оьрмиг ц1ахь бисина. Цу чохь ц1етухург яра сан, – х1умма а озаялар, эхь хетар дацара цуьнца. – Хьо-м вац цигаьрка узуш?
– Со узуш вац, – корта ластийра Зубайрас. – Я соьгахь сирникаш а яц.
– Дависа, хаьштиг делара хьоьгахь, – качалла батт а саттийна, елакъежира и, шен беса б1аьццара б1аьргаш т1едуьйг1ира. «Сан дейишина ган езара хьо, вай Дала ларве хьох, чубулу лаьхьа» – эр дара цо, дагадеара Зубайрина.
Цо сигарета д1акхоьссира, юханехьа пачки чу ца йиллира. Д1акхоьссира, т1аккха пачка юханехьа кисана йиллира, кофтина чухула, ду-дац хуур доцуш долчу кисана.
– Дукхадоккхий оцу сигаретех? – хаьттира Зубайрас. – Даиман иштта д1алестайо ахь уьш?
– Х1ун элира ахьа?
– Ахь латоза сигарета д1акхоссаро цец ма ваьккхи со-м.
– Хьоьгахь ц1етуха я сирникаш ца хилча ас х1ун до цуьнах, ша нахана гайта бага ца йиллахь?
– Бакъду-кха иза а, – т1етайра Зубайра. – Алапа лакхара дуй хьан?
– Лахара а дац. Сайн хьашташ кхочушдан тоьа суна, – жоп делира цо, ойла а ца еш. Сихха хаьттира:-Х1унда хоьтту ахь? И тайпа сигареташ эца таро юй хьоьжу хьо? Я майрачо муха могуьйту ала г1ерта? Хьуна бакъдерг дезахь, со дикка жеро лелла ю. Таханлерачу заманна тоьар долуш алапа ду. Ц1ийнаден ас лелочун башха бала а бац, шен хьалхалерачу зудчунна т1е а лесташ 1аш ву.
– Нагахь къайле яцахь баттахь мел кхочу хьуна дийцахьа?
– Хьуна ас ведомостаца мел оьцу хаа лаьа, я дерриге а ас доккхуш дерг?
– Иза а, важа а.
– Ведомостаца ши б1е доллар ду суна, вуьшта кхин а эзар сов доллар ду. Кхин а месех долахь болчу бахамашна отчеташ х1иттайо ас. Кхит1е а цхьана-шина фирмехь коьрта бухгалтер а ю со.
– Мовсар Хамидовичца болх бен дукха хан юй?
– Башха дукха хан а яц. Цо-м х1инцале охьадагардина хир дара хьуна сох дерг:балхах, алапех, шена маца евзина, шен вешега муха еана? Жима зуда кхетам болуш хилла 1аш яцара, дахарехь д1акхоьссича а йовр йоцуш стаг яра. Ша дечун, лелочун дика ойла ян хьекъал дара, цунна оьшург малар, озар къайладаккхар дара. «Саьрмакан чухуле гиначо цуьнан ц1оканах бина т1оьрмиг цкъа а лелор бац» олура б1е ткъа шарахь яьхначу дейишас. Зубайра ларамца хьаьжира Зареме. Цхьа миска стаге нисъелча, ша ялсаманахь санна и вахор вара цо. Амма хьал долчу стагана доккха ешап дара.
– Хьан диссертацин тема муьлха ю? – ц1еххьана хаьттира Зубайрас.
Иза сецира. Духа а церга балда лецира. Т1аккха елаелира.
– Ваша, со-м марехь зуда яй. Хьуо гена ваьлча санна хетий хьуна?
– Со хьоьца эвхьаза бегаш беш ма вац. Дуьнена х1уманаш ду ас хоьттурш. Сайн йишега аьндолчул совнаха х1ума а ца аьлла ас хьоьга, – бакъдерг аьлча, жимма оза а велира Зубайра.
– Дера ву хьо кхераме стаг! Муха алара нохчаша:дум хьоькхуш корта боккхур болуш. Со-м баккъалла а аьлча, кхера а елла хьох:хьо сан деган къайленаш езаш ву, я Мовсар Хамидовичан кехаташ лоьхуш ву?
– Хьуна стенгара евза сан професси? Мовсар Хамидовича дийцина хьуна? Х1аъ, цунну-м дера т1ит1 ца хаьа цуьнах.
– Ахь суна а ма ца йийцина и, – дагадаийтира Зубайрас.
– «Адаман синкхетаман барамаш» ц1е ю-кх сан диссертацин. Ас цхьаннех лечкъош дац. Психологехула ю-кх и. Вуьшта хьуна и муха хиъна-м ца хаьа суна?
– Ахь къамел деш тидам бира ас, гонахарчу хиламашца дуьстина, къорггера бухболуш олу ахь х1ума. Хьо хьалха Ерриг Россин маь1на долчу йоккхачу фирмин Президентан г1оьнча ярий? Мас шо дара цуьнан?
– Ткъей шийтта шо дара цуьнан. Зуда ялийна вацара, нагахь ахь иза вийцахь.
– Мас шарахь болх бира ахь цигахь?
– Шина шарахь гергга бина-кх.
– Кхин куьйгалхо волча х1унда еана хьо? Мовсар Хамидович хьол пхийтта шо воккха ву, зуда ялийна ву. Иштта некъ хьаьржича хьайн фирмин коьрте х1отта таро хир ю аьлла хетта хьуна?
– И дац, – елаелира и. – Данне а дац. Иза а хила тарлаш х1ума-м ду…Ас хьалха болх бина волчу вице-президентана зуда ялон лиира. Цо ялийна зуда ма-гиннехь суна хиира суо кхин оьшуш йоций. Иза лоха а йолуш, питане зуда яра. Иза ша а лоха стаг вара. Суна улло х1оьттича бер санна хетара. Гина делира хьуна, со евзича цуьнан зудчуьнга х1оьттинарг? Цуьнан б1аьргаш чухьаьжча хиира суна цигара сайн рицкъа кхачийний, балхана суо реза елахь а.
– Цхьа эвхьаза хаттар дан мегар дуй ас хьоьга?
– Ца оьшу, суна хаьа хьо х1ун хатта воллу. Эвхьаза дарий тхойша. Дара. Вовшийн гергара доцу стаг-зудий цхьана чохь а, я балха т1ехь вовшашна т1екхочехь дита мегар дац. Ма-дарра аьлча, со балха еачахьана дуьйна сан коча г1ерта вуьйлира и. Ас цигаьрка хьо волчохь гучу ма яьккхинехь хьо цуьнах кхеттий хиира суна.
Хууш ма дайца лоха стаг даиман доккха дог долуш хуьлий. Лекхачу зудчунна улло х1оьттича, гуттар кураволу и. Суна т1ехь шен 1едал хиларна цо со аьшнаш йора. Ас кхера-м вора и де-нене д1адуьйцур ду олий. Молла юкъа а ваьккхина къайлах там-мах а бира. Паспорт т1е штамп ца туьйхира, регистраци ца йира. Т1аккха дерриг оьрсийн граждански зудчун барамехь д1адахара. Т1аккха керла ваьллачу Мехкан Дас кхоъ-йиъ зуда яло бакъо елира. Цо а, аса а тхаьшшиннен маршонах буьззина пайда эцна. И ерриге а къайленаш Мовсар Хамидовичана хаьа. Цундела ю со цуьнан вешин шолг1а зуда. Кхузахь суо массолг1а ю ца хаьа.
– Мовсар Хамидовича шена ма-гиннехь хьуна т1е б1аьрг х1оьттира шен боху.
Иза елаелира.
– Вукхарна хьалха лекха йолуш билгал-м яра со, – элира цо, шен х1иллане хаза ши б1аьрг Зубайрина т1е а боьг1на. – Со цунна йовзийтинарг сан шича ю и х1инца яц тхоьца болх беш.
И шиъ ц1енна дикка гена даьлла доьдура. Дуьхьалвог1уш цхьа воккха стаг вара. Сарахь мохе ваьллачух тера дара и. Заремас т1екаре яьлла могаш-парг1ат хаьттира цуьнга. Иза т1екере велирв. Лерина хьаьжира и Зубайре. И шиъ ч1ог1а цхьаьнадог1уш дара.
– И мила ву хаьий хьуна? – шабарца хаьттира Заремас.
– Ца хаьа, суна дагавог1уш стаг вац иза, цуьнан юьхь цхьанхьа гича санна-м хета суна, – къера хилира Зубайра. – Д1акхоьссича а мел лахара дезткъа шо хирду цуьнан.
– Дезткъей пхиъ ду, – цхьа барт беш санна, лере а таь1на элира Заремас. – Иза вице-премьеран да ву. Цуьнан к1ентий берриге а Мехкан Дена уллохь бу. Советан 1едал долуш юьртдайн тхьамда хилла ву и. И Мехкада боху дош юкъадаьккхинарг иза ву. Цундела вевза хьуна иза.
– Хьуна-м кхузахь берриш бевза хир бу?
– Дукхахберш бевза…- аьлла нийса жоп ца делира Заремас.
– Д1огахь йолу дачни коттедж Мехкаден администрацин куьйгалхочуьн ю.
– Сих-сиха хуьлу и кхузахь?
Иза сецира. Шашах кисана дахара цуьнан куьг, пачка схьа а эцна, карахь ловза а йина, юха а д1айиллира. Т1аккха эвхьаза яла дагадеача санна хаьттира:
– Сан, Селимхановн юкъаметтигаш муха ю хаа лаьий хьуна? Я тарлой ас цуьнан документаш лачкъийна хила?
– Лаьа, – корта та1ийра Зубайрас. – Суна ч1ог1а мехала ду шуьшинан юкъаметтигийн психологи хаар.
– Шен заместителе хьаьжча, цо шех дика ойла кхоллайолуьйту, – ларамца элира цо.
– Цуьнца хиллий хьо? – вайшинна юккъехь долу эхь-бехк Дала лорийла!
– Амин. Мосуьйттазза хилла. Хала ду сайниг санна долу алапа даккха хьаькамца уллора юкъаметтигаш а йоцуш. Цу т1ехь ас со бехкен ца лору. Юхь1аьржо ца хета суна и. Дала сайна делларг леладо-кх ас. Нагахь шен накъост хилла лелаш йолу зуда массо х1уманна т1ехь а шена муьт1ахь ца хилахь боьрша стаг цуьнах кхоччуш теша а ма ца теша. И цуьнан зуда ма ца хуьлу т1аккха… Уьзаш дуьне кхоьлличахьана хилла синхаамаш ма бу. Уьш генна вайн кхетамехь 1ошкуш бу. Кхечу зударша айса лелориг лело а ца лаьа суна. Дала ларбойла уьш юьхь1аьжонах!
– Мел х1уъа делахь а юьхь1аьржо-м хета хьуна иза, – резавацар хоуьйтуш элира Зубайрас. – Ца деза суна стага зуда шен йозуш яцарх яьккхича. Цулла а ц1ена ду оцу зудчунна бог1у мах д1абалар, стага сохьтана я шина сохьтана шен дола йоккхуш хилча.
Суна дуьйцуш хезна 1аьрбийн махкахь тахана зударий ханна маре луш ц1енош ду аьлла. Не1арехь хиъна 1аш молла ву боху. Цо там-мах а бой, сохьтана, я суткина бог1у мах схьа а оьций и зуда цу стеган дола йоккху. Уьш вовшахкъаьстачу хенахь иссазза ц1е а тосий, шена хьарам, нахана хьанал йой, юьту боху. Далла хьалха а, 1едална хьалха а ц1ена бу и зударий.
– Нуьцкъаха стага зуда хьийзайо аьлча а ца теша со, тахана дуьненна марш б1аьтт1ачу хенахь. Турсет1е кхаччалц носта а гойтуш араяьлла зуда шена луъуче йига а мегар ду, со елахь а.
– Хьо дукха шира х1уманаш схьалоьцуш волуш санна хета суна, Зубайра. Милицехь болу цхьаболу божарийн нехан долахь болу зударшна т1екхийдаш, дукха эвхьаза бевлла хьуна.
– Вай Дала лардойла цу тайпа б1арздаларх! – элира Зубайрас.
– Хьуна муха хета Маретана тусаеллий те шуьшиннен юкъаметтигаш?
– Хьо теша цунна оцу х1уманийн бала бу аьлча? И мел эвхьаза лела хаьий хьуна нехан божарий болчохь? Цкъа церан суртийн альбоме хьажа йоьллера со. Ой, катоьхна схьаяьккхи соьгара. Кхоно и чохь йоцуш хьаьжна со, х1ара лом ду-кха шен майрачуьнца болгарехь х1орда т1ехь берзина нах лелачу пляжехь, нанас дена ма дарра цхьалха а даьлла доладелла лелаш. Цуьнга хьаьжча-м со масмалик ду хьуна.
– Уьш безамца вовшахкхетта боций-м хаьара суна.
– Ахь х1ун дуьйцу, Зубайра. Ма елаехьа со. Маретан хьалха хилла майра ма вара ч1ог1а хьал долуш стаг. Цундела т1аьхьаваьллера цунна Мовсар Хамидович. Ши хьал вовшахтоьхна цара. Цунна ду ший а автономеш йина хьердаьлла лелаш.
– Даиман зуда ца еза цунна шена юххехь?
– Со-м яц хьуна цо иштта лелош. Цуьна ваша а ву кхунна т1ехула эккхаш. Мел х1уъа делахьа со нахалахь билгала ма яйца. Цундела мелла а ларъяла дезаш хуьлу. Мовсар Хамидович таро йолуш стаг ву. Шена езаелларг цо бохху мах охьа абуьллий ши сахьт а далале шен метта йоккху цо. Цундела лаа аьлла ма дац вайн дайша : «Хьал долу стаг- нехан махкахь а эла ву».
– Цунна и х1уманаш могуьйту Марета?
– Ца хаьа. Цкъа делахь ч1ог1а кхоьру иза цуьан шех тешам барна. Цундела мелла а хьуламехь леладо цо и шен соьца долу г1уллакхаш. Зудчунна хьалха к1еза санна хьасталой д1а ма х1уттийца иза, цо алахь х1оа дан кийча волуш.
– Вон амал юй Маретан?
– И дош к1езиг ду цунна. Ма дарра аьлча, вон саббак ду тхан нанна а дайна. Дера боху и шен майра дог эт1ийна вийнарг иза ю.
– Бартбац моьтту суна цунний, Мовсар Хамидовичний юккъехь?
– Бац. Нахалахь царна моттарг1анаш лелаярх вайн адам х1инца сонта ма дац.
– Маьрйиша а реза яцара цунна.
– Яц дера. Седийна и шен ц1оканца ма евза. Иза ма ю шен йишина Мовсар Хамидовиче г1о ца дойтуш ерг. Ч1ог1а дог-ц1ена а, оьзда а адам ду хьуна Седа. Шен ваша веза а веза цунна, дог а лозу, х1ара лаьхьана бага вахана-кх.
– Тамаевг1арца а доттаг1алла долу дукха хан ма ю церан?
– Масех шо ду. Руслана зуда ю Маретаца цхьана институтехь болх беш. Марет Мовсар Хамидовиче яле дуьйна ши хьаша ю и шиъ.
– Суна хетарехь, вовшийн хийра ши адам ду Мареттий, Селимхановвий.
– Ва, ду! – елаелира Зарема. Т1аккха Зубайрегахьа хьаьжна элира:-Суна даиман а хаьара божаршна зударийн къайленаш цаевзий. Шайна тардалийтича зударша дийр доцуш х1ума дац. Нохчийн 1едал ду шайн зударий цаьргара доьхнарг даьлча яхь-дагна бохуш, уьш хьулбеш. Вайн дуьненахь мегар дацара и дан. Оццул говза волчу хьуна а церан х1илла ца девзинехь, суна къахета божарех.
– Хьуна божарех хуучун кхачам хили-кх сан, – велавелира Зубайра. – Хаа-м лаьара ас коьрта тидам стенна т1ебахийта безара церан юкъаметтигийн дуьхе кхиа? Х1аъ, гуш ду иза шен зудчух ийзалуш хилар. Цуьнан хала амал хилар а гучудолу. Кхин а х1ун ган дезара суна?
– Ас хьо кхета ма вира. И шиъ бахьаний бен дац. Зудий, майрий ду аьлла кеп ю цу шимма лелориг, – кхуьнах тешарна дийцира Заремас. – Массарна а моьтту и шиъ цхьаьна 1аш ду, иза иштта дац. Мовсар Хамидович наггахь бен хуьлуш вац и йолчохь. Марета дакхах йолу хан шен дачехь йоккхуш ю. Иза Манасехь ю. Х1орда йисттехь ц1а ду цуьнан. Мехах нах чу а буьтуш вилла ю-кх.
– Х1унда ю и иштта 1аш?
– Цу г1уллакхан къайле хууш яц со. И шиъ безам боцуш вовшахкхеттий хууш ду. Иза хьал долчу стеган зуда хилла ма яйца. Цхьаболчара и г1умки ю бозу Борг1анера. Вукхара Дагестанера Эрпели юьртара ю боху. Кхин а суьйлийчуьнца къайлаха мах бина ю бохурш а бу. Мовсар Хамидович иза шега яллац башха д1оггара дика г1уллакх д1адоьдуш бизнесмен а вацара. Марет Нохчийчохь а, Дагестанехь а бевзаш болчу нахаца гергарлонаш долуш ю. Правительствондекъахошна юкъахь а дукха гергара нах бу цуьнан. Мовсар Хамидовичана оьшург цуьнан бахаммий , з1енашший ю. Ахчано зуда миччанхьа, оьшшучохь а нисйолуьйту. Цхьаболчара доьзалехь йолу юкъаметтигаш коьрта а ма ца лору. Шайна мерза даа, мала хилчахьана, ловзо хаза зуда царна миччанхьа а карайо…
– Со-м и хаза зуда хиларна ду дерриге а бохуш 1аш ма вара, – элира Зубайрас.
– Мовсар Хамидович зударийн хазалло 1ехор волуш стаг вац. Юбка хилчахьана тоьаш ву. Баккъалла и зудчунна цкъа а хьарам цаваьлла моьтту хьуна? – Цо саца а сецна корта ластийра. – Ярабби ма атта тешаш нах ду-кх шу божарий. Цо соьца яьккхина хан лерича а тоьар ду-кх цуьнан зудчун коьрта т1ехь цатешаман дитт даллал. Ас сайна билггал хуург дуьйцу. Цо ахчана дуьхьа ялийна зуда.
– Цо лелийначу хьарамлонийн хьокъехь ас х1умма а къуьйсур дац, – вухавелира Зубайра. – Амма цо зуда ялор деккъа-ц1ена ахчана дуьхьа ду аьлча сан шеконаш юьсу. Марет санна йолу хаза зуда милла а 1ехор волуш хуьлу. И санначарна цхьадолу сакхташ гечдо божарша. Шаьш долаяьккхича мелла а ларйо зуда. Цхьаьнна ц1ент1е яллац шен лаамехь ма яйца зуда. Суна хетарехь, шен мел хьал делахь а, цунна Марет санна адамера г1о оьшу, наггахь цо бен хьехамаш а. Стаг хьал долуш цуьнан мало яцарой, ахча лардан хаарой веш ма ву. «Х1ораммо шега хьаьжжина йо ойла» – аьлла А. П. Чеховс.
– Иза а хила там бу, – юхаелира Зарема. – Амма доьналла долчу къонахашна зударийн хьехамаша куьйла йоккху. Ог1азбоьлху уьш шаьш зудчул оьшуш, я хьекъал доцуш ду аьлла нахана хетча. Цо иштта ц1ена йоккхуш яц шен х1усамненаца хан бохург дара сайнигга-м.
– Хьуна хаьарий оцу дуьйцучу документех дерг?
– Хаьара дера. Суна хетарехь со цхьаъ яра цу кехатех бакъдерг хууш ерг. Марета лечкъа а ца до со шена цаезаш хилар. Со шен майрачуьнца 1аш юй хуъушехь цо х1умма а ца олура. И цунна мегара, амма кехаташ дайча и уггар хьалха сох шек хилира. Ас стенна лачкъор дара и документаш? Уьш масех эзар долларх дохкий? Гуноевс царах х1умма лур дацара. Районни газето итайпа х1уманаш лелор ду аьлла а ца хета суна. Журналистийн дола ца до 1едало. Коррупцийца къийсам латтор церан кара дала ма дезара. Советан 1едало газета т1е а тоьхнна нахала ваььлачу стаге болх ца бойтура. Х1инца районера хьаькам волчуьра д1а воккхий парламенте депутат вохуьйту. Нахах 1едалан цадашар маду и. Политика дика евза нахана тахана. Ас сайн меттиг ларбийр бу компанехь. Со оццул 1овдал ма яц.
– Маретана документаш ахь лачкъийна моьтту?
– Моьтту. Майрачуьнга а аьлла цо со бехкен ю. Бакъду, цо сецна ч1аг1деш дац и:ас уьш г1алат яьлла эцна, я церан мехалла ца хиъна галйаьлла боху цо, кхечанхьа а дехкина.
– Ахь билггал эцна дац-кха уьш?
– Ца эцна дера, – иза ц1енодолчу аг1ор д1ахьаьжира. – Хетарехь вайшиъ дикка генадаьлла, духадерза вай?
И шиъ духадирзира.
– Кхин а хьанна хаьара и документаш дуй?
– Мовсар Хамидовичана, – сихха элира Заремас. – Кхин цхьанне а ца хаьара. Со дукха 1ийна цу г1уллакхан ойла еш. Иза ша хилла те уьш дан лууш? Вукху аг1ор цунна стенна эшара и хьапар-чупар олий хета? Суна гира и холчах1уттуш и газеташ тхуна деанчу хенахь. Цо и саннарг дойла а яц.
– Т1аккха хьо цхьаъ бен ца юьсу цунна бехкен?
– Иштта-м нисло иза. Амма ас ца доьхкина и кехаташ. Со хьераяьлла ма яц.
– Цу дийнахь хьо хьуо цхьаъ ма хилла оцу кабинета чохь?
– Дера и иштта-м ду. И мосуьйттазза ара ма велира со суо а юьтуш. Х1етте а уьш ас эцна дац. Тхан балхат1ехь царал боьха а, кхин а йоккха г1овг1а ер йолуш а документаш ма-ду. Амма ас цкъа а дийр дац и тайпа сонта х1ума. Нагахь со документаш леч1къо йоьлча и сихха гучудер ма дара. Ткъа Мовсар Хамидовичана гонах криминальни орамаш долуш адамаш долуш ма ду. Со цара докъаза йойур ма яра, б1е шо даьлча а сан даь1ахкаш а карор йоцуш. Суна стенна оьшу и тайпа сингаттам? Со диссертаци язйина йолуш ма ю, суна ца оьшу сайн г1уллакх дохор?
– Хьоьга хатта лууш вара со: хьуна стенна оьшу 1илмана белхахочун дарж? Хьайн шефас д1акъаста г1ерта хьо?
– И суна лаьий-м хууш ду. Со даиман а хьал долчу нахана доггах я дегзий к1елйийшина ер юй? – г1айг1ане элира цо. – Царна кофе луш, лаахь, ца лаахь йоьлуш. Берстина хьербевлла цара ен эвхьаза забарш ловш? Уьш боьха бу бац ца хууш т1ера хеча яха? Суна ца гуш х1ун дисина кху масех шарахь? . . . Суна сайн долахь психологан кабинет схьаелла лаьа. Адамаш тахана шина т1амо психика талхийна ду, царна г1о дан аддам а вац. Ойла йича, налогаш яхий бен адамаш оьшуш дац кху пачхьалкхехь аьлла хета. Кхечу пачхьалкхехь х1ора хьал долчу стеган шен психолог ву. Хьуна юххехь а хила ма везара психолог.
– Кхечанхьа-м доьзалан шен адвокат, лор ву, – элира Зубайрас. – Царна т1е наггахь стаг бен ца воьду. Нахана борах лоьраш, адвокаташ беза.
– Т1аккха ас борах болхбийр бац. Со хьалдолчарна улло х1уьттур ю, – шечунна т1ера ца йолура Зарема.
– Хих веддарг хьера к1ел иккхина бохург хирий те вайшиннен дакъазалла? – велавелира Зубайра.
И шиъ кхин а масех г1улч д1адахара. Заремас дитташ т1ехьахула чекх иккхиначу машена т1е п1елг хьажийра. Уллохула боьдучу новкъа д1а а яхана, Селимхановн коттедж хьалха сецира машен.
Маретан доттаг1а йолу Тамаева Халида схьакхечи-кх хьуна, – элира Заремас. Иза сахь т1е хьаьжира. – Тамаша бу-кх, – элира цо. – Тахана массо а шега кхайкхиначул хьалхе вог1уш ву. Цуьнан балха т1ехь а цхьаъ хилла хьуна.

6
И шиъ ц1а долчу сихделира. Улло т1екхаьчча Зубайрина хезира Марета шен доттаг1чуьнга мохь бетташ могаш-парг1ат хоьттуш. Иза чуьра араяьллера еана йолу зуда марайолла. Зубайрина иза б1укът1ехьахула гуш яра.
– Суна хетарехь х1усамнана шена шен доттаг1а дукхаезаш хилар гайта г1ерта, кхечу хьешел, – элира Зубайрас.
– Иза цунна уггар хьомен хеташ зуда ю, – т1етуьйхира Заремас.
Зубайра улло т1евеара. Схьайирзира и зуда цуьнгахьа. Иза лекхоо йолуш г1ийлачу дег1ахь яра. Жимма бухь муцар мара хиларо цуьнан куц ца дохадора. 1аьржачу месаша къеггина гойтура цуьнан сирла б1аьргаш. Иза леррина хьаьжира Зубайре.
– Х1ара сан доттаг1а Халида ю, – элира Марета. – Х1ара эксперт Зубайра ву. Узуш вац, молуш вац. Х1ара Мовсар Хамидовича шен дайна кехаташ схьалаха валийна ву, – цаяшарца хаийтира Марета.
– Милицин ж1аьлин метта болх беш-м вац х1ара, – елаелира хьаша.
Халида безамехь стаг яра. Цунна т1ехь 1аьржа-мокха кастом яра. Юбка голел лакхахь сецна ю. Охьа а йиллина т1етегна йолуш санна хеталучо кастомо цуьнан дег1ан хазаллаш араг1ортийнера. Иза йист а цахуьлуш Зубайрега хьоьжуш 1ара, цунна т1ехь цхьа сакхт лаха г1ерташ санна. Зубайрина иза а г1умки ю моьттира, амма иза нохчи яра. Не1саг1ехь гучувелира Мовсар Хамидович. Тахана иза т1ахъаьлла хьийзаш вара.
– Лаа дуй-те кхо лелошдерг? – Аьлла хийтира Зубайрина.
– Марша йог1ийла, Халида! – Шен зуда санна лараме вара хьешаца Мовсар Хамидович а. амма хаалуш цхьаъ дара:цо куьг ца делира цуьнга, я мара а ца иккхира. Марет ц1ийнадегахьа а йирзина резайоцу кеп а х1оттийна, д1атийра.
– Руслан жимма т1аьхьо схьакхочур ву, – хаийтира Марета шийлачу озаца. – Суьйре яр жимма т1аьхьатоттур ду вай.
– Вайн хьаша схьабаьхкинаьрча массаьрца а къамел дан дезаш ву, – кхетийра уьш юха а Мовсар Хамидовича.
– Х1инца а массаьрца къамел ца дина аш? – хаьттира Марета.
– Хьоьций, Заремиций бен вистхила ца кхиъна со, – элира Зубайрас. Улло ца йог1уш дехьо-о сецнера нус.
– Эх, д1очуьнца а дина ахь къамел, – цхьа цаяшарца хаийтира Марета. – Мовсар Хамидович, – шен майрачунна т1ейирзира иза. – Эххар саца де вай х1ара оьшуш боцу къастамаш бар? Халида, йоло со йолча, вайн хьешо Дакаевца къамел дешшехь.
Тамаевн зуда х1инца а кхузахь цхьа дош аьлла йоцу, леррина хьаьжира Зубайре. Юха Заремина т1ейог1аелира, жимма дехьо-о йолчу, т1аккха х1усамнанна т1аьххье чоьхьаелира. Мовсар Хамидовича аз дайдина яппарш йира зударшна т1аьхьара не1 къовлаелча.
– Хетарехь шу кхуза кхайкхар башха дика дагадеана х1ума дац, – мукъарло дира цо резавоцуш. – Х1ара зударий вовшийн б1аьрга бахка безаш ма бацийца. Теша лаьа шуьга цаьргара бакъдерг даккхалург хиларх. Со- х1инца ойлаеш ву:со баккъалла кхетамана эша-м ца эшна те бохуш, кехаташ кхечанхьа дайна хила там бара сан.
Уьш чоьхьабевлира. Муса халла къаьсташ къамел деш вара Дакаевций, цуьнан зудчуьнций. Чуваьлла Зубайра а гина, цуьнга корта та1ийра цо. Зубайра дивант1е охьахиира, церан къамел юкъах цадаккхархьама. Мовсар Хамидович шена г1ант а эцна стоьла хьалха вахара. Иза х1инццалц ша волчул кхоьлана вара. Зарема г1иллакхе яьлла гено-о охьалахъелира.
– Х1инца шаьш кхузара д1адаханчул т1аьхьа хилларг дага ца дог1у-кха шуна? – шен къамел д1ахьош вара Муса.
– Тхо дерриге а цхьана туькана ма дахара, – элира массарна а хозуьйтуш Седас. Цул т1аьхьа ц1адахара.
Гуш дара Мусан хеттаршна цо шен а, майрачун а меттана жоьпаш луш хилар, вукхунна юкъа дош дилла а меттиг ца буьтуш. Шен кхетаман к1оргенехь цунна хаьара кху шиннах коьртаниг Муса воций. Хьоьжуш яра эххар Зубайра юкъаваларе.
– Шу дерриге а шайн – шайн ц1а д1асадекъаделира? – шен къамел д1адехьира Хутаевс.
– Х1аъ, – сихха элира Дакаевс шен х1усамнана йистхилла ялале.
– Ца дахара, – дуьхьало йира цо, – хьо галваьлла.
– Х1унда боху ахь? – хаьттира Хутаевс.
Селимханов шен г1ентахь тохавелира.
– Тхо хьалхарчу машенахь ц1а дахара, – элира Седас, – ткъа уьш диъ ресторане дахара. Ас т1аьхьа хаьттира и шофере.
– Ресторан стенна юьйцу кхузахь? – собар кхачийра Мовсар Хамидовичан. – И х1ун ю ахь юьйцург?! Ч1ег1аг санна екаш. Хьоьга хоьттург кхин ду, ахь сонта мелдерг дуьйцу.
– Ахь со юкъах ма яхахьа, – оьг1азйахара и. – Соьга хоьтту, ас-жоьпаш ло. Кхузе а кхайкхина нахана юккъехь тхоьга барт хоттуьйтуш ву хьо. Хьан йиша юьхь1аьржа х1оттон г1ерта хьо!
– Тфу, Дела оьг1азваха хьуна, 1овдал! – Селимханов ц1еххьаш шен г1ант д1а а теттина, чуьра аратасавелира.
Седа дехьо г1ента хиъна 1аш йолчу Зареме хьаьжира.
– Хьо а , хаза йо1, парг1ат хила мегар ду хьуна, – ч1огг1а элира цо, омра деш санна.
Зарема елаелира. Шена т1аратоьхча санна холча х1оьттира Седа. Зарема меллаша хьала а г1аьттина, Зубайрега хьаьжира:
– Со кхин оьший шуна?
– Баркалла, цкъачунна парг1ат хила мегар ду хьуна, – ларамца элира цо.
– Х1ета со кхин а цхьажимма арахула йолалур ю, кху чохь г1оьртина хьал ду, – элира цо Седега а ца хьожуш, араелира.
– Эхь доцу х1ума! – т1аьхьа мохь туьйхира Седас. – Х1усамден к1елтосург!
Зарема цу хенахь арахь яра.
– Иштта хьайн дог ма дохаде, – мелла а к1еда элира Зубайрас. – Х1ета туьканара девлча шу ц1адахана, хьан ваша шен х1усамнана, Тамаевг1ар эцна ресторане бахана?
– Ресторане ца бахана, бар яра и, – шен х1усамнана нисйира Дакаевс.
– Цигахь-м х1ума яа йиш яра, – шен майра юкъахваьккхира Седас. – Хьайна ца хуург ма дийцахьа ахь.
– Седас суна дийцина цу дийнахь ц1ийнадеца ша ваша волчу ярах, и шен Заремица долу г1уллакхаш дерзийна валлац собар дарх, – кхетийра шен накъост Мусас. – Х1окхо боху ша вешин кабина чохь хилла яц.
– Ца хилла дера, – корта ластийра Седас. – Ма дарра аьлча ледан дезарш тхо дац, шен х1усамна гонах хьийзаш болу жерой лебайта беза. Цаьрга жоп далийта шайн хаттаршна.
– Жерой бохург х1ун ду? Зарема шайн веше янза йолу хан юьйцу ахь? – хаьттира Зубайрас.
– Ас иза я жероа, я нус а лоруш яц, – элира Седас. – Цуьнан амал тоьар яц и кехаташ схьаэца. Цунна оьшуш х1ума дац шех шеконаш кхоллар. Цо и ца хилча а дуккха а ахча доккху ша к1елйуьйшучу нахера. Цуьнан уьш сан вежарий боцурш а шортта бу. Т1е х1ара сан 1овдал ваша а ву цунна вехкаш 1аш.
– Т1аккха билггал бийца мегий ахь боху жерой?
– Седа! Хьайгахь товш доцург ма дийца ахь, – шен зуда юхаозо г1оьртира Дакаев.
Амма х1инца Седа сацон ницкъ бацара.
– Цхьа жеро х1ин-х1инца вайна т1ех а яьлла чуяханарг ю хьуна, шен майрачух исправка а йина лелаш йолу. Доттаг1а ю х1ара? Ю шиммо цхьаьна ц1ога хохкучу хенахь-м. Бовзара суна и доттаг1ий-м. Кхахьпанаш! Сийна ц1е яьлла ягахьара и боьха х1уманаш!
– Тоьар ду! – кхеравелла мохь хьаькхира зудчунна т1е 1алама.
– Со ма сецайе ахь, – чураяьлла хьийзара Седа. – Ас х1инца дерриге а дуьйцур ду. Суна к1ордийна и боьха х1уманаш хьулъян. Кхин ког ловзор бац ас сайн вежарий болча. Х1орш эланаш болш, оьзда нах кхеран лай болуш хир дац. Вай адамаш ма ца хета кхарна-м.
– Хьо лор ма ю, собаре хила еза, – элира Зубайрас. – К1ад боцчу х1уманна т1ехь йоьхна хьийза мегар дац.
– Муха к1ад боцчу х1уманна т1ехь? Кхузахь тхо къола дина бохуш хьийзош ду ши следователь валийна ледойтуш. Ахь боху пайдабоццу х1ума ду. Ас кхин цхьа а жоп лур дац шун хеттаршна.
– Цкъа делахь, тхо следовательш дац, – элира Зубайрас, – шолг1а-оха цхьа а бартхаттам беш левеш вац. Тхо шух дагадовлуш къамелаш деш ду. Тхан 1алашо-Мовсар Хамидовичан кехаташ хьан лач1къийна хаар ю.
– Цунна ду аш тхоьца къамелаш дар, цкъа цхьамма, юха-шолг1ачо. Цхьаъ вониг ву, важа-диканиг ву. Девза тхуна шун х1илланаш. Киншкаш, шуна сонта хетахь а, оха а ма йоьшу. Кино хьовсу.
– Х1илланаш ма ца леладо оха-м, – мелла а аз к1аддина элира Зубайрас. – Хьуна вуно дика хаьа тхо хьан вашас кхайкхина даьхкина дуй. Хьайна и кехаташ дайний маца хиира дийцахьа?
– Х1ун? – ца кхийтира Седа.
– Хьуна дуьххьара маца хиира Мовсар Хамидовичан документаш дайний?
– Сан вашас и кехаташ дайначу шолг1ачу дийнахь дийцира суна. Со цу дийнахь еара и волча цо х1ун кехаташ дуьйцу хьажа. И ч1ог1а холчах1оьттина вара, цхьаннех, х1умма тешон йиш яц бохуш аьрзнаш деш. Со цуьнах кхета. Хьуна гонах нехан нах дукха хилча, царалахь къу хила а тарло.
– Хьо хьуо-о еанерий и волча? – хоьттура Зубайрас, цо ен дуьхьалонаш тидаме а ца оьцуш.
– Со цхьаъ еанера. 1алам балхахь вара. Ас цуьнга телефон ца туьйхира.
– Маца туьйхира ахь цуьнга телефон?
– Билггал дага-м ца дог1у суна и х1инца. Сарахь дара моьтту суна. Х1ун маь1на ду цуьнан х1инца и кехаташ дайна хилча?
– Суна хаа лаьара хьан ц1ийнадена маца хиъна те и кехаташ дар?
– Ас цуьнга сарахь телефон а тоьхна хаийтира-кх и, – реза йоцуш элира Седас.
– Хьан ваша хьой, 1аламмий цхьане дан лууш вацара цу дийнахь?
– Вуха а хьайчунна т1евоьду хьо, – реза хилира Седа. – Шу кхуза далийна х1уъа дина тхо ледан? Мел ахча делла шуна? Дерриг сан майрачун коча дилла г1ерта хьо?
– Цхьа х1ума де вай? Вовшийн сийсаз а цадеш дерзаде вай х1ара? – сацийра иза Зубайрас. – Со ахь дечу татанех хьоьга собарах а ваккхалур вац. Айхьа хьайна хьайн къамелах бала ма бе. Иштта оьг1аз эха ца оьшу. Суна иштта минот т1ех1оьттича, майра хьоьца цхьана хилар оьшуш долуш санна хета.
– Суна ца лаьара и сайца хила, – шечунна т1ера ца йолура Седа. – 1аламан балха т1ехь шен г1уллакх дара, цуьнан йиш ма яц сан лаамашна т1аьхьаваьлла лела. Ас парг1атехь хилларг дийцина-кх цунна цу сарахь.
– Хьан ваша лууш вацара хьан майра шена дуьхьалх1отта? – шен хаттар кхечу кепе даьккхира Зубайрас. Цунна гира Муса велалуш.
– Цо ца бохура илла-билла 1алам схьавалаве, – ша дуьйцучух башха тешна а йоцуш дуьйцура Седас.
Жимма собар а дина, т1етуьйхира цо:
– Иза цу чохь хиллачу массаьрца а къамел дан лууш вара. Цу дийнахь цо ша волчу Тамаевг1ар а кхайкхира, шен нус а. Дакаев шолг1ачу дийнахь веара. Мовсар Хамидович оьг1азе вара, чувеъа- веанарг бехкен ван г1ертара. Со кхета цуьнах. Иза халачу хьолехь вара. Чуьра дайна кехаташ хиларна цунна бехкен мила ву хаа лаьара мелла сиха, шена синтемана. Ишттачохь милла а ма во бехкен, хьаннах а дегабаам хуьлу….
Дакаевс собарца лаьдоьг1ура зудчуьнга. Зубайрина хаьара х1инца ша майрачуьнца къамел дечу муьрана Седе араяла аьлча и кхоччуш оьг1азг1уриг хиларх.
Цхьаьннан когийн тата деара лере. Зала чувелира цхьа стаг, лекхочу дег1ахь а волуш, кожанка а, хуьтан хеча а яра цунна т1ехь. Цуьна къоьжа корта а, боккха мара а бара, т1ехьаьжна къона хетахь а. Б1ьргаш хьулдеш 1аьржа куьзганаш дара. Чувевнврг Дакаевг1аьрга хьаьжира.
– Суьйре дика хуьлда шун! – эсала элира цо. – Х1усамдай стенгахь бу?
– Маршалла ду, – цаяьллачу денна элира Седас. – Х1усамдай хьешашца охьаховша лууш бац. Кхузахь х1ора а ц1ахь санна парг1ат ву.
– И ду-кх дика г1иллакх, – велавелира чувеанарг. – Х1оммо а шех жоп луш хилча дика ду-кх.
Мовсар Хамидович а, Зарема а чоьхьаделира. Ший а холча х1оьттина дара. Хетарехь цу шимма вовшийн реза доцу къамел динера. Селимхановс хьешана т1е а вахана цуьнан куьг лецира. Т1аккха Зубайрегахьа вирзира:
– Шуьшиъ вовзийта лаьа суна. Х1ара Тамаев ву. Зубайра эксперт ву, шен доттаг1чуьнца Хутаевца вайна г1оьнна араваьлла х1ара шиъ.
– Зубайра…. – Велавелира Тамаев. – Ой, и Зубайра ву х1ара?
Цо куьг лецира Зубайрин, Мусан.
– Вайшиъ вевзаш ву? – хаьттира Зубайрас.
Цунна и дага цавог1ура, х1ета и шиъ цкъа а гина вацара.
– Вац, – элира Тамаевс. – Амма тхан телевиденехь хьох лаьцна истореш хезна. Суна-м хьо авторша шаьш кхоьллина персонаж хетара. Х1инца сайна хьалха баккъалла а адам го суна.
– Ас сайх вевзина а валале безам цабайи хьан? – забар йира Зубайрас.
– Х1ан-х1а, со воккхаве вайша вевзина, – велавелира Руслан а.
– Хьо ма хьалхе веана, – элира Мовсар Хамидовича, сахьт т1е а хьожуш, – х1инца а ялхалг1ачух ах бен ца даьлла вайна.
– Цхьана сюжетан съемка яра тахна хила езаш, и юкъахйисича мукъавелира со. Х1усамнана а яра ша кхузахь ю бохуш телефон етта. Т1аккха хьалххе схьавар сацийра-кх ас а. Дика дара ахь г1ароле со чувита аьлла, вуьшта схьавоуьйтур вацара цара.
– Дика ду хьо схьавеана, – реза хилира Селимханов а. – Хьо т1аьхьо-о вог1ур ву аьллачу дагахь суьйре яр барх1 даьлча хир ду вайн. Къамел хьалххе чекхдоккхур ду вай. Кхин а хьоьга цхьа дехар а дара сан.
– Х1ун ала г1ерта хьо? – ца кхийтира Тамаев.
– Зубайра сан чуьра кехаташ дар толлуш ву. Тхуна г1о дехьа. Цуьнан хаттаршна жоьпаш лур дацара ахь?
– Дера лур ду-кх, халадоцург ду иза-м, – реза хилира режиссер. Цо хаьттира:-Мовсар Хамидович, цу т1ехь со пайден хирву аьлла хета хьуна?
– Хаац суна-м, делахьа Зубайра массаьрца а къамел дан лууш ву, цу дийнахь вайн чохь хиллачаьрца, – бехк цабиллар дехарца элира цо.
– Цхьа а проблема яц, со кийча ву.
Тамаев г1ента охьахиира. Цу сохьта чуеара цуьнан х1усамнана а, Марет а.
– Марша вог1ийла, Руслан! – йистхилира х1усамнана.
Тамаевс хьала а иккхина, дуьхьал вахана цуьнан куьйгах барт баьккхира. Иза хьастаелла елаелира. Гуш дара цунна и товш хилар.
– Ма дика дара хьо хьалхе схьавеана, – элира Марета. – Хьо еана дукха хан юй? – хаьттира цо шен х1усамнене.
– Хьол хьалха чукхаьчча ю-кх со а, – элира Халидас.
Зубайрина шена цуьнан аз хезна а ма дац аьлла хийтира.
– Т1аккха хьалхо-о х1ума йиъна парг1ат хир ду вай, – элира Марета. – Со кухни чу а г1ой кечам д1а муха боьду хьажий.
Иза араелира. Тамаев шен зудчунна улло хилира. Мовсар Хамидович стоьла коьртехь вара. Зарема мелла озаелла к1ажа т1аь1на 1ара. Оцу жимчу зудчунна шен меттиг хаара. Кху чохь коьрте г1ертар йолуш яцара и. Тамаевг1ар дивана т1ехь бара. Зубайрий, Мусай цхьацца к1орга кресло схьа а лаьцна, парг1атваьллера. Диван цу шинна юккъехь яра.
– Вай кху чохь сан мацах дайначу документин хьокъехь гулделла ду, – элира Мовсар Хамидовича.
Зубайрас тидам бира Зарема ч1ичч1ашка яхаран, Седа ладоьг1начохь йисира, къовлаелча санна хитира цунна Халида а.
– И хаттар х1инца а д1акъовлаза ду? – хаьттира Халидас. – Цуьнан цхьа ша тайпа чорда аз дара.
– Диллина лаьтташ ду-кх и, – элира Селимхановс. – Къовлур долуш а дац цкъа суна сайн документаш лачкъийнарг мила ву хаъалц.
– Цуьнах т1аккха нахана т1аьхьаваьлла лелар ма хуьлу, – массарна а хозуьйтуш хазийра Седас.
– Хила там бу, – т1етайра Мовсар Хамидовича. – Суна хаа ца деза и кехаташ сан кабинета чуьра хьан эцна?
– Вайн х1уманаш а адамаш санна кхоллам болуш ю, – элира Тамаевс ойлане а ваьлла. – Цхьайолу х1уманаш шашах йов вайн лааме а ца хьоьжуш, кхечу дуьнена евлча санна. Кхечу х1уманашна шен да дукхавеза, кхечарна бен а ца хета. Лаа олуш ма дац вай дерриг Делан карахь ду.
– Суна ч1ог1а лаьара и сан документаш кхечу дуьнена оцу Гуноевна т1аьхьа хьан хьовсийна, – 1оттар йира Селимхановс.
– Т1аккха вай цхьа шайхалла долу стаг лаха веза. Г1уллакх вайн лаамера д1адаьлла хилча, – велавелира Тамаев.
– И дика дагадеана х1ума ду, – -реза хилира Мовсар Хамидович.
– Руслан, – элира Халидас. – Цу хьокъехь забарш ян ца оьшу Мовсар Хамидовича царна иштта сагадеш хилча.
Зубайрина гира Заремин юьхьт1е х1оьттина тамашийна сурт.
– Ас аьлла х1ума-м дац, – куьйгаш д1асатесира Руслана. – Суна дагадеанера тохара вай Болгаре сада1а дахана долуш вайн чамданаш яр. Хьуна дагадог1ий вай церан аэропортехь лехар. Уьш кхечу рейсаца схьаеана хиллера.
– Гой хьуна, хьан х1уманаш сих-сиха йовш хилла, – элира вешега Седас. – Иштта даиман а хилла. Ахь даиман а цхьанхьа чута1айора хьайн х1ума, т1аккха сайчарна юкъахь уьш лоьхуш воллура. Хьан доттаг1ий а бу иштта х1уманан т1алам боцуш. Селхана шен деза жовх1аран мух1ар хьан приемни чохь йитинера Халидас. Дика дера ду со цига нисъелла. Ас схьа а эцна д1аделира иза цуьнга. Вуьшта цхьаьнан караг1ур дара.
Х1инца тамашийна ч1ичч1ашка яхара Халидан юьхь.
– И нисделлера, – самавелира Руслан. – Селхана кхуьнан мух1ар дицдинера оха? Эццахь Седа ца нисъеллехь и цигахь 1илла дуьсур яра.
Еана чоьхьаелира Марет.
– Варх1 даьлча массо х1ума а кийча хир ю, – хаам бира цо.
– Цундела цхьа а бехкен ван ца оьшу, – элира Седас. Ахь айхьа дицдан тарлора хьайн кехаташ. Ахь вайн ден кетар яйина дагадог1ий хьуна, лулахойн чу а яьхьна? …
– Тоьар ду хьуна х1инца, – юкъахъяьккхира иза вашас.
– Х1ицна «тоийта» боху ахь. Селхана хьан хьешаша мухар дицдира стоьла т1ехь, сан царна т1аьхьаедда яха дийзира и хаза жовх1ар цаьрга д1адала.
– И х1ун мух1арду? – хаьттира кхеташ йоцчу Марета.
– Баьццара жовх1аран мух1ар, т1ехь ц1ен роза а долуш, селхана Халидас кхуьнан приемни чохь дицдина долу.
– Тоьар ду хьуна и мух1ар дийца, – йиша юкъахъяьккхира Мовсар Хамидовича. – Зубайра шуьца къамел дан веана ма ву х1оранца, сан кехаташ Гуноевга делларг мила ву хаа. Хьан мух1ар, браслет ца оьшу кхузахь.
Тамашийна тийналла х1оьттира чохь.
– Х1ета тхо массарах шек вукха хьо? – хаьттира Тамаевс. Шен куьзганаш схьа а даьхна, ц1андан х1оьттира иза, мерах хьокхучу йовлакхца.
– Хьо тхох дегабаам болуш ву, Мовсар Хамидович? – хаьттира Халидас.
Цо эхь хетта шен б1аьргаш д1адерзийра.
– Вац со-м, – элира цо. – Амма со кхеташ вац сан кехаташ шаьш муха дайна…
– Хьан кехаташца болу болх беш ерг хьан нус, накъост, секретарь ю, – элира Дакаевс.
Заремас корта а ластийна цхьа г1ам-г1им дира.
– Юй хьуна а хаьа, – т1етаь1ира 1алам, – и хьан хьомен нус. Цу дийнахь и хьан кабинета чохь а яра. Суна ца хаьа оха иза хьахон х1унда ца деза. И ю хьан кехаташ лелош ерг. Цуьнга хаттахьа цо хьан документаш стенга дехкина?
– Шуна и кехаташ ас лачкъийна моьтту? – юкъаелира Зарема.
– Ас ца боху уьш ахь лачкъийна? – ч1аг1велира Дакаев.
Цо дуьххьара деш дара иштта майра къамел. Иза х1ица хьекъалд1а а дахана майраваьллачухтера дара. Шен невцо лучу ахчанах вала там бара. Зудчо кастоман пхьош озийра цуьнан, амма иза х1инца хецавелла ваьллера.
– Ас иштта ца боху, – юха а элира цо. – Суна хетарг х1ун ду аьлча, х1ораммо а ша бечу балхах жоп дала деза. Режиссеро кино яккха еза, лоьро дарба дан деза, секретаро со нус ю, я кхечанхьа а болх беш ю а ца бохуш, шен документаш лелон деза.
– Дехар ду кино муха йоккху ца хьехар, – забар йира Тамаевс.
– Суна хазахета хьан кинош, амма телевиденех безам байна сан. Ерриг криминал, эладитанаш, питанаш ду цу чохь. Мера1уьргаш ехкина реклама.
– Мовсар Хамидович, цхьана минотана схьаволахьа, – элира Марета.
Иза араелира чуьра. Цунна т1аьхьавахара майра.
– Дера вац хьуна со вай бертахь кхача буур моьттуш, – элира Тамаевс. – Тхан передачех аьлча, шу нийса дац. Наггахь юкъараллин сакхташ гайта деза, цаьрца къийсам муха латтон беза хаа.
– Цкъачунна боьха мелдерг бен гойтуш-м дац телевиденис. Элира, бахарий, наркоманаш, нахаца леларш. Мехкан дега бежанаш лечкъийначийн дов ду къастадойтуш, – шен майрчо бохучунна т1етайра Седа.
– Хьо 1адда 1ан еза. Дакаев шен бизнес д1а ца йоьду бохуш Пятигорскера молханаш кхоьхьуш кегийн нах х1аллакбеш ву, спайс мийлош.
– Хьуна стенгара хаьа иза? – воьхнв хьаьвзира 1алам. – Хьан дийцина хьуна и?
– Цхьаммо дийца оьшуш доцуш Гуьмсера массо туьканахь духкуш джин-тоник дара-кх х1окхо Бакохара схьатеттина, т1ама юккъехула.
– Оха кегийрхойн дахар передача еш вайн республике хьан, х1ун яхьа олий талламаш бо. Ишттачех яра масех передача. Оха ц1ераш тахана ца яхахь а, цхьана дийнахь 1едало жоьпе озор ду шу, – элира Тамаевс.
Зарема араяла хьалаг1аьттира. Вон хьаьжира цуьнга Седа.
– Оьг1аз ма г1олаш, тхуна шу бехкен доций хаьа шуна, – элира цо.
– Со а ю и хеташ, – аьлла, араелира Зарема.
Чувеара Мовсар Хамидович. Гуш дара иза дог доьхна хилар. Стоьлан коьрте а хиъна, цаваьллачу денна хьешашка хьаьжира иза.
– Зина! – мохь туьйхира цо хача кечбеш йолчуьнга. – Схьаяхьа тхуна мала цхьа х1ума. Конъяк да ахьа и г1олий хир ду.
– Шун хеттарш дарий соьга, – элира Тамаевс леррина Зубайрегахьа а вирзина.
– Вайшимма ваьшшиъ волуш къамел дича г1олий хир ду, – жоп делира цо. – Х1ума а йиъна дуьйцур ду вайшимма.
– Халидаца къамел дой ахь?
Зубайра цуьнан зудчуьнга хьаьжира.
– Х1аъ. Цуьнца а къамел ду сан.
Къона яцара зала чуеана Зина. И яра кхача кечбеш ерг. Цуьнан карахь доккха шун дара. Цу т1ехь тоьлла французийн конъяк, исс «гай севсина» аьнгалин кад. Цунна т1аьххье лар хьаьшна чуеара Марет. Шена г1ант а эцна, массарна а гойтуш юьстах а яьлла, охьахиира иза. Х1инца Зарема хиъна 1ийначе.
Мовсар Хамидовича массарна а конъяк доьттира.
– Х1ара дика конъяк ду шуна, – элира цо, стоьла уллора д1а а волуш.
Шен кад а эцна охьахаа вуьйлира иза. Эццахь шен зуда дага а еана, шолг1а кад т1е а бихьна, шен х1усамнене д1акховдийра. Марет бокале хьаьжира, т1аккха майрачуьнга, амма куьг т1е ца кховдийра. Селимхановс кад цунна уллохь йолчу тумбочки т1е охьабиллира, зезаг чохь долчу вази т1ехьа а тоттуш.
Тамаев Руслана а ши кад схьаийцира, шена а шен зудчунна а. Цуьнан кад т1е а теттина шениг айбира, кемсан мутт санна йолу т1уналла д1аса а ластош. Дакаевс цунна т1аьххье схьаийцира шен кад, кхин а цхьаъвукху кара а лаьцна, диван хьалха йолчу лохачу стоьла т1ебиллира.
Муса шен накъосте Зубайрега хьаьжира. Цунна хаьара шен накъост конъяк молуш воций, мел деза и хиларх. Хьалха Зубайрас чам тов шена олий кемсийн чаг1ар молура, кху т1аьхьарчу заманахь шампански молура шен ирсечу къоналлин безамна. Шен маларх лаьцна х1инца ала ца лиира цунна. Чохь тийналла х1оьттира.
Зубайрина шай, Мусассий г1алат дича санна хийтира, шаьшшиъ кхуза варан бахьана кхарна довзийтарна. Кху чохь ерг ларамаза вовшахкхеттачу нехан тоба яцара. Х1орш вовшашна бевза дуьххьарлера шо дацара, цундела массарна а шаьш иштта зер эхьен х1ума хетара.
Мусана аьлла охьах1оттийна болу кад кара а эцна, ловза баьккхира Зубайрас. Стоьла т1ехь ша лаьтташ бара Заремина аьлла лерина болу кад. И гича Мовсар Хамидович корта а ластийна кхоьлира.
– Зарема стенгахь ю? – хаьттира цо.
Оццу хенахь чоьхьаелира цуьнан нус. Мовсар Хамидовиче а хьажна, йист ца хуьлуш, стол т1ееара иза, шен кад схьаэца. Цо и хьаоьццушехьа кухни чохь цхьаьнна-м мохь а баьлла, духучу аьнгалин тата хезира.
– Х1ун хили х1инца? – воьхна хьаьвзира Селимханов.
Шен кад охьа а биллина кухничу сихвелира иза. Цунна т1аьхьах1иттира важа божарий а. Ц1енкъа юккъе а х1оьттина боьхначу бокале а хьоьжуш лаьттара Зина, елха ц1ийзаш.
Божаршна т1аьххье кухни чубаьхкира зударий:цкъахьалха-Седа, т1аккха-Халида, эххар-Марет. Зина аьнгалеш схьалехьо йолаелира. Бокал шийтта персонна леринчу сервис юкъара яра, зуда шена дов дарна кхераелира. Цуьнан мах-м ирх-охьа сацор бара кхара аьлча санна. Мовсар Хамидович ч1огг1а велавелира. Цуьнан зуда кхоьлана хьоьжура кху балхе. Цо вела а воьлуш буханехьа зала чукхайкхира шен хьеший.
Берриге а т1аьхьабуьйлабелира.
– Пхьег1а йохар оьрсашна а дайна, ирсана ду, – элира цо, шен кад хьала а ойбуш. – Кхин и саннарг вайгара дер ду ца моьтта суна, – т1етуьйхира.
Дакаев ша хиллаче стоьла улло вахара. Ларамаза кастоман т1ам а хьакхабелла, цхьа кад лаьтта охьатесира цо. Доккха тата а доккхуш атабелла д1абахара кад. Чохь болчеран массеран самукъадаьккхира оцу г1уллакхо, ша берриш а белабелира. Дакаев бокал йоьжначехула вола а велла, ша а г1адвахана велавелира.
– Вайн зударшна т1ера! – шен кад хьала а айбина д1амелира Мовсар Хамидовича.
Массар кедаш айбина д1амелира. Ц1еххьана…. Тамаев Руслан галвелира. Массо а цецваьлла цуьнга хьаьжира. Иза вега а веш, бага а г1аттийна цхьаъ-м ала г1ерташ санна хьаьвзира. Кад охьабилла г1оьртира стоьла т1е, амма галвелира. Стоьла т1ехь хаьрцира кад. Мискано узам беш куьйгаш шен легашна т1едаьхьира. Бага а г1аттийна, дешнаш легашкахь дисича санна д1ах1оьттира. Тамаевс цхьаъ, шиъ г1улч яьккхира. Массо а 1адийча санна цуьнга хьоьжуш 1ара, цхьа эрчо т1ех1уттуш юй хаьара царна. Иза меллаша лаьтта охьавуьйжира, цуьнан лаг т1ера пхенаш ийзош долуш санна хетара, багара чопа елира.
– Ой, г1о дайша цунна! – кхераелла мохь белира зударех цхьаннен.
Зубайра воьжначунна т1еведира, амма т1аьхьа дара. Руслана гуш лаьтташехь са делира. Иза лаьттахь ваьржина 1уьллура. Боьхна т1ех1иттина лаьттара чохьберш, шаьш х1ун дан деза ца хууш.
7
Зубайрас корта хьала а айбина массарна т1ехула б1аьрг кхарстийра. Массо а цуьнга хьаьжначохь висира, хиллачух цо шаьш кхеторе са а тесна. Шен доттаг1чунна г1о оьший хууш, Хутаев сихха т1евахара воьжна 1уьллучунна. Цунна т1е лахвелира Муса. Цо пульс а теллина, б1аьрнег1арш хьалаайира. Т1аккха меллаша корта ластийра.
– Вай хьо ма да адаме! – аьлла мохь белира Халидан. – Кхо х1ун до…-майрачунна т1екхийтира иза йоха а йоьхна. – Хуьлийла а ма дац х1ара саннарг! – Русланна т1е б1аьрг боьг1начохь йисира иза.
– Хьо эрчо, Эвлаяаш! – мохь хьаькхира Седас.
Зарема п1елгаш г1аьнтах чу а диссина, багара дош ца долуш, ша йоллучохь д1атебнера. Цуьнан хазачу дег1ах цхьа хьаьрчина готта х1оз хилча санна хеталора. Бос байнера, ша кир санна к1аййелла. Ши куьг д1аса а тесна, хиллачух ца кхеташ, ша воллуче лахвелла 1ара Селимханов. Дакаев шен зудчуьнга хьаьжначохь висинера. Шена т1е цхьа хала киртиг х1оьттича, даиман а Седес дагавала 1емина вара иза. Марет хиллачух цакхеташ, ши б1аьрг хьет1а а баьлла, кресло чуйоьжна 1ара.
– Х1ара д1аваьлла, – элира Зубайрас.
Оццу хенахь Халида т1екхийтира шен майрачунна, и хьалаг1атто г1оьртира иза.
– Муха д1аваьлла? – хаьттира Мовсар Хамидовича хиллачух цатешаш.
Иза халла хьалаг1аьттира. Х1усамда хиларе терра, ша цхьаъ дан дезий хуушвара и, амма х1ун дан деза ца хаьара. Дакаев дивана уллохь лаьттара, ша муха хила веза ца хууш.
Халидас мохь ца хьоькхура, ц1ог1а а ца деттара. Шен майрачун корта шина куьйга кара а лаьцна, леррина цуьнга хьоьжура иза. Беррише а хиллачо 1адийна д1атийнера.
– Ой, х1ара-м дуьйцуш хезна х1ума а ма дац! – элира эххар Седас.
Цу хенахь кхин а цхьа адам лаьттах кхетча санна тата делира. Т1аьххьара г1орах лаьтташ йолу Марет охьаюьйжира. Кхетамах а яьлла, кресло чуьра охьа а шершина.
– Ой, ели те х1ара а! – мохь белира воьхначу Селимхановн. Зудчунна т1екхийтира и.
Муса веллачунна уллохь лаьтташ вара, Зубайрий, Мовсар Хамидовиччий йоьжначу Маретана т1ех1оьттича.
– Ели-кх х1инца х1ара а! – юха а элира Мовсар Хамидовича, зудчун корта айба а г1оьрташ.
Зубайрас юьхь йоцуш зудчунна уллора и д1а а теттина, цуьнан аьхначу куьйга т1ера пха схьалецира. Иза г1ийла садоь1уш яра. Хетарехь зуда кхетамах яьллера.
– Х1ун хилла цунна? – хаьттира воьхначу Селимхановс, зудчунна т1е оьха а таь1на. – Дийна мукъана а юй иза?
– Дийна ю, – хаийтира Зубайрас. – Кхетамах яьлла ю. Цунна т1ех1оттий ма латтахьа. Цунна вуьшта а х1аваъ ца тоьа.
Селимханов сихха уллора д1авелира. Зубайра лерина хьоьжура Марете. Божарша а дика ца лов 1ожаллин сурт, зударий-м стенна бийцара вай.
– Дог лозуш маду цуьнан, – кхетийра Мовсар Хамидовича. – Спальни чу д1аяьхьча х1ун дара те х1ара.
– Собар дайша цкъа, – элира Седас.
Хетарехь, ша лор хилар х1инцца дагадеара цунна. Маретана т1е а х1оьттина пульс теллира цо. Реза хилла корта та1ийра.
– Хьо бакълоь, Зубайра, дийна ю х1ара, кхетамах яьлла.
– «Скори» кхайкхича х1ун дара те вай? – элира Селимхановс.
– Т1аьхьа ду х1инца, – элира цуьнан йишас. – Лоьраша дан х1умма а дац кхузахь. – Цуьнан садо1учу пхенашна паралич хилла, я шуьйра инфаркт. Лоьраша х1инца г1о дийр дац. Новкъа-м ду вайна массарна, Халида, и бакъду.
– Мухха делахь алоьраш кхайкха беза вай, – къар цалора Селимханов.
Цо шен мобильник схьа а яьккхина, куьйгаш а дегош номер хаьржира.
– Алло! – ч1огг1а мохь туьйхира. – «Скорая» юй х1ара? Мила ву телефонехь? Сихха орца оьшу тхуна! Адрес ас олу. Дац. Гуьмсехь дац тхо. Рециденци уллора дачехь ду.
Иза телефон д1а а йиллина аратасавелира.
– Зина! – аьлла мохь хьаькхира цо, цунна т1е а чевхаш. – Г1арол схьакхайкхахьа вайн. Чехкка «скори» ялае ала цаьрга. Царна хаьа хьуна кхузара уллохь йолу больница муьлха ю.
Миска, вуьшта а кхераелла йолу йоккха стаг, чу а хьаьжна, бер санна д1аедира хехой болчу.
– Х1инца цунна дан г1о дац вайн, – элира Седас г1айг1ане. – « Скори» ца хилча а хаьа вайна хилларг. Марет мансарди т1е хьалаяккха еза. Цигахь х1аваъ алсам ду.
– Цкъахьалха х1ара дакъа дивана хьаладилла вай, – элира Зубайрас. – Цхьаъ чувеача а бакъахьа а дац х1ара охьакхеттачохь витар.
Божарша айбина дивана виллира велларг. Мусас Халидана хьала а г1аьттина, г1ента хаа г1о дира. Х1инца шен майрачунна уллохь яра иза.
Зина чуеара. И кхиънера хехошна чохь хилларг дийца. Цуьнца цхьана ведда чувеара жима ши стаг. Цара Селимхановга хаьттира шаьш х1ун г1о де аьлла.
– Лоьраш кхайкхийша! – т1едиллира царна Мовсар Хамидовича. Кхин цхьа а керта цавитар т1едиллира. – Х1инца сан х1усамнана шолг1ачу г1ат т1е хьалайоккхуш г1о де.
Хехоша меллиша хьала а айбина лами болчу йигира Марет. Зубайра а, Мовсар Хамидович а царна г1о деш вара. Цу веа стага лерина мансарди т1е а яьккхина, маьнги т1е д1айижийра иза.
– Зина! – мохь туьйх1ира Мовсар Хамидовича. – И балкона не1 д1аеллахьа.
Йоккха стаг цхьа г1ам-г1им а деш, ва Дела вала орцах! – аьлла, ког лаьттах ца кхеташ лами болча хьаьдира. Марет парг1ат яьккхира цара.
Зубайра д1асахьажавелира. Спальни тоъал йоккха яра. Чохь куьзга, йоккха шкаф, тумбочка, боккха назбар, шиъ вуьжу маьнга а бара. Цкъа б1аьрг кхарстор тоьар дара, кху набаран чохь х1усамнана цхьаъ бен хуьлуш цахиилар хаа. Мовсар Хамидовича буьйса кхечанхьа йоккхучух тера дара.
Зубайра Селимхановний, Зининий новкъарло цаян аравелира. Цунна т1аьхьах1иттира хехой а. Уьш охьабевдира лами т1ехула, кхечарна хилла бохам бовзийта сихбелча санна.
Зубайра сени чухула вог1ура. Цхьана чоьнан не1 йиллина яра. Цу чухьажавелира и. Гира кийчча лаьтта шиъ вуьжу маьнга, ши тумбочка, хаза куз. Кху чохь хьеший, я кхеран бераш совцучух тера дара, шаьш кхузахь нисбелча. Тамаша бойтург зудчун, майрачун дуьйшийла ул-уллохь цахиларо. Зарема бакъ хила тарло. Х1ара шиъ башха вовшашна оьшуш долчух тера дац. Делахь а бехаш болчу нехан шайн х1уманаш ма хуьлийца. Зудий, майрий цхьана дуьжуш цахилар нохчаша тидаме оьцуш ма дацийца. Уьш мичча хенахь а вовшашна т1екхача таро йолуш бу. Зубайра ша а ма вара буса цхьа а шена уллохь цавезаш. Иштта атта хуьлура хар эцна наб ян. Иза доьзал болчохь буьйса йоккхуш сецча а моьттар ду хьуна и шен х1усамненаца цкъа а ша вуьсур а вац. Бакъду, Селимхановс дийцича селхана дара ша зуда мел хала ялийра бохуш. Шозза еха нах бахийтича а и т1е цатовш.
Зубайра залачу схьавеара. Майрачунна улло а хиъна 1аш яра шен бохамо 1аржйина Халида. Седа кресло чохь яра. Цецйаьккхинера и хиллачо. Уллохь д1атарвеллера цунна Дакаев а. Ша кхузахь йоцуш санна к1ажа д1атебна 1ара Зарема. Х1инца жимма хеца а елла, массаьрга а ларлуш хьоьжура иза.
Зубайра чоьхьаваьлча Халида цуьнгахьа д1а а ца хьаьжира. Иза леррина шен веллачу майрачунна т1е а йог1аелла 1ара. Цхьа а дош ца олуш охьахиира Зубайра. Бехха 1ийра уьш тийналлехь. Эххар Дакаевн собар кхачийра:
– Еса деша хууш цхьа вуй вайх? – хаьттира цо.
– Зубайра, вай милицехь долуш а, даиман кисана джуз диллина лелаш ма вара хьо? – дагадеара Мусана.
– Дера х1инца а сайн кисанахь ду моьтташ-м ву со, – кастоман чухуларчу кисанашна т1е куьг дуьйхира цо. Кисанара жима блокнотан барамеехь долу джуз схьа а эцна элира:
– Халида, со валлац докъа уллора д1аялал! Муса, ахь г1ароле цхьа а чу ма вита ала. Милице телефон тоха еза, – элира цо, дика реза а воцуш.
Шен х1усамненант буьрсачу хьаьжарна т1е а нисвелла, воьхна хьаьвзира Дакаев, и тап аьлла д1атийра. Зубайрас сих ца луш еса дийшира. Йоккхачу зала чохь дика яра акустика, ша маьждигехь санна. Чохь болчийн б1аьргашчу хи х1оьттира….
Лами т1еххула вазвелла охьавуссуш вара Селимханов. Цунна т1ехь бос бацара. И воьхна вара. Охьа эгарна кхоьруш санна сих-сиха шен мера т1ехь куьзганаш сецадора цо. Хьешан ц1ачу а ваьлла, чохь болчаьрга а хьаьжна, Мовсар Хамидовича элира:
– Иштта нисдели-кх х1ара….
Цул т1аьхьа ша хьалха хиллаче а вахана, шен кад схьаийцира цо, дисина конъяк д1амала дагахь. Оццу минотехь цуьнан куьг схьалецира Зубайрас.
– Ма хьеделахь конъяк, – меллаша элира цо.
Селимханов шен бокале хьаьжира, вуха Зубайрега, цхьа х1ума дагадеача санна кхеравелла, кад ша хиллаче стоьла т1е охьабиллира цо.
– Хьуна моьтту…-ала г1оьртира иза. Зубайрас джуз кисанадуьллуш гина, кеп д1аяьлча вегон вехна стаг санна вегийра иза…
– Х1аъ, со тешна ву, – Зубайрас ша олучух юкъахваьккхира иза. – Охьахаа. Кхин х1умманах кху чохь куьга ма тоха. Вон цкъа а ша цхьаъ ца дог1у аьлла вайн дайша. Вайна ган доьг1нарг бен т1ех1отта йиш йолуш дац кху дуьненахь.
Селимханов дег1 дазделла охьалахвелира г1ента. Т1аккха хаьттира:
– Ахь дийцарехь кхузахь вер-ваккхар ма ду?
– Шеко яц сан цу т1ехь, – элира Зубайрас. – Хьанна хаьа Тамаевна инфаркт хилла хила а тарло?
– Х1ун бахара эша-а? – хаьттира Халидас.
Хетарехь церан къамел ца хезначух тера дара цунна.
– Дог лозуш хилла моьтту суна и? – элира Зубайрас.
– Дацара цуьнан цхьа а дог лозуш а. Х1унда хуьлуш ду цуьнан дог лозуш? – реза ца хилира Халида.
– Х1умма дог лозуш вацара и. Дукха онда дог долуш вара, – элира Мовсар Хамидовича. – Искиртаг да1 долуш яра, дукхахболчу творчески белхахойн санна.
Иза шен йишегахьа хьаьжира.
– Мичча хенахь болх бар, карабеъана кхача баар, кофе, сигареташ, стрессаш, – т1еч1аг1дира цо, – оцу дерригено а искиртиг т1ера да1 к1аргдо.
– Язва а хилла ц1еххьана леш хуьлу т1аккха? – хаьттира Зубайрас.
– Ца хуьлу, – элира Седас. – Цамгар ч1аг1луш меттиг хуьлу, амма цуьнах ц1еххьана велла стаг вац. Суна дагадан цу цамгарх цкъа а воьжна вац и.
– Т1аккха стенах вели иза ц1еххьана? – хаьттира Селимхановс. – Кхуза а хиъна бахьанаш лоьхуш ву хьо. Хьанна хаьа и буса бала ловш хиллий? Цо цхьангге а и дийцина хир ма дац.
– Соьга аш хаьттина, ас лор хиларе терра шуна жоп делла, – элира Седас. – Сой, 1аламмий х1инца д1адоьду. Тхуна х1ара хиламаш къордийна. Дерриг гина ду тхо. Цунна хилларг дуьйцуш хьоьца къийсаяла аьтту бац сан. Желудкана язва хиларх адам ца лей хаьа суна.
– Цхьа а лазарш дацара цуьнца, – элира Халидас.
– Дагна арз дорий цо? – хаьттира Седас.
– Дог лозу аьлла дац цо цкъа а, – жоп делира х1усамнанас. Халла Седа йолчу аг1ор а йирзина, т1етуьйхира:
– Наггахь валидол малара цо, амма дог лозуш вацара.
– Лоьраш-м ца баьхки вайна, – элира Дакаевс.
Зубайра веллачунна улло лахвелира, айа а велла гобаьккхина хьаьжира докъе. Бедарех хьожа а яьккхина, т1е1аьнначу хишка хьежа волавелира.
Реза йоцуш корта ластийра Седас:
– Конъяках велла аьлла хета хьуна и?
– Ца хета, – жоп делира Зубайрас. – Хетарехь кхунна д1овш малийна. Кхуьнан конъяках и тоха кхиавелла милла велахь а.
– Хьо хьер-м ца ваьлла! – кхераелира Седа. – Ахь х1ун дуьйцу? Вай массара а цхьана шишана чуьра ма мелла и.
– И ду-кхи цо бохург а, – шен зудчунна т1етайра Дакаев. – Шишана чохь д1овш хуьлийла дац. Мовсар Хамидовича ша ма даьстира и шиша, вай массара а мелира. И х1ун ду ахь х1инца кхуллуш дерг?
– Сих малойша шу а, – совцийра уьш Зубайрас, – соьца къийсадала ца оьшу. Цулла дагадаийтийша шайна т1аьххьара масех минот цо муха яьккхира?
– Х1инцца дагалаца боху ахь? – цецвелира Дакаев, – хьо ма къиза стаг ву, накъост эксперт.
– Зубайра ю сан ц1е, – элира цо. – Тхан балха т1ехь дукхазза хилла и тайпа масалш.
– Накъост Зубайра, вай лоьраш т1екхаччалц 1ен дезара хет-хеттарш ца дуьйцуш, – реза вацарца бохура 1алама. – Вайна уллора стаг ву велларг, ткъа хьо кхуьнах спектакль ян г1ерта.
– Юкъа ма г1ертахьа цкъа, – сацийра иза Мовсар Хамидовича. – Муха х1ун хета хьуна, Зубайра?
Массо а Зубайрега хьаьвсиначохь бисира. Цхьа Халида яра цуьнгахьа букъ тоьхна хиъна, иза юха а ца хьожура, цхьа а ган ца лаьара цунна, шен майра воцург.
– Зинас схьадеара конъяк а, бокалаш а, – Зубайрин аз декара ц1еххьана х1оьттиначу тийналлехь. – Ц1ена гуш дара и кедаш, – билгалдаьккхира цо. – Вайна дохийначу аьнгалин тата хезча, вай кухничу хьаьвдира. Амма вайх цхьаъ кху чохь сецна хила тарло масех циконтана. Цхьа-ши секунда тоьар ю конъяк чу х1ума кхосса, я т1адам божо. Юха вайна юкъаван а. Вай духадаьхкира залачу. Цул т1аьхьа шен кад д1а ма мелли, Тамаев велла.
Халида ц1еххьана схьайирзира, Зубайрега хьаьжира иза. Йист ца хуьлуш т1ейог1аелла 1ара и, х1инц-х1инцца цо бехкечун ц1е йоккху бохуш санна.
Доккха са даьккхира Дакаевс.
– Т1аккха талорхо вайх цхьаъ ву, – элира цо.
– И сецна бакъдерг ду, – т1етайра Зубайра. – Зулам динарг вайна юкъахь ву. Кхин цхьа к1еззиг т1етухур ду ас. Вай юха чудаьхкича, уллохула т1ехволуш ахь цхьа кад ларамаза охьабожийра. Иза буьйхира. Цуьнах евлла гаьргаш х1инца а д1о лаьттахь 1охкуш ю. Шолг1ачу бокала чохь а яд хилла хила тарло. И кад экспертизе бахьа беза. Делахьа суна сонта х1ума хета д1овш а малийна цхьанаметта масех стаг вен г1ортар.
– Гуш ду-кх т1аккха Русланна д1овш малийна хилар, – Мовсар Хамидовича шен корта куьйга схьалецира. Т1аккха б1аьрг кхарстош массарна а т1ехула чекхвелира иза. – Х1инца хиин шуна ас эксперташ х1унда балийна? Цкъа хьалха документаш, ткъа х1инца…. Руслан д1аваьккхи аш. И сайна динарг мила ву хаа лаьа суна.
– Лоьраш схьакхечи моьтту суна, – элира Дакаевс, уьйт1а еанчу машенан сирена а хезна. . – Хьалхе бахка а ма мегара.
Мовсар Хамидович хала г1аьттина аравелира. Гуш дара иза к1орггерачу ойланашкахь хилар. Т1аккха ц1еххьана, ша аравалале Зубайрина т1евирзира иза:
– Валохьа хьо а соьца.
И шиъ шаьшшиъ нислушшехь цо элира:
– Суна хаьа куьг бехкениг мила ву.
8
Чехкачу г1оьнна еана машен уьйт1ахь сецира. Г1аролах кхо стаг а, лоьраш а чоьхьабевдира. Мовсар Хамидовича уьш муьлхачу чубаха беза гайтира куьйга. Цуьнан б1аьргаш Зубайрина т1едоьг1на дара и зуьйш санна. Лоьраш залачу сихбелира. Стоьла уллохь лаьтташ вара Муса. Иза хьоьжуш вара цхьа а ца волуьйтуш боьхна бокал боьжначе. Лоьраш веллачунна т1ебахара. Селимханов хьоьжура хьешан чоь йолчу, схьабьхкинарш цу чохь бара. Хетарехь цо Зубайрин хаттар лардора.
– Хьуна хетарехь мила ву Тамаевн са даккха лиънарг? – эххар хаьттира Зубайрас.
– Суна хаьа, – элира Селимхановс хала са а доь1уш. – Цул атта х1ума дан а дац. Ма дарра дийца вайшимма. Суна т1ера волалур ву вайша. Суна хаьара шу дог1ий. Сан аг1ор йоккха сонталла хир яра сайн хьешана т1е куьг кховдор, и вен аьлла-м муххале а. Цу т1е и массарал т1аьхьа бохург санна ван везаш вара. Т1аккха сан х1ун г1уллакх ду и вен? Маретана а цуьнан валар ца оьшу. Цо и муха лайра хьуна гира. Сан йишина а Руслана дина цхьа а вон дац, цуьнан майрачунна а. Халидас шен майра вуьйр вацара, кхуза а валийна-м муххале а. Цул а атта дара цунна цуьнгара д1аяхар. Ткъа сан несан….
– Хьуна Зарема бехкен хета?
– Х1инца со шек вац цуьнах. Со тешна ву. Суна хетарехь документаш а цо эцна хила тарло. Хьалха муха цадог1ун дарий суна и дага…. Масех де хьалха телевиденехь д1ахьош цхьа ток-шоу яра, цу чохь хуьлуш долу сонта хаттарш а деш, жоьпаш а луш. Цига Руслана кхайкхина яра Зарема. Хьо кхиирий цуьнца къамел дан? И психологехула диссертаци язъеш ма ю, цундела ша ч1ог1а мехала говзанча хеташ ю иза. Цу передачехь цхьа цакхетам иккхира церан. Хьалхарчу турехь тоъал баллаш а ца яьхна, ловзар чекхдалале х1ара юкъара д1а ма яьккхира цара. Шолг1ачу дийнахь ч1ог1а дог доьхна лелаш яра иза, цхьангге а йист а ца хуьлуш. Дера яра и ч1ог1а холчахь. Доккха тохар ма дара и цунна, ша хьекъална генара цахилар цо гучудаккхарна.
– Оцу т1ехула цо режиссер вуьйр ву моьтту хьуна? – хаьттира Зубайрас. – Ишттаниг деш ма ца хуьлу, Мовсар Хамидович.
– Нагахь иза кхиберш санна жима зуда хилча со а т1етан там бара ахь бохучунна, – шечунна т1ера цаволура Селимханов. – Амма Зарема йовза еза.
– Йист яц цуьнан лаамийн, кураллин. Балха т1ехь а цхьаьннаце а уьйр яц цуьнан, цхьаннаце а доттаг1алла цалеладо, куьйгаллиций бен. Ахь тидаме эца деза аьлла хета суна ас бохург. Тамаевна ч1ог1а вас йина ма яра иза, цо шена леррина и дина моьтташ, сонталла 1орайоккхуш.
Зала чуьра лор аравелира.
– Пхийтта минот хьалха велла иза, – хаам бира цо. – Юург ца лайначух тер аду цо, амма симптомаш тамашийна ю. Иза ц1еххьана вели бохура цара. Стенгахь юхьан зуда? Тхо цуьнга а хьовса деза. Иза а йоьжна ю боху.
– Шолг1ачу г1ат т1ехь ю, – элира Селимхановс, – вало ас гойту хьуна.
Лоьраш т1аьхьа а х1иттийна мансарди т1е хьалавелира иза, тамашийна Зубайрегахьа а хьаьжна. Зубайра хьеший т1еоьцучу чу вухавеара.
Зарема шен хьалхалеррачу меттехь 1аш яра. Иза цунна т1е цавахара. Корта а ластийна баркалла элира Мусана, хьалха санна массарна а т1ехь тергам беш волчу, боьхна кад болчу цхьа а ца вохуьйтуш. Ч1ог1а мехала г1уллакх дара 1аьнначу конъякан цинцашна таллам бар.
– Лоьраш ас аьллачуьнца реза хилира, – элира Седас. – Цо шен балха т1ехь цхьаъ йиъначух тера ду. Цара цигахь ца гойтуш х1ума яц. Шайн буфетехь телхина йоьхьаш диъна хила тарло цо. Телхиначу жижигах деш ма дайца уьш дукхахьолахь.
Халида ша шагат1улг хилча санна 1ара. Лоьраша шен ц1ийнаден дакъа теллинчул т1аьхьа, цуьнан и толург хиларх болу тешам д1абаьллера.
Масех минот яьлча, Селимханов лоьраша гуо а бина, лакхара охьавуссуш вара.
– Цунна парг1ато еза, – элира къоьжачу лоьро, тиларчу яхана ю иза, кхераме х1умма а дац. И саннарг хуьлуш ду. Наб яйта аш, ас цунна маха тоьхна. Х1инца милици кхайкха, тхан бакъо яц дакъа хьедан, цкъа милицино шен сацам ца бича. Юучух хилла хила а тарло валар. Тхо протокол х1оттон дезаш ду.
– Милици схьакхайкхахьа, – элира шен шофере Селимхановс. – Сихха схьадуьйла ала цаьрга.
– Сихонца г1уллакх хир дац, – элира къоначу лоьро. – Нагахь стаг вийна аьлла хеташ делахь, кхузахь милици хилла ца 1аш, следственни комитет а хила еза. Иштта ю порядок.
– Шайна луъург дайша, – аьлла куьг ластийра Мовсар Хамидовича, – ситтина довлахьара шу. К1ордийна х1инца х1ара дерриге а.
– Куьйгаш дила меттиг буй вайн? – хаьттира ханна йоккхо йолчу медйишас. – Со юха а хьан зуда йолчу хьалаяла езаш ю.
– Чуволлучохь аьрру аг1ор ю хьуна ванни, – кхетийра Мовсар Хамидовича.
Сихха вуха а вирзина, зала чувахара х1усамда.
Зубайра чохь мел дуьйцург хезаш не1саг1ехь лаьтташ вара. Селимхановс шен меттиг д1алаьцча, Зубайра чурчаьрга вистхилира:
– Х1инцца кхуза милици а, прокуратура а йог1ур ю. Церан чоь талла деза. Вай арадевр ду. Уьш схьакхачале шуьга дан цхьа хаттар ду сан. Уггар хьалха и хаттар хьоьга ду сан Дакаев. Суна хаа лаьа хьенан кад бу и боьхнарг?
– Сох шекка-м вац хьо? – цакхетаран кеп яра цуьнан озаца. – Хьайн Руслан ас вийна моьтту? Суна стенна оьшу цуьнан валар? – иза орца доьхуш санна шен зудчуьнга хьаьжира.
– Ас ца боху хьо иза вен г1ерташ вара? – элира Зубайрас. – Амма ахь кад ма бохийна. Хьанна доьттина дара и малар? Вайх цхьаммо шен конъяк д1а ма ца мелла. Вай доллучул кедаш а ма дара кху чохь.
– Марета ца мелла-кх суна хетарехь, иза гено хиъна ма яра, – эккхийтира Дакаевс…
– Х1ан-х1а, – элира Селимхановс, тумбочке а хьаьжна, цу уллохь яра цуьнан х1усамнана, – цуьнан кад цо х1оттийначохь лаьтташ бу.
Тумбочки т1ехь лаьтташ бара цхьаммо- м малаза битина кад, чохь конъяк а долуш.
– Х1ета иза яц, – кхачам хиларца элира Зубайрас. – Сан, Мусан бокалаш тхойшиннен карахь бара. – Догг1учара аьлча, со кухничу карахь кад а болуш веара. Сан маларш терго а ца еш дуьтуш 1едал дац. Шира сонта г1иллакх ду и. Х1ета, кедаш ялх биса беза кху чохь.
– Сан кад х1инца а суна уллохь бу, – элира Мовсар Хамидовича, – цу т1ехь мичча хенахь а сан п1елгийн томмаг1а а карор ду.
– Сан кад стоьла т1ехь лаьтташ бу, цу т1ехь сан балдаш т1ера басар хир ду, – ц1еххьана йистхилира Зарема. – Мичча хенахь а талла мегар ду-кх шуна.
Цуьнан аз хезча, тамашийна юьхьт1ехь хийцавелира Селимханов. Цу т1ехь шеко, цатешар, дегабаам гора.
– Сан кад а бу-кх кхузахь, – дегийра Дакаевн аз. – Сан куьйгех даиман а хьацар долу. Х1ара бу-кх, – дегочу куьйгашца шен бокал гайтира цо, цу т1ехь къасталур дара цуьнан п1елгийн сурт. – Х1ара сан кад бу , – ч1огг1а элира цо.
– Х1ара сан кад бу-кх, – -олуш, конъяках буьззина бокал гайтира цуьнан зудчо а. Хетарехь, Седа дезаш яцара деза хиларх конъяк, я молуш яцара, цундела и т1е а ца кхевдинера.
– Кхин цхьа а ца висина, – воьхна элира Дакаевс. – Руслана шен бокал чуьра мелла, ас бохийнарг совнаха хилла-кх т1аккха.
– Х1ан-х1а, – элира Селимхановс. – Бокалаш нийсса исс бен бацара.
– Хьанна хаьа кухни чуьра цхьаммо сов кад беаний, – элира Седас. – Т1аккха уьш исс хуьлу.
Массо кад а стоьла т1ехь бара, хьан майрачо царах цхьаъ бохийча, – дагадаийтира Зубайрас. – Х1ета цхьаъ бокал боцуш висина.
– Иза со яра, – дагахь доцуш элира Халидас. – Хетарехь боьхнарг Руслана бокал бу. Цо сайниг схьаэцна. Тхойшиннен ши кадул-уллохь лаьтташ бара. Сайниг аьрру аг1ор, Руслана кад-аьтту аг1ор. Цуьнан кад буьйхира, т1аккха цо сайниг д1аийцира. Айбина кад зударшна т1ера бара. Цундела цо мала деза аьлла со 1адда 1ийра.
Халидас т1аьххьара дош аьллачул т1аьхьа, цуьнан аз дегийра. Х1етте зуда садетташ яра, мелла а ца юхуш.
– Боьхнарг цуьнан кад бу. – Зубайрас «цуьнан» боху дош ша къастийна элира, т1ехь соцунг1а а хуьлуш.
Селимхановс мохь ала г1ерташ санна бага г1аттийра. Амма Зубайрин б1аьргех б1аьрг а кхетта, шен балдаш т1етт1акъевлира. Чохь сингаттаме тийналла х1оьттира.
– Схьадийцарехь хьан майрачо д1амелларг хьан кад бу-кх, – элира Дакаевс, массеран дагахь ма хиллара.
Ч1охь болчара къамеле бевлла г1уг1 даржийра чохь. Цхьа Халида яра меттах д1а цахьовш 1аш. Шен майрачун докъе хьаьжира иза, т1аккха чохь мел волчуьнга. Меллаша элира:
– Со ма яра и яла езаш ерг. Цо сан кад д1амелла.
Селимханов воьхна вара х1ара г1уллакх иштта нисделла. Иза нийса вацара Тамаевн 1ожаллина Зарема бехкен хеташ волу. Делахь а Мовсар Хамидович ишшта атта шена хетачунна т1ера волучех вацара.
– Кедаш ул-уллохь лаьтташ дара, – куьг хьажийра цо стол йолчу аг1ор. – Зуламхо галваьлла хила тарло, сихвеллачохь д1овш кхечу кеда а тесна. Кедаш т1ехь галваьлла иза. Уьш вовшашна уллохь лаьтташ дара.
– Х1аъ, – корта ластийра Дакаевс, – уллохь.
Зубайра тийна стоьла т1ехьоьжуш 1ара. «Халидас даре даро хиламан хьал хуьйцу», – ойла йора цо.
Х1орш болчу чоьхьавелира ший а лор. Хиллачун хьокъехь цхьа сацам язбан дезаш вара и шиъ. Кухнех хоттаелла лаьтташ йолчу столови чукхайкхира Селимхановс ши лор, кхоьлана а волуш жоп лора цо церан хеттаршна. Лоьрашца охьайоьссина чуеана йолу медйиша тамаша беш хьоьжура кхузарчу х1усамашка а, кхолладеллачу хьоле а.
– Хьан х1усамнана наб кхетта ю, – элира воккхахволчу лоьро х1усамдега. – Дика хир ду и сахиллац ца хьейича. 1уьйранна лор кхайкха цунна. Хьан кхача кечбеш йолчу зудчо хаам барехь, иза дог лозуш ю.
– Кхета со, – корта та1ийра Селимхановс. – Оха шун лор кхойкхур ву 1уьйранна. – Я х1инццехь телефон тоьхча х1ун дара те?
– Ца оьшу. Иза 1уьйранна бен самаер яц. Цулла а сада1ийта аш цуьнга, – хьехар дира шолг1ачу лоьро.
– Цунна хилларг х1ун ду? – хаьттира Селимхановс меллаша, хьешан чоь йолча куьг а хьажош. – Д1овш малорна велла иза.
– Иза а хила там бу. Делахь а, цуьнан валар сиха хилла. Д1овш малийча иштта ца хуьлу. Оха ишттаниг нисделча милице а, прокуратуре а хаам бо. Цара схьа а баьхкина таллам бийр бу.
– Д1овш малийний цунна? – кхин а меллаша хаьттира Мовсар Хамидовича.
– И шуна дика хуур ду, – элира къоначу лоьро.
Цуьнан ткъей итт шо хир дара, « Скоре» ибалха веана дукха хан яцара. Цул хьалха иза Махачкалахь болх бина вара, мукъа деношкахь Гуьмсе нана йолчу ц1а а лелаш. Цаьрга орцах сих-сиха гонахарчу ярташка кхойкху, дукха хьолахь хала бохкуш болчу баккхийчу нахана. Иза воьлла вара тиша, шира г1ишлош гарах, ткъа кху тайпа хьолах йоьттина дачни поселок цунна дуьххьара гуш яра. Цуьнах цецваьллера иза. Иштта цецваьллера Селимхановн бахамах а. Хьал долчийн б1аьргаш чухула хаьжча, д1оггара кхин х1ума кхузахь дацахь, амма шина т1амах йолуш йолу Нохчийчоь кхузара йоцуш санна хетара. Х1уманан дика мах хууш йолчу Марета цхьа ч1арх аьлла б1аьрг т1ехуттуш йолу йийбар ца йора кху чохь. Таро йолчу нехан х1усмашка хьаьжча, кхучохь массо х1ума цуьнан мах хаарца, и чохь эшаре хьаьжжина х1оттийна яра.
Амма къона лор и х1уманаш хуучех вацара, цундела цунна кху чохь берг боккха бахам хетара. Цо газеташ доьшура, телевиденега а хьожура, цундела хаьара т1амо дерриг халкъ цхьатерра к1ийдой. Т1ом бирзина а боцуш хьалдрш цуьнах пайдабераш бу. Керла ваьлла миллионер Селимханов мила ву? Кхуьнца волу къена лор кхечу ойланашца хьежара нехан таро-аьттуга, леррина кхуза даьхкиначу шайна х1умма лур яц-те кхара бохуш. Веллачуьнга хьажарна-м х1умма а шайна лур йоций хаьара цунна. Амма йоьжна 1уьллу зуда цуьнах боккха мах баллал хаза адам дара. Цу т1е, ехаш йолчух тера а дара.
– Х1инца молханаш тайп-тайпана маду, – аьлла геннара долийра цо, Мовсар Хамидовиче а хьаьжна, – лаахь-вен йиш ю, лаахь-г1олий ян йиш а ю цомгашчунна. Хьан зудчунна оха уггар тоьлла молханаш делла:йоккха дефицит йолу. Больницехь тхуна и саннарш луш дац. Уьш оха тхешан чоьтах оьцу. Тхан алапа мел лахара ду массарна а хаьа…Шайнаш…Массо х1уманна т1ехь кхоам бан безаш хуьлу…Цкъацкъа-м тхоьгахь ура-атталла валидол а ца хуьлу. Делахь хьан х1усамнанна оха х1умма а ца кхоийна, ахь тхаьш ледара дуьтур доций хууш…Хьан комаьршалла махкахь юьйцуш ма яйца…
– Х1аъ. Вай шу ледара дуьтур дац, – кхийтира цо дуьйцучух Селимханов. Кисана куьг а дахийтина б1е долларан кехат схьадаьккхира. – Х1ара тоьар дуй?
Къона лор воккхаверца хьаьжира шен къоьжачу накъосте. Оццул дукха ахча царна далаза дукха хан яра. Зеделларг долчу лоьро корта та1ийра:
– Саг1а хуьлда хьан х1усамнанна т1ера, – аьлла.
И деза ахчана кехат лоьран кисана дахара. Юха цхьанне ца хазийта санна элира цо Селимхановга:
– Оха хьалххе валаран хьокъехь справка язйича х1ун дара те? Оха и валаран бахьана кхин ду аьлла кехат х1оттор ду, ахь милцошца барт бе. Амма мах лахара хир бац.
Селимханов воьхна хьаьжира лоьре. Цу тайпа х1ума кхуьнан коьрте деана а дацара. Шен дахарехь дуьххьара висинера и дан дезарг ца хууш. Ма дика хир дара х1инца чохь мел верг кхин цкъа а ле а цавойтуш г1уллакх диканца дерзийча. Вукху аг1ор и ирча зулам дицдина шен кехаташ лачкъийнарг мила ву хаа лууш вара иза. Эццахь галвелира Селимханов. Ойла еш а 1ийна, столови чуьра аравелира Мовсар Хамидович. Хьешан чоь йолчу чу а вахана, хичаш йина шена т1евийхира цо Зубайра. Шаьшшиъ сени чохь шаьшшиъ висча сихха элира:
– Лоьраша боху шаьш оьшуш йолу исправка ло. Царна ахча дала деза. И суна хала дац. Хьуна муха хета, х1ун де ас? Реза хилий со? Исправка яккхий ас цунна кхачанах вон хиллера алий? Тахана жижиг д1аьвше хилла алар хала ма дац. Т1аккха вай вешан болх кхид1а а д1ахьур бу….
– Вайн дуьненахь мегар дац и дан. Жимачу харцонах боккха бала ма хуьлу. Ахь лоьрашка харц справка ло алахь, цара и шеко йоцуш лур ю. Милцошца а барт бан бала там бу хьоьга. Стенна до и? Вай декхарийлахь ду цаьрга бакъдерг дийца. Цара экспертиза йоккхур ю охьа1аьнначу конъякан, стоьла т1е1аьнна долчу. Экспертизан чулацамах дукха х1уманаш дозу. Хьо хьуо бехкен хеташ вацахь х1умма а лечкъон ца оьшу.
Селимханов вегийра Зубайрегахьа а хьаьжна, корта а ластийна, цергаш юккъехулаэлира цо:
– Х1ун ду ахь дуьйцург? Со юкъа стенна 1уьтту? Хьуна Руслан вийнарг со ву моьтту? Ас х1ун дора цуьнах?
– Хьо бехкен веш цхьа а вац, накхост Мовсар Хамидович, амма харцо ярах йолу ойланаш хьайн коьртера д1аяха. Вуьшта и стаг вийнарг даиман хьуна уллохь хир ма ву. Къу вац иза хьан кехаташ лач1къийна волу, шек воцуш стаг вийнарг ву, шен сонталлица. Вайн декхар и стаг вийнарг мила ву хьовсар ду. Я цокхин а цхьаъ вуьйр ву. Хьо вен там ма бу цо.
Селимхановс шен куьзганаш б1аьргара схьа а даьхна, ц1андина духа а т1е а дехкина, тийна элира:
– Т1аккха суна стенна оьшуш ву хьо санна волу эксперт? Ас хьуна луш берг боккха мах ма бу. Нагахь вер-ваккхар милицес талла долийча, ахь х1ун дийр ду?
– Хьан сонта амалш дукха ю, накъост Селимханов, – луьра элира Зубайрас. – Вай цкъа дийцина цу хьокъехь. Ахь суна ас хьо волчохь яьккхиначу ханна мах луш бара аьлла, хьуна хьан бакъо елла соьгара бехкаш даха?! Милицин белхалошка хьайн документаш дайна баха хьан х1ун г1уллакх ду? Церан цу г1уллакхан бала ма бац. И цкъа делахь ду хьуна. Шолг1а, ахь суна мах кехаташ лачкъийнраг 1ораваккхарна луш бу. Цунна т1аьхьа со следователал дуккха а сиха кхуьур ву. Кхозлаг1а, хьо кхетон лаьа:и тайпа г1уллакхаш милицино лелош дац, следственни комитето леладо. И тайпа зуламхой луьрачу та1зарна к1ел бохуьйту.
– Суна цхьа а парг1ато яц цара и дарах, – халахетарца элира Селимхановс. – Дика ду, хала ма хеталахь. Цундела ма ву со хьох дагаволуш. Суна-м цара сайн цхьа х1ума а ца охкуш дитича г1олий хеттера. Халидан а ойла коьрте еанера. Цара дакъа морге а даьхьна дерриг цоьстур маду. Цунна лан хала хир ду-кх и.
– Кхечу кепара вайн и дерзадойла яц, – хаддош элира Зубайрас. – Х1умма ца хилча санна кеп х1оттайойла дац. И делларг адам ду. Д1о лакхара вайна тТехьоьжуш Волчунна х1ун дан воллу хьо? – аьлла стигала п1елг айбира Зубайрас. – Велларг шун доьзалан доттаг1а ву, дайнарш хьан документаш ду. И ший а хилам хьо волчохь кхин адамаш а доцуш нисделла ду. Шашах хуьлуш х1умма а дац, Мовсар Хамидович! Хилларг х1ун ду хаа ца деза вайна?!
– Цунна д1овш малийнарг вайх воцу стаг хилахь? – шечунна т1ера ца волура Селимханов. – Вай массо арадевлча, и стаг ведда чу а иккхина Русланан, Халидан бокалчу д1овш а тесна араиккхина хилахь? Суна-м ца хаьа айса х1инца хьаьнга х1ун дийца деза а….
– Хьан шофер ц1ийна уллохь ма вара, – дагадаийтира Зубайрас. – Ерриге поселкехула лелаш ха ма ду.
Со-й, Заремий долалучу хенахь тхуна уьш мосуьйттазза ма гира. Ца оьшу совнаха истореш кхолла. Т1аккха хьан чу а хийра нах бевлла ала йиш ма ю вайн, кехаташ а цара лечкъийна. Айхьа-хьуо леван ма ца веза ахь, Селимханов. Бевзаш боцу нах хьан х1усамехь бацара, цхьа кхача кечбеш йолу зуда Зиний бен. Вайна кедаш деанчул т1аьхьа и кухни чуьра араяьлла ма яц. Т1аккха стаг вийнарг вайх цхьаъ бен ца хуьлу. Вай эвлаяийн закона т1ег1ерта ца деза. Сийлахь дерг сийлахьчу нахана дита деза.
– И х1ун закон ду ахь дуьйцург?
– Хьуна гуш долчул сов ду вайна гонаха дерг, – боху дуьнена къайленаш хуучара.
– Ца оьшу дерриг хууш волу талорхо ойланехь кхолла. Кухни чохь тата даллац 1ийна и чуведча санна. Вевзаш воцчунна хаа йиш яцара вайх муьлхачунна хьалха муьлха кад бу. Х1ора а, х1оранна а уллохь вара. «Нехан кеда ма хьежа», – боху нохчийн кицано. Кхузахь билггал бахьана хила деза цхьаммо цхьаъ къайлаха вуьйш хилча. Эццахь бен кхин таро хила ца еза оцу стеган шен зулам дан. И къастон дезаш ду.
Селимханов лерина хьоьжура Зубайре. Цуьнан цо бохучунна ян дуьхьало яцара. И бакълера. Бакъдерг цхьаъ бен хуьлуш дац. Цо шен куьзганаш духа а ц1ан а дина, б1аьргаш т1едоьхкира.
– Хьо бакъволчух тераду, – элира цо цаваьллачу денна. – Хилларг дагалеца а хала ду-кх суна. Талорхо вайна уллохь лаьтташ хилла-кх, мичча хенахь а «пханарш юккъе шаьлта тоха кийча волуш».
Зубайрас ладуьйг1ира. Уьйт1а масех машен еара. Хетарехь милиций, прокуратурий еанера.
– Х1инца къастораш дан хан яьлла вайна, – элира Зубайрас, – хетарехь 1едал схьакхаьчна.
9
Масех минот яьлча, дуккха а адамаш гулделира чохь. Милици, прокуратура, экспертийн тоба. Цара зал д1алецира, чохь берш столови чу а хьовсийна. Х1усамдеца къамел дан х1оьттира ханна шовзткъей итт шо хир долуш волу прокуратуран белхахо. К1адвелла, х1оьттина дистича санна цхьана х1уманан башхалла йоцуш б1аьргаш дара цуьнан. Гуш дара и ч1ог1а г1елвелла а волуш буса кхайкхиначе веана хилар. Цунна ца хаьара хьан, стенна вуьйр ву вевзаш волу телережиссер. Уггар хьалха кухни чуьра йолу Зина леян сацам бира, хетарехь цо деанчу кедаш чохь д1овш хилла хила там бу, аьлла.
Зубайра шен накъост Муса а эцна уьйт1а велира.
– Цхьа ца оьшу чаккхе х1оьтти х1окху вайн суьйренан, – элира Хутаевс. – Хьуна х1ун аьлла хета кхуьнах?
– Мовсар Хамидовичана х1ара зулам динарг вайца воцу стаг волуш санна хета, урамера чу а иккхина, – элира Зубайрас, арахь лаьттачу г1аролашка а хьоьжуш.
– Ахь баккъал бохий? – цецвелира Муса.
– Цо хила там болуш х1ума ду боху-кх иза а. Шен дага-хь и вийнарг чохь болчех ву бохуш 1аш ву и. – Цхьа а дагахь доцчун тидам ца хилира хьан?
– Ца хааделира суна-м. Зарема жимма тамашийна хийтира суна. Иза цакхетарца хьоьжура массаьрга а, цхьана х1уманна токх йолуш санна.
– Мовсар Хамидовича лору и зулам дар цуьнгара долш санна. Аьлча а, хетара веллачо мелларг хьенан конъяк ду хаъалц. Селимхановс соьга элира масех де хьалха Зарема телевидене кхайкхина яра цхьана передаче, цигахь юьхь-1аьржа х1оьттина иза цхьа к1ад- боццу хаттарна жоп а ца даладелла. Ша доккха х1ума хеташ йолчу цо хала лов иза. Тамаевс и х1уьттаренна дича санна хеташ ю.
– И бахьанехь цо режиссер вийна…-Мусана и бегашийна х1ума санна хийтира. – Хьуна цо и саннарг дийр дара аьлла хета?
– Ца хета дера. Кхин бахьанаш хила а ма тарло цигахь. Ахь ца боху и юьхьт1ехь ч1ог1а хийцаелла яра. Алахьа, вай кухни чу сихделча, ахь хьайн кад схьа х1унда ца эцара?
– Со хьан шеконаш йолчех ма вац? – забар йира Мусас. – Бокалах дерг аьлча…хьоьга хьажна а доцуш, суна ч1ог1а дукхадеза французийн конъяк. Цундела ас сайн кад д1а а мелла стоьла т1е охьабиллинера. Реза хилахь, чохь х1умма йоцучу кедачу цхьаммо а д1овш тосур ма дац.
– Иза а хьекъалца ду. Ма дарра аьлча, шелохоша буьзна кад дукха ца лоттуьйту: «яьсса х1ума езаш дац тхо», – олий. Вайн «Вайнах» конъяк дуьнено а тоьлларг ду бохучу хенахь а «Наполеон» лоьхуш лелара хьо.
Муса вист ца хуьлуш 1ара. Цунна дика вевзара Зубайра. Цо забар еш, я баккъалла бохуш хуур а дацара. Даиман 1ад санна юьйлина яра цуьнан юьхь. Берзан санна 1аьржа баьццара бара ши б1аьрг, хала дара и шиъ белабелча лаца.
– Хьо Дакаевна т1аьхьах1оьттина вог1уш вара, – дагадаийтира Зубайрас. – Хьуна муха хета, билггал ца хууш хьакхавелира иза оцу бокалах , я хууш охьатесира цо и?
– Ца хууш, – сихха жоп делира Мусас. – Амма оцу шина кеда уллохь леррина соцунг1а хилира иза, стоьлан дехьа аг1орхула цаволуш.
– Селимхановн х1усам чохь и воцург ялх адам дара. Царна юкъахь хила тарлора цуьнан документаш лачкъийнарг. Тахана уьш оццу барамехь вовшахкхеттарш уьззаш бара, нагахь кхача кечбеш йолу Зина ца лерича. Иза кухни чуьра арайолуш а яцара. Вайшиъ т1етоха хьайна.
– Дакаев юкъара д1авоккху вай? – дагаваийтира Мусас.
– И коьрта вац. Иза кехаташ лечкъийначарна юкъахь ца хила а ма тарло. И цхьа режиссер бен кхоллараллин белхахо вац царна юкъахь. Цхьанна хиъна вай леррина кехаташ лачкъор толлуш дуй, цундела и вайна юкъара д1аваккха г1оьртина. Т1аккха къу а, стаг вийнарг а цхьаъ вац.
– Вайн эвлаяийн закон? – дагадаийтира Мусас. – Со а ма ву 1овдин вирдехь. «Вайна гонах дерг-гушдолчул сов ду» бохург ду-кх кхузахь дог1уш.
– Хетарехь иштта-м нисло х1ара, – корта та1ийра Зубайрас. – Со Кунта-Хьаьжин мурд хилар а тидаме эцал ахьа-м. И зулам динарг хаза нехан санна т1ахъаьлла стаг хила-м веза. Т1аккха и хуьлу документаш лач1къор вовшахтоьхнарг, х1инца цунна тешаш ца оьшу. Кху чохь долчу адамашлахь суна цхьа ца хета иштта вовшахтохараллин пох1ма долуш…. Иза ша Селимханов вацахь, – т1етуьйхира Зубайрас, жимма ойла а йина.
– Тамаевс д1амелларг шен зудчун кад бу, – дагадаийтира Мусас. – Ца хууш мелла хила а ма тарло цо иза. Я Халидас хийцина ши кад? Я и хилла- те новкъара д1айоккхушъерг?
– Хьанна новкъа яра Халида? Х1унда оьшура и йийна д1аяккха? Х1инца а дуккха а хеттарш ду кхузахь дисина, сан ваша Муса. Суна дагахьбаллам бисина и валале Тамаевца а, цуьнан зудчуьнца а сан къамел дан таро хилла цахиларна. Х1инца Халида шен бохамна чу а йоьлла ч1аг1лур ю, т1аккха хала хир ду и къамеле яккха.
– Зубайра, хьо ган лууш ву следователь, – элира т1евеанчу милиционеро.
Зубайра зала чувелира. Веллачун дакъа диван т1ехь 1уьллура. Чохь болх беш эксперташ бара. Стоьла хьалха следователь а, Мовсар Хамидович а вара. Зубайрега элира следователа:
– Соьга хьо юрист а ву, хьайн лаамехь детектив а ву аьлла. Иштта дуй и? – хаьттира следователа.
– Со хьалха тайп-тайпана белхаш бина ву. Тахана цхьанхьа а балхахь вац. Муха эр ду вай: возуш воцу эксперти-аналитик» ву-кх со. Муьлхха болх бан а зеделларг ду, амма тахана кхузткъа шо кхаьчнарг 1едалан балхахь оьшуш вац. Иштта цхьаммо, вевзачо сайга кхайкхича таллам а бой, сайна хетарг олу-кх ас. Кхин хьуна х1умма дан хууш ца хилча, хуучух пайда а оьцуш хене вала ма везийца.
– Зубайра оьг1аз ца вахара следователо шена ца вовзара аьлча. Иза Россехь цхьанхьа-м прокуратурехь болх бина вара. Х1инца ц1а а веана, шен тайпана нах 1едале х1иттича, цара следственни комитете 1оьттинера.
– Соьга нийса ца аьлла хир ду, бехк ма билла, – элира следователа, Селимхановга а хьаьжна.
Юха Зубайрина т1е а вирзина хаьттира:
– Хьо теш вуй кху чохь хиллачунна?
– Х1аъ. Со уллохь лаьтташ вара.
– Хьуна гирий х1ара Тамаев леш?
– Гира, – жоп делира Зубайрас. – Масех къурд а бина, сутараллица х1аваъ чуийза х1оьттира и, т1аккха йовхарш тоха г1оьртира, эццахь меллаша охьавахара, шен карара бокал стоьла т1ебиллира цо, амма иза охьа1енира стоьла т1ехула. И охьавоьжча хьалха цунна т1еваханарг со ву, пульс теллича, дог болх беш дацара. Тамаев велла вара.
– Яа х1ума ца лайча хуьлуш дерг ду-кх, – элира следователа, Селимхановга а хьожуш.
Важа макхвелла д1ах1оьттира, амма х1умма а ца элира.
– Иза д1овш дара, – элира экспертех цхьаммо, ханна ткъей итт шо долуш хьаьрса жима стаг вара и. Коьрта т1ера чоьш наб а кхетта аг1ор 1иллича санна ирах1иттина дара цуьнан, гуттар уьш охьадийшо г1ерташ куьйгаш хьоькхуш гуш вара и. Хетарехь вижинчуьра г1аттийна юьхьт1е хи тоха ца кхуьуьйтуш валийнера иза. Цуьнан бешнеш т1ехь а г1айбана тачанаш дара, т1етаь1на лаьттина.
– Биллгал дуй и? – г1айг1ане хаьттра следователа.
Нагахь Тамаев инфарт а хилла веллехьара дерриг а атта хир дара къасто:протокол а х1оттийна, шолг1ачу дийнахь валаран хьокъехь акт схьалур дара, дег1 эт1ийча хиънарг т1е а яздина. Г1уллакх д1акъовлур дара цхьа уголовни т1аьхье а йоцуш. Х1инца стаг виеран хьокъехь г1уллакх схьаделла дезара. Шен д1адахьа дезара и. Следовательна хаьара и баркалла доцуш болх буй. Кху поселкехь бехачу нехан г1уллакх цкъа а 1едална луучу кепара дирзина дац, законехь бохург-м хьехон а ца эшара. Следственни комитет бахьанина я-м ю республикехь, амма цо бина сацам кхоччуш теллина меттиг яц. Муьлхха а г1уллакх цхьа вала да воцучуьнца нисделча бен законехь дирзина дац. Озабезамаш ч1ог1а бу нохчийн. Кхузахь балхахь болу оьрсий а царах ийзало.
– Ц1ена бакъдерг ду-кх иза, – элира эксперто. Веллачо меллачу конъяка чохь яд дара. Муьлхарг ду ца хаьа, амма лабораторино д1овш кхана къастор ду.
– Шолг1а кад чохь х1ун хилла? Бохийнарг буьйцу ас, – сихха элира следователа.
– Цу чохь х1умма а дац. Ц1ена французин тоьлла конъяк ду, – жоп делира эксперто. Х1етте а ший а т1уналла оха лабораторехь талла схьаэцна. Шиша а д1ахьур ду вай, – корта ластийра цо.
– Х1ета вайн велларг оцу бокал чуьра конъяк а мелла, цу минотехь велла, – дуьйцура следователа, – Селимхановга а, Зубайре а хьоьжуш.
– Шуьшиъ кхузахь муха нисвелла дийцал суна х1инца? – т1евирзира следователь.
– Сой, сан накъосттий сарахь цхьане кхача баа х1усамдас кхайкхина ву-кх, – жоп делира Зубайрас.
Цунна гора Селимханов воьхна хьийзаш, цундела шаьшшиъ варан бахьана ма дарра ца дийца сацийра Зубайрас.
– Суьйре ян кхайкхина ву бах ахь, – ойлане а ваьлла, т1аьхьара элира следователа. – Иза а аш кхайкхина вара суьйре ян? – хаьттира цо веллачунна т1е а хьаьжна.
– Тхан зударий бу институтехь цхьаьна болх беш, – элира Мовсар Хамидовича. – Суна ахь сан хьешашна 1иттарш яр тхайга цаларам хета.
– Т1аккха цунна д1овш хьан малийна? Жинаш даьхкинера кху чу? – 1оттарца элира следователа.
– Иштта дац и, – жоп делира Зубайрас. – Суна ахь хьайгара г1алат долуьйтуш санна хета. Х1инца а хилларг х1ун ду а ца хууш хьо тхоьгара бехкаш даха волавелла. Тамаев вен г1ерташ кхузахь цхьа а вацара и дагахь доцуш нисделла х1ума ду.
– Цунна дагахь а доцуш д1овш тесна бокал чу? – цавашарца элира следователо. – Оцо х1умма а ца хуьйцу. Суна хетарехь…
– Хуьйцу, – элира Зубайрас и юкъах а воккхуш. – Веллачо д1амелла кад шена боьттинарг бацара.
– Муха, цуьнан кад бацара? – шен хьажт1е куьг хьаькхира следователа. – Ахь х1ун дуьйцу? Цо кху кад чуьра ца мелла?
– Мелла. Амма и цунна боьттина кад бацара, – кхетийра Зубайрас. – Цуьнан бокал цо малале хьалха масех цекунд йолуш боьхнера. Тхо кад мала кхиале кухни чохь доккха тата делира, цхьа пхьег1а йохийна, тхо дерриге цу чу хьаьвдира тхайгара г1о оьший те аьлла хетта. Тхо духа дирзича, уллохула волуш Дакевс ларамаза хьакха а велла Тамаевн бокал охьабожийра. Кад лаьттах а кхетта атабелира. Хьуна хезирий эксперта аьлларг:Тамаевн бокал чуьра 1аьннарг ц1ена конъяк ду. Селимхановс зударшна т1ера кад айбича, веллачун зудчо шен кад белла цуьнга. Шен зудчун кеда чуьра масех къурд а бина, охьа а воьжна велла и стаг.
– Т1аккха цо хиламан сурт хуьйцу, – элира следователа. – Гуш ду цуьнан зуда ен цхьаъ г1оьртина хилар. Хьалха и леян еза вай.
– Ишттачу хьолехь йолуш и мегар дац, – элира Зубайрас. – Цулла цуьнга лоьраш хьовсийта. Гена дац цо мохь хьекха болон. Теша мегар ду хьуна, цо х1инца кхачам боллуш хьан хеттаршна жоьпаш лур дац. Иза тиларчу яхча санна ю. Х1инц-х1инцца цуьнан б1аьргашна а гуш майра ма велла цуьнан, юха цунна хаьа ша ен г1ерташ хиллий. Т1аккха кхетамах йолу цуьнан доттаг1а йолу х1усамнана. Соьга аьлча, кхоччуш дог доьхна ю иза. Тахана ирх-охьа а леян мегар дац.
– Дика ду, – реза хилира следователь, – ахь ма- бохху хуьлуьйтур вай. Делахь а сан протокол хила деза тешаш лебина, кхана 1уьйранна мукъана а. Шух х1оранца а духа а къамел дан деза сан.
– Деза мега, – т1етайра Зубайра.
Иза эксперташка хьоьжуш вара шайн болхберзош болчу.
– Юучух д1овш даьлла-кх цунна? – хаьттира цо.
– Даьлла, – элира хьаьрсачу эксперта, коьртан чо ирах1оьтина волчо.
Зубайрий, Мовсар Хамидовиччий аравелира.
– Дика дара ахь цуьнга х1умма а ца аьлла, – элира Селимхановс. – Цунна оьшуш дацара шушиъ кхузе стенна веана хаа, цхьанне хаийта а ца оьшу.
– Хьайн йишин доьзале хаийта, несе а, – дагадаийтира Зубайрас. – Хьалххе цхьаннех шекхила ца оьшу.
Мовсар Хамидович шен б1аьргара куьзганаш нис а дина, шеца къамел дечуьнга хьаьжира.
– Зарема юй ахь юьйцург? – хаьттирацо.
– Иза а ю, – элира Зубайрас. – Сихлой х1умана хьесапаш ма де. Собар а дай, хьайн кхетам метта балабе. Х1инца хан яьлла хан ю. Следователо цкъачунна д1ахьоьцур дац вай. Хетарехь и реза вац эксперташ суна хетачунна т1ехьсовцарна. Тахана цхьанцце а чомахь къамелдан кхуьур вац со. Амма кхана дийнахь хьан кабинета чохь хила лаьа суна, ц1ахь а, балхахь а. Халидаца къамел дийр ду ас-цуьнца къамел дан х1инца а кхиъна вац со.
– Иза д1а маца вуллу а хаа деза, – элира Селимхановс. – Ерриг харжаш сайна т1еоьцур ю ас.
– Цкъа хьалха дакъа морге а дехьна эт1ор ду цара. Т1аккха протокол т1е куьйгаш яздийр ду. Вер ма хиллийца кхузахь, следователь дуккха а болх бан дезаш ву. Ши-кхо де мел лахара а дер ду.
– Цуьнан дакъа эт1о гергарчаьргара пурба даккха деза, Халида цкъа а резахир яц и дайта.
– Хьуна халахетар дан ца лаьа суна, ишттачу хьолехь цуьнга хоьттуш цхьа а воллур вац. Дакъа экспертиза яккха морге д1ахьур ду, цуьнан зудчун и эт1ош дуьхьало ян йиш яц. Цул сов, иза бехкечарах цхьаъ лоруш хилча-м муххале а.
– Халида а ю церан шеко йолчарах? – цецвелира Селимханов. . – цо шен майрачунна д1овш малийна моьтту хьуна?
– Суна цкъачунна х1умма а ца моьтту, амма иза цуьнан бокал чуьра д1овш а мелла велла. Цо ша аьлла ду и. Ойла йича, цуьнан таро яра цхьанне а ца гуш шен кеда д1овш таса, т1аккха и шен майрачуьнга малийта. Статистика лерича, дукха хьолахь ц1ийнада дукхавезачу зударша леладо и саннарг. Хьанна хаьа цунна хууш хиллий а цо хьан секретарь юьхь1аьржа х1оттийний?
– Ма ехьа забар, – элира Селимхановс. – Со хьоьца баккъал къамелдеш ма ву, ткъа хьо сох воьлуш ву. И муха дало хьоьга?
– Х1окху хьолехь и бен кхин суна дан х1ума дисина-м ма дац, – корта ластийра Зубайрас. – Зуламхо суна гуш лаьтташехь шен болх беш хилла-кх, суна и ган а ца гина. Со хьекъална к1оргера хеташ ца хилла цунна, я цавашар ду и. Хуьлуьйтур вай, хьо х1ора минотехь хьайн кехаташ стоьла г1утакх чохь ду дац хьожуш ца хилар. Ткъа со массо вариант а лара езаш ма вара-д1овш мало там бу бохург дагахь хила дезара. Со кийча ца хилла и санна долчунна. Само ца йина. Хьан гергара нах вовшашца г1овг1анаш ян буьйлабелча со хьалхе парг1атваьлла. Ч1ог1а маьхьарий хьоькхучохь доккха зулам ца хуьлу. Кхин дан амал ца хилча, малош ду д1овш, шайн садеттар кхачийча. Яккхийн г1овг1анаш еш хилча, и вовшашка цабезам хилар ду. Цхьа базарахь ен г1овг1анаш хуьлий д1адоьрзу.
Селимхановс зала чуваха дагахь цхьа г1улч яьккхира.
– Кхана делкъанна сахьт даьлча, со хьан машене хьоьжуш 1ийр ву, Я суо сайн машенахь схьаван а мега, хьан ц1ахь х1ун ду хьовсур ду вай, – хаийтира цунна Зубайрас.
– Вай кхид1а а х1ара д1адахьа деза аьлла хета хьуна? –хаьттира доьхначу озаца Селимхановс. – Вайн х1инца а шанс ю аьлла хета хьуна?
– Накъост Селимханов, айса цхьа х1ума долийча со цкъа а вухацаволу хьуна, – и кхетош элира Зубайрас. – Адашкахь долчу дикачу г1иллакхех цхьаъ ду и, суна товш долу:х1ума дола а дина цадитар. Нагахь со волавеллий цхьаъ схьалаха и караваллац т1аьхьара вер вац. Мел сайна и хала делахь а. Кхетий хьо?!
Селимханов реза хиларца корта а ластийна зала чувахара. Зубайра цунна т1аьхьахьаьжира. Йоккха чалх йоьжна оцу стагана т1е! – Дика ду Мовсар Хамидович онда стаг волуш а, цуьнан бахам болуш а. Цхьа миска велахьара тоххара вухаваьлла хир вара: «Ша хьонка-н1аьна хилахьара кху г1уллакхах» – аьлла.
– Зубайра! – шен букъ т1ехьа Мусан аз хезира цунна. – Хетарехь вайша цхьа оьшуш доцчу г1уллакха юкъа нисвелла моьтту суна, – элира цо.
– Г1алг1ашна а дайна: «Дала аьндарий!» – велавелира Зубайра, шен х1оьттина хилар а хьулдеш.
10
Следователа буьйса юкъалт1ехъяьлла кхоъ даьлча мукъа битира уьш. Берриге а к1адбелла, г1елбелла д1асабахара. Селимхановвий, Мареттий дачехь дисира. Зарема милицин цхьана эпсарца д1аяхара, цо ша т1елецира и хаза безамехь йолу жима зуда д1акхетор. Дакаевг1ар шайн машенахь бара. Зубайрий, Мусай д1акхето машен кхайкхира Мовсар Хамидовича. Хьалхачу машено д1айигира Халида, иза мелла а сиха ц1акхача лууш яра.
Дерриге а Зубайрас ма аллара д1адоьдуш дара. Веллачун дакъа морге д1адахьийтира, эт1он. Машен сатасаранбода цоьстуш йоьдура Аргуне. Шела ц1аг1ерта т1аьхьа дара аьлча, дукха хьалхе дара. Зубайрин Аргунерачу квартирехь кху шинна парг1ат меттиг яра. Зубайра арахьоьжуш вог1ура, цхьаммо боданан кирхьа д1аийзош санна, парг1ат серлайовлуш яра аренаш. Сатасаран з1аьнарша ягон йолийра малхбале.
Вуьшта а къамелана т1ера воцу Муса ойлане ваьлла 1ара. Зубайрин ойла йора цо. Х1ара д1авижчахьана волура, иза х1инца а дуккха а ойла еш 1ийр ву дийнан хиламийн. «Маржа нохчий я1, ма хьекъален хилла-кхвайн дай:воьдуш динарг хьесап дац-вог1уш динарг бен» – аьлла цара. Хаза йолаелла йолу суьйре нийсса б1останехьа йирзира. Машен сиха кхечира Аргунерачу поселке. Шоферана баркалла а аьлла, охьавоьссира Зубайрий, Мусай.
– Оццул хьал долуш стаг велахьа а ма йоккха пис ю. Вайшинна мала конъяк ца дилли-кха цо чу, – элира Мусас.
– Д1авалахьа, ахь х1ун дуьйцу? Оццул воьхна волчу цунна и дага мичара дог1ур дара. Вайшинна эшахь долуш ду-кх «Наполеон» дацахь а, ткъей итт шо хьалха д1асадоььтина долу «Дербент» конъяк. Эшахь эрмалойниг ду вайшиннен.
– Тахана садо1ур ду вайшимма. Набаро ватийна ву со-м, душ к1ел х1отта а де доцуш, – аьлла бага г1аттийра Мусас.
– Кхана Селимхановн ц1а г1ур ву вайша, – элира Зубайрас. – И санна волчуьнан цигахь кхин зуда хиларий.
– Гуьмсехь дукха ламарой бу шишша-кхоккха зуда йолуш: шоной, гуной, беной, айткхаллой, зандакъой, – элира Мусас. – Мовсар Хамидовичан ц1ахь цхьанаметта кхин а ши зуда хилча а тамаша бан х1ума дац. Мехкан Дас бакъо а елла, марш б1аьтта кхарна.
Мусан метта милла хилча а цо хоттур дара:
– Кхана ваха оьший –те вайша? Амма Хутаевс цкъа а ца дора совнаха хаттарш. Иза тешара шен доттаг1чух. Цкъа а шен г1уллакх доцче юкъаг1иртина вацара Зубайра. Мах беллачул а хазахетара цунна Деладуьхьа дахьара ахь сан г1уллакх аьлча. – Молланашна-м шаьш бен мелана х1ума деш цхьа а вац моьтту, вало воьду вайша! – олий хьалха волура иза.
Ц1а кхаьчча, дег1ах довха хи а тоьхна, яар, малар доцуш метта вуьйжира и шиъ. Амма наб ца кхетара. Сохьто доьалг1ачух ах даьлла хан гойтура. Муса воцург кхин а цхьа г1оьнча вара Зубайрин. Иза масех шо хьалха кхара нохчийчохь мехкдаьтта лечкъоран г1уллакх толлучу хенахь вевзина вара. Иза Бена-к1отарара Сабаев Селим вара.
– Селим, салам 1алайкум! – элира Зубайрас, турбин дехьа буьххьехь шен накъостан аз хезча. – 1уьйре дика хуьлда! Устрада г1алахь ма хьалхе кхойкху н1аьнеш? – велавелира Селим.
– Муххале а берзалой т1аьхьа д1айуьйшу, – самукъаделира Зубайрин. – Хьо сел хьалхе хьеварна къинт1ера вала, хоьгара г1о оьшу!
– Кхеташ ду! ас блокнот схьаоьцу. Схьадувцал, Мержоевна а дайна.
Сабаев Грознехь 1аш вара. Ленинаски РОВД-н следователь вара и. Зубайрас шена мехах бан таллам карийча, цо диначу г1оьнан дика мах хадабора.
– Д1аязъел ц1ераш, адресаш, – элира Зубайрас. – Лор – Селимханова Седа…Зубайрас йийцира цуьнан белхан меттиг, т1аккха Дакаевс болх бен меттиг, Марет, Халида, вийна волу Тамаев. Массрах шена оьшуш йолу информаци гульяр т1едиллира.
– Кхеташ ду, хьайна царах хаа луург хьайн мерк1ел ларахьа. Кхин х1умма дуй? – хаьттира Селима.
– Собар делахь цкъа. «Пил-тергал ма ца ди вай! » баьхначунна а дайна, – Халикова Зарема. Цо болх бен массо а компани. Отчеташ хьанна х1иттайо. Доцца аьлча, 1амон везаш вац-кха хьо. Диссертаци маца чекхдолу а хьажа.
– Кхетта сан ваша. Лаахь маьждигехь мосазза хилла а хьожур ву.
– Тамаша бу-кх и ламазана аьлла шарбал яьккхина-м елахь, – велавелира Зубайра.
Дийнахь аьтто, буса там хуьлда хьуна! – Зубайрас телефон охьайиллира.
Х1оразза а ша толлу вер-ваккхар, воккха мел хуьлу а, дагах кхетара Зубайрина. Т1аккха шен ойла йора:Ярабби, ма де хир ду и! Лаахь, ца лаахь д1адаха-м деза. Дела, гечделахь 1еса ойла хиларна:вахана – веана стаг мукъана велара цигара. Вайн молланаша ма къиза юьйцукху и меттиг….
Пхи сахьт долуш хааделира дехьачуьра тийн хар. Зубайрина шена а наб кхийтира.
Т1аьхьо самавелира Зубайра. Юьхьах хи а тоьхна, кухни чу хьажавеллачу цунна, шек а воцуш 1аш Муса гира. Цунна хьалха стоьла т1ехь лаьтташ доккха ялг1о дара. Х1окхо кечйинарг ян мукъана а х1ун ю те аьлла, цецвелира Зубайра:чомехь хьожа лаьттара чохь. Теркахошна дайна зайли т1ера не1ар айбича, гуттар там хилира цунна. Цкъа хьалха буткъа хадош бакъийна дум беттинера цо, цу т1ехь баклажанаш, т1аккха помидоррий, хоххий, т1е х1оаш тоьхнера. Пхи минот а ялале и доккха ялг1о дасса а дина, чай мала х1оьттира и шиъ.
– Хьо вижинчул т1аьхьа, ас дукха болх бина, – элира Зубайрас.
– Хезира суна ахь Селимна т1е вирана санна мохь буьллуш. И дерриге а оьший те?
– Вайшинна дукха мел хии а цара 1ехор вац. Адамаш хала ду тахана. Ши т1ом гина белахь а нах набахтех ч1ог1а кхоьру, – элира Зубайрас.
– Валлах1и, дикка цецваьлла-м со а ву хьуна. Иштта сиха стаг вен вайшиъ уллохь волуш и Делан мостаг1 кхиарна. Цунна хуийла ма дацара вай селхана цхьаьнакхета дохкий. Т1аккха дагахь доцуш, ц1еххьана нисделла х1ума ма ду и.
– Ши аг1о ю оцу белхан, – элира Зубайрас. – Я шен аьтту лоьхуш лелаш хилла и зуламхо, я цигахь вовшахкхетча вай цуьнан ка доккху х1ума лелийна. Суна хилларг шолг1аниг хета.
– Х1инца де шолг1ачу декъе даьлла, ас Сабаевга телефон туху. Хьо ларлуш хилалахь. Талор диначунна х1инца шен г1алат хиъна хир ду, хьо уллохь волуш ша и дарна. Иза шен г1алат нисдан х1уттур ву. Хьо кхетий со ала г1ертачух, Зубайра?!
– Ма кхералахь. Конъяк дезаш болчу шелахошца дуьстича, со ломан не1-саг1ехь кхиъна ма ву. Тхан баккхийчара ниха молуш ма хилла. Ас зуламхошца конъяк мер дац, – бегаш бира Зубайрас.
– Ч1ог1а тхуна гена-м ваьлла хьуна хьо? Шелий, Сиржа-эвлий вовшахкхетта х1инца, – элира Мусас.
– Бехк а бац. Вайн 1едал латта дохкий бен кхин х1умма а хууш дац. Цхьа пхи шо далахь Ведана а хотталур ю Шелах, – велавелирв Зубайра.
– Д1аваьллахь, х1инцалера 1едална лен ваьхьар волуш вац хьуна со…
Зубайрас телефон туьйхира Селимхановга. Иза машенахь воьдуш волчухтера дара.
– Хьалха стенга ваха лаьа шуьшинна? – хаьттира Мовсар Хамидовича. – Со волчу ц1а, я офисе?
– Хьалха ц1аг1ур ду вай. Цига цхьана эхасохьтехь схьакхача йиш юй хьан?
– Х1ан-х1а, х1инца цкъа доккха г1уллакх ду сан. Суна хаьа суо ц1ахь везаш ву, амма х1инца цкъа таро яц. Баккъалла а ч1ог1а гуллакх долуш ву со. Шун со волча д1адаха йиш ю, вайн чохь ц1ийна доладеш йолчо т1еоьцур ду.
– Хьо ца хилча ас х1ун до цигахь? – элира Зубайрас. – Балха маца вог1ур ву хьо?
– Тахана со офисехь хир вац, – элира ойла а йина Селимхановс. – Шуцига а шаьш г1ойша. Заремас шуна мел оьшург дийр ду. Цхьа –ши сахьт даьлча, со ц1ахь шуьга хьоьжуш 1ийр ву.
– Дика ду. Со шун ц1ахь ши сахьт даьлча хир ву.
– Машен яийти ас шуна т1аьхьа?
– Баркалла, сан йолуш ю машен.
Ахсахьт даьлча Грознехь, Тамаевг1ар бехачу х1усамна хьалха вара Зубайра. Иза масех г1ат долу ц1а дара Айдамировн урамера д1авирзича. Цигахь бехаш берш дукха хьолахь Гостелерадион белхахой бара. Шина а т1амо ца дохийнера и. Уьйт1арчу майданахь тезетана четаран раг1у х1оттош бохкура кегийн нах. Х1инца а хууш дацара Руслан д1аволла юьрта хьур ву, я Соьлжехь д1авуллур ву.
Оьшучу г1ат т1е хьала а ваьлла, не1аран горгали бекийра Зубайрас. Цхьаммо а не1 ца йиллира. Цхьа пхи минот ялча, уллорачу чуьра араелира цхьа зуда.
– Бехк ма баккхалаш, шуна Тамаевг1ар беза хир бу?
– Х1аъ, – корта та1ийра Зубайрас. – Со Халида ган лууш вара.
– Шуна хаьа хир дац. Боккхабохам бу церан. Селхана ц1ийнада велла цуьнан.
– Хьажахьа, бохам я1! Дала гечдойла цунна! – кадам бира Зубайрас. – Муха нисделла хаьий иза, я цомгаш вара и?
– Дера вацара. Цхьа х1ума йиъча ца лайначух тераду-кх цо. Желудок лозуш ма варийца иза. Х1инца вайн чу цадахьаш д1овш дан а ма дац. Суьлийн махкара цомгашчу бежнийн жижиг ду вайна чутеттина. Стомара ч1ара а биъна валаза ваьлла вайн чуьра к1ант а.
– Ч1ерах дерг аьлча реза ву со, бежана вон хила декхар дацара. Делахь а 1ожаллина бахьана х1утту-кха, – къамел дерзийра Зубайрас.
– Х1инца массо х1ума а телхина ма ю. Кхин х1умма ца хилча а д1овш санна сийна талу шех долу китайски саьмарсекх тоьар бу вай бууш болу, – шениг дуьйцура зудчо. – Цхьа хьаьсара, г1елал балла бохкучу наха бууш болу кхача мичахь мегар бу наьрташ санна болчу нохчашна?! Валлах1и хаац, вай стенга кхача г1ерташ ду-м…
– Шен вешица д1аяхара-кх 1уьйранна Халида, – элира лулахочо.
– Стенга яхана хаьий хьуна?
– Хетарехь моргера дакъа эт1а ца дойтуш схьадан г1ерта уьш.
– Билггал вешица ярий и? – хаьттира Зубайрас.
– Х1аъ. Ч1ог1а вовшех тера ду и шиъ. Тхуна сих-сиха кхуза вог1уш ган ма гойца цуьнан ваша. Дикка хан ма ю уьш кхузахь 1аш болу. Халида хаза, къона зуда ю, массарна ша езийта хууш ю.
Цуьнан вашас элира шаьш сарахь бен ц1ахь хир дац. Х1инца дукхахболчарна хаьа Тамаев веллий. Телевизор чухула хаам бина. Иза министр, я депутат санна 1едалан чоьтах д1авуллур ву боху.
«Цуьнах хьоьгуш ю х1ара зуда, – аьлла хийтира Зубайрина. – Цуьнан хене вахча бехк а бац. Д1аверзаран ойла дукха йо баккхийчара. Кхуьнан духар беркъа ду, чуьра араяьлла квартира х1умма а кечйина яц. Д1айолла таро йолчухтера а дац», – зудчух къахийтира Зубайрина.
Подъезд чуьра араваьлча шен мобильник схьаяьккхира Зубайрас. Ша ц1ахь волуш цо и лела а ца йора. И тайпа техника езаш вацара иза. Ц1ахь мичча хенахь ша жоп лучу аппарато хьоьга болу хаам схьалора. Х1орш цул сов кхераме а яра. Делахь тахана йоцуш йиш яцара. Цо Сабаевга з1ене кхайкхира:
– Стенгахь ву хьоь?
– Дакаевн компанехь. Х1умма-м ца хилла цигахь?
– Ца хилла.
– Хутаев а цхьанхьа хьажийна ахь?
– Хьажийна. Вовшашца з1ене а валий, меттигаш екъалаш.
– Дика ду.
Зубайрас телефон туьйхира Мусага:
– Халидан ваша ву- вац хьажа кхиъний хьо?
– Ца кхиъна х1инца а. Вайна оьшург дерриге а дахьар ду ас, са магатде ахь. Кузахь болх беш тхан цхьа шелахо ю.
– Ма дика ду и. Мелла а сиха Халидан ваша ву- вац хьажахьа.
– Кхетта.
Зубайрас телефон д1айиллира. Сахьт т1е хьаьжира иза. Селимхановца цхьанакхета тоъал хан яра х1инца а. Амма таллам бар д1атетта йиш яц. Дерриге а сихха дан дезаш ду. Тамаев резиденци уллорачу дачехь велла ву. Изаморге Гуьмсе вигна хир ву. Эксперташ стенгара бара те? Ц1а а вахана МВД-н ИЦ-хула къастон дезате цхьадолу х1уманаш? Т1аккха г1уллакх нахала дер ду.
Зубайрас шеца «Тойота-камри» машенахь шен лулахочун к1ант валийнера. Шен «Жигули» т1ехь таксоват деш вара иза. Цо дийнахь доккхучул сов лора цунна ахча Зубайрас. Цул сов, шен ц1ена машен а лелайойтура, даа-мала а ша оьцуьра. К1ант «Пишемаш» заводан т1еман г1аролехь болх беш вара. Герз лелон а хаьара цунна, парг1ат кепара охьатохарх латарехула хьалхара разряд яра. Доцца аьлча, Зубайра санна волчу накъостана дика белхахо вара.
Тезет х1отто г1ерташ бохкучарна гена а ваьлла, шен кхин а цхьана накъосте телефон туьйхира Зубайрас. Иза Ц1е-Веданара кхуьнан маьхча Хасбулатов Назар вара, хьалха КГБ-н СССР-н коьртачу урхаллин хьалхарчу отделан белхахо. Цуьнан тахана а з1е яра ФСБ-н, МВД-н белхахошца. Цул сов, Нургалиевца цхьана группехь вара иза Харковера университетан юрфак йоккхуш. И Нохчийчу веача, массарна а цунна уллохь гина вара. Назара 1едалан структурашна къайлах эксперт оьшучу хенахь Зубайра юкъавоккхура.
– Кхин сингаттаме х1умма-м дац? – хаьттира Хасбулатовс, салам-1алам доцуш. Цхьа нохчийн к1айн хабарш телефон чухула дийца ца оьший хууш вара иза.
– Цхьа к1езга-мезга дехар дара сан, – элира Зубайрас. – Хаа лаьара муьлхачу морге дихьна режиссеран Тамаевн дакъа? Сийсара д1аваьлла иза.
– Тахана телевидени чухула кхайкхийнарг вуй и?
– Ву! Сихха оьшу суна и.
– И санна долу х1уманаш хьайна хаа а мегар ма дара.
– Хан ца тоьа.
– Х1инцца ас телефон туху хьоьга, – элира Назара.
Кхо минот яллера Хасбулатовс телефон схьатоьхча. Зубайрас адрес, телефон д1аязйира. Лулахочун к1анта Хасмохьмада, х1умма а ца олуш машен юхаерзийра. Цунна хаьара шаьшшиъ морге ваха везий. Иттех минотехь и шиъ воьдуче д1акхечира. Зубайрина гира морга хьалха лаьтташ шена евзаш йолу «Мерседес». Цо к1анте элира:
– Хасмохьмад, вайшина кхузара г1уллакх чекхдели, шед тоххий Гуьмсе лалла.
Зубайрас корта ластийча кхеташ волчу к1анта, шега аьллачу новкъа яьккхира машен. Некъана каден йолчу «камрис» йорт эцале телефон йийкира:
– Цуьнан ваша ву, – элира Мусас. – Картотекехула теллина. – Ваша волуш ву.
– Кхетта. Таллам кхид1а а дахьо ахь.
Зубайра Селимхановн ц1а кхечира.
Сохьтехь 1ийра уьш Мовсар Хамидович схьа ца кхочуш. «Дипломат» чуьра Селимханов охьавоьссича, шен камри не1схьа а йиллина, т1евахара Зубайра.
– Бехк ма биллалахь, – элира Селимхановс шена и гушшехь. – Сайн бехкенна а доцуш т1аьхьа-м виси со.
– И хеташ со а ву. Тахана д1асакъаста веза вайша, – элира Зубайрас.
– Х1унда, – цецвелирв Мовсар Хамидович.
Зубайрас цуьнан хаттар жоп ца луш дитира. Г1аролана т1ех а ваьлла, уьйт1а велира и шиъ. Кхин а шиъ хехо вара кертахь. Кхо г1ат долуш доккха ц1ено дара. Шуьйра йоккха ков-керт яра. Х1окху меттигах Гуьмсахоша хьалха 1едал долуш «Западный Берлин» олура. Йоккхачу сени чуваьлча, шен х1уманаш ду Маретан аьлла хийтира Зубайрина. Пенаца кхозуш нохчийн ширачу турпалхойн портреташ дара. Зубайрина девзира Мальцагов Рамзана «Эвтархойн Ахьмад» ц1е йолу портрет. Кхид1а:Бенара Бойсакъар, Исмайлин Дуда, Таймин Биболат. Мадин Жаьммарза, Жумин Акхтула, Оспана 1успа, 1ахин Темаркъа. Ша тайпа дозалла г1оттура дагчохь. Кхийра вазанаш чохь зезагаш.
– Стенгара д1аволало вайша? – хаьттира Селимхановс.
– Кабинет чуг1о вайша, – элира Зубайрас.
– И шиъ хьийзаш болчу лами т1ехула хьалавелира. Цунна дуьххьала яра кабинет. Ша лами, хьешан ц1а чуьра схьабог1уш бацара, жимма юьстахбина бара. Зубайра ойлане а ваьлла охьахьажира, лаха чу.
– Кху чувеанчун таро ю цхьанне гуш а воцуш хьан кабинет т1еваха, – элира Зубайрас.
– Дера иштта-м ду, – реза хилира Мовсар Хамидович. – Амма чувог1ург хехошна уллохула вала везаш ву, ша чоьхьа валале. Я хьуна моьтту кху чу хьо цавевзашверг вахалур ву?
– Шун кораш т1ехь сигнализаци ма ю? – хаьттира Зубайрас.
– Ю, – корта та1ийра Селимхановс. – Балкон т1ехь ю. Шашах хьалалета и вай чуьра арадевлча. Шифр суна цхьанни бен девзаш дац. Сан зудчо цкъа а цуьнах лаьцна х1умма а ца хаьттина соьга.
Зубайра йоккхачу кабинета чувелира. Италера еза мебель, коре туху ездареш, ша Шемара паччахьан санна, деза кузаш, кхекхий, т1аьрсикан креслош, диванг1овланаш т1ехь дашон гонаш болу. Уггар деза стоьла т1е х1иттон чиркхаш. Хьоло вукъвиначу стеган кабинет ша тайпа яра. Наж, поп, онда стол-г1ант деш лелийна.
– Ч1ог1а хаза ду кху чохь, – элира цаваьллачу денна Зубайрас. – Книгаш к1езга-м ю хьан.
– Д1авалахьа, уьш тахана цхьаммо а ца лелайо. Интернет чуваьлчахьана Ташкентера сирнакин баттал долу Къор1ан деша йиш ю-кха хьан, – жоп делира Мовсар Хамидовича.
– Стенгахь дара хьан документаш?
– Стоьла чохь дара, – йоккха йозана стол гайтира цо, аьтту аг1ор х1оттийна йолу. Не1ар т1ехь дог1а дара и цкъа а чуьра схьадоккхуш а дацара. Суна цкъа а дага а ца деана кху чуьра кехаташ дан там бара аьлла.
– П1елгийн томмаг1анаш теллиний аш?
– Дера ца теллина. Сан кехаташ дайний хиъна, со уьш леха волавелча, кхин дацахь б1озза д1а а, схьа а диллина хир ду ас стоьлан г1утакхаш. Зарема а яра суна уьш лохуш г1одеш. Т1аьхьа-м дохковелира со стоьлах суо хьакхавелла хиларна а. Х1еттехь ас криминалисташ балийнехь дерриге а къаьстина хир дара. Т1аккха суна билггал хуур дара цу чу г1иртинарг мила ву. Вукху аг1ор ойла йича, суна муха хуур дара и докумнташ дар, ас айса кехаташ лехна ца хилча? Цундела п1елгаш дахар суна дага а-м дера ца деара.
Зубайра стоьла т1екхевдира. Дог1а вуно атта чохь хьовзаделира, цхьа а тата а доцуш. Дика хьакхар хьокхуш ц1андина а дара дог1а. Ши г1утакх дуьззина долчу кехаташка хьаьжира Зубайра.
– Кехаташ кхузахь дарий?
– Дара, – корта та1ийра Селимхановс, – вукху таьптаршна т1ехула дара уьш. Шолг1ачу г1утакх чохь.
Цо г1утакх схьа а оьзна чуьра кехаташ гайтира хьешана. Юха д1а а къевлина, чутеттира г1утакх. Зубайрас б1аьрга юьстира не1арера кхуза кхаччалц йолу юкъаметтиг.
– Кхузахь сацал, – элира цо.
Кабинет чуьра ара а ваьлла, лахавоьссира и. Хан билгал а йина, ведда вог1уш санна сихха хьалавелира. Кабинет чоьхьа а ваьлла стол схьа а йиллина г1утакх схьауьйзира цо, юха г1утакх чу а теттина, чехкка чувоьссира. Ерриге ткъа секонд елира цу балхана.
– Дукха ю, – элира цо, кабинета чу а веана.
– Х1ун ю дукха? – ца кхийтира Селимханов. – Хьо масех цекондехь хьала ма вели.
– Ткъей шиъ секунда яйи ас. Парг1ат кехаташ схьаоьцуш волчунна дукха хан ю и. Оцу ханчохь шуна ца гуш х1умма а далур дац цуьнга. Цхьа а дехьачуьра сехьаваьллий те? Мила вара цу дийнахь шолг1ачу г1ат т1ехь?
– Зарема бен цхьа а вацара, – кхоьлана жоп делира Мовсар Хамидовича, – кхин цхьа а, аьлча…
– Д1аалахьа, х1ун ала г1ертара хьо?
– Суна хетарехь Халида яра. Иза тхо дуьйшучу чу Маретаца еана яра, цуьнца ара а елира.
– Генахь юй хьан зуда юьжуш йолу чоь? – хаьттира Зубайрас.
– Уллора чоь юкха, – хаийтира цо, цхьа х1ума дагадеача санна. – Халидас и дойла яц.
– И вай т1аьхьо-о дийцаре дийр ду. Ткъа х1инца ахь со стенна 1ехаво дийцахьа?
– 1ехийна? – шена хезначух ца тийшира Селимханов. – Х1ун ду ахь дуьйцург?
– Селхана вай барт бира хьан ц1ахь а, офисехь а хир ду аьлла. Хьайн совещани ю, хьуо-о хила везаш волуш ахь ца элира соьга. Тахана 1уьйранна хии хьо цигахь вуйла, д1асавала йиш а йоцуш. Со ца тийшира хьох, ма-дарра аьлча. 1ожалла муьлххачу балхалла хьалха ю. Цундела ахь со левой хиира суна. Гал а ца ваьлла. Ахь баккъал 1ехийна со.
11
Мовсар Хамидович къадвелча санна креслочу лахвелира.
– Ма къордийна-кх суна х1ара шеконаш, – дагахь адоцуш арз дан волавелира иза. – Валлах1и хаац суна-м, кхарах хьанах теша, я ма теша а.
– Х1ета хьайн цатешар суна т1ера д1адоладехьа, – элира Зубайрас. – Хьайна къастам бехьа хьо сох теша, я цатеша алий. Хьо тешаш вацахь соьца дерг д1ахададе, шек вацахь-сох теша хьажа. Х1окху масех дийнахь мукъана а вай цхьана болх беш хилча.
– Хьуна х1унда моьттина ас хьуо левина аьлла?
– Хьайна дагадаийта ахь. Иштта киртиг т1ех1оьттича цхьана совещане ваха ца веза хьо. Иза хьалххе дуьйна хир юй ца хууш хилча-м муххале а. Хьо кхин а доккхачу г1уллакхе вахана ма хуьлу, ахь х1ара дицдеш хилча. Со Халида йолчу ваханера и муха йоллу хьажа. Цуьнан лулахочо дийци и шен вешица морге яхана аьлла.
– Ваша бакъ долуш веанера цунна т1аьхьа, – гучувелира Селимханов. – Со морге веанера.
– Суна гира хьан машен морга хьалха, хиира хьо цигахь вуй.
– Со цигахь хила везаш вара, цунна х1ун бахьана ду хьуна хаьаий? 1уьйранна Марет меттаеара, амма цуьнан дег1 ц1е летта догуш дара. Инфаркт хила герга яра цунна. Х1инца тхан лор ву цуьнан г1евланга хиъна 1аш. Со сагатдеш ву сайн х1усамненан могашаллина. Халида цуьнан уггар хьомен доттаг1а ю.
– Цундела веанера хьо морге?
– Веанера дера. Гергарчарна ишттачу минотехь г1о дан ма деза. Ас судмедэксперташца барт бира:дакъа ши де даьлча д1адахьа йиш ю аьлла. Бакъду, прокуратуран следователера пурба а деза. Цул т1аьхьа Тамаев д1аволла мегар ду. Ас хьоьга ала ма элира х1окху балхана суо мелла а бехкен хета суна. Дерриге а сан х1усамехь хилла хиларна.
– Ахь сох х1унда лечкъадора хьо морге воьдуш хилар? Хьайх ца кхетарна кхерара хьо?
– Цуьнан ойла ца йира ас, хьоьга ала бакъахьа ца хийтира. Вай барт ма бинерийца со волчохь вовшахкхетарду аьлла. Ца хаьа. . Сайгара ледарло йолуш санна хетара дерригена т1ехь а хьох дагавийла воьлча.
– Теша лаьа ахь кхин сох х1умма лечкъориг ца хиларх.
– Кхин цхьа х1ума а.
– Иштта делахь вай х1инца хьан офисе г1ур ду. Х1инца хан ю цига даха.
Селимханов цуьнга хьаьжира, амма меттах ца велира.
– Х1инца х1ун хилла? – хаьттира Зубайрас, – х1усамдега а хьаьжна.
– Ас сацам бина Зарема шен белхан декхарехмукъа йита, – хаийтира Мовсар Хамидовича, генна шена хьалха цхьана т1адам т1е а хьоьжуш.
– Х1унда?
– Сан цуьнах шеконаш ю. Хьалха кехаташ, х1инца х1ара валарна.
– Хьайн шеконех прокуратуран следователе х1унда цадийцара ахь?
– Х1ан-х1а, и мегар дацара. Х1унда дацара хьуна а дика хаьара. И сайн г1уллакхех кхето ца лаьа суна. Суна т1е вуьшта а эхь деана Гуноевс и кехаташ зорба а тоьхна. Кхин а стаг вер а сан коча деана. Суна ца лаьа следовательна сайн къайленаш йовзийта.
– Х1етте а Зарема балхара д1аяьккхина ахь…
– Цкъачунна яьккхина. Со дерриге а талла а теллина, сайна билггал хаа лууш ву. Ас д1а ца йоккхуш, кхечу фирмашца з1е лелочу отделе яьккхина иза. Цигахь психолог оьшуш вара. Алапа а цуьнан хьалхалерра хир ду.
– Ахь айхьа цу хьокъехь аьллий цуьнга?
– Ца аьлла. Ас тхайн вице-президенте аьлла цуьнга и д1ахаийта. Иза вас а ца еш нийса кхетар ю аьлла хета суна.
– Цо вас яхь?
Селимханов холча х1оьттира.
– Иштта дика хир ду аьлла хета суна, – шечунна т1ера ца волура иза.
– Суна хьо кхин а ч1ог1а стаг хетара, – элира Зубайрас.
– Муьлхачу аг1ор боху ахь иза?
– Хьо хьуо-о цуьнга и д1аала ца х1утту, цо дов даккхарна кхоьруш.
– Цхьана а х1уманах ца кхоьру со. Вуьшта цуьнга и вице –президента аьлча г1олий хир ду аьлла хета суна. Иза кадрийн г1уллакх лелош ву сан. И хьалха цуьнца болх бина ю, цуьнан секретарь яра….
– Цуьнца гергарло лелош а яра, – т1етуьйхира Зубайрас.
Селимхановс шен галстук малйира, куьзганаш схьадехира, т1е х1умаа хьаькхна, ц1андина, духа т1е а ца духкуш элира:
– Цо хьоьга ца дийцина-кх т1аккха.
– Ца хета суна цо дерригеа дийцина аьлла, – элира Зубайрас, – цхьадерг-м кхиира иза.
– Сан шеца йолу юкъаметтигаш?
– Цу хьокъехь ас цуьнга хетта а ца хиттира, – х1иллане элира Зубайрас, къона зуда хьулъеш.
– Вон 1ийна ца дуьйцуьйтуш, – шен куьзганаш б1аьргаш т1едоьхкира цо. – Тхойша хилла цхьана, – т1етуьйхира Селимхановс, – цкъа хилла а ца 1а. Дерриге оха динарг цо ша а дийцина хир ма дац хьоьга…
– Хьо цхьайолу къайленаш йийца-м ца г1ерта х1инца? – Ца г1ерта. Цхьа х1ума доцург:иза сехьа елира со волча, тхан вице-президент д1а а тесна….
Зубайра вист ца хуьлуш 1ара, цуьнга дуьйцуьйтуш.
– Доцца аьлча, и даиман а ша дан г1ертарг дика хууш ю, – дуьйцура Мовсар Хамидовича, – цунделад1аяхара сан г1оьнча волчуьра, и зуда ялон г1ерташ вуй шена ма хиъна. Цул хьалха цуьнан планаш яра зуда йоцчу стеган квартира шена д1аерзо.
– Т1аккха хьо зуда йолуш вуй хуъушехь сехьа елира?
– Елира. Х1етте а. Цкъа со хан яьллачу хенахь офисе веара, варх1 даьллачул т1аьхьа дара и, гуьржий хьошалг1а баьхкина а болуш. Цара деана чаг1ар мийлина вара со. Доцца аьлча, ша хьуьлуш дерг хилира…Цул т1аьхьа, со ц1ац1ин кеп а йолуш офисе веара. Цигахь сан оьшуш долу кехаташ дара, ас куьйгаш яздан дезаш долу. Кабинет чуваха вийзира. Зарема соьга хьоьжуш 1ийра. Х1инца ас ойла йича и леррина цхьана 1алашонца 1ийча санна хета, кехаташ дежурни волчуьнга д1а а делла, д1аяха шен йиш йоллушехьа. Доцца аьлча, хьуна хаьа-кх и муха хуьлу…
Со дика самукъадаьлла а волуш чувеара, забарш ян волавелира со. И документаш дахьаш суна т1ееара, суна цуьнан 1ат1арийн хьожа кхийтира. И муха нисделира дика дага а ца дог1у суна. Ас забар еш цуьнан белш схьалецира моьтту суна.
– Цул т1аьхьа хьуна дагахьбаллам бисина т1аккха?
– Муха? – куьзганаш нис а дина, велавелира иза. – Дера ца бисина. Муххале а со реза хилира. Цуьнан яккхийн таронаш яра. Цул т1аьхьа масех цхьана1ойла хилла тхойшиннен. Амма суна хаьара со цунна башха доккха х1ума ца хетий. Нийса аьлча, цунна сан кхид1а йолчу ханна йолу 1алашо йовза лаьара. Шена хин болу пайда а, кхечаьрца сан йолу юкъаметтигаш, фирмин белхахошца а, цхьаьна. И санна зударий хила ма хуьлу…Кега-мерса совг1аташ, шайна бен тидамаш царна доккха х1ума ца хета, кхин а дукхадеза ша кхечарал тоьлла хилар хаар. 1едал шегахь хилар гайта лаьа, секретарал а уллохь хила куьйгалхочунна. Со сайна т1ехь зударийн 1едал дезаш вац.
– Цундела х1инца д1асакъаста г1ерта?
– Цкъа тхойша вовшашкхетча цо суна т1едиллира…Ма дарра аьлча, со цуьнах ларлуш ву. Сан хенахь зударех цамгар лацар иэхьен а, беламен а х1ума ду. Цунна ца деза со шех ларлуш хилар, доьзалхочух хила лууш ю. Т1аккха и суна гуттар а коча хуур ю. И бахьанехь тхойша херадаьлла юкъаметтигаш дика елахь а, селханлера де кхаччалц.
– Шуьшиъ нийса ду ца моьтту суна, – элира Зубайрас. – Цундела ву хьо офисехь ца хуьлуш?
– Со х1умманах кхоьруш вац, – кхоссавелира Селимханов. – Тахана шен сал-пал схьа а гулйина кхечу отделе ер ю иза, со волчу х1усамехь хир яц т1аккха.
– Х1инца а дукхазза гурду шуьшиъ, – элира Зубайрас. – Иза теш санна прокуратуре кхуьйкхур ю, шуьшиъ дуьхь-дуьхьал х1оттон а тарло.
– Вовшахдеттадала дезар ду, – корта та1ийра Селимхановс. – Ма дарра аьлча, со зуламан да и ю бохуш ма вац.
– Кхеташ ду дерриге а. Офисе вайша ца воьду. Ас хьанкадрийн керла д1ах1оттам къобалла-м ца бо, делахь а хьох кхета г1ерта со. Сан Маретаца къамел дан деза.
– И вайн таро йоцуш ду, – элира Мовсар Хамидовича. – Цуьнгахь ч1ог1а вон хьал ду.
– Суна хетарехь хьо ас кхид1а таллам бан лууш вац, – элира Зубайрас. – Даиман суна новкъарлонаш йо ахь.
– Лаьа, – элира Селимхановс. – Бакъду и динарг Зарема хилахь ас х1ур бина отур ю иза.
– Ца хилахь?
– Ца хьаьа, сийсара наб йина яц ас ойлаеш. Хаац хьанах къа хьарчор….
– Бакъо лой ахь сарахь хьо волчу даче ван?
– Тховса ма вола. Сарахь тхо долчохь прокуратурин, милицин белхахой хир бу. Х1усамаш талла лууш бу уьш, Маретаца къамел дан а.
– Ой, ахь х1инцца ма аьлла цуьнгахь вон хьал ду, къамел далур долуш яц.
– Баккъал вон хьалду цуьнгахь. Сан хьуна дехка йиш ю цуьнца къамел, царна дуьхьало йойла дац.
– Теший ахь, – элира Зубайрас. – Делахь кхана дийнахь вог1ур ву со. Кхана шоьтан де а ду, шун белхан де а дац.
– Дика ду, – реза воццушехьа барт бира Селимхановс. – Кхана дийнахь шиъ даьлча хьоьга хьоьжуш 1ийр ву со. Хан к1езиг ю хьуна вайн.
– 1одика йойла, – х1усамдега корта а ластийна, куьг ца луш аравелира Зубайра.
Лакхара охьавуссуш цуьнан тидам хилира лахрчу чохь долчу куьзганийн. Цо ойла йира, лами т1ехула хьалаволу стаг зала чохь 1ачарна куьзганахь ган тарлора.
Чуьра араваьлча Мусага телефон туьйхира цо.
– Керла х1умма а дуй?
– Ду, – элира Хутаевс. – Керланиг дукха ду, амма вайна оьшучух к1езиг ду.
– Делахь соволчу схьавола, хьайца Сабаев а валаве. Со хьоьжуш 1ийр ву цхьа сахьт даьлча. Хетарехь Селим а цу хенахь вер ву шен талламаш бина.
Цхьа сахьт даьлча Зубайрин ши накъост и волчу квартирин не1арехь вара. И шиъ чоьхьаваьлча, кухни чувигира цо. Сабаев кофе мала лууш хуьлура, Хутаевна чай дезара. Стоьла хьалха а хиъна и шиъ дийца х1оьттира шайна девзинарг.
– Халида институтехь болхбеш йолу исс шо ду, – д1адолийра Мусас. – Иза шен хьалха хиллачу майрачун ц1ара т1ехь ю. Цуьнгахь кхо шо даьккхина цо. Иза вевзаш волу гитара лакхархо ву Димаев 1елин «Зама» рок- группера. Бераш церан ца хилла. И шен ц1ийнадеца хуьлуш хилла группин редактор санна, церан тексташ нисъеш йолу. Иза филолог ю. Режиссеран лакхара дешар дац. Дешна валале дитина.
– Цуьнан тамашийна лехамаш бара, – ойлане ваьлла хаийтира Зубайрас.
– Т1аьхьа и «Персона града» журнале балха яхара, – дуьйцура Мусас. – Юха 1илмана-талламан институте балха яхана иза. Шолг1а а маре яхана. Цул т1аьхьа фамили хийцина цо. Руслан дика режиссер лоруш вара. Цо шен ши бер, зуда а йитина Халида ялийна.
– Цу хенахь массо говзанча а вара доккха хиндерг долуш хеталуш, – элира Сабаевс. Дезткъолг1а шераш чекхдовлуш массо а к1оргера хьекъал долуш хетара. Вайна мел хазахетара политикаша къамелаш деш, историкаша къайленаш гучуйохуш, публицисташа майрра яздеш. Т1аьхьо-о хиира цара вай 1ехош хилар:политикаш атта бохкалуш а, сонта а хиллера, историкаша вай ледеш карийра, публицисташ кхоьруш а, ахча делча луъург яздеш а хиллера. Дукха хан ца елира цара вай цкъа хьалха яа х1умма йоцуш а дитина, юха т1ама юккъе кийса.
– Д1авала, хьо оппозицин митинге лелийта веза, – элира Мусас.
– Оппозицин болх-м хаац, хьуна со бакълоьй-м хаьа. Дагадог1ий шуна мел дукха яздархой, артисташ гучубевлира вайна юкъахь. Режиссераша цензура д1аяккхахь шаьш хьекъален произведенеш юкъайохур ю бохура. Редакторша а хьан книга арахоьцург «суна х1ун лур ю ахь? « – олура.
– Тамаев ишттаниг вацара, – элира Хутаевс. – Цуьнан дуккха х1ума а ца нислуш хила а там бара, амма цо цкъа а доцург ца дийцара. Суна цуьнан хьалхалера белхаш а гина. Уьш долш дерг дуьйцуш ду.
Зубайрас шен накъостий оьшучу хорша баха сацийра.
– Халида баккъал Маретан доттаг1а ю? Х1ун ду и шиъ гергара йийриг?
– Халида болх беш ю Маретан отделехь. И шиъ цхьане сада1а а яханера Болгаре «дашон г1амаршка». И шиъ баккъалла ши доттаг1а ю. Шаьшшиъ хуьлу концерташкахь, майранашца а йоцуш Турцехь а хилла. Селимхановн зуда а тамашийна стаг ю, – ц1еххьана т1етуьйхира Хутаевс.
– Муса, хьом стихашца дуьйцуш ма ву, – велавелира Зубайра. – Ахь х1инццалц билггал болу хиламаш бен ца бийцара. Х1ун ду хьуна хилларг?
– Уьш бакъдерш ду, – ойлане элира Мусас, – ахь со юкъах ма вахал ахьа-м. Сан гергарчу зудчо дуккха а дийцина суна Маретах лаьцна. И баккъалла ч1ог1а хьекъал долуш стаг ю боху цо. Хаза сурт дуьллу, аз ду томехь, илли а олу, литература а евза. Дуккха а хьаькамашна а евзаш ю и, хаза зуда хиларал сов. Нохчийн яздархойх, поэтех пох1ма долу нах сих-сиха вовшах а туху цо. Дукха хан йоццуш эвлаяийн т1аьхьенах болу нах а вовшахтуьйхира цо.
– Велин хьо?
– Ца вели! Халидас дукха хан йоццуш керла «Фольцваген» эцна. Цуьнга и эца ахча делларг цуьнан доттаг1а Марет ю. Х1инца вели.
– Хьан х1ун ду, Селим?
– Дакаевн фирма д1акъовла там болуш ю. Цуьнан уставаца хила еза фонд а яц. Дукха нахана декхарийлахь ву иза. Ледара махлелорхо хилла ца 1аш, вуно вон вовшахтохархо а ву. Куьйгалхо-м ванне а вац. Фирмехь и лоруш цхьа а вац. Массарна а хаьа цунна ахча лушверг стунваша вуй. Амма кхо бутт хьалха цо «Юьртбахаман банкехь» доккха кредит эцна. Азербайджанера 1ежаш, шапталш, кемсаш яхьа цо республикехь йохка.
– Тамаевс ша валале дийцира суна цу хьокъехь, – хаийтира Зубайрас.
Мусас и т1етодеш корта та1ийра.
– Нагахь таьххьарчу партех пайда ца балахь фирма банкрот д1акхайкхошю, – элира Сабаевс.
– Ойла ян езаш хаам бу иза а, – элира Зубайрас. – Ткъа цуьнан зуда х1ун деш ю?
– И лор ю больницехь. Хала амал йолуш ю. Дархошна ца еза, белхан накъостий а цуьнах озало. Шена хетарг юьхь-дуьхьал д1аолуш ю. Доцца аьлча, совг1ат дац. Массарна а дерригеа хаьа цуьнан гоьваьллачу вешех, цундела х1ара а нахаца ца тарло.
– Заремехлаьцна х1ун ду вайн?
– Цуьнах вуно дика дуьйцу и евзачара:тарлур йолуш ю, хьекъал ду, собаре ю. Шена лууче кхочур йолуш ю. Диссертацин тема а оьшуш ерг ю халкъана. Ас суо журналист ву а аьлла, дуккха а дийцийтира сайна. Иза тоьлларг лору цара, цуьнан болх а оцу областехь нохчийчохь дуьххьарлера бу, – чекхвелирв Муса.
– Ахь х1ун олу? – хаьттира Селиме.
– Суна кхечу аг1ор дийцина, – элира Сабаевс. – Цо хьалха болх биначохь х1умма а дика ца юьйцу иза. Сих-сиха балха цайог1уш меттигаш йог1ура, тайна лелаш яцара. Иза кхечанхьа яьлча, цуьнца берш хазахетта бара.
– И дерриге а цхьана адамах ду-кх, – жам1 дира Зубайрас.
– Соьга хаьттича, жимма тамашийна адам ду иза, – т1етуьзира цуьнан портрет Хутаевс. – Амат шалха долуш юй-те?
– Телефонни компанехь кхиаран цхьа а таро ца хилла цуьнан, – хадийра Зубайрас, – диссертаци язъяр кхиамца чекхдаккха адмашлахь мелла а хьакхавелла, лара-м болуш хила веза и милла велахь а. Шен ма хуьллу дика хила-м г1ертара иза.
– Вай х1уъа дийцахь а и зуда шена кху дуьненахь оьшург х1ун ду хууш ю, т1ебог1у пайда кхоччуш телоцур болуш а ю, – шена хетачун чот юй хаийтира Мусас.
– Тахана Селимханов морге ваханера Халида а, цуьнан ваша а бухахь а долуш, – хаийтира накъосташна Зубайрас. – Цо барт бина дакъа цхьана – шина дийнахь схьалур ду аьлла. Кхин цхьа информаци а ю шуьшинна хаийта:документаш схьаэцнарг Зарема ю аьлла хеташ а ву Мовсар Хамидович, Тамаев а цо вийна аьлла хеташ ву иза. Тахана 1уьйранна цо распоряжени йина и кхечу отделе йоккхуш.
– Ой, селханлера де т1ех1отталц х1унда вацара и цуьнах шек? – хаьттира Мусас. – Шашах хила дог1уш х1ума ма дара шен секретарах дегабаам хилар. Х1етте а цо олура цунна бахьана иза шеца болх беш хилар ду. Ткъа шена гонах долчу адамех ша доза доцуш тешаш ву, цара вухкур ву бохург бакъ хетар долуш а вац. Цо элира шен массо кехаташ а иза т1екхочехь а, цунна хууш а дара. Амма царна юкъахь оцу дайначел мехала кехаташ дукха дара шен.
– Бакъду и, – реза хилира цо дуьйцучунна Зубайра. – Амма х1инца шен цуьнах йолу ойла хийцина цо. Дагалоцур вай цу сарахь хилларг. Вай кад айбале иза араелира хьешан чуьра, Тамаев валале масех циконд хьалха чуеара.
– Хьуна и вийнарг Зарема ю аьлла хета?
– Х1инца цкъа сайн шеко ч1аг1йан цхьа бух болуш бахьана дац сан. Амма селхана хилларг бахьанехь Селимхановс шен цуьнах йолу ойла кхачам боллуш хийцина. Суна хаа лаьа мича бахьанина? Стенах доьзна дина цо иза? Кхана делкъалт1аьхьа Маретаца церан дачехь цхьанакхета дагахь ву со. Цуьнца доьзна ас тховса ойла а йина, кхана 1уьйранна билггал т1едахкарш дийр ду шуьшинна. Ахь-Муса, кхин цкъа а талла Гуноевга документаш муха кхаьчна. Цо хьалха язйина материалаш стенах яра хьажа. Х1окхуьца дустар де. Кхузахь дестораш дарий-те, доцурш юкъадитиний, я х1ун маь1на ду оцу зорбане даларан? Хьанна оьшура иза:1едална, юкъараллина, я Селимханов цавезаш болчарна? Цу кепара и сийсазван г1оьртиний те цхьа а? Я статья дукха к1еда а йолуш, Мовсар Хамдовичана т1едог1у кхин а доккха эхь духатухуш яра? Иза и статья араяла лиъна варий те? Суна иштта-м ца хета…Делахь а « стенца ца йо шайт1ано забарш? ». Боккха 1отта-баккхам хиллачухтера ду цу т1ехь Селимхановна тарбелларг, хьалхалера публикацеш муха яра таллахьа. Гуноевс ша валале х1ун яздора а хьажа.
– Иза-м ас компьютер т1ехь болха бина къастор дара, – элира Мусас.
– Хьо, Селим, кхана телевидене г1о. Шоьтан дийнахь цигахь дукха адам хуьлу хьуна. Оцу Заремас дакъалаьцначу ток-шоу чохь стенах дара къамел? Суна цигахь хилларг х1ун ду хаа лаьа. Информаци алссам мел хили а дика хир ду. Сох кхетий хьо? Тамаевс кечъеш репортаж хиллий-те Дакаевс духкучу стоьмех. Телевидени чувахалур вуй, хьуо мила ву а ца хоуьйтуш? Иза режимный объект ма яйца.
– Са ма гатде ахь. Ас шен хеннахь районни газетан корреспондент ву аьлла даьккхина удостоверени ду. И д1а а гайтина суо веллачун дейиши к1ант ву эр ду. Тахана массо программи чохь Тамаев валарх лаьцна хаам бина. Со толлуш цхьа а воллур вац.
Зубайрас Мусага а хьаьжна:
– Гой хьуна? – аьллакуьйгаш д1аса а ластийна, корта та1ийра. – Селиман санна кехат хила деза. Милицехь безам болуш адамаш к1езиг ма ду. Детектив бохург-м нахана х1ун ду а ца хаьа.
– Хьайна улло ваьллачо х1ун до хьажа, – аьлла вайн дайша. Тидаме оьцур ду ас, – элира Мусас. Шен кисанара паспортан барамехь долу «Комсомольское племя» газетан удостоверени гайтира. Цо хоуьйтура 1970-чу шарахь х1окхо къоначу корреспондентийн школа яьккхина хилар.
Зубайра велавелира. Цунна дагадеара генсек Л. И. Брежнев яздархо а, журналист а ву аьлла кехаташ долуш хилла хилар.
– Тхо доцург дийца 1амош ву-кх хьо.
– Со-м хьаха вац. Иштта зама ю-кх х1ара мила х1ун дешву а ца хууш, массо бакъдерг дуьйцуш волуш, д1айоьдуш ерг харцо а йолуш.
Мусас йовхарш туьйхира. Сихха куршкичу хи а доьттина:
– Аьхна хьан дакъа! – аьлла букът1е куьг туьйхира Селима.
– Ей, со-м х1умма а сих иккхина воллуш ваций, къамел дарна къамкъарг якъаелла, – элира Мусас хи д1а а молуш. – Баркалла хьуна, ирс хуьлда хьан!
– Зубайра, кхана 1уьйранна Селимхановг1еран даче вахале х1ун дан воллу хьо? – хаьттира Мусас.
– Деллахьа хаац, кханенга ваьлча цхьаъ дийр ду-кх. Заремица къамел дан лууш-м вара со, – элира Зубайрас.
Цу хенахь цунна ца хаьара цу жимчу зудчуьнца къамел дар шен кхи а хьалхе нислур дуй.
12
Ц1еххьана горгали а бекна, телефоно яйира чуьра тийналла. Иза книга йоьшуш 1аш вара. Цуьнан самукъа долура имам Шемалах долу шира дийцарш доьшуш. Нохчийн исторехь йоккха лар йитина стаг ву иза. Советан 1едало сиха хьаьстина болчу нохчаша дицдина шайн дайн доьналла. Россин империна дуьхьал 25 шарахь т1ом беш, дуьненахь а тоьлла эскар а долуш, Европан жандарм хилла лаьттачу Россис цкъа а эшийна бац уьш. Шемалан йозанча хиллачу Мохьмад-Къахир Карахис дийцарехь 4 миллон нохчо а, 400 эзар дег1астанчуьра кхидолчу къаьмнех стаг а д1авихьна цу буьрсачу Кавказан т1амо.
Зубайрега хаьттича, тахана ч1ог1а оьшуш ду историн бакъдерг довзийтар. Оцу заманахь гучубевлла бу Нохчийчоьнан шина т1арикъатан шайхаш. Цу хенахьлера бакъдерг ца дийцича, берриге а нохчий къот1алг1а бина хуьлу. Лаа ма дац цхьана г1алг1айн историко вайн дийнна къам сийсаздар. «Оьрсашна-м челахь бинарш» – олу вай. Амма нохчий мичахь бина хууш цхьа а вац. Шейх Мансуран, имам Шемалан зама хьахийча, мотт соций, буху нохчийн кху заманахьлера тоьлла яздархой. Вай миччара а, хьаннах схьадевлла хуьлуйту цара оцу шина шейхан т1аьхьенаш ца хилчахьана.
« Чай, борззий вовшашлиета цхьогало даьттана гуьмалк юу» – аьлла долу нохчийн алар стенгара схьадог1уш ду? Нохчий чохь ши т1ом чекхбаьлча хиира черчий мичахь ю, берзалой муьлш ю. Даьттана гуьмалк юу цхьогал лохуш цхьа а вац. Амма ша Махачкала нисвелча синтемах волу Зубайра. Шемалан проспект ю кхузахь. Москвас х1ора шарахь имам Шамал вина де даздан кхоб1е миллион сом ахча а ло Дагестанна. Шемална т1аьхьа а х1иттина 25 шарахь г1азот дихкина леттарш муьлш бу?! Сий хьанна кхаьчна?!
Цивилизаци Малхбалера схьайог1у, я Малхбузера?! Маржа нохчий я1, тахана а шаьш муьлш ду а ца хаьа. Шайх Мансур, имам Шемал туркойн агенташ бара бохуш яздл Нобелан преми яла шен белхаш хьалхатеттиначу нохчийн яздархочо. Меташка а ялийна, керста наха хьакха а яош кхиийна волчу Захаровн урам бу Шелахь. Дуьненна а вевзаш хилла волчу наибан Т1елхиган урам бац. Цуьнан б1о юкъара хиллий ца хаьа Кунта-Хьаьжа схьавоьхуш биначу т1амехь летта белла болу шелахой Орца, Дог1а, Ахтаха, Дура, кхиберш.
Уггар лараме яздархо, журналист хилла мехкан Дена улло ваьллачу беночо яздо: «Кунта-Хьаьжас шен оьрсашка боцчу безамна г1азакхийн мотт ца 1амийнера» – бохуш. Т1аккха х1ун марзо хир ю Москохахь леррина институт а йолуш, нохчийн лараман феномен толлуш 1ачу оьрсийн нохчашца? Х1ора буса телевизор чохь Кунта-Хьаьжин зуькар а деш 1аш болчу нахах тешар хир буй те оьрсий?!
Зубайрас резавоцуш корта хьалаайбира, автоответчик леташ а хезна. Бехха узам хезначул т1аьхьа, з1е етташ верг шен хаам бита безаш вара. Амма цо х1умма а ца элира. З1е хадийра. Т1аккха буха а горгали а бекна, ша жоплург летира. Вуха а вист ца хилира з1ене вала г1ертарг. Ахсахьт даьлча, вуха а з1ене велира иза. Зударийн аз хезира:
– Бехк ма билла, ас ц1а телефон еттарна. Соьгахь хьан мобильникан номер яц. Со шун ц1енон уьйт1ахь ю, амма хьоьгара бакъо ца хилча хьалаяла бакъахьа ца хеташ 1а со. Хехоша а чу цайита там бу.
Зубайрина евзира Зарема. Цуьнгахь кхуьнан ц1ера телефон яра. Иза яра шен хьаькамна х1ара таллам бан лехнарг, тоьлла детектив ву аьлла шена хезча. «Стенна еана те х1ара» – аьлла хийтира Зубайрина. Цуьнца къамел деш товш вара х1ара. Хьекъален адам дара иза. Психолог хила г1ерташ йолчу жимчу зудчунна, хаьара шен х1ора дош долш долчуьнца дустуш къамел дан.
Цо маршалла хаьттира цуьнга:
– Суьйре дика хуьлдахьан! Зарема, суна хазахета хьо еана. Ас эр ду ц1а лардеш болчаьрга сайн квартирин лоьмар хьуна йийца. Схьачуйола хьо.
Зубайра комендатура йолчу уллохь, лардеш долчу ц1а чохь 1аш вара. Чувог1ург, араволург толлура оьрсаша. Кхерамазаллина атта х1ума дара и. Т1ом д1абаьллехь а зуламех 1абаза нах бара герзашца лелаш. Шайн аьтту баьлча талораш дора цара. Ха хилча тешам бара подъездехь коьртах х1ума ца тохарна, хьо ц1ахь воцуш цхьа а чоьхьа ца г1ортарна а.
Ши минот а ца елира не1аран горгали бекча. Арара камера а латийна и хьаьжча, хаза, лекха, жима зуда яра не1арехь лаьтташ. Цунна т1ехь яшийна плаш яра, карахь зонтик дара.
– Бехк ма биллалахь суна. Ас лелориг хьуна нийса ца хетахь а, хьоьца къамел дан лиънера суна.
– Чоьхьа яла, – пурба делира Зубайрас. – Схьаяккхал хьайн плащ. Арахь дог1а ду моьтту суна? Кухни чуг1ур ду вайша. Ас кофе юттур ю хьуна, я хьуна чай деза?
– Бен дац, – элира цо ела а елла. – Г1олий кофе хир ю.
– Со а вара иштта хеташ, – элира Зубайрас, жимма г1айг1ане а хуьлуш. – Мангал-комарийн варени ю вайн, чай мала лаахь?
Зубайрина хетарехь дерриг а адам шина декъе декъалуш дара-чай дезаш берш, кофе езарш. Кхунна шена-м чай дезара, иза а вареница молура:хьуьнан- ц1азамийн, я мангала-комарийн. И доцуш цунна ша х1ун дийр ду ца хаьара балха т1ехь, я буса наб йоцуш висча, компьютер хьалха а хиъна. Чай дара цуьнан ойла г1атториг наркотик а хилла. Маларца цуьнан к1езиг самукъа долура, дика чаг1ар мелча ц1ий долалахь а. Наркотикаш д1овш дуй хаьара цунна. Цигареташ аьлча, томка озар цунна жима волуш дуьйна шен дейишас дихкина дара. Цо олура ша жима йолчу хенахь тезет даьлча, велларг цуьнан кийрара г1ир охьаяллац д1а ца вуллура. Ши-кхо де а долура и ц1анцалуш. Дакъа долчу чохь-м хьовха, кертахь г1иран боьха хьожа яьржара. И диц ца лора дейишина ша б1ешарал т1ехъяьлча а. Цо т1едиллинера:цигаьрка ма озалахь, Зубайра! Цо ша жима волуш дош деллера, воккха хилча а и доха ца дира.
Заремас плащ д1а а яьккхина, шен дог1ана четар цхьана к1ажа охьадиллира. Тахана цунна т1ехь боллан басахь йолу, сиз долу кастом яра. Хаза г1одаюкъ гойту кофтий, голел цхьа п1еллиг лакхахь соцуш йолу юбкий. Зубайра цаваьллачу денна марзо оьцуш 1ара цуьнан хазачу, еха-нийсачу настарех. Бакъду, иза даиман зударийн коьрта хазалла б1аьргаш хеташ вара, х1етте нийса хаза настарш дог хьостуш яра. Хьекъалечу наха олу зударийн уггар хазаниг са ду, амма уьш хьалха цуьнан тамехь болчу когашка хьовсу.
Заремина хааделира Зубайра шега хьожуш, цуьнах цунна там хилира, х1унда аьлча, цунна хаьара шен дег1ат1ехь цхьа а сакхт доций. Цуьнга цуьнца эвхьаза болчу божарша и дукхазза аьлла дара. Ша кухни чуялале цо хаьттира:
– Кога туда к1архаш буй вайн т1екхочехь?
– Дера бу. Эцца мачаш т1ейохкуче хьажал? Хьекъал ца кхечи сан уьш схьаэца, – бехказавелира Зубайра.
Цуьнан боьмашчу замшин эткашка а хьаьжна:
– Мачаш духарца товш ерш хаьржина ахь, – элира цо.
– Ца оьшу хесто, д1оггара дика мачаш яц х1орш, полякаша йина елахь а. Хуур дара хьуна Селимхановн зудчун мачаш хьайна яйча-ингалс пачхьалкхера лайкана мачаш, уггар к1едачу таьрсиках йина йолу.
– Хьайн алапе хьаьжжина дика духар а леладо ахь, цецвала х1умма ду моьтташ вац со, – бегаш бира Зубайрас. Юха дагадеара, г1уллакх доцург а аьлла вас йорий ас кхунна?
– Дика, кхачам боллушкечвала тахана пхи-ялх эзар доллар баттахь дог1уш хила веза. Суна хаьа дуненара мехаш, – элира цо.
– Хьо хьуо-о цхьаъ 1аш ву моьтту суна, – элира Заремас.
– Д1асахьаьжча къаьсташ дуй чохь зуда ца хилар? – хаьттира Зубайрас.
– Кху чохь суо ву. Хьуна тамашийна хета и?
– Дера ца хета. Х1инца божарий эшахь зуда йоцуш буьсур бац. Цкъачунна нохчаша мах луш ц1а-м ца
кхоьхьу уьш, амма г1уллакх цу т1е доьдуш-м ду, – элира Заремас. – Маймас муха бохура: «Зудчо к1ант вича, атто эса дича стаг зуда ялон араволу». Ойлаел х1инца, хьал-бахам мел дукха лакхабаьлла. Хьалха нах бехаш хилча, цара там-мах алссам луш хилла шаьш ялош йолчух, х1инца шен ахча ма хилли кхин цхьаъ, я шиъ зуда т1еялайо.
– Суна дийцира хьан езаш йолу х1усамнана доьзал эцна, Австре, я Бельге делахь, цхьанхьа д1аяхана ю аьлла т1ом болчу хенахь.
– Хьо маьрк1аже т1ейог1учу хенахь и хаа еана-м яц со волча? – велавелира Зубайра.
– Хьо ша вита яьхьна йолу иза жимма майра стаг-м хета суна, – х1ара хастийра Заремас.
– Х1инца сан зудчух дерг къастийна делин вайша?
– Хаац. И хаа еача санна сайн ойланаш баттара-м ехи ас? – гуттар кач а елла, ела х1оьттира Зарема.
Цо шаьшшинна кофе а, чай а схьадеара. Стоьла т1еехкира конфеташ, пиченеш. Эшахь пирожни юй а хаийтира, амма Зарема кхин г1уллакх дахьашеанаяра. И х1ун ду ца хааро жимма сингаттаме вора Зубайра.
– Мерза х1уманаша ярстайо со. Дала ма дахьийла х1окху дег1аца хара санна д1ах1оттар. Ма хир яра со поп санна шор а елла. Вуьшта а йиънарг атта т1ейолуш ю со. Мел хала ду алахьа ларйала, – элира цо, кхуьнах дагайолуш санна. Моьттар дара х1ара шиъ вуно уллора ши адам ду. Хьешана ша деана г1уллакх дицделла аьлла хетара, х1усамда-иштта къамел сахиллац д1адахьа а кийча вара. Хийла къонахчо сатосу х1ара санна йолу зуда шеца цхьа юьсур яцара те олий. Делахь и хаза ойланаш юкъахдаьккхина г1ан санна яйра.
– Со узуш юй хьуна хаьа…Жимма к1ур баккха пурба лохьа суна, – элира цо.
– Мегар ду, цхьаммо к1ур тухуш ца хилча б1аьрг хиллал чам боцуш пхьег1а со а ю, – бегаш бира Зубайрас.
– Хьо-м ирча вацара, – елаелира Зарема. – Цигаьрка оьзча ца ерста со.
– Ца тояла-м кхин а ду дарба.
– И муьлхарг ду?
– Д1аялахь, и ца хууш-м хир яцара хьо. Ц1ийнадеца дика «зарядка» ел ахьа-м!
Ган дезара цуьнан хазахетар. Елаелира иза шен цергийн к1айн мог1а а гойтуш.
– Хьо сайна вевзаш хиларна забар санна т1еоьцу ас и дешнаш, – жоп делира Заремас. – Ма дарра аьлча, хьо бакъву. Г1елъяларна и ший а кеп лелайо ас, х1умма а кхоаелла ца 1а. Хьоьга хьажначо-м хьо зударшна юххе воьдуш ву эр дац, – аьлла, кхоччуш Зубайрица ша эвхьаза хилар хаийтира Заремас.
Х1инца велавала раг1 кхуьнгахь яра. Къоначу зудчуьнца къамел дар дагна томехь дара. Иза хууш яра шена диначу тохарна жоп дала а, т1елатар дан а.
– Со-м дикка г1елвелла хьуна х1инца…. – эккхийтира Зубайрас. – Сан дег1 187 сантиметр долуш, пелхьо санна г1ийла хила хала ду. Г1уркх санна чухьаьвзина д1ах1отта там бу. Цу т1е даь1ахк а онда йолуш, терзана барамна веза хуьлу со. Центнер тоъал барам бу-кх суна. Амма ахь билгалдина кхачамбацарш д1адаха хьожур ву со. Бакъду, цигаьрка хьехор яц вай-цкъа а оьзна яц. Шолг1 кеп г1олий хета суна…
– 1овдал вац, к1ант. Суна хьоьгахь х1ун хазахета хаьий хьуна? – ц1еххьаш, элира Заремас. – Хьуна забаран а, г1иллакхан а барам хаьа. Дахарх ахь хаарца пайда оьцуш санна хета, ирса чохь ловзу хьо, уллохь волчуьнга а са ца гатдойту. Хьаьнцца а атта до къамел.
Цигаьрка д1а а яйина, кофе мала х1оьттира Зарема.
– Ма дарра аьча, адамаш дукхадеза суна. Цхьаммо сайна вон болхбийр бу аьлла дага а ца дог1у, – воьлуш элира цо. Сайн профессица со цхьаннех тешаш хила везаш вацара. Амма адамашца цхьанакхетаро боккха там бо суна, керланиг довзуьйту, хьайца къамел дечарах 1ема хьо лараме хила. Киншкаший, керла мехкаш, адамаш довзарой вайх муьлхха а дуккха а хьал долуш во.
– Адамаш довзар кхозлаг1чу метте ма дилли ахь? – т1ейирзира иза Зубайрина. – Лаа дуй те и?
– Лаа ду. Суна сайца къамел дечарна юкъахь ца хаабелла хьекъалан дай, хиндерг хууш берш, я д1адаьллачун к1орггера маь1на дийраш. Ахь сан библиотека таллахь, я чохь долчу портреташка хьажахь, хьуна гурду царна юкъахь шайна «атта т1ехваьн волу» адамаш дац. Суо хастон бохуш дац ас иза, сайн ойла стенна т1ехьлаьттина хаийта ду. Цхьаберш хуьлукхий ахь беж1у хьахавахь а юкъа а лелхий, шайн беж1у аттана т1аьхьа говрахьчул чехка воду олий хьо къар а веш.
Б1ешерашкахь даьхна хьекъалш ду киншкашна т1ехь, вайн эвлаяийн зераташкахь мотт соций вуьсу церан сийлаллин ойла йича. Вайгахь церан цхьанне а юьззина биографиа яц. Вай ваьшна юкъара 1едале х1оьттина стаг вазван г1ерта цуьнах шайх вина, иза шен размерехь куй эца хууш ца хиллехь а. Цундела ас киншкаш-хьалхара лору, мехкаш довзар-шолг1а. Масала, Барселонехь хиллий хьо, я Дербентехь? Ший а Салманал –Парси хилла меттигаш ю.
– Мичара? Турцел дехьа яьлла яц. Болгаре яхана туристийн путевкица. Испане яха-м лаьара суна. Со марехь хиларна, х1ора баттахь со дашон х1оа деш елахь а, суо Хьаьжц1а яха бакъо йолуш а яц.
– Дийцича а эрнаду-кх. Хьо-м х1унда юьйцу, х1ора шарахь мах боцуш путевкаш луш вешан яздархой бахийта безара вай дуьне мел ду д1а. Цара дуьйцур дара адамийн г1иллакхаш, истори, муха беха уьш. Церан х1унда ду дорах бепиг, жижиг, даьтта, шура.
– Зубайра, хьо ирс долуш стаг ву. Дукхахболчарна милцой сонта хетахь а, шу нехан сакхташ т1ехь даха 1емаш нах ду. – Цхьаммо ца аьлла хьоьга хьо ирс долуш стаг ву? – Мел ду хьан беттан алапа?
– Алапа дан а дац. Тахана пенси ду баттахь барх1 б1е сом. Эскарехь г1уллакх дар ларахь а, пенсеш лахара ду тхан.
– Х1ета ойлаел. Селимхановн миллионашкахь дуьнена даьхни ду, ас баттахь итт эзар долларал сов оьцу. Х1етте а хьан г1о оьшу тхойшинне а. Доккха х1ума ду хьуна, Зубайра, нахах возуш хьо ца хилар. И ю хьуна бакъйолу парг1ато. Митинге а х1оьттина мохь беттар сонталла ю, – юха а сигарета багайоьллира цо.
Зубайрас сирнак латийра. Цо меллаша к1р чуозийра. Ойла йича, доккха х1ума дара иштта хаза зуда доьзалан нана ца хилар. Ма къиза ю-кх жоьжаг1ате оццул хаза адамаш цо дагош делахь! Ша там биначу цхьана мисканан дуьхьа Дала гечдийр дац те кхуьнан къинош.
– Х1инца вешан койшна т1едерза вай? – велавелира Зубайра. Хьо дог доьхна йолу дела хецна ворда санна къамел дитина, жимма а хьан дог-эца г1оьртира со. И нисделлехь тоам бу суна, – элира Зубайрас.
– Хьан цу т1ехь аьтту хили хьуна. Вешин марзо евзина яц со. Тхан чохь коьрта нана хилла. Чохь божарий хиллехь, со галйаьлча а тоххар сацийна хир яра, я х1ара хаза дег1 кошахь н1аьнаша дууш хир дара. Доккха х1ума ду доьзалехь цхьаъ хилла а къонаха хилар. Цуьнах хьан дог кхоьру т1аккха.
– Баркалла. Хьо-м нехан телхиначаьрга хьаьжча галца яьллера.
– Хьо къинхетаме ву со хьайн хусамнана йоцу дела. Нехан пешо туьйсучу к1уьро б1аьргаш ца 1ийжабо.
– Ас хьалха иштта хьекъал долчу секретараца къамел дина дац, – элира Зубайрас. – Кхечу мехкийн еттанаш хаьа хьуна, адамийн психологи евза, юьхьарлаьцначунна т1ера ерйоцуш ю, дуьхьалонех хаарца йолу, хьо таханлерачу замана тоьлла зуда ю.
– И хууш велара Мовсар Хамидович, дог дог1уш, ца догуш сан коча а ца г1ерташ, – ша деанарг къадийра Заремас.
– И цунна ца хаахь а сонта стаг-м вац хьуна и. Хьан таронаш дика гуш ву. Цундела воьхна хьийца иза хьоьгара шена цхьа зулам даларна кхоьруш. Хьо нус хилча шен карайог1у моьттинера цунна. Шен вашас хьо хецна йитича цецваьлла иза. Иштта хьекъален секретарь хилча ша лелон дезарг ца хаьа цунна. Марет д1айодахь щен бахамах валарна а кхоьру.
– Цундела яьккхина цо со д1а?! – синтем байна элира цо.
– Д1а ца яьккхина хьо. Суна хуушдерг нийса делахь-кхечу отделе яьккхина хьо.
– Х1ета, хьуна дерриге а хууш дац-кх. Цо хьуна дийцина? И х1унда дина цо соьга хаттар, алар доцуш? Эхь ца хетта кхунна?
– Ца хаьа цуьнах дерг. Эхь вайна ма хаъара оьздангаллин коьртачех ду. Оцу бахамца Мовсар Хамидовичан халонаш ю. Оьздангалла бахамца юсталуш ма яц, цхьана валютехь яц и. Дийнна шераш д1адовлу стеган г1иллакх, оьздангалла, ларам, яхь кхиа цалуш. Кхоьру со и тайпа хьоладайша оцу мехаллех цкъа а пайдаоьцуш цахиларна.
– Оцуьнах суна хила цхьана кепара г1олий яц, – элира Заремас.
– Х1инца ас цхьа оьздадоцург алахь ахь вас ма елахь.
– Айхьа и алале хьалххе хаийта ахь т1аккха суна, – елаелира Зарема. – Ала ахь, ца йоха хьожур ю со. Хаац х1ун доьхнарг ала воллу, хьо вевзачо-м эр дац ахь зудчунна халахетар дийр ду.
– Хьо леллий Мовсар Хамидовичца?
– Лелла, – парг1ат элира цо, – цу хьокъехь ас айса ма дийцира хьуна.
– Юха кхин цхьанахилла дац шуьшиъ даций? – хоьттура Зубайрас, цуьнан б1аьргашчу а хьоьжуш. – Суна хетарехь и х1унда хилла суна хаьа.
– Цо хьуна ца дийцина иза? – эхь хетта ц1ийлуш хаьттира цо. – Цунна моьттинера со шех берах хила г1ерташ ю. Со муххале а цунна буьззина там хилийта г1оьртинера.
– И кхин а хаза ду, – бегашийна элира Зубайрас. – Суна баккъал долу бахьана кхечанхьа го. Метта даьлча шуьшиъ кхин ши адам дара, цхьана дог1уш а доцуш. Цунна кхин зуда езара, кхечу кепара. Ахь ша дика меттахвоккхуш хиллехь а хьоьца дукха хила цунна ца лиира. Цкъа делахь, хьо к1ордаяр дара. И санна долу адамаш дукха ца хуьлу цхьана зудчуьнца. Шаьш дехаш хилча, чорхан мехий санна шаьш зударий хийца беза моьтту царна. Шолг1а делахь, шуьшина лехамаш а цхьатера бацара. Со бакъ вуй?
Ша жимма а холча х1оьттича, церга балда лоцура Заремас. Цунна и хааделира шаьшшиъ дуьххьар девзиначу дийнахь. Х1инца а цо та1ош д1айайира сигарета, т1аккха лазош санна церга балда лецира.
– Хьуна хетий и санна сов эвхьаза х1уманаш хеттар жимма дозанал т1ехдолуш санна? – эххар холча а х1оьттина элира цо.
– Ой, дакъаза ма яла хьо, ас вас ма е ма элира. Оцу т1е даллац вайша д1адахана хилча суна бакъдолчуьнан доза х1унда туха ахь? Со бакъву я вац алахьа?
– Бакъ хила а там бу, – элира цо вас йича санна, жимма кхола а кхоьлина. Кхозлаг1а сигарета бага а йиллина, кхин а кофе лой ахь суна? – хаьттира цо.
– Кофе ло, амма сигареташ дукха ийза ца оьшу, доккха зулам ду томка дукха ийзар.
– Соьца кхетош-кхиоран болх бан воллий хьо? – елаелира иза, амма сигарета юханехьа пачкичу йиллира.
– Ца г1ерта. Со т1аьхьа висина. Ахь паровозо санна к1ур туьйсу, ерриг чоь к1урах йоккхуш ю ахь, чохь томкин хьоьжа йоьра ю, суна и ца деза.
Г1айг1ане елаелира иза.
– Хьо башха хьаша лорур йолуш х1усамда вац.
– Т1аккха вай д1адолор духьо кхайкхаза еана хьаша хиларна т1ера, – дуьхьалтуьйхира Зубайрас. – Цундела сан законехь бакъо ю хьан лаамашна т1е ца х1отта, хьуна хаийта х1усамден ламасташ цуьнан чохь коьрта дуй. Шолг1а делахь, хьо соьца хьайн цхьа г1уллакх долуш еана ю. Нийсса ахсахьт даьлла хьо и хьахон ца х1уттуш йоллу. Сан таро яц х1ора хьешана цхьацца сахьт хан яйа.
Цо цунна юха а кофе йоьттира, шена чай.
– Хьо бакъву, – элира цо йоьхно-о. Суна хаьа ахь Мовсар Хамидович шен сацамна т1ера вухавоккхур вуй. Соьца йолу юкъаметтиг хуьйцур ю цо. Суна хетарехь Тамаев велча иза сох шекваьлла.
– Стенна т1ехь цатешаш ву и хьох?
– Вер-ваккхарна т1ехь. Кехаташ а ас лачкъийна моьттуш ву. – Цо юха а мерак1ел яьхьира кхозлаг1а сигарета. Цо х1умма а ца элира цо и латийча а. Ша латон ца х1оьттира хьалха санна, велавелира:
– Цхьаммо хаьттина хиллера молле цигарка йита хала дуй? – аьлла.
– Х1умма а хала дац, ас а йитина иза мосуьйттазза, – жоп дели бохуура.
– Со кхета Мовсар Хамидовичан шеконех, – элира цо боккха к1ур а баьккхина. – Цо ша лойла дац и документаш Гуноевга. Т1аккха ялх стаг вуьсу. Тамаев веллачул т1аьхьа дерриге а хийцаделла. Х1инца цу юкъара цуьнан зуда д1айолу. Маретах а теша мегар ду, иза дог к1адделла йоьжна яра Тамаев веллий хиъча. Кхо стаг вуьсу:Сой, Седий, цуьнан майрий. Шен йиша цунна дика евза. Мел х1уъа дийцича а и цуьнгахьа хирву, шен цуьнгахь безам бацахь а. Дакаев х1умманна а гуьнахь долуш вац. Шен зудчух дага а ца волуш х1умма деш вац. Т1аккха со цхьа миска юьсу оцу харцонан ц1ергахь.
Иза д1а а тийна Зубайрега хьаьжира, цуьнгара г1о оьшуш санна. Зубайра вистхуьлуш вацара.
– Со даиман лоруш-м вара хьуна и, – мукъарло дира Заремас. – Селхана со д1акхетаяйта машен а ца елира. Суна гира и сайга цабезамца хьоьжуш. Цунна моьттина Тамаев ас вийна телевиденехь даьлла сонта г1алат бахьанехь.
– Х1ун г1алат дара и? – хаьттира Зубайрас.
Цунна ца лаьара Селимхановс шега дийцинарш цунна хаа.
– Руслан психологаш лоьхуш вара ток-шоухь дакъалаца, – кхетийра цо. Цига кхайкхина бара ЧГУ-ра тоьлла говзанчаш. Цигахь вара сан профессор Туркаев а. Суна еллачу задачин хьелаш т1ехь г1алат дара. Суна сацам бан нийса йоцу вариант еллера. Со эццахь сихха галйелира. Т1аккха Тамаевс а цуьнан накъосташа а соьга бехк ца биллар дийхира. Шолг1ачу дийнахь суна хиира цара и леррина сох белархьама диний. Ойла ехьа, мел ямартло ю цара йинарг? Тхо «леррина» юкъара дехира, шайна оьшу нах хьалха а бохуш. Эхь дац иза ойла йича!
– Со цецволу хьо ишттачу хьелашкахь психологан болх бан резахиларх. Хьо мухатешна вайнтелевиденех? – жоп делира Зубайрас. Хьуна баккъал моьтту и кхаьжнех ловзарш, кхидолу къийсадаларш цара шайна луъург тола а цавеш деш хиларх? Царна хаьа муьлха хьалхаваккха, мила т1аьхьавита, мила 1ехаван веза. Телевидени адам 1ехош болу г1ирс бу. Х1инца спортехь долу къийсадаларш спектакль санна х1иттош ма ду. Хьо юьйлу оцу балхах цец?
– Ямартло ма ю цара лелош ерг, эхь маду и юкъараллин, пачхьалкхан бараме дуьллуш долу, – холча х1оьттина яра и. – Тамаевс соьга ала ма дезара холча ма х1отталахь, теша а ма тешалахь, х1орш ловзарш ду хьуна, дахарехь нислучунна улло далийна хетарш. Долуш долчу дахаран суртаца цадог1у, хила лууш дерг ду. Ас цуьнга деха ма дийхира:Деладуьхьа, суна цахуучух кхетаелахь, дан дезарг оьшшучу кепара схьаалалахь. Цо суна тешнабехк бира, аьлча а, теша а тешийтина 1ехийра. И бахьанехь со х1инца журалистех атта тешар а яц дуьненчохь сайн йисинчу хенахь.
– Гуноев Хьамид вевзарий хьуна?
Иза Зубайрега а хьаьжна, кхоьлира.
– Хьо а теша и документаш ас лачкъа а дина, доьхкина бохучух? Юха ас Тамаев вийна цо со 1ехийна аьлла?
– Суна иштта ца хета, – элира цо мелла а аз к1аддина. – Цкъачунна со зуламан да лоьхуш ву.
– Ас ца эцна и кехаташ схьа, я Тамаев а ца вийна. Иза стигаларчу къийгашна а хаьа. Суна цавевзара Гуноев Хьаьмид…Бакъду наггахь цуьнан статьяш-м ешера ас. Вон ца яздора цо, амма ша гина вацара суна.
– Цу юккъехула массо журналисташ безаш яц хьо? – дагадаийтира Зубайрас.
– Тележурналисташ гича мегаш яц со, – элира цо тешош.
– Кхин а хаттар дан мегар дуй хьуна томехь ца хетачех?
– Схьадехьа, – реза хилира Зарема. – Суна томана араваьлла вац-кха хьо. Соьгара цхьаъ даккха г1ерташ хир ву хьо? . . . .
– Х1инца волавелла-кх со а хьо 1ехон, – велавелира Зубайра. – Уллора гергарло дарий хьан Тамаевца?
– Со цуьнца 1ийна я ца 1ийна ала г1ертий хьо? Х1ан-х1а, ца 1ийна. И санна йолу ойла а ца хилла сан. Хьуна ас бехкаме меттигца сайна дахарехь некъ боккхуш санна тарделла. И бакъ дац. Суна хьекъал долу къонахий дукха-м беза, делахь хаьнцца а сиха эвхьаза яллал сонта а яц со. Лечкъор дац ас хьохь:хьайна ю, сиха ловха а левха, сатоха хала а ду, дуьнена даьхнино дойтур доцуш х1ума а дац. Делахь а тормоз хецаелла яц сан. – Т1аьххьара аьлла дешнаш кхуьнгара бехк баккха санна дагахкхеташ дийкира.
– Маретан дика юкъаметтигаш ярий веллачуьнца?
– Цу шинна юккъехь эвхьазло яцара, нагахь хьо и ала г1ерташ велахь. Уллора девзаш дацара и шиъ. Маретана ч1ог1а дукхаеза Халида. Ша йиша йоцуш кхиъна дела хир ду иза. Суна хетарехь Тамаевг1еран доьзал цунна ша Селимхановга яле дуьйна бевзаш бара, цундела боккха т1е1аткъам бина цунна шен доттаг1чун майра дагахь а доцуш, шайгахь хьошалг1ахь волуш, валарна.
– Баркалла, соьца эвхьаза хиларна. Кхийти со. Соьгара х1ун г1о оьшу хьуна?
– Тешавар Мовсар Хамидович и кехаташ ас лечкъийна цахиларх, Тамаев цаверах. Суна хетарехь хьоьга и атта далур ду. Хьо цигахь хила ма хилла Руслан лечу сохьтехь. Хаалахь хьайн и дан дукха хан йисина цахилар. Цхьа-ши де. Цул т1аьхьа цо со д1айоккхур ю. Хьо а д1атаса тарло цо ша лур бу баьхна мах а цалуш. Селимхановс сацам бийр бу хьо санна детектив шена ца оьшу аьлла. Т1аккха ахча лур дац. Со балхара эккхор ю. Кхечу отделе яккхар хьалхара т1ег1а ду сох къастарехь.
– Хьо балхара д1аяккхарна кхоьру, я хьайна т1ехь харц ц1е кхолларна, – хаьттира Зубайрас.
– Суна иза а, я важа а ца лаьа, – элира цо даггара ч1аг1деш. Кхозлаг1а сигарета д1аяйийра. – Кхеташ дац ас бохург? Дика болх бу сан тоъал алапа а долуш. Суна цуьнах яла ца лаьа. Ас хьоьга доьхург-Селимханов со бехкен цахиларх тешор ду. Я мелла а сиха бехкениг каравехьа. Ма дарра аьлча, хьуна мах ма ло и болх барна.
– Х1аъ, – собарца элира Зубайрас, – бакъду и, ял лур ю аьлла. Лур яц со ша шекволчеран адвокат хиларх, ас билггал бехкеверг гучуваккхахь алапа хир ду.
– Суна г1о дар т1е ца лоцу ахь?
– Ас сайн декхарх хьо кхетайо. Сан таронаш мел ю хаа ма деза хьуна.
– Сайниш хьуна а, – ц1еххьана элира цо. Доцца аьлча, ас а мах бала ма тарло хьуна.
– Иза вайшиннен юкъаметтигашкахь керланиг ду, – олуш аз лахдира Зубайрас, шена дезачу х1уманна т1ехь ша къера хилча санна.
Иза г1ентара г1аьттира. Заремас цуьнан б1аьргаш чу а хьоьжуш, меллаша шен кофта д1а а яьккхина г1аьнтан г1овлит1е д1аоьллира. Зубайра шен дагахь велавелира. Цо ша хьайна кеп лелайо, амма шен кастом д1аолла-м ца йицло. Ца хьерчо йоллу-кха. Т1аккха цо меллаша юбка д1аяьккхира. Гуш дара ишттачу стриптизана и кийча хилар. Цунна т1ехь механа еза чухула юхурш яра, чиллана еха пазаташ а. Чкъунаш санна нийса, шен хаза настарш ерзина а яьхна, ши буьрка санна горга болу ши накха къовлорех парг1атбаьккхира. Цуьнан дагна томехь дара Заремин хазачу дег1е хьежар. Ша цкъа а гина доцу малик санна хаза яра и. Ша нанас дена ма ярра и ерзина яла х1оьттича, цо дагахь доцуш сацийра иза:
– Собардехьа цкъа, айхьа со цалоруш санна хетий хьуна? Кху мехах со эца г1ерта хьо? Со цхьа мунда хета хьуна? Иштта хаза а ма дац ахь лелориг. Нагахь суна хаахь хьо бехкен йоций со уггар хьалха хьо бохамах ларъян х1уттур ма ву, амма бехкен хьо караяхь:кехаташ лачкъорна, Халидан кеда д1овш тасарна соьга г1о даккхалур дац хьоьгахьа, ахь х1инца хьайна т1ехь йисина цхьаъ бен йоцу дуьхьало д1аяьккхича а.
Цо накхош куьйгашца д1ахьулдира.
– – -Хьо…. хьо…-дукхаоьг1азйахана ала дош а ца карадора цунна.
– Ца оьшу, цхьа а х1ума ма алахьа. Ас т1аккха а лохурву зуламхо. Г1уллакх хьох дозуш дац. Талорхочо и тохар со уллохь волуш ма дина. Цо сан профессин дозалла ца лерина, со дош ца хетта цунна. И зулам динарг ч1ог1а шех б1обулуш, шега стенггахь, х1уъа далур ду аьлла хеташ, эхь доцуш ву. Хьо цхьаъ ю йисанарг чохь хиллачех муьлха мила ву хууш ерг?!
– Со цхьаъ, – мохь элира Заремас, сихха шен х1уманаш т1еюха а х1уттуш.
Хала садоь1уш ехьа а еш, шен т1оьрмигах ка а тоьхна, мачаш кога а юьйхина, не1арехьа тасаелира иза.
– Сигареташ, – дагаяхкийтира Зубайрас, – ахь сигареташ, ц1етухий йицйина хьуна стоьла т1ехь.
– Д1авалахь хьо…- т1ечевхира иза, са а ца тохаделла, не1 т1е а тухуш, араиккхира.
Иза цунна т1аьхьа а хьажна, велакъежира. Т1аккха доккха са даьккхира. Жима зуда цунна ч1ог1а хазъеллера. Иза цхьа а сакхт доцуш къонаха вара. Цунна а гергара дара нахана луъург, стриптиз дагна тайнера. Эвхьазлона доза мичахь соцу цхьанне а ца хаьа. Чорина а дайна, амал сиха йолуш къонаха оьшуш меттиг хилла хила а тарло. Дерригенна а ма ду и Делан йоза. Далла ца лиъча- лаьттахь чемхалг а меттах ца долу.
Зубайрас Мусага телефон туьйхира.
– Муса, – элира Зубайрас сингаттаме, шега иккхина велар а сецош, – хьуна хаьий со стенан ойла еш ву кху т1аьхьарчу масех минотехь? Хьо валарх дагадог1ур дац хьуна.
– Со цхьана х1уманах цецвалаза дукха хан ю кху заманахь, – жоп делира Хутаевс. – Хьуна хала хир ду соьга тамаша байта. Стенан ойлаешву хьо, сел оччаваьлла? Тамаев хьан вийна те бохуш ойла охкуш-м вац хьо?
– Со цхьана хазачу зудчун ойлаеш ву-кх, х1инц-х1инцца со волчохь хьошалг1ахь хилла йолчу. Иза ерзина яьллера, ас цунна бедарш т1еюха аьлла хьехар дира. Муха хета хьуна:башха боьрша доцу х1ума-м дац иза?
– Ахь х1ун дуьйцу? – цецвелира телефонна дехьа юьххьехь волу Муса. – Хьуна х1ун хилла? Тиларчу-м ца вахана хьо? Иза д1аяхале хатта ца магара ахь, х1ицна вайшиэ стаг вац моьттар маду цунна! Э-э, велла вала китаец дела1.
– Гой хьуна, – велавелира Зубайра, – ахь бохура тамаша бийр бац. Бехк ма билла, Муса. Зарема еанера со волчу. Хьан ваша галваккха г1оьртинера Юсуп-пайхамаран(Делан салам хуьлда цунна) майка эт1ийна йолу Зулай санна. Х1инца и гена яьлча дохковала волавелла-кх айса ялийтиначу ледарлонна. Ярабби, ма малик ду иза!
– Дохко ма вала. – Дог ийцира Мусас. – Ахь дерриг нийса дина. Иблисан дог дат1ийна ахь. Хьанна хаьа кехаташ цо лечкъийна хуьлий а, кхин а доьхнарг-Тамаев вийнехь. Собаре хила веза иштта меттиг т1ех1оьттича. Далла лиънарг бен хила йиш йолуш дац ма аьлла вайн дайша. Иза расчет ч1ог1а йолуш психолог ма ю, хьох пайдаэца г1ерташ хилла хир ю. Дала ларвахьара, цхьаболу зударий даккхийн иблисаш ма ду.
– Ша хьонка н1аьна хилахьара цуьнах, дагахьбаллам боккха биси-кх.
– Дан мегар доцуш х1ума дара и. Кино яккха эхь дацара цунна. И санна долу сонта х1уманаш соьга кхин ма дийца, дага х1уманаш дохкуьйту ахь…-велавелира Муса.
Телефон д1а яйина, ч1огг1а велавелира Зубайра. Т1аккха б1аьргаш д1ахьаббира цо. Дуьхьалх1оьттира Заремин сурт санна хаза дег1. Дог кийрара схьадала санна тохаделира, хаалора пхенаш чохь х1инца дика къандалаза долу ц1ий къежтуьйсуш…
«Ма сонта нисдели-кх и г1уллакх, – ц1еххьана ойла йира цо. – Ас цуьнга ца эли-кх цо сайна биначу томах. Аьлча а, боьалг1ачу томах сайна хуьлуш болчу…Киншкаш, ваьлла лелар, адамаш довзар, хазачу зудчуьнца юкъаметтиг хилар…И х1унда ца элира ас? Т1аккха и йодур ма яцара. Мел ледара стаг хила веза шех ерзина яьлла зуда йодуш верг? Хьо ма да къонахашка! . . . Бакъду, деган хьуламехь халахийтира иза цу кепара со эца х1оьттича…Ша ахча а лур ду аьллехь…Схьа цаделча а х1умма а дац эр ма дара ас, там хиларе хьаьжжина…Х1ан-х1а, и мегар дац. Ша шен лоруш хила веза къонах. Шен дег1ан мах а хаа беза. Шега болу ларам коьрта бу».
13
1уьйранна вуно т1аьхьа г1аьттира иза. Заремица цхьанакхетар хилла, х1инца тахана и йолчу вахар д1адели. Селханлера цхьанакхетар дагалоцуш цунна шегахь оцу зудчуьнга болу лаам хаабелира. Шен хьаькам берта валориг ша хьешийта а реза яра иза. Х1инца кхийтира иза Селимханов х1унда ца х1оьттина Зареме ша и кхечу отделе йоккхуш хилар ццуььнга д1аала. Университетера а, телефонни станцера а йолу цуьнан характеристикаш цхьатера яцара. Цундела Зарема хьалхарниг ю уьш тешаш боцчарна юкъахь.
Х1инца Дакаев 1аламах. Дукха хан йоццуш цуьнан компанино доккха кредит эцнера. Цуьнах тешнарг мила ву, ахча муьлхачу банко делла? И г1уллакх Сабаевга таллийта деза. Х1инца бухкуш болчу стоьмех аьлча, Селима дийцарехь, и контракт Азербайджанан цхьана районерачу бахамашца цуьнан йолуш ю. Цунна дуьхьал делла ду ахча. Нагахь Дакаевн х1инца а г1уллакхаш тоделла ца хилахь, цуьнан фирма банкрот а хилла д1акъовлур ю. Тамаевс элира цо лелочу бозбуанчаллех шена хаьа. Хьалха дара иза план ян совхозаший, колхозаший ахча охьадиллар. Шурин барам совбоккхура ахча делча, даьтта д1аделла олий кехаташ а лора мехах.
Дакаевна хетаделла хила тарло ша лелочух режиссерана дукха х1ума хаьа аьлла. И маларан кад охьакхоссар а ша тайпа бозбуанчалла хила тарло, цхьанне а ца моттийта цу валарна т1ехьа лаьтташ ша ву аьлла. Д1овш кхечу кеда доьттина. Ойла йича ц1ийнада мала х1ума йоцуш 1ашшехь зудчо шен кад хьалаберзабойла а дац. Цундела цо и д1овш вукху кеда тесна. И тайпакомбинаци дагайог1у йолчех вац шайт1аналла шегахь доцуш волу Дакаев, х1илла-м хьехадойла а яцара.
Кхозлаг1а чохьболчийн шех шеко кхоллалуш ерг Седа ю. Шен вешин санна амал йолуш ю. Иза нуьцкъала, шечунна т1ера ца йолуш, хьекъалдолуш зуда ю. Мовсар Хамидовича цкъа элира иза шен х1уманаш долуш ю. Иштта хала стаг елахь а и Дакаевга маре яхара. Ондда къонахалла йолу стаг цуьнца тарлур вацара. Мел х1уъа дийцича, зуда к1еда амал йолуш хила еза. Хааделла ду амал ч1ог1а йолчу зударша г1ийла, шаьш аьлларг ден долу стаг лоху. Т1аккха кхоллам бехкен беш 1а уьш. И хила там бу, ч1ог1а амалаш йолчу божарша кхечу тайпана амалш йолу зударий харжарна. Онда амал йолчу зударшна шайн кара эца дезаш хуьлу шайн ирс, х1усамех йолу токхо. Т1аккха уьш доьзалехь коьрте х1уьтту, шаьш дуьйцург бен дош а цахеташ…
Седас эца таро ярий схьа и документаш? Царех масех эзар доллар даккхархьама? Оццул къен а яц Седа. Вашас даиман а г1о до цунна, луъучул ца дахь а, халонаш ца лойту, даа бепиг доьзалехь даиман а хуьлу. Масех эзар доллар Селимхановна йоккха х1ума яц. Х1ан-х1а, цо шен вешина тешнабехк бийр бацара. И верси вай ечу ойланца цхьаьна цайог1у…Ма дарра аьлча, цунна х1ун оьшу режиссер вер? Делахь а там бу цуьнан шен цабезамаш хила. Цунна а хезнера Тамаевс шен майрачун фирмех лаьцна дуьйцуш. Шен майрачун сий лардеш вер-ваккхар дан тарлора цо…И галйаьллехь, д1овш чохь долу кад кхечунна кхаьчна. Т1аккха цуьнах лаьцна хетаделларг нийса хир дара. Дакаевс шен кад ларамаза харцийна, ткъа Тамаевс шен зудчун кад мелла…Х1етте цуьнан х1ун г1уллакх ду оццул кхераме х1ума лелон? И гал а стенна йолура? Доцца аьлча, иза а шеконаш йолчеран терахь юкъа йоьду.
Воьалг1а вайн шеко ерг-ша Селимханов. Хуьлуьйтур вай документаш Тамаевс схьаэцна. Цу хьокъехь Селимхановна хиъна. И шен дерриг г1уллакхаш а дитина даче веана, шен зудчунна Гуноевца йолу з1е забаренна а ца хазийта. Х1усамненан б1аьргаш чохь вожа ца лаьа цунна, я кхин ду бахьана? Цо элира оьшуш ма дацара эксперташ кхайкха, уьш ца хилча а хууш хилча кехаташ схьаэцнарг мила ву. Мила вара те цо вуьйцург?
Хуьлуьйтур вай д1овш теснарг ша х1усамда хилар. Документаш лачкъийнарг Тамаев. Маретана хааделла-кх д1овш теснарг мила ву. Хетарехь и яра Тамаев валале масех минот хьалха майра сеничу кхайкхинарг. Билггал цо кхайкхира Мовсар Хамидович, дагадеара Зубайрина. Цхьаъа-м и шиъ цигахь дуьйцуш дара. Мовсар Хамидович ч1ог1а воьхна вара чувеача. Ч1ог1а. Т1аккха пхьег1а йохош тата делира. Эццахь валар нисделира. Селимханов лурвоьлларг велахь кхеташ ду цо х1унда ца аьлла ша морге воьду. Олуш ду стаг верна бехкен верг даиман и вийначе вухавог1у…. Цуьнан ша Халидана хьалха бехкен хиларна эхь-бехк самадаьлла хилла те? Цунна ша йисинчунна хьалха декхарийлахь хета и динарг ша хиларна? Стенна? Х1унда дина цо иза? Нагахь Тамаевс эцна хиллехь и документаш Гуноевга дала, т1аккха цу хьокъехь муха хиъна Селимхановна? Цхьа де хьалха и тешна ма вара шайн доьзалан доттаг1а х1уммана а бехкен ца хиларх. .
Бисина бехкен хеташ берш:Марет, Халидай. Хьалхарчунна эшшане а оьшуш дац шен доттаг1а йолчун майра вен. Цуьнан веллачуьнца къайллаха йолу юкъаметтигаш хилла олийла дац. Селимхановс ма аллара цуьнан зуда шен ч1аг1онан цхьа х1уманаш долуш стаг ю. Цунна оьшуш дацара Тамаев вен. Нагахь шен майра верна бехкен ша Халида елахь? Шен бохаман сцена хаза х1оттийна спектакль елахь? Т1аккха стенна лиъна цунна шен майра д1аваккха? Документаш цо лечкъийний хиъна те цунна, т1аккха лиъна цуьнан ч1ир эца? Вайн Делора ду и сонта! Х1ун ду те хилларг? Зударийн коьртехь эзар ойла ма хуьлийца, боьршачу стагаца гамо лелон, шеца вехаш и велахь а. Цкъацкъа зудчунна шена бен хууш доцу бахьанаш хуьлу гамонна, кхиберш т1аьхьа а кхуьур боцуш. Тамаевс ток-шоу кхайкхина йолу Зарема цхьана х1умана дуьхьа хиллехь? Цо ша аьлла хила тарло кхайкхахьара аьлла. Шена лаа а лиъна цу передачехь дакъалаца. Цуьнан «хазаллаш» ма ю муьлхха а передача хазъян. Божарий цуьнга хьажархьама 1ийр бу экрана хьалха. Хьанна хаьа Тамаев шен дагахь…. «Со-м ца ваьхьна хьоьга еза ала…». Кхоллараллин профессеш йолу нах шаьш шайна дуьне а кхоьллина бехаш ма бу. Т1аккха цо д1овш Заремина х1унда ца малийна? Хетарехь, Халидана доьттина-м хилла хьуна и. Ша-шен д1акъовкъо г1ерташ х1ара ша-м ца хилла те? Х1ан-х1а, галморзахаллаш яккхийн ю. Т1аккха цо и майрачуьнга д1а стенна кховдийна? Цунна д1овш дуй хууш хиллехь, цо бен и воьйла дац. Ца хиънехь-иза кхечо вийна.
Хетарехь ялххе а ву-кха и вен шен-шен бахьанаш долуш. И вийнарг цхьаъ бен вац. Я цхьаъ хилла ца 1а? Агата Кристин дийцар т1ехь-м чохь мел волу шийтте а стаг бехкен вара цхьаъ верна. Массеран цабезам болуш стаг хиллера иза. Кхузахь а иштта сюжет ю те?
Х1ан-х1а. Зулам динарг цигахь санна сонта вац. Х1окхо кухни чохь йолчуьнах ца тешийна шен къайле. Т1аккха мила ву Тамаев вен сацийнарг? Х1ун даьлла хилла цуьнгара цу беса? Г1уллакх хир дац цкъа Халидах а кхетта цуьнга шена хетарг дерриге а схьацадийцийтахь. Иза сахьт т1е хьаьжира. Дачехь вовшахкхетале дуьсуш ши сахьт ду. Х1ун хуьлу хьажа веза.
Зубайрас сихха т1е х1ума а юьйхина, мажд1а а яьшна, схьакхайкхира Хасмохьмаде. Цунна хууш дара тахана а шаьшшиъ Гуьмсехь хила везий. И шиъ Тамаев ваьхначу ц1ийне вахара. Уьйт1ахь тезет х1оттийна 1ачу шина-кхаа стаге кадам а бина, квартира йолчу хьалавелира иза.
Халида гонах зударий а ховшийна, т1ехь 1аьржа духар а долуш 1аш яра белхар а х1оттийна. Сехьа чу а кхайкхина, до1а а дина, кадам бира Зубайрас.
Шен б1аьргаш халла хьала а айбина, леррина хьаьжира Халида. Х1ан-х1а, х1ара жимма а адамаш девзаш волчо эр дац бехкен ю. Цо вийна и хуьлийла а дац. Амма цуьнца къамел дан деза, тахана и дан мел бакъахьа дацахь а.
– Бехк ма биллалахь, со дагавог1ий хьуна со? – хаьттира Зубайрас. Вай Селимхановг1аьргахь гина ду.
– Дагавог1у, – элира цо, шен дукха т1екъамаш беш йилхина йиш хаьллачу озаца. – Суна хетарехь хьо цига кхайкхина хилла волу эксперт ву. Ц1е-м йицйелла суна хьан.
– Зубайра ву со, – элира цо. – Ц1ера Сиржа-эвлара ву.
– Хьуна а дакъа кхечи-кх кху бохаман. Дала шен дуьхьа дойла. Къахьегна-кх ахь, – баркаллица элира цо. Шега леррина кадам бан х1ара веана аьлла хетаделлера цунна.
– Ахь бехк ца биллича, хьоьга масех хаттар дийр дара ас, тамехь дацахь а. Сихха оьшуш г1уллакх ду иза, – т1едожийра цо.
– Хьаволо, дехьачу долу вайша, – элира цо. Шеца болчу зударшна т1едиллира цхьа хийраниг ваг1ахь сехьа кхойкхур аш.
Шаьшшиъ дехьа даьлча, Зубайрина г1ант делира цо. Ша не1арехьа болчу маьнги йистте лахъелира. Не1 д1акъевлира шайна новкъарло ца яйта. Делахь а сих-сиха сехьа дог1ура зударийн тийжар. Цо тидам бира ша тезетахь яра аьлла ца 1аш, цо месаш лерина д1ахьарчийнера, б1аьрг-ц1оцкъам а тодинера. Муьлххачу хьолехь а шен дег1-куьцан доладечу зударех хиллера Халида.
Чоь дукха готта йолуш, цу шиннен голаш вовшех хьакхалуш яра, дуьхь-дуьхьал а нисделла.
– Марет бохура хьо хьекъал долуш, бакълуьйр волуш эксперт ву. Цуьнах йоккхаеш яра со-м, – аьлла, хьалха къамел д1адолийра цо.
– Хаац, – белшаш саттийра цо, – масех хаттар дан лаьара суна. Х1инца и хан йоций-м хаьара, амма ахь г1о дийр дара-кх кху г1уллакхан йист йоккхуш аьлла хеттера суна, – геннара долийра цо.
– Хьуна зуламхо вайна юккъехь хилла аьлла хета? – долийра Халидас.
– Цкъачунна и ала ца х1утту со.
– Суна-м хаьа, – ц1еххьана элира цо. – Иза со бахьанехь вийна. Со ма яра и яла езаш ерг. Цо сан кад схьа а эцна д1амелира.
– Хьо х1унда яра? – Мила вара хьо ен лууш?
– Суна стенгара хаьа, цхьаъ хилла хирву-кх…
– Хьуна журналист Гуноев вевзарий?
– Вовзара дера, – бен доцуш элира цо. – Иза а велла. Журналистан професси дуьненахь а уггар кхераме лерина ма ю.
– Иза шун ц1ахь хилла вуй?
– Вац. Суна гуш-м ца хилла. Суна кхузза-доьазза телевидене веана гина и. Иза х1унда хоьтту ахь? Селимхановн кехаташ бахьанеххьий? – дага а деана Зубайрех ларлуш санна хьаьжира и цуьнга. – Руслана эцна моьттуш ву хьо и кехаташ?
– Вац. Мовсар Хамидовична хаьарий шу Гуноевца девзаш дуй?
– Хаьара дера. Оха и цкъа а, цхьаннех лечкъош ма дацара. Амма документаш оха лачкъийна дац, – элира Халидас б1аьрга т1е б1аьрг х1оттийна Зубайрега а хьаьжна.
– Хьан майрачо репортаж кечйинерий Дакаевн фирмо Азербайджанера стоьмаш эцаран хьокъехь?
– Х1ун стоьмаш? И кхечу г1уллакхашца болх беш ма вара цигахь. Ток-шоу х1оттийнера-кх цо, – ца кхийтира Халида. Цо олура вайн заманахь публицистика оьшуш яц, вайна х1уманан сурташ деза.
– Цунна хаьарий Дакаевс цигара стоьмаш оьцу бохуш цхьа товараш дохьий? – шениг хоьттура Зубайрас.
– Хетарехь хууш хилла хир ду цунна, – бен доцуш элира Халидас. – Гуноев вара моьтту суна и хаттарш уьйбуш. – Хьалхара т1ом болуш Баку вахана 1ийна ма вара иза. Цигахь гергарлонаш а дара.
– Цо цу хьокъехь шуьга дийцинера?
– Х1ах1ак. Цу хьокъехь тхойшиннен цкъа а къамел хилла дац. Руслан вара цхьаъ дуьйцуш, суна и ма дарра аьлча х1инца дага-м ца дог1у.
– Дукхахан юй Марет хьан доттаг1а йолу?
– Иза а хьан талламана мехала ду тахана? – доккха са даьккхира цо. – Дукхахан ю. Масех шо ду. Цхьаьна Болгарехь а хилла тхо….
– Акха пляже шу доцуш баханерий уьш?
– Мовсар Хамидовича тхох лачкъийра шаьш цигахь хилла хилар. Пицца юуш х1орда йисттерачу кафехь дара шаьш аьлла.
– Майрачо кечйина массо передаче хьожий хьо?
– Суна хетарехь-м хьожу. Х1унда хоьтту ахь?
– Т1аьххьара ток-шоу йолуш дакъалоцуш Мовсар Хамидовичан секретарь яра. Хьуна хаьарий и психологехула диссертаци язъеш юй?
– Ма хьекъал долуш йо1 ю иза, – цецйелира Халида. – Суна ца хаьара и.
– Цо дакъалаьцна хьан майрачо кечъечу передачехь. Цигахь и юьхь1аьржа х1уттуш цхьа истори хилла. Кхечу 1илманчашна юккъехь х1умма а цахуург йина х1ара. Цуьнан диссертацин куьйгалхой а болуш чохь.
– Х1ан-х1а, – холча х1оьттира Халида, – суна ца хиъна хьуна иза. Майрачо х1умма ца дийцира цу хьокъехь. Со и санна йолчу историш юкъа а ца г1ерта. Церан сих-сиха хуьлу и тайпа кхачамбацарш. И кега-мерса х1уманаш оха цкъа а ц1ахь дийца а ца дуьйцу. Со дуьхе кхиа а ца г1ерта сайн г1уллакх доцчу х1уманийн.
Цо кхеташ болчу лазамца дуьйцура, собаре а, оьг1азе а яцара и. Зубайра кхин цкъа цецвелира цуьнан доьналлех.
– Седа сих-сиха горий хьуна?
– Сан ирсана наггахь бен ца гора, – жимма айбаелира Халида. – Иза к1оршаме стаг ю, цуьнан лазархойн къа ду. Тхойша наггахь бен гуш яц. Юкъа-кара Мовсар Хамидович волча хьошалг1а йог1ура иза. Суна хетарехь, башха йиша езаш иза а вац. Цуьнан майра-м муххале а.
– Хьан майрачуьнца 1оттабеллам бацара уьш?
– Суна хууш-м бацара я цуьнца а, я соьца а. Сан майрачунна уьш х1инцца баха хевшина къен элий хетара. Иштта олура цо. Цаьргахьбезам бацара цуьнан. Ас иштта аларна бехк а ма билла.
– Мовсар Хамидовичца муха вара иза?
Иза ойлане елира. Т1аккха ц1еххьана д1аса а хьажна:
– Цигаьрка яц хьоьгахь? – хаьттира.
– Бехк ма билла, узуш вац со, – жоп делира Зубайрас. – Хьуна лаахь ас еха-м йоьхур ю цхьангара, – хьалаг1атта г1оьртира иза. Когаш тхьузбоьлла хиллера тоъал.
– Ца оьшу. Дукха адам ду кхузахь. Чохь болчарна хьожа кхетахь а бакъахьа дац, – элира цо.
– Мацас Боле хаьттина боху: «Къилахь дуй-те цигаьрка озар? Къилахь ду-дац-м хаац, амма и узуш верг йоцуш ма висийла-кх», – элира боху б1арзвеллачух кхеттачу моллас.
– Сан хаттарна жоп ца дели ахь? – дагадаийтира Зубайрас.
– И муьлха дара? Дагадаийтал. Башха корта болх беш ма бац сан, – элира Халидас.
– Мовсар Хамидович лорурий цо?
– Руслана лорура иза, – ойла а йина элира цо. – Иза нуьцкъала стаг хетара цунна. Кхин а боккха ларам цуьнан Марете а бара.
– Мовсар Хамидовича иза?
– Со ца кхета хьан хаттарх…
– Хьан майрачуьнца юкъаметтигаш муха яра цуьнан?
– Соьга хаьттича и шега Селимхановга хатта мегар ду. Цо нийса эр ду. – Жимма аз айбира цо, т1ечевхаш санна. – Бехк ма билла, вайша дукха дахделла. Соьга хьоьжуш 1аш хир бу. Веанарг следователь ву моьтту царна.
Халида д1аяха хьалаг1аьттира. Цунна т1аьххье х1ара а.
– Алахьа баккъалла хьо экспертву, я милицера ву? – хаьттира цо.
– Со баккъалла а эксперт ву.
– Дала аьтту бойла. Хьуна дерриг хуург хиларх теша со. Баркалла.
Зубайра хала а, атта а охьавоьссира. Араваьлча сахьт т1е хьаьжира. Х1инца цуьнан дачанаш йолчу вахавезара Селимханов волча. Цунна дагахь а дацара кхин а ши сахьт даьлча, х1окху чолхечу истори юкъа кхин цхьа дакъа а дог1ур дуй.
14
Цуьнан машенна постехь йитина пропуск яра. Шоферо машен некъа т1ера д1ахьовзийча, цунна гира шашах ков деллалуш. Зубайрас схьа а яьккхина, телефон туьйхира Мусага.
– Х1умма карин хьуна?
– Стенах лаьцна язйина хаьий хьуна Гуноевс? – Хаттарна дуьхьал хаттар дира Хутаевс.
– Хаьа. Стоьмаш ду бохуш кхин товар дахьаш хилла.
– Хьуна муха хиъна?
– Халидас дийци-кха. Цунний, майрачунний Гуноев дика вевзаш хилла.
– Селимхановс х1унда ца аьлла цу хьокъехь? – тамаша бира Хутаевс. – Цунна ца хууш дара и?
– Хаьара, – ойлане а ваьлла элира Зубайрас, – амма вайна и санна бакъдерг ца дийцина. Иза массарах а дегабаам болушву Тамаевг1ар боцчух. Х1ундда делахь а цуьнан ц1ахь велларг Тамаев воллушехь, Гуноев уллора вевзаш волу.
– Оьшуш дацара хьуна цига ваха, – ойлаярца элира Мусас. – Уьш ч1ог1а кхерамен нах бу. Муьлхха а тешнабехк бийр бу цара. Селимхановс хьуна мосуьттазза аьшпаш боьттина. Дика хир ду ахь кхид1а болх бан реза вац аьлча.
– И далур дац соьга, – элира Зубайрас. – «Лацахь лаца ден маж-лаьцначулт1аьхьа д1а ма хеца», – аьлла-кх цо.
– Берийн ловзар ду. Таллам юкъара мичча хенахь вала мегар ду бакъдерг хаа лууш стаг а ца хилча, – вуха ца волура Муса.
– Т1аьхьа ду х1инца. Со кхузе схьакхаьчна. Муха ю Гуноевн статья?
– Ч1ог1а ю. 1оттабаккхам луьра ма борийца цо. Мовсар Хамидович б1аьрга ван цавезаш хилла цунна, – элира Мусас. – Ас кхечу статьяшца юьстира иза. Цо ч1ог1а 1отталуш язйо шен материалаш. Селимхановх шех лаьцна а къинхетам ца беш аьлла цо. Суна хетарехь керла бевлла хьоладай цабезаш хилла Гуноевна. Цуьнан йозанехь къеггина го иза.
– Вайн пачхьалкхехь цхьанне а ца беза хьал долу нах, – шен к1адвалар гойтуш элира Зубайрас. – Вехаш ву бохург къола дешву бохург ду тахана. Баркалла, Муса.
Иза шен аппарат кисана а йиллинана охьавоьссира машенара. Селимхановн кет1ахь вара. Х1инца ши хехо вара кхузахь. Ц1енона гуо боккхуш бара уьш. Зубайра кех чуваллац а 1ийна, шаьшшинен некъ д1абаьхьира.
Хьешан чохь кхуьнга хьоьжуш томехь совг1ат дара. Х1усамдеца цхьаьна кхузахь Дакаев, цуьнан зудий дара. Селимхановн зуда цомгаш мел ю вешин доладан дагахь хиллачух тера дара Седа.
– Де дика хуьлда хьан! – Зубайрин куьг лецира Мовсар Хамидовича.
– Салам 1алайкум! – реза воцуш маршалла хаьттира Дакаевс. И газет доьшуш вара, жимма аг1ор а даьккхина.
Реза йоцуш Зубайрега а хьажна, корта та1ийра, хьо веана аьлла, Седас а.
– Муха 1аш ю хьан х1усамнана? – хаьттира Зубайрас.
– Х1инца цкъа-м ледара хьал ду цуьнгахь, – г1айг1ане жоп делира Селимхановс. – Х1инца дика кхетамехь яц. Ша меттаеача а цхьа а ца вевза. Буьйсанна шозза лор кхайкхинера оха цунна. Тхо ч1ог1а сагатдеш ду цунна.
– Къамел дечу хьолехь юй иза?
– Ю моьттуш вац со, – элира Мовсар Хамидовича. – Деллахьа ду цуьнгахь ледара хьал.
– Тхуна х1инца хаьа хьенан бехк бу, – элира Селимхановс. – Хьайн гонорар схьаэца, г1уллакх д1акъовлу вай. Цатемаш хилар бен суна пайден х1ума дац цигахь.
– Суна карор ву зуламхо, – тешош элира Зубайрас.
Дакаевс шен карара газет охьадиллира.
– Карор ву хьуна? – цавашарца элира цо. – Хьо х1умнаш хууш стаг ваций. Я бозбуанча ву хьо? Цуьнца цхьаьна Тамаев вуха денвийр вуй ахь? Маретан могашалла а меттах1оттор ю ахь?
– 1алам! – цуьнан зудчунна а ца дезаделира цо 1иттарш яр, цуьнан цавашаран аз.
– Суо вичахьана 1алам ю-кх сан ц1е, – кхоссавелира Дакаев. – Суна к1ордийна массара а Мовсар Хамидович левеш, х1уъа дина а кхуьнгара ахча даккхархьама. Къеггина гуш ма ду вайн хьешана я стаг вийнарг, я документаш лечкъийнарг карориг ца хилар. Цо кеп лелайо шена дерриг хуур ду моттуьйтуш. Ца оьшу ша-шен 1ехо. Дерриге а вуьшта а гуш ду. Хьо х1ун эксперт ву? Хьуна ган а гуш стаг вийна, хьо къамелаш деш волавелла лелаш ву.
– Суна хьоьга хатта лаьара, накъост Дакаев, – юкъахваьккхира иза Зубайрас. – Хьо цхьанакхеттий Гуноевца?!
– Юха а хьайниг дуьйцу ахь? – ч1ичч1ашка вахара Дакаев. – Суна цкъа а гина стаг вац иза.
– Хьан зудчунна гиний? – хаьттира Зубайрас.
– Суна а ца гина и, – элира Седас.
– Юха а хьайчунна т1ера ца волу хьо, – элира Дакаевс. – Тоьар ду тхо кегор.
– И хьан г1уллакх дац, 1алам, – та11ош элира Селимхановс. Ас айса кхайкхина ву сайн хьаша. Ас айса къастор ду цо дан дезарг, ца дезарг. Хьайн батт сацаел ахь!
– Хьуна ца го цо хьо 1ехош? – оьг1азе элира Дакаевс. – Мел ду ахь цунна луш дерг? Дуккха а ахча долчух тера ду и.
Дакаев оьг1азвахана вара. «Мелла хила там бу х1ара, – аьлла хийтира Зубайрина-Беррише а такана бухахь жоп лоьхурш кхаа декъе бекъало. Вас хилларш-стоьла т1ехь наб кхеташ болу, сонтанаш-бахьана а доцуш боьлуш болу, шайн г1алаташ нахана т1етоьттурш, дуьне а бехкен а деш. Ч1ог1а кхераме бу т1аьххьарнаш. Мелча экханаш хуьлу царах, дерриге дуьненна а оьг1аз боьлхий. Шайн оьг1азлой, цабезамой маьршачу хенахь оьздангаллин пардо к1ел хьулбо цара. Иштта ву Дакаев а. Цу т1е кхоьруш а ву и».
– Суна хетарехь, ас оьцу йолу гонорар вуно к1езиг ю ахь банкера эцначу кредитал, стоьмаш оьцу аьлла наркотикаш чукхехьа, – элира Зубайрас.
– Хьуна стенгара хаьа тхан контрактах? – кхеравелира Дакаев. – Дагахь доцург хезна хинкъаш кхийтира цунна. – Хьуна стенгара хаьа тхан кредитах?
– Ахь духа а кредит эцна? – буьрса аз дина шен невцана т1ечевхира Селимханов. – Ас юха а хьайн декхар д1алур ду моьттуш ву хьо?
– Хьуо стенна вуьйцу? – дегочу озаца элира Дакаевс. – Оха кредит банкехула законехь эцна.
– Мича банкехь! – гуттар а чуьравелирв Мовсар Хамидович.
Дакаев шен зудчуьнгахьа хьаьжира шена г1о лоьхуш. Иза ваставала волавелира. Цунна хаьара шен стунваша оьг1азвахар мел кхерамен ду. Седа сиха кхиира хуьлучух. Юкъаиккхира иза.
– Вай и хийра нах боцчехь къастор ду, – элира цо. Зубайрега хьаьжира боккхачу цабезамца.
Б1аьрса т1едусийча адамах ц1е леташ хилча, Зубайрех сийна алу хир яра. Амма цо парг1ат лайра зудчуьнан хьажар.
– Х1ун банк?! – Мохь хьокхуш стоьлат1ебуй туьйхира Селимхановс.
Дакаев кхеравелла кресло чохь ирх иккхира.
– «Юьртбахамбанк» яра иза-м, – халла хазийра цо. – Кредит законехь эцна сан фирмано. Контракт тидаме а эцна…. Цара яккхийн проценташ йоьху, амма оха дерриг декхар д1алур ду. Ас дошло хьуна…
Селимхановс кхоссавелла сехьа а иккхина, логашад схьалецира шен невцан:х1ун дош? Х1ун проценташ? Мосазза баха деза хьоьга кредиташ ма эца? «Юьртбахамбанк» стенна юьйцу ахь? Цигахь маду Маретан, цуьнан веллачу майрачун ахча. Уьш тхуна декхарийлахь ма бу. Х1инца цара хьан кредитана дуьхьал тхан ахча сацор маду муфтият хьалха а яьккхина. Цара Къор1анан мужалт яор ю хьуна, гавур! Мел эцна ахь ахча, ас и са схьаоьккхуьйтур ду хьан, моша?!
– Мовсар Хамидович, эхь ца хета хьуна? – ша йолчуьра г1аьттира Седа. – Со хьан йиша ма ю.
– Хьо д1асацалахь! Ахь ваьккхина х1ара соьца эвхьаза. Хьо ю кхеран доьзалехь и к1ур лелош ерг. Х1ара туьллигаш суна бале яьхна ахь. Цо куьг айбира Дакаевна тоха. Оццу хенахь лакхара охьаюссуш яра Маретана ялийна йолу лор:
– Бехк ма биллалаш, – элира цо, Селимхановна т1е а йирзина, – Марета чувола боху хьоьга. Иза меттаеана х1инца, хьо ган лууш ю.
– Х1инцца д1авог1у со, – элира Мовсар Хамидовича, Дакаевн кач д1а а хоьцуш.
Дакаев кресло чувуьжира цуьнан карара а ваьлла. Узам бира цо. Седа оьг1азлонца хьаьжира Зубайре. Т1аккха изза оьг1азе юьхь а йолуш шен веше.
– Вало, – элира Селимхановс, – шена накъост оьшуш санна Зубайре. – Хьуна г1олий ду кху боьхачу х1умнашна юкъахь 1ачул. Столови чохь собарде суна.
Зубайра столове чувахара, Селимханов лоьрана т1аьхьа а х1оьттина хьалавелира шолг1ачу г1ат т1е. Масех минот яьлча лор юха а охьайоьссира.
– Царна шаьш биса лаьа, – элира цо.
Кхин а масех минот яьлча лакхахь цхьа охьайоьжначу х1уманан тата делира. Зубайрас корта айбира. Х1ун деш бу те уьш цигахь? – аьлла, цецбевлира. Иза лами болчухьа волавелира. Ц1еххьана Мовсар Хамидовичан аз хезира. Цо дуьйцург къаста хала дара. Хаалора и воьхна хьийзаш хилар. Лор кухни чуьра араиккхира.
– Х1ун ду цигахь хилларг? – цакхетарца хаьттира цо, лами т1ехула хьалхара г1улч йоккхуш. Цу хенахь Селимхановс не1 д1а а йиллина лоьре мохь туьйхира:
– Иза юха а кхетамчуьра яьлла, сихха схьайолахьа!
Лор ламеш т1ехула хьалахьаьдира. Тийналла х1оьттира. Дакаев сеничу аравелира, Зубайра гира цунна.
– Ладоьг1уш вуй хьо, – элира цо. – Со и хеташ а вара, хьо мотт бетташ ву. Налогови организацешна, я ФСБана. Тхох лаьцна материал гулъеш ву хьо?
– Хьан хьекъален лехамаш хьан юьхь т1ехь гуш бу, – хьостуш санна элира Зубайрас. – Шуна цхьаммо а мотбетта оьшуш дац, шу цкъа гичахьана тоьр ду шу муьлш ду хаа.
– Ахь х1ун дай?
Дакаев майраваьлла лата чуг1оьртира. Иза х1инца а ваставалаза вара. Вуьшта оццул ойла цаеш тасалур а вацара, массо а аг1ор ша оьшур вуй хуъушехьа. Дакаев кхузткъей итт кила хир вара, локхалла б1е кхузткъей итт сантиметр а волуш. Жима волуш и винспет хохкуш хиллехь и к1езиг дара тахана Зубайрица майралла къийса. Цул тола-м муххале а.
Цунна хьалха шуьйра белшаш йолу шовзткъара ваьлла къонах вара, цул цхьа корта лекха а волуш, ткъей итт кийла веза а волуш. Зубайрин буй цуьнан коьрттал буй те аьлла бара. Кхит1е а Зубайра физически кечам а лакхара болуш вара. Масех шо хьалха парг1атчу кепара охьатохарх летта а вара. И тайпа лата1амар дерриг дахар д1адаллац дуьсу стагехь. Дакаев ткъа шо хьалха летта вара т1аьххьара, шен батт а йохайойтуш. Цо Зубайрина бетах тоха дагахь х1ума ластийра, иза дуьхьалара д1а а ваьлла пенах кхийтира цуьнан буй.
– Ца оьшу, – элира Зубайрас. – Хьелаш цхьатера дац. Ас тохахь атавелла д1аг1ур ву хьо, д1адаха хьайн куьйгаш. Делора ву ас хьо ша дабаг1а деш санна ватор ма ваха со собарх!
– Ас хоуьйтур ду хьуна Бож-1елина а дайна, Хаьмби ирзехь тас детташ! – чукхийсалора Дакаев.
– Зубайрас ший куьг схьа а лаьцна т1ехьадерзийча:
– Вай-вай, – аьлла мохь белира цуьнан.
– Т1аккха кхийсалуш 1адда 1е! Со хьох лата лууш вац. Хьо саннарг шен коча а воуьйтий больницехулий, суьдехулий ведда лела д1ораниг чуволлахьара аш бохуш. Хьо сонта стаг ву цхьаьнга хьайн батт йохаяйта араваьлла.
– Х1а-а, кхоьрий хьо? – ветталуш, Зубайрин карара вала г1ертара Дакаев. – Хьо сох кхоьруш ву, – мохь беттара цо. Оццу хенахь сени чуедира Седа:
– Эвлаяаш! Вуьйш ву шуна! – ц1ог1а деттара цо. – Сан майра вуьйш ву шуна! – чоь екайора.
Цу минотехь ведда чуиккхира ши г1арол, ц1ийна уллохь ха деш волу. Лакхара охьа, лами т1ехь гучувелира Селимханов. Зубайрас дог1а тоьхча санна пхьарсаш лаьцна ветталуш лаьтта шен нуц гича, мохь тоьхна велавелира иза. Г1аролаш а севцца хуьлучуьнга хьоьжуш лаьттара. Царна гора х1ара сцена вер-ваккхарах тера йоцу. Цхьаьнггера г1о хир доций а хиъна, буйнаш детташ Зубайрина т1аьхьашха т1елетира Седа. Амма Зубайрас кит санна волу цуьнан майра дуьхьалверзийра цунна, Дакаевна дикка х1ума кхийтира шен чуьраяьллачу зудчуьнгара.
– Тоьар ду! – эххар дехаре велира иза. Д1аялахьа кхузара 1овдал! – зудчунна т1е мохь хьаькхира цо. – Тоьар ду! – мелла а меллаша элира цо юха а, – д1ахецахьа со.
Зубайрас Дакаев д1а а хецна цхьа г1улч юхаяьккхира. И воккхавера шаьшшиъ латарх ваьлла. Шен нуьцкъала хиларх пайдаэцар кхузахь жимма там боцуш дара. Шел г1ийлачунна еттар ледара х1ума ду.
Лакхара чувоьссина волу Мовсар Хамидович шен йишега вистхилира:
– 1алам кхузара д1а а ваккхий, лакхахь хьешашна йиначу чохь д1авижавехьа, ма бале вели и тховса. Ас вуола аьлла веана вацара иза. Уггар со гатвелла хьийзачу хенахь мала мукъана а стенгахь кхиъна иза.
Седас шен чуьраваьлла х1усамда лами т1ехула хала хьалаваьккхира, чу а вигна д1авижийра.
Селимханов г1аролхой д1а а бахийтина шен х1усамнана йолчу чувахара.
– И-м ц1ена хьераваьлла! Х1ара х1ун ю кхуо лелош ерг ян мукъана а? – элира Селимхановс. – Баркалла Зубайра, дика ду ахь цунна цатухуш сатоьхна.
– Со цкъа а суо вала а волуш летта вац цхьанех. Сайл г1ийлачух-м муххале а летар вацара со. Х1ун ду шун цигахь хилларг? Хьо бос байна ма ву?
– Вуйца. Дика яц и Зубайра. Тамашийна х1уманаш дуьйцу цо. Кхузе Халида схьакхайкха боху. Доцца аьлча, баккхийн лоьраш оьший те цунна?
– Иштта са готта х1унда ю иза?
– Суна стенгара хаьа иза? – г1айг1ане элира Селимхановс. – Хетарехь Тамаев валар 1аьткъина цунна. Тхо шадерриш ма дайца холча х1иттина. Хьо х1унда вара со ган лууш?
– Со хьан зудчуьнца къамел дан лууш вара. Хьоьга дан а масех хаттар дара сан.
– Цуьнца г1уллакх хир дац, – ч1аг1деш элира Мовсар Хамидовича. – Тахана-м муххале а. Соьца дерг хала доцург ду. Х1ун хатта лаьара хьуна?
Оццу хенахь лами т1ехь юха а лор гучуелира. Охьа а йоьссина, хьешийн чуяхара иза.
– Дика зеделларг долу лор кхайкха везара вай. Ч1ог1а холчохь ю иза.
– Хьайна дика ву аьлла хета лор схьакхайкхахьа телефон тохий. Вай ледара вуьтур вац хьуна, – дийхира цо къоначу зудчуьнга.
– Мичахь ю шун телефон? Ас сайниг хьан х1усамнене елла.
– 1овдал! – ц1еххьаша мохь а аьлла, хьалаведира Мовсар Хамидович.
– Хилларг х1ун ду? – девзаш долу аз хезира. Хьешан ц1ачу елира Халида. Иза 1аьржа коч юьйхина, чалма санна 1аьржа косынка а тиллина яра. Селимханов д1аса уьдуш вара.
– Суна ца хаьара цуьнга телефон яла мегар доций, – йоьхна хьаьвзира къона лор.
Оцу минотехь т1аьхьий, хьалхий шозза герз долуш хезира.
– Мегар дац! – аьлла чоь 1адош мохь белира Селимхановн.
Зубайра йоьхна лаьтта лор д1а а теттина ламеш т1ехула хьалахьаьдира. Д1адуьйшучу чоьнан не1 елла г1ерташ воллура Мовсар Хамидович.
– Хьуна хезирий герз долуш? – мохь туьйхира цо хьет1абаьлла ши б1аьрг Зубайрина т1е а боьг1на. – Хезирий хьуна?! Не1 схьаелла г1о дехьа суна, кагъехьа иза!
И шиъ цхьане т1етаь1ча, кагделира не1аран дог1а. Охьакхеттаза а волуш, чоьхьавелира и шиъ.
– Ахь динарг, Марет! – мохь белира Селимхановн. – Т1екхийтиар иза зудчунна.
Хьалхара шокъали белшах кхеттера цунна, шолг1аниг-дагах. Иза елла яра. Зубайра д1асахьаьжира. Куьйгаш дегош лаьттачу Заремин карахь тапча яра. Жимчу зудчо Зубайра гича тапча цунна т1елецира.
15
Х1ара сцена ширачу трагеди т1ера хеталора. Маьнги т1ехь елла 1уьллура Марет. Цуьнан дег1 маракъуьйлура майрачо. Иза верриг ц1еш вуьзна вара, амма и х1умма а тергалдеш вацара. И х1инца а хиллачух ца тешара. Вукху к1ажахь лаьтташ Зарема яра. Цо ехьаш, ега а еш садоь1ура. Цуьнан карахь т1ера к1ур г1уьттуш жима револьвер олу тапча яра.
– Т1е маг1ерта суна! – ц1ог1а деттара цо.
– Боьха х1ума! – д1ахьаьжира цуьнга Селимханов, марахь елла Марет а йолуш.
– Сихмалолахь! Айхьа дийриг дина яьлла хьо! – меллаша т1ег1ертара цунна Зубайра, тапчин бирг1ане а хьоьжуш. Цуьнан юьхьт1е хьажийна дара герз. Заремин куьйгаш дегадора. «Нагахь цожимма ч1ог1о-о лаг озахь д1аьндарг суна коьртах кхетар ю», – ойла д1аяхана хьоьжура иза.
Зубайрас ший а куьг хьалаайбира.
– Парг1ат хила! – бохура цо шена хьалха лаьттачу зудчуьнга а хьоьжуш. – Иштта йоьхна хила мегар дац. Схьалол соьга тапча.
– Со яц иза! – мохь хьаькхира Заремас. – Ас ца йийна и! Делора яц со и йийнарг.
– Ахь йийна иза! – корта хьалайбира Селимхановс.
Зарема ц1еххьаш цуьнан аг1ор йирзира. Тохаелира иза. Тапча елира. Шокъали шок тухуш Мовсар Хамидовичан коьрта уллохула елира. Иза ларьеш вара тапча йолу. Акха мохь а хьаькхна хьалаиккхира иза, зудчун дакъа д1а а хецна, чухьаьдира тапча яьлча 1адийна, герз лаьтта а дожийна, лаьттачу Заремина. Цо катоьхна цуьнан логашад лецира.
– Ахь йийна иза! – мохь хьаькхира цо, Зарема шен нуьцкъалчу куьйгашца сеца а еш.
Жима зуда охьаюьйжира, Селимханов т1евуьйжира цунна дерриге а дег1аца т1евазлуш, цо цуьнан легаш 1уьйдура. Хар деш яра Зарема. Масех муьрг яьллехь т1аьхьа хир дара. Мовсар Хамидовиче и д1ахеца бахар эрна дара. Мерах хьокху йовлакх юкъа а хьарчош тапчанах катуьйхира Зубайрас. Т1аккха ластийна мукътуьйхира Селимхановн коьртах. Важа ах1 а деш, х1орам хуьлуш лаьттачу зудчунна т1евуьйжира. Оцу хенахь не1саг1е х1оьттира Седий, цуьнан майрий.
– Цо вий иза! – мохь белира Дакаевн, Зубайрина т1е а кхеташ.
Х1инца иза ловзочохь дацара. Зубайрас вуха а вирзина, хазахетарца оцу ч1ениг к1ел буй туьйхира Дакаевна. Иза вахана пенах а кхетта, лаза а вина, оганца шершшина охьалахвелира. Багахула охьа ц1ийн тача деара.
– Цо цергаш ехи сан! – кхеравелла мохь элира 1алама.
– Адамаш дойург! – ц1евзира Седа, ларлуш Зубайрина уллора юха а хилла. Цунна лор хиларе терра, хаьара иштта вас хиллачу стага шена дуьхьало йинарг чолакха вийр вуй, лазорах ца 1ебаш. Амма Зубайра сихха меттавеара. Иза чуьра ца велира. Цо динарг тоххара дан дезарг дара х1ара адамаш совцон. Стаг шеца г1иллакхе ваьлча цхьаволчунна и шех кхеравелла моьтту. Т1ех цавала Зубайрин хьекъален корта бара.
Едда буьйшучу иккхира лор. Ц1ийш юьзна маьнги т1ехь 1уьллуш х1усамнан яйча цуьнан ирча мохь белира. Масех минот яьлча чукхечира Халида. Х1ара ирча сурт гича, цо 1адийна корта ластийра:маьнги т1ехь 1уьллуш Марет яра, лаьтта воьжна вара цуьнан майра, ц1еш юьзна юьхь а йолуш, цунна уллохь ехьаш 1уьллура х1инца а меттаяза йолу Зарема. Пена уллохь ц1ий схьадетташ воьжна вара Дакаев 1алам, цуьнан зуда и хьалаг1аттон г1ерташ яра. Ц1енкъа юккъехь лаьттара Зубайра, цуьнан карахь мерах хьокхучу йовлакха юкъа а хьарчийна жима тапча яра.
– Вай сан Дела, х1ун ду те кху чохь хилларг! – меллаша ша – шега хаьттира дукха йилхина йиш хаьлла йолчу Халидас.
– Г1урт хилла-кх! – г1айг1ане забар йира Зубайрас.
– Иза хала садоь1уш лаьтташ вара веана ши г1арол герз а карахь чуиккхича:
– Ирх дахийта куьйгаш! – аьлла Зубайрина т1е а чевхаш. Царех цхьаммо:-охьакхосса тапча! – омра дира.
– Собар делаш х1инца аш! Шу дара суна сан бакъонаш йийцаза дисинарш! – жоп делира цо. – Со вац кху зуламан да, со х1ара дерзон г1ерташ ву, – оьг1азе элира Зубайрас. – Зуллам дина герз ду ас йовлакх юкъа диллинарг. Ца оьшу суна коьрта т1е тапчанаш хьежо! Д1адаккха гучара шайн герз! – омра деш мохь туьйхира цо. Г1ароло герз охьадахийтира.
Зубайрас тапча дика йовлакх юкъа д1а а хьарчийна цхаьнга д1аелира. Вукхунна т1едиллира чехкка милице, прокуратуре телефон тохар. Кхин а г1олий хир ду стомара кхузахь хиллачу следователе хаам бича.
– Цуьнан ц1е муха яра?
– Шамаев Мухтар, – элира г1аролхочо.
– Цуьнга тоха телефон, – корта ластийра Зубайрас. – Ахь лазийначарна г1о де, – т1едиллира лоьрана. – Цкъа хьалха Мовсар Хамидович меттавалаве. – Х1усамдена т1е куьг хьажийра цо. И башха ч1ог1а лазийна вац хьуна. Т1аккха Дакаев меттавалаве. Седа ша кхетамчу йог1ур ю. Цунна бан а болх бу кхузахь.
Халида шийла хьаьжира цуьнга. И цецволура цуьнан цайохарх. Кху доьхначу хьолехь шек-д1а а яцара иза. Зубайра маьнги т1ех1оьттира. Х1усамнана елла яра, цуьнан х1инца шеко яцара. 1аьржа ц1ий к1айн меттан шаршух а дулуш деташ дара. Иза леррина хьаьжира еллачуьнга. Шолг1а шокъали дагах кхеттера. Цо корта ластийра. Ма къиза а сонта х1ума ду х1ара.
Г1аролхойх цхьаъ охьахьаьдира накъосташка хилларг хаийта а, милици кхайкхийта а. Шолг1аниг х1инца а лаьтташ вара хиллачух ца кхеташ. Тапча кхерамен зилал лахахь лаьцнера цо, карара ца яккхахь а. Зубайра лаьттахь 1уьллучу Заремина т1евахара. Иза меттаян йолаеллера.
– Ас ца дина х1ара…-ала а йоьлла, йовхарш хьаьдира цуьнга.
– парг1ат хила, – хьехар дира цунна Зубайрас. – Хабар ма дийца цкъа.
Цо жима зуда кара а эцна г1ента хао яьхьира. Г1ента бухахь 1уьллура Халидан жовх1аран мух1ар. Зубайрас и когаца кхин а гена д1атеттира. Т1аккха охьахаийра Зарема.
– Цкъа меттайола, хилларг вай т1аьхьа дуьйцур ду, – элира цуьнга Зубайрас.
Цо резахилар хоуьйтуш корта та1ийра.
– Схьахилал суна улло, – шолг1а г1арол т1екхайкхира Зубайрас. – Д1аяккхахьа и хьайн тапча, кхузахь х1инца и оьшуш яцара.
Г1аролхочо тапча д1алачкъийра, улло веара Зубайрина. Цу шимма хьала а айбина уллорачу чувигира Мовсар Хамидович. И маьнги т1е а виллина вухавеара и шиъ. Т1аккха Дакаев цунна уллорачу чу а вигна охьавиллира. Лор шина а стагана г1о деш яра, кхоьруш Зубайрега а хьоьжуш. Цунна гинера цо Селимхановна коьртах тапчин мукъ тухуш. Т1аккха вуха а вирзина тоьхна шолг1аниг вожош а.
Вухавеанчу г1ароло элира следователь новкъахь ву. Ц1ийна гонах адамаш гулдала дуьйладелира:дукхахболчарна герз долуш хезнера. Зубайрас массаьрга а набаран чуьра арадовла элира. Зарема ша йитира чохь.
Зубайра йийначунна т1е а вахана леррина хьаьжира герзо йиначу чевнашка. Т1аккха дакъа жимма хьалаайбира цо шокъалеш араевлла меттиг талла. Меллаша метта юхаохьайиллира елларг. Марета шен хазалла ларйича санна хетара. Дог-ц1еналла гора цуьнан юьхьт1ехь. Набарна тар тесна аг1ор яьлча санна хеталора Марет.
Х1инца кхоччуш меттаеана йолу Зарема леррина хьоьжура Зубайрас мел дечуьнга. Иза маьнги уллора схьаваьлча, г1айг1ане арз деш елха х1оьттира иза:
– – Со ма яц и динарг, – олура сих-сиха.
Зубайра цуьнгахьа вирзира.
– Хьуна гирий и муха хилира?
– Ца гира, – иза юха а йовхарша лецира. Парг1атъяьлча д1адолийра:
– Со т1ехьахула ц1а чуян г1оьтира, корехула. Лами а х1оттийна шолг1ачу г1ат т1е хьаляла цолаелира.
– Собардехьа цкъа, – юкъахъяьккхира иза Зубайрас. – Хьо поселок чу муха йитина? Стенга хьоьжуш бара хехой?
– Сан даиман йолу пропуск ю. Со такси т1ехь еанера, ас машен д1аяхийтира…. , – цхьаъ чувале сиххадийцина яла г1оьртира иза…. – Поселок чуяьлча, ц1ено долча схьаеара. Лами биллина со хьалайолуш йолуш шозза герз делира.
– Цул т1аьхьа х1ун гира хьуна?
– Со чуяьлча Марет маьнги т1ехь 1уьллуш яра. Тапча цунна улло йоьжна яра. Цхьаъ не1 кагъян волавелира. Т1аккха со кхераелира. Ас тапчанах ка туьйхира, оццу хенахь шу чулилхира. Кхид1а дерг суна дага ца дог1у, – бехкала яхана елхаозийра и. Т1аккха соьгара герз схьадаьккхира. Со ен г1ерташ вара цхьаъ. Я ас кхин дуьйцу те?
– Дерриге а нийса ду. Хьо не1арехула х1унда ца йог1ура чу? Х1унда оьшура корехула чуг1ерта?
– Со Маретана т1екхача г1оьртинера цунна дерриге а дийца, суо юха балха д1ах1оттаяйтар деха йоллура со. Мовсар Хамидовича цо аьлларг до. Марет ч1ог1а къинхетаме ю. Цо бен г1о дийр дац сайна аьлла яра со.
– Ладог1ахьа цкъа, Зарема, – элира Зубайрас. – Суна дукха гина тайп-тайпана тилла зударий, амма ахь царах массарах а «шинар» дина. Хьан оццултиларчу а яхана балхахь йиса г1ертаро со ч1ог1а кхераво, тамаша байтина а ца 1аш. Ой, нах санна не1арехула чуян ца мегара хьо?
– Цигахь г1арол ма ду, – мохь хьокхуш жоп делира цо. Цуьнан аз хедира. – Хьуна уьш ца гина? Мовсар Хамидович со еана хазахетар долуш вара моьтту хьуна?
– Хаац суна-м, – жоп делира Зубайрас. – нагахь ахь суна санна цунна хьайн чухула юху х1уманаш гайтинехьара цуьнан дог дешар ма дара.
– И ма дийцахьа юккъехула, – корта охьабахийтира Заремас. – Суна эхь хета селхана и саннарг сайгара даларна.
– Айхьа тахана диначух хеташ делара хьуна и эхь! Хьо нехан чу корехула ма яьлла, минот яцара ахь х1усамда вен тапча тоьхна. Бехкен хьо яц бохучух цхьаа тешарву моьтту хьуна? Хьан тиларчу яхана дечу къамелех тешар ма бац!
– Хьо-м ма теша сох, – элира жимачу зудчо. – Т1аккха кхиберш а тешар бу.
– Ца теша со оцуьнах, – элира Зубайрас. – Хьан г1уллакх ма дацара Мовсар Хамидовичана тапча тоха.
– Со цунна тоха г1ерташ яцара, йоха а йоьхна делира сан карахь герз.
Иза х1инца кхоччуш метта еанера, лагт1ехь долчу 1арждарша карладохура цуьнца нисделла ирча сурт.
– Мухха делахь а ахь иза виеза ма ваьккхина.
– Делан возалло ду и ларамаза хилла! Сайгара и муха даьлла хууш ма яц со.
– Хьан х1ун г1уллакх дара герз схьаэца? Хьо чуялла-м яьллера, дакъаза ма яларг! Х1инца адам да тешар ма вац хьох и тапча йиттинарг хьо яц аьлча!
– Тешар ву хьуна, – шечунна т1ера ца йолура Зарема, – зуламхо шозза герз тоха кхиира, т1аккха чуьра араиккхина и т1ене1 а тухуш. Суна хезира не1 т1екхеташ! Герз гича со кхийтира Марет муха йийна. Оццу хенахь шу не1 йохон х1иттира. Ас х1ун дийр дара? Суна маца хаьара не1арал арахь х1ун ду? 1ен еза не1 а йиллина суо еллац?! Ас катоьхна тапча схьаийцира, оццу хенахь шу чулилхира.
– Со кхоьру хьох следователь цатешарна, – корта ластийра Зубайрас.
Иза сеничу хьаьжира. Г1аролхой цигахь бара. Набаран чубахка уьш ца х1уьттура, кхерамен хьоьжура уьш Зубайрин аг1ор. Важа Зареме кху чохь 1е а аьлла, не1арехьа волавелира.
– Х1ан-х1а, – йоьхна хьаьвзира жима зуда. – Со яьхьар яц со кхузахь 1ен. Со хьуна уллохь хила ца мега?
– Т1аккха сени чу а ялий, г1аролхошна юххехь 1е, – бакъо елира цунна Зубайрас. – Цхьанхьа а д1а ма г1олахь.
– Г1ур яц, – дош делира цо.
Зубайра луларчу чувахара. Лоьро Мовсар Хамидовичан корта х1инца бихкинера, ц1анйинера Дакаевн юьхь а. Селимханов х1инца а кхетаме ванза вара. Дакаев оьг1азаллица хьаьжира Зубайрега, юха а лата чухьада санна.
Зубайра охьа а воьссина столови чувахара. Цигахь ша 1аш Халида яра. Иза цунна дуьхьал хиира.
– Хьо верриге ц1еш вуьзна ма ву, – элира цуьнга зудчо. – Хьайга лор х1унда ца хьожуьйту ахь?
– Х1ара-м сан ц1ий дацара, – к1адвелла волуш жоп делира цо. – цхьадика сан ц1ий дац.
– Марет елла? – доцца элира цо.
– Х1аъ, – корта та1ийра Зубайрас.
– Мила ву цунна герз тоьхнарг?
– Ца хаьа. Амма Зарема яц. Цо дийцира суна ша корах чуяьлла лами биллина аьлла. Шена герз долуш цул хьалха хезира боху. Дукха кхераелла, цхьаммо не1 йохо йолийчацо герзах ка тоьхна, цхьана маь11аргона Мовсар Хамидович вера цо, ларамаза карахь герз а даьлла.
– Хьо теша оцу туьйранах?
– И тамашийна делахь а, со теша.
– Х1унда?
– Сан бахьана ду цуьнах теша, – жоп даларх ларвелира Зубайра. – Хьо муха кхаьчна кхуза? Шун ц1ахь дукха адамаш ма ду. Со-м хьо царах яллалур яц моьтташ ма вара.
– Со-м цхьанхьа г1ур йолуш дера яцара. Цхьа сахьт хьалха Марета телефон а тоьхна мелла сиха схьакхачахьара аьлла дийхира соьга. Цуьнан аз дегадора, иза йоьлхуш яра. Со кхерийра цуьнгахь долчу хьоло. Баккъал дийцича, суна моьттира цхьа хила цадезарг хуьлуш лаьтташ санна. Цундела сихха такси а лаьцна, схьаеара со. Суна пропуск цо язйе аьллера. Г1аролаца проблема ца хилира сан. Царна со юьхь-дуьхьал евза. Со ц1а чу яьлча суна маьхьарий, герз долуш хезира. Т1аккха шу не1 йохон х1иттира. Лакхарчу г1ат т1е хьалаяьлча, суна гира ахь х1усамдена коьртах х1ума тухуш, т1аккха хьуо мискачу Дакаевл онда хилар гайтира ахь.
– Бехк суна т1ететта ца оьшу, – т1ечевхира цунна Зубайра. – Со сайн ма хуьллу дов ца хилийта г1ертара.
– Ас сайна гинарг боху. Суна гуш хьо дов дерзош вацара, муххале а царна етташ вара. Миска Дакаев пенах туьйхира ахь хазахетарца. Т1аккха жимма парг1ат а ваьлла, хьайн карара тапча д1аелира ахь, йовлакх юкъа а хьарчийна. Ас х1умму а дицдиний?
– Х1умма дац. Иштта дуьйцур ду-кх ахь следовательна?
– Х1ета, хьуна ас харцдерг дийца деза моьтту? Т1аккха алахьа ас дийца цадезарг.
– Х1умма а дац вайн 1едалх лачкъо, – элира цо шен дагахь. – Хьо ц1ена бакълоь.
Следовательна долш дерг дийца деза х1умма т1е а ца тухуш, д1а а ца доккхуш. Вуьшта цхьана х1умана ойла ешву со.
– Х1ун ду иза?
– Хьан т1еч1аг1дийр ду те хьан дешнаш, хьо ахь боххучу хенахь схьакхаьчна хиларх? Хуьлуьйтур вай пропуск хьуна баккъалла Марета яьккхина хилар. Цо и дина хила тарло лоьрантелефонехула. Талла йиш ю цо хьаьнга тоьхна телефон. Амма хьо чу масех цеконд хьалхе кхаьчна хила тарло. Лами т1ехь цхьа а ма вацара.
– Ца хилча х1ун ду?
Цуьнан б1аьргаш шийла хьоьжура.
– Хьо тап аьлла шолг1ачу г1ат т1е а яьлла, шозза тапча а тоьхна, и охьа а кхоьссина, не1 д1а а къевлина араяьлла хила мега. Т1аккха лами т1ехула охьайоьссина. Сой, Селимхановвий хьалаведча, хьо парг1ат тхуна т1аьххье хьалаяьлла буьйшучу чу, хьайна тешаш х1итто. И саннарг хилла тарлой?
– Хьо….
Иза цхьаъа-м ала г1оьртира, амма ала ца делира, кхераелла, цец а яьлла цуьнан б1аьра хьаьжира.
16
Тийна хевшина 1аш бара уьш, вовшийн б1аьра а хьоьжуш. Эххар 1ен а ца елла, шен б1аьргаш кхечанхьа хьажийра цо.
– Хьан буьрса фантази ю, – аьлла кхоьлира иза. – Хьуна-м сайн майра а ас вийна моьттиначух тера ду, юха сайн доттаг1а ен еана….
– Цкъачунна хьо бехке хиларан тоьшаллаш дац сан. Ас сайна хеташ дергэлира, и саннарг хила тарло. Амма иза иштта хилла олийла дац.
– Баркалла цу т1ехь сацарна.
Цунна хезира чу аадамаш дог1уш, тамаша беш хьаьжира Зубайре.
– Х1инца хьайн версеш следовательна йовзийта дезар ду хьан, – элира кхола а луш. – Со тешаш яц иза ахь дуьйцучуьнга иштта парг1ат хьоьжур ву аьлча, со санна.
Х1орш болчу чу масех стаг велира. Царах цхьаъ Зубайрина вевзира. Иза следователь Шамаев вара. Иза Зубайре к1адвелча санна цабезамца хьаьжира.
– Вуха а билгалваьлла хьо? – хаьттира следователа. – Ахь дов даьккхинера боху кху чохь? Ас хьайн лаамехь волчу детективан лицензи схьайоккхур ю хьоьгара. Хьоьга герз дала мегар дац.
– Соьгахь дац герз, – элира Зубайрас. – Х1усамнана йийна йолу револьвер сан яц.
– Иза тхуна т1аьхьа дуьйцур ду ахь, – кхосар йира следователа. – Х1усамден корта стенна бохийна ахь? Цуьнан невцана йиттина ахь? Дерриг хьайна мегар ду моьтташ ву хьо? Ас х1инцца экспертизе хьажор ву хьо, цигахь къастор ду вай ахь мел мелла.
– Ца оьшу хьуо 1овдал хетийта, – хьехар дира цунна Зубайрас. – Ас тахана к1урд бина бац маларх. Ас цкъа а маларан барам т1ехцабоккху.
– Со сийсазвеш ву хьо, – къинхетам боцуш велакъежира Шамаев. – Дика ду, хьовсур ду вай. Хьо х1инца а к1елхьара валалур ву моьтташ хирву хьо. Стомара режиссер вийначу хенахь а со хьох шек вара, – элира следователа.
Таахана коьрта т1ера чоьш д1асахьакхаза вара следователь, меттара г1аттийна волуш санна. Иштта хьерчийна юьхь а.
– Суна х1умма а ца хааделла моьтту хьуна? – вуха ца волура следователь. – Массо а х1ун хилла хьажа кухни чувахча, хьо карахь кад а болуш чувеанера. Со х1етахь ма кхеттера хилларг х1ун ду. Экспертизо ма гайтина кедахь долчу конъякаца синильни кислота дуй. И мукадехкий дойу д1овш ду. Хиндерг ган лаьара хьуна? Ахь хьуо эццахь гучу ма ваьккхина. Хьайн кад кхечуьнца хийцина ахь. Ларамаза стоьла т1ера кхин кад а божийна, и боьхча, дерриге а Дакаевна т1ететтина ахь. Суна х1еттахь ма девзира хьан ловзар.
– Хьекъале ду, – ша цецваьлла кеп х1оттийра Зубайрас. – Тахана ас х1усамнанна герз тоьхна, т1аккха летта. Хьо цулла а кху чу револьвер стенгара кхаьчна хьажа.
– Со массанхьа а хьожур ву хьуна, – цабезамца элира Шамаевс. – Хьо кхуззахь хилалахь, цхьанхьа а д1а ма г1олахь. Х1инца хьо соьгара водур вац.
– Зуламхой дукха хьолахь следователал хьекъал долуш хилла меттигаш бу, – элира Зубайрасмасссарна хозуьйтуш.
Цуьнан 1оттаро самукъадаьккхира шина милцочун. И шиъ следователь валош веана вара. Царна а цавезавеллера ша лакхара хеташ волу Шамаев.
– Муьлхачу маь1нехь бах ахь иза? – ца кхеттера следователь.
– Хьо санна следовательш мел бу, – оьг1азе элира Зубайрас. – Суна моьттра хьо хилларг х1ун ду хьажа г1оьртар ву массаьрга а ла а доьг1на, ткъа хьо чуваларца со бехкен ван х1оьттина. Хьала а валий цкъа дакъа талла. Чкъура т1ехь тоьпа молхана лараш йисина хьуна. Тхо не1 кагйина чоьхьа девлча, цу чохь жима зуда яра карахь револьвер а йолуш. Амма цуьнан таро яцара цу тайпа къиза герз тоха еллачунна.
– Хьан накъост хир ю иза?
– Яц. Селханлера де т1ех1отталц Селимхановн секретарь яра иза. Ас хьуна хьехар до хьала а валий хьо хьажахьа дерригене.
– Цуьнан х1унда яцара таро цунна уллора т1е тапча тоха? – шениг дуьйцура следователа. – Сан практикехь и санна дерш дукха нисделла.
– Т1аккха ц1ийш цуьнан куча т1екхетта хир дара, – кхетийра Зубайрас. – Хьан дукха зударий бевзара иштта шек а боцуш зударий бойуш болу, шайн духар ц1ийх а дузуш?
– Хьовсур ду вай, – шеконца элира Шамаевс.
– Тапча мичара яьлла хьажа цкъа хьалха, – дагадаийтира цунна Зубайрас.
Следователь улло цхьа милцо а х1оттийна ламит1е вахара. Шолг1а милцо столови чохь сецира.
Халидас Зубайрега хьаьжна шийла элира:
– Суна хетарехь и хьох ца теша.
– Иштта ду моьтташ со а ву, – т1етайра Зубайра. – Х1инца хала ду цхьаннех а теша. Доттаг1аша доттаг1ий 1ехабо, майранаша зударий, зударша майранаш, банкираша шайн клиенташ, политикаша шайн харжамхой. Вовшийн 1ехоран зама т1ееана.
– Х1ун ала г1ерта хьо, – кхоьлира иза.
– Х1умма а. Иштта билгалдоккхуш вара со-м:цхьа а цхьаннех а цатеша.
– Сан д1аяха деза, – элира Халидас. – Цигахь соьга хьоьжуш адамаш ду.
– Цулла а цкъачунна чуьра араяла ма г1ерта, – хьехам бира Зубайрас. – Вайн доьналла долу следователь массаьрга а хьажа дезаш ву, цо эххар пурба даламега вайна.
– Ма сонта х1ума ду и, – иза гонах хьаьжира. – Сайн машенахь еана хили елара со. Ас такси ялийнера. Х1инца трасси т1екхаччалц г1аш яха деза.
– Хьайн машенахь х1унда ца яг1ара хьо, – хаьттира Зубайрас.
– Хьо ч1ог1а тидаме ву, – хастийра цо. – Амма ас сацам бира:г1оле хир ду такси т1ехь еача аьлла.
– Ахь машен хьайна эцна ю ма бохура, – дуьйцура Зубайрас. – Дукхаделлерий ахь?
– Иза хьуна цхьа а маь1на долуш дац.
– Институтан сотрудникан алапа иштта лакхара ду? Иномаркаш еза ма яйца. – Шен таллам д1ахьош вара Зубайра.
Цуьнан хьажар ца лайна иза д1айирзира.
– Эрна еана хилла со кхуза. Х1ара эрчо ца гинехь а х1умма ма дацара суна. Сайн бохам а ма тоьар бара….
– Цо кхайкхича хьо еана, – ойлане ваьлла элира Зубайрас. – Хьуна х1инца дерриге а хии. Нийса бохий ас?
– Ца кхета со ахь х1ун боху….
– Хьайн жовх1аран мух1ар дагадаийтал ахь дицдина долу нехан чохь, – та11ош элира Зубайрас, цуьнан б1аьра а хьожуш.
Иза егийра цуьнан б1аьра а хьажна, г1еххьачул к1айелира. Шен майра велча а яцара и оццул холчах1оьттина.
– Ахь ен 1иттарш цалало соьга, – элира цо. – Ца оьшу кхин хумма а соьга баха. Со лууш яц хьоьца къамел дан. Хьезий хьуна? Ца-лаь-а! Дешнаш дахдеш элира цо, д1а а йирзина.
– Бехк ма баккхалахь.
Зубайра хьала а г1аьттина аравелира. Милцо воьхна хьаьжира цуьнга.
– Хьо стенга воьду? – хаьттира цо.
– Лакха хьалаволу со, – гайтира Зубайрас. – Хьоьга чуьра цхьа ара мавалийта ма аьлла, чухула ма лелийта аьлла омра дина дац.
– Ца дина, – т1еч1аг1дира къоначу сержанта. Т1аккха меллаша хаьттира:-Хьо баккъалла а хьалха оперативни белхахо, милицин начальник хилла, вевзаш волу Зубайра вуй?
– Хьуна со вуьйцуш хезна? – цецвелира Зубайра.
– Хьох лаьцна легендаш дуьйцура Аштаркхнера милицин школехь, – даре дира сержанта. – Сан ваша ву цигахь дешна.
– Баркалла. Кхоам я1, вайн следователь Шамаев велара цигахь дешна, – шен дагахь элира Зубайрас, лами т1ехула хьала а волалуш.
Буьйшучу чохь болх беш следователь Шамаев вара, улло ши милцо а ваьккхина. Цара эксперташ кхайкхинера, ладуг1уш бара Заремин чолхечу дийцаре.
– Лами т1ехула корах чу а яьлла тапча карийра хьуна? Цатешарца дух-духа хоьттура следователа. – -Ма артист ю хьо! Эхь ца хеташ аьшпаш буттуш ю-кх хьо.
– Адамех мухха делахь а теша ма веза, – элира Зубайрас чоьхьа а ваьлла.
– Хьо хьан ваийтина кху чу?! – ирх иккхира Шамаев. – Хьо муха кхаьчна кху чу?!
– Лами т1ехула хьалаваьлла. Со шуна г1о дан веана, хьо со чехош ву.
– Тоьар ду! – оьг1азе т1ечевхира Шамаев. – Ас ордер язйийр ю хьо лаца аьлла.
– Г1уллакх хир дац хьан цуьнах, – велавелира Зубайра. – Сан кхечу пачхьалкхан дипломатически паспорт ду. Хьан бакъо яц со лаца. Со ц1авигийта бакъо ю.
– Схьагайтал хьайн паспорт! – чуьравелира Шамаев.
Зубайрас следователе шен паспорт д1аделира.
Иза вехха хьийжира цуьнга, юха Зубайре д1аделира, резавоцуш бур-бур дира:
– Иштта нисло-кх х1ара даиман.
– Х1инца со декхарийлахь ву кхузахь хиллачун хьоьца цхьаьна хьесап дан. Х1ун хилла хила тарло кхузахь. Хьан бакъо ю Заремех, кхечарах шек хила. Мовсар Хамилович хьалавала волавелира, оццу хенахь суна герз долуш хезира. Цуьнан таро яра чу а ваьлла шозза шен зудчунна тапча тоха. Т1аккха не1 дог1а тоьхна д1а а къевлина, мохь тоха, цул т1аьхьа не1 йохон х1отта. Таро ярий и тайпа инсценировка ян?
– Хила там бу, – реза хилира следователь.
Зубайрас шен паспорт гайтиначул т1аьхьа мелла а вухаваьллера иза. «Хила там бу х1ара накъост г1араваьлла волу эксперт, кхуьнан хьехамаш шена пайден хир бу аьлла хийтира цунна», – ойла йича.
– Дакаев уллорачу чохь вара шен х1усамненаца, – хаийтира Зубайрас. – Царех цхьаъ мичча хенахь а луларчу чудаха йиш йолуш дара, шозза герз а кхоьссина, не1 д1а а къевлина юха шен чудаха. Заремас дуьйцу шена шозза тапча йолуш хезира, не1 т1етухуш а, бохуш. Цул т1аьхьа сой, Селимхановвий не1 йохон х1оьттира. Вахана чуиккхира.
– Цунна вон тоха х1унда тоьхна ахь? – цатешаш хьажира Шамаев.
– Иза жимма хаза хилалаьара суна, – забар йира Зубайрас. – Цуьнанкоьртан кеп нийса ца хийтира суна. Са нийса болуш яра, ас корта горгбира цуьнан.
– Со хьовзо г1ерта хьоь? – вусавелира следователь.
– Х1ан-х1а, хьан сонта хаттарна жоп дала г1ерта. Заремас дийцина хьуна кху чохь хилларг. Иза ларамаза нисъелла кхузахь и бохам хуьлучу минотехь. Зарема Селимхановн секретарь яра. Селхана и кхечанхьаяьккхина балхахь. И г1о деха еанера Марете ша балхахь йитийта.
– Т1аккха герз тоьхна йийна цо Марет, – шена хетарг элира следователа. – Х1ета цуьнан бахьана дара х1орш цабеза.
«Х1ара 1овдал лелаш волу сонтаниг вер ву кху балех, х1ара жима зуда ас чуюллур ю аьлла хийтира следовательна».
– Ма ч1архъаьлла стаг ву хьо, – оьг1азвахара Зубайра, цуьнан ойланех кхета а кхетта. – Хьуна следователан болх бан мегар дац. Хьо егерь ваха веза, Шарахь черчий чуйохка. Ч1ог1а оьшуш професси ю. Къаьсттина хьайниг санна томоз йолу хьекъал хилча.
– Ас Шарой лома мила воьду, я Галанч1оже мила кхочу хоуьйтур ду хьуна кху чуьра ара а ваьккхина, – кхехка волавелира Шамаев.
– Дитал и! – элира ханна шовзткъей ит шо долчу лекхачу стага. Иза чоьхьавелира шеца экспертийн тоба а йолуш. Шамаев а, милцой а була а белла д1ах1иттарна, Зубайра кхийтира шена хьалхаверг меттигера прокурор хиларх.
– Асабаев Мохьмад ву со, – ша вовзийтира прокурора. – Хьо сан деваша кхузахь прокурор волуш начальник милици хилла, х1инца г1араваьлла волу дуьнена юкъара эксперт Зубайра ву.
– Хаац со дикахьан вуьйцу, дов дан декхар дац цара, – хазахетарца прокуроран куьг лецира Зубайрас. – Х1ета Мовсарий вешин к1ант ву-кха хьо!
– Х1ун ду кхузахь хилларг? – хаьттира прокурора слеовательна т1е а вирзина.
Шамаев воьхна шена гучудаьлларг дийца х1оьттира, нийса дер-дериг ала г1ерташ.
Зубайрин мобильни телефон йийкира. Иза номере хьаьжира. Сабаев вара з1енехь.
– Ладуг1уш ву, – элира Зубайрас.
– Суна дерриге а хиъна, – сихха дийца х1оьттира Селим. – Заремас дакъалаьцначу ток-шоу передачехь г1алат даьлла хилла. Цунна кхин задани елла, цуьнца и ца ларийна. Сацам бина иза юха а передаче кхайкха. Цунна и х1инца хууш дац. Иза ч1ог1а холчах1оьттина яра боху.
– Велин хьо?
– Ца ваьлла. Тамаевс цхьа а передача ца йина наркотикех дуьйцуш. И санна материал вовшахтухуш Гуноев вара. Цо ц1еххьана тема а хийцина, шекарца йолчу махинацех язйина. Цхьанне а ца хаьа Гуноев ша дуьххьара дагалаьцначунна т1ера х1унда ваьлла….
– Х1инца вели, – доккха са даьккхира Зубайрас.
– Ахь х1ун элира? – ца кхийтира Сабаев…
– Ас х1инца со дерригенах кхийти боху. Кехаташ мухадайна а хии. Тамаев хьан вийна а хаьа. Баркалла.
Зубайрас телефон д1айиллира. Кагйиначу не1аре а хьажна, цо ойла йира, д1акъовлалуш и ч1ог1а т1екхета декхар дацара.
– Асабаевс элира оха къастийна револьвер кху чуьра хилар, цуьнан да Селимханов ву. Мовсар Хамидовичана шен герз девзина. Оха и экспертизе д1айохьуьйту. Къастор ду цу т1ера п1елгаш хьена ду.
– Х1инца и оьшуш дац, – элира Зубайрас.
– Х1унда? – 1ен цавелира Шамаев.
– Цулла массо хьешан чохь схьагулбейша, – дийхира Зубайрас. – Ас дуьйцур ду шуна дерриг муха нисделла.
17
Уьш хьеший т1еоьцучу чохь охьахевшира. Цу чохь веллера Тамаев Руслан. Кху ц1ачохь 1уьллура йийна х1усамнана. Мовсар Хамидович шен меттехь хиъна вара-стоьлан коьртехь. Корта ч1ог1а лазахь а, цо сацийра Зубайре ладог1а. Цунна уллохь д1атарвелира Шамаев, цуьнан юьхь т1ехь гуш дара, цунна товш дацар кху чохь хуьлуш дерг. Амма иза саца везаш вара прокуроран лаамна т1ехь.
Прокурор дивана техь вара. Цунна ца хаьара кхул ши де хьалха х1окху дивана т1ехь Тамаев Русланан дакъа 1иллиний. Цундела дика д1атарвеллера иза. Зарема к1ажа тебнера х1усамден баьргашна хьалха цахьийза. Халида дуьхьал а хиъна, ларамаза нисъеллера тумбочкина улло, Тамаев лечу минотехь Марет хиъна 1ийначе. Эххар Седий, цуьнан майрий стоьла хьалха дара, кхоьлана, цабезамца Зубайрега а хьоьжуш. Д1адолон мегар дара.
Зубайра дезаш вацара хиъна а 1аш, деха къамел дар. Цуьнца хьоьга цхьа мало йойту х1ума дара. Амма и иштта к1адвелла вара, хьала ца г1атта ойла йолуш, ша дийца волавелча.
– Кхо де хьалха суна т1евеара Мовсар Хамидович. Цо дийхира шен чуьра дайна кехаташ лахар. Ала деза, соьга и тайпа адамаш цалало, цкъа цхьа х1ума ян а йойтий, юха лаха арабовлуш болу. Дика евзаш ю цуьнан биографи-оьздаллица юкъаметтигаш дика йоцуш ву иза. Х1уъа дина а хьал гулдар коьрта хеташ ву. Шена уллохьверг а 1ехор волушву. Лаамийн доза дац.
– Кхузахь нах бехкен беш къамелаш ма делахь, – юкъахваьккхира иза Селимхановс, вайга ладуг1уш прокурор ву хьуна. Цу т1е ас хьо цунна лаьцца а вац. Хьуна со мел веза хуур ду сан коьрта т1е хьаьжначунна а. Ас х1инца суьде лур ву хьо лайна лазамен чевнаш ярна.
– Лурвац, – элира Зубайрас. Со зуда к1елхьара йоккхуш вара, ас дийриг бакъонца дара. Хьан метта хилча, ас алссам баркаллаш бохур дара. Вуьшта ахь легаш 1аьвдина юьйш яра Зарема. Т1аккха хьо хаа а хууш адам дерна чувуллур вара.
– И бахьанехь со чувуллур вацара, и ю стаг вийнарг, – юкъаиккхира Селимханов.
– Хьо иштта юкъалелхахь соьга х1умма а дийцалур дац, – хаийтира Зубайрас. Аьлла ма-хиллара со дуьххьара вовшашкхетта ву Селимхановца. Оха барт бинера со и волча даче а веана, х1ара шек мел волчуьнца къамел дийр ду аьлла. Со шолг1ачу дийнахь схьавеара. Массарца къамел дан аьтту ца белира. Стенна делахь а мел кхайкхинарг а шега аьллачу хенал хьалхе схьавеанера.
Цу сарахь вийра Тамаев Руслан. Кхеташ ду, цу хиламо сан планаш хийцира. Мелла а болх сихбан дийзира сан. Ас сайн г1оьнчашна т1едиллира кху чохь болчу нехан сил-сил схьалахар. Суна цецвохуш долу бакъдерш хиира. Царах цхьадерш ас шуна довзуьйтур ду. Цкъа хьалха вай Селимхановн чуьра кехаташ лечкъорах дуьйцур ду.
Г1уллакх муха ду хьуна аьлча, Селимхановн хьеший, цу буса дачехь хилларш-тоъал хьал долуш нах бу. Ас ца боху х1усамдех, цуьнан зудчух. Дакаевг1ар дукха х1ума оьшуш бац, ойлла йича, и кехаташ а Гуноевна масех эзар долларх дохка доьхкина ахча эццал.
– Оха тхешан эхь духкур дац ахчанах, – хьажош болу п1елг айбира Седас.
– Шеко йолчарах кхоъ висинера, – дуьйцура Зубайрас, цо аьлларг тидамаза а дитина. – Заремий, Тамаевг1ар. Оцу кхааннах уггар к1езиг шек вара ша Мовсар Хамидович а. Зарема цуьнан секретарь яра. Цунна дика хаьара мел сий лардеш ю иза. Цунна билггал хаьара и кехаташ бахьанехь шена алссам пайда хуьлу болх цо буьтур боций. Лакхара бара мах юкъаметтигийн. Цундела цо иза а шен тешам боцчарна юкъара д1аяьккхира. Буьсурш Тамаевг1ар бара зудий, майрий. Царна вевзаш вара журналист Гуноев, оцу дайначу кехаташна т1е а тийжаш статья язйина волу. Делахь а Мовсар Хамидовича сох лачкъийра и церан гергарло шена дуй хуъушехьа. Цо бохура Русланий, цуьнан зудчой вайн дуьненахь а и саннарг дийр дац. Халидас-Тамаевн зудчо шен соьца хиллачу къамелехь даре дира шаьш журналистаца Гуноевца цхьанакхетта хилар. И хууш Селимханов а вара.
– Хилча х1ун ду? – синтем байна элира Мовсар Хамидовича. Цуьнах бахьана а дина, гена даьккхина хьесап дан ма ца деза?
– Собардехьа цкъа, – юкъахваьккхира и Зубайрас. – Тамаев веллачу шолг1ачу дийнахь кхин цкъа а левира со Селимхановс. Цо элира ша доккхачу маь1нен совещанехь хила везаш ву. Ма дарра аьлча, иза морге ваханера. Цунна Халидан дог эца лиънера.
– Эхь ца хета хьуна, – оьг1азе йистхилира Седа. – Сан ваша ирсдайначу зудчунна г1о дан вахана вара, майра а велла йисина йолчу. Ахь и бахьанехь цуьнгара бехкаш доху. Къадоцуш стаг ву хьо!
– Эхь –бехкана т1едоьрзур ду вай т1аьхьа, – дош делира Зубайрас. – ас тидаме ийцира Мовсар Хамидовича со шозза-кхузза 1ехийна хилар, цхьа кега-мерса х1уманаш т1ехь, бакъдерг дийца меггашехьа. Цу т1е, Тамаев вийна минот а ялале цо и динарг кху чохь йолу Зарема ю элира.
Массо а Зарема йолчу аг1ор хьаьвсира. Цо цаяьлла куьйга д1акъевлира шен лаг, т1ех х1инца а цо 1ийдарна гуш аьрснаш долу.
– Г1уллакх муха дара хьуна аьлча, Тамаевс передача еш телевиденехь цу шинна юккъехь цхьа галморзахалла хиллера, телевиденин белхахой галбовларна. И бахьанехь Зарема юьхь1аьржа х1оьттинера. Ша дозалла хеташ йолу зарема евзаш волчу Мовсар Хамидовича, иза бекхам беш и вийнарг йинера шен дагахь. Дерриг кхечу кепара дара. Кхузахькхерамен роль ловзийра Дакаевг1ар, Мовсар Хамидовичан зудчо-Марета.
– Тхо х1унда дуьйцу кхузахь? – велавелира Дакаев. – Оха вийна боху ахь иза?
– Ас бехкен цадо шу, амма шу бахьанехь марсадевлла и зуламаш. Шайна гонах долу адамаш дукха цадезарна шу зилал т1ехдовлу. Оьзда нахбоцурш къаста цало шуьга.
Тоьар ду! – мохь туьйхира Мовсар Хамидовича. – Цо шу сийсаздо!
Х1ан-х1а. Цадо. Цу дийнахь шу шаьш. Болгаре сада1а дахча хилларг дуьйцуш дара. Шуна юкъахь хилла темаш, цатемаш кхузахь дуьйцу х1ума дац. Амма совг1атех дерг хьахон лаьа. Селимхановс шен зудчунна цигарчу дашон пхьере жовх1аран мух1ар ийцира. Кхано-о т1аьхьа гучуделира цо мух1ар шиъ эцна хилар. Цхьаъ шен зудчунна, важа…
Зубайра соцунг1а хилира. Селимхановс б1аьргаш д1акъевлира. Халидан бос байра, йоьхна д1асахьаьвзира иза, г1айг1ане, дуьйцуш волчунна т1е а йог1аелла.
– Х1аъ. – элира Зубайрас х1оьттиначу тийналлехь. – Шолг1а мух1ар Мовсар Хамидовича хьуна делла…-Халида. Седас доккха садаьккхира, корта ластийра цо. Халида тап аьлла тийнера, чохь болчаьрга х1умма а цагучу б1аьргашца хьежа а хьоьжуш.
Х1орш Болгарехь садо1уш болуш Маретана хиира шен майрачо цхьатера совг1ат шиъ эцна хилар. Х1етахь дуьйна кхарна юккъехула дедда 1аьржа цициг лацаделла дац. Х1етахь дуьйна Марет, Халидай ши доттаг1 яцара:ши мостаг1, ши эмгар яра.
– Вай нана яла кху гергарлона! – элира Седас. Дакаев бат саттош велакъежира. Мовсар Хамидовича юха а б1аьргаш д1акъевлира. Зарема а яра оцу балхах цецъяьлла. Х1инца цунна х1умма а ца хетара ша Зубайрина хьалха ерзинаа яьлла д1ах1оттар. Иза къонаха вара. Кхуьнан къайле цо нахана юьйцур яцара. Коьртаниг тахана тапча хьенан хилла хаар дара. Халидас юха а шен корта айбира, цхьаьнне а б1аьра ца хьажахь а. Цунний, Мовсар Хамидовичаний юккъехь цхьа дуьхьало яцара….
Маретана дерриге а хиънера. Хьо нийса яцара, Зарема, Селимхановн, цуьнан зудчун брак фиктивни ю аьлча. И шиъ баккъалла а зудий, майрий дара. Суна гира мел хаарца кечдина дара церан ц1а. Марет х1уманан чам, там, хазаллин хат1 хууш зуда яра. Бакъду и, Мовсар Хамидовичана оьшура цуьнан ахча а, бахам а, куьйгалхошца йолу з1енаш а. Ша йолу меттиг хазйора цо.
Тхан воккхахволу ваша Т1ах1ир правительствон заседани йолаелча вог1ий телевизор хьавлха охьахуу. Цхьа х1ума лоьхуш санна экрана улло а воьдий, чухьоьжу. Цкъа 1ен а ца веллахаьттра ас цуьнга:
– Ванах, Т1ах1ир, хьо политикица, яэкономикица г1уллакх долуш ма вацара, правительствон заседанега ма ч1ог1а хьоьжу хьо?
– Валлах1и, вац хьуна со оцу куйна бакъонашка хьоьжуш-м, д1а Хадижат ю царна юкъара дуьнена меха. Жимма и уллора гойтур яц-те бохуш воллу-кха, – элира цо.
Хаза зуда дуьнена ирс ду аьлла хьекъал долчара. И саннарш йиъ бен хилла яй олура юьрткъедас Олазара:Муса нана Асет, Марем, Хадижат, пайхамаран йо1. Кху заманахьлера хаза Зуда мила ю къастийна а дац. Гуьржийчо муха аьлла Зыкина концерте еача, ток д1а а яйна фонограмма латайойла доцуш хьийзаш хилла:
– Люда! – Мохь туьйхи бохура цо:ца оьшу илли ала, ахь мел олург дагахь хаьа тхуна, сцени т1ехула д1айолалуш, схьайолалуш х1ума дехьа….
– Вайн карахь дац…. – къаьхьа са даьккхира Селимхановс. – Суна и дукха езара. Даиман езар ю.
Цо ц1еххьана шен юьхь д1акъевлира куьйгашца, мохь тоьхна велха х1оьттира, ненах къаьстина бер санна виехьа а виехьаш. Массо а д1атийнера. Уьш цецбаьхнера хезначо…
– Кхид1а дийцахьа, – х1ундда делахь а шабаршца элира Шамаевс.
– Марета шен майра сеничу кхайкхира, цо х1ун олу хаа лаьара цунна. Х1етахь ас тидам бира, мел воьхна вара и вуха чувеача. Иза кухничу хьаьдира д1овш схьаэца. Хетарехь цера цхьанхьа дара и мукадехкий дойу д1овш-синильни кислота. Билггал ала х1оттац. И следствино къастор ду. Кухни чохь пхьег1а йоьхча, беррише а арабевлира. Эццахь Марета шен уггар тоьллачу доттаг1чун кеда д1овш тесира. Иза х1уъа агечдан кийча яра. Цо могуьйтура майрв Заремина т1ехьавалар, кхечу зударшна, амма уггар хьомечу доттаг1чо шена бинатешнабехк бита ницкъ ца кхочура, я цо и леха а цалоьхура. И ч1ог1а лазаме даьллера цунна. Цо сацийра шен эмгар ен, хетарехь цо Марет 1ехош йолу дуьххьарлера шо дацара.
Эццахь кхолламан йоза хилира. Дакаевс дагахь доцуш бохийра Тамаевна боьттина болу кад. Халидас майрачунна хьалха шениг теттира. Массарна а дага а деара: ен кечйинарг Халида яра. Т1аккха ас айса сайга хаьттира: хьанна, стенна оьшуш ду и жима зуда ер?! Иза сийдайиначу адаман ч1ир хила тарлора.
Руслана шен зудчунна кечбина кад меллера. Сихха велира иза. Ша мел нийса ца дина и хиъна йолу Марет эццахь юьйжира. Тиларчу яхара иза. Шина дийнахь майрачо дийхира цуьнга шена гечдар. Шина дийнахь цо лечкъийра шегахь баккъаллаа долу хьал, амма т1аьхьа дара. Со веаний хиъча Маяс схьакхайкхира Халидага. Цуьнга деха йоллуш яра иза майра вер шена гечдар. Цо ша-шена герз тоха сацам бинера. Цкъа хьалхашен эмгар ен дагахь хилла хила атам бу иза. Ойла хийца а елла, садетта к1ордийра важа яре хьоьжуш. Кхозлаг1а вариант хила а тарло:цо доттаг1а леррина схьакхайкхина, иза а йолчохь ша-шена тоха.
Селимхановс ца витира со зудчуьнца къамел дан. Со хууш вара цхьа драма хила йоллий. Мовсар Хамидовичний, Маретаний юккъехь къамел хиллачухтера дара. И девне а даьллера. Суна маьнги уллорачу г1ента к1ел кхоьссина мух1ар гира. И цига хьан зудчо кхоьссинера.
Бехк-гуьнахь доцу стаг валарна ша бехке а лерина кхетамах яьллачу хьан зудчо, – Зубайра хьаьжира Селимхановга, – сацам бинера ша шена бекхам бан. Дала шена и къа гечдийр дац те аьлла хетта хир ду-кх цунна, вайн молланаша ша-шена т1е куьг дахьар къилахь ларахь а. Дала вай ма х1иттатойла собар дайначу хьоле! Баккъал хила а хилла цуьнан пхенаш чохь сийлахьчу нехан ц1ий. Цунна хаьара мичахь ду хьан герз. Револьвер схьа а эцна, цо ша-шен йийна. Дуьххьарлера шокъали дагах ца кхеттера. Т1аккха шен бисина ницкъ вовшах а тоьхна, шозлаг1а тапча тоьхна цо. И синметта кхетта цунна.
Хьо лами т1ехула хьалайолуш йолуш, зарема, – иза секретаре хьаьжира. – Шозза герз делира, тата а хезира хьуна. Иза д1акъовлучу не1аран тата дацара, и охьайоьжна тапча яра. И аннаш т1ехь яра. Кхид1а хилларг шуна дерриге а хаьа. Тхо и йижинчу лилхира. Селимханов кхетамчохь вацара. Цо минот яьллехь юьйш яра Зарема. Ас хала сацийра иза. Куьйга д1а а ца ваккхалора и цунна т1ера. Доцца аьлча, дах-м дели х1ара сан дийцар. И дара-кх хилларг.
– Собардехьа цкъа, – юкъаиккхира Шамаев. – тоьшаллаш мичахь ду?
– Жовх1аран деза мух1ар х1инца а г1ант к1елахь 1уьллуш ду, – жоп делира Зубайрас. – Цхьа да вахар доккхуш мух1ар ду хьуна и. Талла мегар ду хьуна. Еллачун дег1а т1ехь тоьпан молхано ягийна чевнаш яра. Цо тапча некха т1е та1ийнера, амма дуьххьара кхеттачо ца йийна иза. Изабекхам хила а мега бехк боцу стаг верна?! Хаац. Эххар и дерригеа хаттийша Селимхановга, Халидага.
Следователь Мовсар Хамидовиче Хьаьжира:
– Бакъдуй и?
Важа вист ца хуьлуш Халидага хьаьжира. Иза дагахь а доцуш хьала а г1аьттина не1арехьа йолаелира. Ша хьешийн чуьра арайолуш, цо следователе хаьттира:
– Со мукъа хила мегар дуй?
– Мегар ду, – вуно меллаша элира Шамаевс. – Ас хьо х1уммана а бехкен цайо. Яц и тайпа статья. Ма дарра алахьа:
– Бакъдуй и?
– Ду! – майрра элира цо. Ара а яьлла, трассехьа йолаелира.
Цуьнан туфленийн к1ажаша ен г1овг1а ехха лаьттира дачни поселкехь.
– Лаьхьа! – реза хиларца элира Седас. – Шен доттаг1чун майра схьаваккха г1оьтина-кх. Стенга боьлхуш бу-те нохчий? . . .
– Ас иштта хадийна эр дацара, – реза ца хилира Зубайрас. – Соьга хаьттича, башха дидишь хьан ваша а вац хьуна.
Цо шен х1усамехь Тамаев Руслан т1еоьцура-вижар-г1аттар цуьнан зудчуьнца а долуш. И жоп дац оьздангаллин дозанна. Масане чкъор хийцаделла лаьттахь Юсуп-пайхамар(1алайх1и салата вассалам) г1учукхоссар а дуьйцуш.
– Тоьар ду суна бусулбанийн туьйранаш дийца: цо мелира, уьйзира, зина дира, стаг вийра…. . – Ас хьо кху г1уллакха т1ехь нийсо-бакъо къастон валийна вара, – элира Селимхановс.
– Цулла амук1арло де:х1умма а ца къастий ас, муххалеа кегарий би, – алий.
– Х1ара-м эхь доцуш стаг ву, ахь динарг х1умма дац, – шен вешина т1етайра Седа, – Халидах лаций тхуна хумма а ма дийца….
– Х1инца эхь-бехках эр ду вай, – волавелира Зубайра. – Мухха делахь а къу кара-м ма вина суна. Я нийса аьлча, къуьно ша дийцира суна динарг. Масех сахьт хьалха Дакаев 1алама элира соьга, адамаш дайинарг мила ву а ала, къуа гайта. Ас билгалдоккху, цо «адамаш» элира. Дукхаллин терахь ду и. Иза дашна галваьлла хила а тарло, делахьа суна и нийса хета. Х1унда аьлча, журналист Гуноевс материал кечйина Дакаевн фирмо дина зуламаш дуьйцуш. Цо хасстоьмаш ду бохуш, царна юкъахь чу а кхоьхьушнаркотикаш йоьхкина кегийн нах талхош йолу. Д1оггара фельетон а яцара иза Хьаьмида язъечаьрга хьажча, амма Дакаев воххол х1ума дара. Массо х1уманна т1ехь шен зуда хьалхатоьттуш волчу цо цу хьокъехь дийцинера шен зудчуьнга Седе. Цунна моьттинера Гуноевца барт балур бу:мах лур бу цунна, я кхерор ву аьлла. И ший кеп а чекх ца елира. Журналисташ я суьдхой, я мильцой, я прокурораш бац. Церан дохах1умма а дац. Уьш йозана дай бу-х1ета, миска нах бу. Миска стаг майра хуьлу.
Хьан йиша ахь лелон кеп лелош яра Мовсар Хамидович. Шуна хаьара шаьш дечо адамашна г1ело яхьий. Аш лачкъийнера Маретах шаьш журналист эца г1ортар. Хьан йишин план кхочуш ца хилира. Гуноевс шена ахча ца оьшу элира, ша эвла йисттехь 1аш ву, цкъа а не1арна дог1а тоьхна вижина а вац. Ахча лардан хала ду. Цо бохам бахьа. Ша ялсамане ваха лууш ву-нехан хьарамлонаш гучу а яьхна.
Т1аккха хьан йишас сацам бира цунна шекарца хьарамлонаш лелийна долу документаш дала. Цо уьш хийцира шен майрачо наркотикаш ярах долчу документашца. Наркотикаш журналистана а бале евр яра. Уьш лелочарна т1аьхьаваьлла мехкан Да ву. Ткъа шекарца миска нехан бен г1уллакха дац. Хьал долчара моз дуу.
Иштта хилла бара и берриге а кегарий. Т1аккха Дакаевн фирмано «Юьртбахамабанкера» ахча даьккхира. Кхара лелориг са йолу х1ума хиларна банко дуьхьало ца йира. Оьзда боцу нах цхьана х1уманна т1ехь ца хуьлу оьздабоцуш. Цара ямартло массо х1уманна т1ехь а йо. Банк щун объединенина дуккха а декхарийлахь яра.
Мовсар Хамидовича корта хьалаайбира. И шен йишега хьаьжира.
– Харцлоь и, – элира Седас. – Цо аьшпаш бутту, цхьана а кепара тоьшаллаш дац цуьнан.
– Тхо цкъа а цхьана ца кхетта Гуноевца, – ч1аг1о йира Дакаевс. – И номер хьан чекх ер яц.
– Нийса ду, – элира Зубайрас боккхачу сингаттамца. – Хьо цуьнца цкъа а ца хилла. И аш соьга элира. Т1аккха стенгара хаьа хьан зудчунна и 1аьржа а, лоха а вуй? Цунна мичахь гина цуьнан йоца к1ужал, можа «шестерка», шена и гина ца хилча?
Дакаев шен зудчуьнга хьаьжира. Цуьнан юьхь ц1еяла йолаеллера. Седа хьала а г1аьттина, меллаша не1арехьа йолаелира. Майра цунна т1аьхьа сихвелира мара а лоькхуш.
– Яьсса х1ума! – т1аьхьа мохь туьйхира цунна Селимхановс. – Хьуо ма ярра мунда!
Шамаев прокуроре хьаьжира.
– Вайн кхузахь дан х1умма а дац накъост Асабаев, – элира следователа боккхачу ларамца Зубайре а хьаьжна. – Г1уллакх д1акъевлина лара мегар ду.
Прокурор хьалаг1аьттира. Изах1умма следователал к1езиг ц1ий меттахдаьлла вацара. Зубайрин куьг а лаьцна, цо дагахь доцуш элира:
– Буьрса истори ю! – стоьла хьалха а хиъна 1ачу Селихановга хьаьжира, т1етуьйхира:-Со цуьнах хьоьгуш вац. Оцу стагана цуьнан ахчано а г1о ца ди. Йишас воьхки иза. Езар цуьнах чекх сагуш ю. Зудчунна ямарт хили. Ирс дайна стаг ву!
Прокурор чуьра аравелира, х1усамден 1одика а цаеш. Шамаев цунна т1аьххьеаравелира. Хьешан чохь Селимхановвий, Зубайрий висира. К1ажахь тасаелла 1аш Зарема яра, ц1ий 1анийна истори ерзарах тамаша бора цо.
– Хьан гонорар ас секретаре д1айоуьйтур ю, – аьлла Зареме хьаьжира Селимханов. – Цуьнан шеко яц хьуна, Зубайра!
– Ас накъосташца барт а бина духадала там бу ахча, – элира Зубайрас. – Суна шуьгара ахча ца оьшу. Вон хьожа йог1уш ду иза. Марша 1ойла!
Зубайра не1арехьа волавелира. Цунна хезира Заремас хоттуш:
– Со кхин оьший хьуна?
– Сан кхин х1умма а дисина-м ма дац! Селимхановн б1аьргех хи делира…
Чаккхе.

***
Роман язъяран бахьана
1989-чу шарахь суна т1евеара Илсхан-юьртара цхьа заготовитель а валош сан маьхча Чукаев Сайхан. Цо элира: х1ара стаг цхьа а бехк-гуьнахь доцуш уголовни г1уллакх дина хьийзош ву Гуьмсан г1алин отделан ОБХСС-н белхахоша. Кхунна дан г1о дац хьан. Ас иза Гуьмсерачу милицин начальникна Хизриев Зубайрина т1ехьажийра кехатан цуьрг а язйина. Зубайрас и т1е ийцира. Хьала а г1аьттина барт баьккхира сан кехата т1е. Х1ара яздинарг сан накъост ву элира. Шен цхьа белхахо схьа кхайкхина уголовни г1уллакх схьадаийтира. Махьшаре нах лахккалц кхин хьийзор вац хьо х1ара бахьанехь аьлла и таьптар сан накъосте д1аделира.
Ас дош делира:Даламукъалахь Зубайрех киншка язйийр ю аьлла. Зубайра тахана вац. Дала гечдойла цунна! Сайн декхар д1атакха лаьа суна, сайхДала биначу къинхетамах пайда а эцна.

На последнюю обложку. (С лицевой стороны).

Гапураев Хьасан

Вина 1950-чу шарахь 17-чу ноябрехь Казахстанера Аральск г1алахь, нохчий ц1ерабаьхна болуш.
Россин яздархойн союзан декъашхо. Лакхара дешна ву.
Арахецна 13 киншка:проза, поэзи.
Язйо нохчийн, оьрсийн меттанашкахь. Кхин а арахеца кечйина 23 киншка ю.
Карарчу ханна болх беш ву «1овдех дагалецамаш» трилоги т1ехь.